![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #41 (ссылка) |
| Батаева Хеда *** Х1окху суьйренан малхбузар лозу, Г1ийла д1абузу чов хилла малх, Шена язъелла кху дийнахь б1озза Х1окху дуьненчу х1оьттина чалх. Х1окху суьйренан малхбузар лозу, Со а цамгарах парг1ата яц - Х1окху суьйрана сан суьйре лозу, 1ийжаш дуьне вайн хиларна харц
__________________ оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ. | |
| | |
| | #42 (ссылка) |
| А. Айдамиров Хьоьга Нисса шо кхаьчнера Суна хьо еза, Хьоь болу безам ас Сайн дагчохь къуьйлу. Яйнера мерза наб, Байнера синтем, Дог дара диллина Безамо 1уьйшуш. Хийлазза вог1ура Хьо йолчу аг1ор, Сайн дагца ч1аг1о йой Ц1енна д1адийца. Хийлазза вирзира Ца дуьйцуш хьоьга, Кхоьрура хиларна Хиллариг х1инца. Амма ницкъ бацара Кхин д1а садетта, Бовхачу безамо Боттура кийра. Дийцира сайн ницкъал Безам а тоьлла Кхоьррушехь хетарна Хьан дагна хийра. Ахь лехахь куц хаза, Дац иза соьца, Яц соьца куралла, Кочалла яьсса. Ткъа сан дог къайлехь ду И хьуна довзац, Амма хьо тешалахь: Дац иза даьсса. Массаьрца хьанал ву, Шалха мотт боцуш. Дог ду сан тешаме Харцо ца езаш. Ч1аг1о ю ас йина Йохалур йоцуш, Дуьненчохь хан яккха Халкъана вецаш. И ойла кхочушъеш Къахьега деза, Ирс кара ца дог1у Д1а ка ма туьххи, Дуккха а ирхонаш Яха сан деза, Амма со соцур вац, К1адваларх воьхна. Цундела хиндолчу Дахаран новкъахь, Везара дог эца Тешаме накъост. Соьца ирс, ткъа нислахь Халонаш екъа, Хилахьа доттаг1а Цкъа а ца къаста. Даггарчу безаман Х1у дийнчу арахь, Лен доцчу зезагийн Хазалла иэшац. Сох тешна дахаран Новкъа хьо ялахь Хьо дохко ер яцарх Хилахьа тешаш. Кхетац хьо, кхетац хьо Сан дагахь долчух, Я тешац даггара Дуьйцучух хьайга. Ницкъ хилча, дависарг, Кийра д1абелла, Хьо езаш догу дог Хьоьга д1агайта!
__________________ оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ. | |
| | |
| | #43 (ссылка) |
| Геннахь цигахь,лекхачу ломал дехьа, Лаьмнаш т1улг1еш етташ керчачохь, Сан юрт йисна,хьанний 1индаг1ашлахь, Хьоме лаьмнаш шу ду сан дагчохь! Маьлхан з1аьнарш,йог1уш керла 1уьйре, Йаьржаш хир ю цигахь,хьоьстуш б1аьрг, Маьхкарий а, сарахь шовда уьцуш, Йицмаелаш шайна генахь ерг! Цигахь ду сан дерриг тхоьвний к1ур а, Арзу декар,ломан аьрха некъ, Дерриг цигахь,сан ирс,сан кхолам а, Дагчохь даим лаьтта хьоме юрт. Дуьнено шен не1 д1айилли суна, Хийла г1ала,хийла юрт а го, Амма дог а,дерриг иллеш шуна, Йокхаеш ас,махкахой,д1ало!!! Р.Ахматова
__________________ оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ. | |
| | |
| | #44 (ссылка) |
| Сан мохк Сан хьоме гIийла мохк, ахь соьга ала, Стенгара схьакхечи хIара Iаьржа бала? ХIун декхар дIалуш ю сан Соьлжа-гIала? Сан хьоме гIийла мохк, ахь соьга ала. Сан хьоме гIийла мохк, ахь суна дийца, ХIун бахьнехь лаьмнийн хиш дIаийна цIийца? Мила ву цу Делан Iожалла хийца? Сан хьоме гIийла мохк, ахь суна дийца, Сан хьоме гIийла мохк, нийса некъ леха Хьан кIентий хьекъал а ца кхочу техьа? Ойланаш ца луьстуш, хьо Деле беха? Сан хьоме гIийла мохк, нийса некъ леха. Сан хьоме гIийла мохк, ахь соьга ала Замано бижор буй хIара Iаьржа бала? Ницкъ хир буй хьан амат ирсаца кхала? ...Къинхетам бойла хьох цу Везчу Дала.
__________________ оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ. | |
| | |
| | #45 (ссылка) |
| Ненан Мотт Доьзалехь бийцар а дастаме хеташ, Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь. "Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!" - Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь. Ладог1ал цкъа соьга, "хьекъале корта", Ладог1ал, яккхий д1а лергара потт: Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт. Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш, Мостаг1че вистхуьлуш - ду ира герз, Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш, Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз! Б1ешераш хийла д1а ихна, и бекаш, Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу, Кхоьллинчу халкъана сов хьанал бецаш Даима ша хилла нохчийн мотт бу. Вайн х1алкъан ойланаш, дахар а г1ийла Далхадеш, къийсамна г1иттийна цо. Вайн нохчийн майралла, оьздалла хийла Зевнечу иллешкахь екийна цо! Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна, Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу. Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн х1алкъцанна, Хаалахь, декъазниг,- хьо цхьалха вуй
__________________ оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ. | |
| | |
| | #46 (ссылка) |
| * Г1аз т1аьхьа хьаьжчи Бекхи а ца воьхна. * Барзах кхийрачу жа1ун жа ца дебба. * Кхана хуттар ду аьлла г1елан ц1ога хоттаза дисна. * 1аьхчи барзо боь, ца 1аьхчи 1уьно боь. * Ницкъ болчу нело ц1оганца 1аь1а баьккхина. * Къанъелчи аьрзуно пхьидаш луьйцу. * Бух1анна дийнахь са ца гарна малх бехке бац. * Зун к1орни санна ирча ву. * Къанделчи лом ж1аьлин битме доьрза. * Адамаша хабарш дуьйцура, цхьогало ц1ога хьийзадора. * Хаза х1ума я аьлчи, къийго шен к1орни еъна. * Кхийда ца дезачу кхийдана куьйгаш харцахьа кхийда, борз хьуьнах хьоьжа, когаш шаьш эха марзбеллачу оьху. *Аьрзунаш лаьмнашкахь кхуьу. * "Цхьа хан яра - аьлла барзо - цаьпцалгана кхоссаелчи, бага лекъ а дог1уш, ткъа х1инца лекъана кхоссаелчи бага цаьпцалг а ца йог1у". *Борз мел дукха кхаьбчи а хьуьнехьа хьоьжу. *Ка йолчу барзо ши уьстаг1 бигна. *Юьртаца къийсина борз эшна. * Шен боцчу махкахь эрано цхьогал ца лаьцна.
__________________ оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ. | |
| | |
| | #47 (ссылка) |
| Безамца ягар сай ,сийлахьа хета, Дагчу д1аязьина хьа еза ц1е! Даима хьо везаш,хьо дагчохь лелош, Доккху ас дахаран хьа массо де! Хьо сайна вовзарна, хастам бо Далла! Безамо тешина кху дуненчохь. Ца хеташ ,балано лаьцна сай кира, Хьа ц1арца бокху ас, мел боккху ког! Сан мерза ойланаш ю хьоца хьерчаш, Ирсе еш даима со дахарехь! Хьо болу сан безам, са ц1ийца боьлла, Со елчи а , хир бу иза даима дагчохь! Нагахь хьайн дахарехь новкьарло йинехь, Гечделахь суна ,кьинхетам беш! Вуй те хьо дуьненчохь ,сох хьогуш лелаш? Сан ц1енчу безаман тидам ца беш? Нагахь ас ца хууш, вас еш дош аьллехь, Доьху ас ,кьинт1ера валалахь хьо. Хьо болу сай безам, сай дагчохь лечкьош, Сийлахьчу безамца ёгуш ю со!
__________________ оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ. | |
| | |
| | #48 (ссылка) |
| Ма деса ду тахана дуне суна Хьогара цхьа а хабар хезаш дац. Йиц елла те хьайх дуьне тарделлагр? Я иза дага ян хьа аьтто бац? Вай д1асакьастар ма сиха хилира, Хьа цамгаро кийра са шелби. Йиц елла те хьайх дуьне тарделларг? Я иза дага ёг1учехь хьо вац? Хьо дагчуьра д1аволуш вац суна, Даима ойланехь хьо соьца ву. Йиц елла те дуьне хьайх тарделларг? Я цамгаро г1елвина те хьо? Сан ойланаш тахна коьрте хьийза Даго г1ийла соьца кьамел до. Сан елхан бен дог а ма ца дог1у Муха ву те хьо хьай дахарехь? Хьо тахана хьанна уллехь ву техь? Со йицйна, дагчохь ёцуш хьай? Хилла те со хьа дагана хийра? Ялла те со хьа дахарехь сов? Ма ирча ду тахана дуне суна Хьогара цхьа а хабар хезаш дац. Са дог лоза, са дог долха тахна, Ялла те со хьан дахарехь сов?
__________________ оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ. | |
| | |
| | #49 (ссылка) |
| Д1АСАКьАСТАР Ас баркалла олу хьуна тахна, Хьагайтарна со ца эшар хьаина. Кхи цa лееш бакьдерг схьааларна, Дог дилийтарна са безаме. Ца хиликха хьох сан деган Эла Я хила а хьуна ца лии. Хьо кхити сох, ца йиши хьуна, Хам ца би ахь ц1енчу безам са. Ас олура хьуна хаза иллеш, Язёра ас хьуна сай стихиш. Ас винера хьох сай деган Эла Дерриг дуьне хьох тарделла сайн! Ас дог доруш, дагчу язьйнера Хьа сийлахьа , еза , ёккха ц1е! Хала ду суна и ц1е юха д1аяккха Чов еш юха жимчу дагна сай! Сан дог лозу, сан дог долху тахна Ца лаели цуьнга хилла чов. Ас хьосту и дарба да а г1ерташ Бехказ юлуш тильяларна со. Ма делха дог, со ю хьоьца йисна, Гальяллера со сай дахарехь. Ас ца оьшу безам кьастинера, Кьинт1ера далахь суна йиш елахь. Мел хала ду кху дуненчохь яха Ц1ена дог ас д1алечкьадо сай. Безам марзо сай дагчу а кьуйлуш, Хьо д1акьехкош, генавокхуш сайх. Сан дахарехь яц кхи хьуна меттиг, Д1авели хьо тахна дагчуьра са. Ахь дассади тахна дуьне суна, Ца1 йити ахь шера арахь со. Хьуна каrор ю хьай дагна езарг, Г1оза цуьнца дахар хуьла хьа! Со д1аёду тахна дуьне мадду, Ирс лаха лууш керла дахарехь! Сан ойланаш юха коьрте хьийза, Ойла ё ас тахна дахар сай. Ца1 хир вукха суна генахь воцуш, Шен дахарехь соьца рицкь долуш. И вог1ур ву суна безам бахьаш, Хаздеш даима керла дахар са. Со реза еш, даима дог хьостуш, Хам беш Дала со яларна шена. Ас баркалла олу хьуна тахна, Х1агайтарна ахь хьай деса дог. Реза ю со тахна хьо вицвина Керла дахар д1адолада сай! Сан дахарехь ,хьо д1акьасти тахна Марша 1ойла, ирсе хьула хьо. Со дахарехь ирсе ма ю тахна, Лар ца ютуш, хьо д1акьастарх сайх! Ас даггара олу хьоьга тахна, Аьтто хуйла хьа хьай дахарехь. Хьо вехийла эзар шарахь г1оза Баккхийбебеш хьай гергара нах! Со кьинт1ера ёлу хьуна тахна, Йиц ян лууш ахь саин йина вас. Сан дагчуьра хьо д1авели тахна, Парг1ат доккхуш , ахь лазина дог!
__________________ оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ. | |
| | |
| | #50 (ссылка) |
| ВЕЗАЧУьНГА Тахана хьан б1аьргаш чохь Сингаттам гина. Дагчу бала боьсси са. Лаьаркха и хьоьца бекьа, Хьогара и схьаэца. Хьа вас йина цу хьан дагна? Мил ву те цун бехкенарг? Сан дог долху хьога хьожуш Г1о дан йиш цахиларна. Хьало соьга хьай г1айг1анаш, Ас уьш хьоьца ёкьур ю. Хьа дог хьостуш, парг1ат доккхуш, Хьо самукьне хилита. Сан дог даима хьоьца ма ду Ойланехь хьо соьца ву, Ахь лечкьорах хьайгара бала Соьга и схьакхочуш бу. Вай дахаран некь цхьаь ма бу Хьо ма кьехка сохха д1а Х1а тешаме накьост хилла Яха лаьа даима. Хьалохьа хьай бала соьга Парг1ат доккхуш и хьай дог Ас сай дагчу и схьаоьцу Даима хьо реза веш. Ма лечкьаде ахь сох хьай дог И сан дагца цхьана ду Хьогара бала соь схьакхечна Са дог хьоца лозуш ду. Хьан дог доьхна тахна гина, Сан б1архиш охьаёг1уш ду. Маржа-я1 со уллехь яц-кха Дарба да хьа дагана. Хьо вукха сан деган Эла Даима а хьо хир ву! Дог а дохна хьо ца гайта Яла реза со ма ю! Хьалохьа соь и хьай г1айг1а Ас сай дагчу схьаоьцу, Хьо дахарехь ирсе гайта Со яла а реза ю!
__________________ оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ. | |
| | |