![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #1 (ссылка) |
| Нохчийн шира иллеш, эшарш... Юха а салам-маршалла ду шуьга, доттаг1ий! Масех шо хьалха аса цхьана дикачу доттаг1чунна дехарца мелла а вайн къоман шира эшарш гулйинера. Мел хала хеташ делахь а, дукха-м ца карийра суна уьш... Шаерриш аьлча санна Чакараева (Азиева) Маьлха-Аьзнис д1аолуш хилларш яра... Тхан баккхий нах бисина а бац цаьрга хатта... Нагахь санна шайна хууш елахь а, я хатта аьтто болуш баккхий нах белахь а аша цу эшарийн дешнаш кхузахь яздича ч1ог1а дика хир дара! Сайна хуурш аса а язйийр ю, Дала мукъ лахь! Даггара болчу ларамца Малика...
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |
| | #2 (ссылка) |
| Ас ца йина ойла яр хьо, Ас ца лехна безам бар хьо, Хьо, неха к1ант, вевзачхьана Ечур ялац г1ийла ойла. Сайн безамах яьлла йоцуш, Яьлчи, тоха сайн са доцуш, Со-м яьккхи ахь сайн безамах, Хьо хьоьгийла хьайн безамах. 1уьйре йог1у, бала бахьаш, Суьйре йог1у, бала бахьаш, Бала хили маьлха дуьне, Ахь безамах со ма яьккхи. Йоккха йогуш ц1е хиларах, Ц1арах йогуш со хиларах, Ягийталахь, йина нана, Ирс дайна йо1 йогу алий...
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |
| | #3 (ссылка) |
| Зезагаш денлучу б1аьстенан юьххьехь Ховхалло яхийна хийлаза со, Лийлира, цхьаъ воцуш сайн дагна юххехь, Сан безам, мичахь бу, мичахь бу хьо? Дагахь а доццушехь, лаьрра хан йоцуш, Хьо гаро тиларна герга йина, Ас дийхи там хилар, синхаам боцуш, Вай, декъал хила со, декъала хила. Жималлийн хьегамаш сайн хьоьх тешийна, Къоналлийн йовхо ас хьуна елла, Къайлах а, къулах а б1аьрхиш лешийна, Вай, елла яла со, елла яла. Диц дийр ду ахь лерехь дийцина туьйра, Дог доккха дедеш, хьо марша 1ойла, Сан ирс-м деди соьх, ши ког а 1уьйра, Вай, нана лойла сан, нана лойла...
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |
| | #4 (ссылка) |
| Аьтто куьйга чами эцна, Аьрро куьйга ведар эцна, 1аьржи мазот 1ена дойла Ца веза к1ант вог1уч новкъа! Аьрро куьйга чами эцна, Аьтто куьйга ведар эцна, Деши-дети 1ена дойла Со еза к1ант вог1уч новкъа!)
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |
| | #5 (ссылка) |
| Додамс со кхайкхана шен керлачу теме. Хетарехь, Додамна суна цхьа к1оргера нохчийн мотт а, фольклор евза моттаделла)) Дависа иштта делара и, амма иза иштта дац. Суна мел хуург, дас а, нанас а нохчийн мотт хаа беза бохуш т1е1ат1къам беш, вала меттиг ца хилла 1емана ду.)) Суна дикка евза Дима 1умра а, Магомедов Султана а, иштта д1а кхин вайн ширчерах болчу музыкантин эшарш, уьш сан лерехь, суна лаахь а, ца лаахь а екаш хилла дела. Дукха хан йоццуш, Тибр ц1е йолчу хинюххехула кхарста дахандара тхо. Да-нана а, сан воккхах волу ваша а, со а. Ч1ог1а хаза а, еха а тог1е ю цу хица, дукха олхазарш, дийнаташ, дитташ, ораматаш а йолуш. Сан дас конкурс х1оттийна яра оцу моссо а тхуна гуш йолчу х1уманий ц1ерш нохчийн маттахь ала езаш. Мел ирсе вара со, ас толам баьккхана аьлла дадас кхайкхича))))) Додам, дика г1уллакх ду ахь дешдерг, дала аьтту бойла.... 1аьржа мазот 1еночу некъаца лела лаац суна))))))))))))
__________________ Пусть ищут меня!!! | |
| | |
| | #7 (ссылка) | |
| Цитата:
иштта шайн доьзална нохчийн мотт 1аморна! Хьан меттана хилча со а хира яра ирсе ишттачу къовсамехь аса толам баьккхича) Т1аккха хьайна хуурш язде кхузахь и иллеш, дик дуй? Хьуна лаахь ца лаахь хьан коьртехь дерш)
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | ||
| | |
| | #8 (ссылка) |
| Катарина, ахьа дуьйцу оьрсийн матте даьхна нохчийн иллеш т1ехь долу тептаран ц1е "ИЛЛИ" юй??? Мухха а делахь а, вайна оьшурш нохчийн маттахь долу иллеш, эшарш ду! Хьалха заманахь синкъерамашкахь а, белхолахь а, иштта кегийрхой вовшехкхеттачохь а цара олуш хилла долу... Цу т1ехь мелла а болх бу бан безаш, уьш лохуш...
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |