Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 01.07.2007, 01:35   #31 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Бисултанов Апти

***

Малхбале, Малхбале...
Малх балехь, малх балехь...
Текхаш ю, техкаш ю вагонийн чкъургаш,
Ткъа нохчийн бераша ловзадо г1улгаш.
Уьш кхета ца туьгу къемата-дийнах,
Мах боцуш хохкуш ду уьш х1окху дийнахь.
Докъанна не1 еллахь, д1а охьалелха,
Х1ора асоцийлехь ган лаьа пелхьо...

Малхбале, Малхбале, Малхбале...
"Ма бале дехки тхо, ма бале"...
Кхин д1адерг соьга ма дийцийта, латта,
И хьуна гина ду, и хьоьга хатта...
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:36   #32 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Абдулаев Леча

* * *
Къадерг-м со вара,
Хета-м хьох хета.
Сайна хьо езарх
Кхета ца кхета.

Хьуна суо везарх -
Кхета цу цхьаннах...
Хьуна суо везарх,
Чохь йийбар санна...

***
Механ буьххьехь -
хин тIадам...
Ма къа ду хьан,
ма къа ду:
Хин тIадам бу, хьоьга хаттахь,
ХIорд, ткъа механ юьхьиг -
латта.
Ма моттахьа
мотта а,
Хадо санна,
хотта а
Атта хуьлу уьйрийн хьаса
Я, ян санна, - ерзо вас а.

«Ткъарш» схьахаззал
лелха и
Деган
гIура-ангали.
Дохлур дац и, чIурам
хIотторх, -
Дог ду даим деган гIортор.

«Къарш» схьахаззал
лелха-те
Дагах яьлла
сийна цIе.
Дагна орцах дог ца далахь,
Йовр яц и цIе, хIорд тIебалорх.

Собарделахь жимма-тIамма.
Чекхдер ду вайн «там», «цатам» а...
Кийчча,
хаьдда,
чухьада...
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:36   #33 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Абу Исмаилов

"Ден лазам"

Вирбекъа бацалахь керча,
Малхо шен з1аьнарш т1екхоьрзуш.
Кхиарца йолу и эрча,
Вирбасе, амале йоьрзуш.

1оху и хан йоцчу хенахь,
Баь1ашна юккъе и г1ерта,
Ша бай т1е лаьллинчу дена
Ца дог1у и цкъа а берта.

Ша беъна мохь бууш шена,
Цунах а ца хуьлуш хайра,
Вир деха къандаллалц къена,
Ца бузош х1усамден тайра...

...Бер дара, Дела т1ехьаьжна,
Ден-ненан ойланаш хьоьстуш.
Тахана г1айг1ано хьаьшна,
Биси уьш, цо дегнаш цоьстуш.

Шайт1ано, мотт буьйцуш шера
1ехийна, корта д1аийци.
Ойланаш, хьовзийна хьере,
Мерзачу йийсаре лийци.

Ма делаш дас-нанас аьлларг,
Уьш 1еса копурш бу, -бохуш,
Галваьккхи жиммаъ галваьлларг,
Да-нанна гена и вохуш.

Ц1еххьана к1ант хили воккха.
Мерк1ело 1аржъяла юьйли.
Ладоьг1уш ша хилла стохка
Да-нана ду х1инца куьйла.

Боху:"Шу ца даьхна нийса,
Аш х1инццалц динарг ду эрна".
Хала ду бераца къийса,
И кхиош ваьхначу дена.

К1ант деца эвхьаза вели.
Х1оано котамна хьоьху.
Ткъа кертахь чорда мохь бели-
Г1аддахна мокха вир 1оьху.

Иккхина оьг1азе ара,
Г1аж тухуш вир даьккхи кеха.
К1антана ша х1ун дийр дара
Ца хууш лаьтта и вехха.

Х1ораннах ша хила лиънарг
Хуьлуш ву массо а ханна.
Доьзалехь вир хьалакхиъна,
Дакъаза ма волда цхьа а.
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:37   #34 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Апти

ДЕГ1АСТА

Дег1аста, Дег1аста,
Азаллехь дуйна хьо х1аллакьян г1ертачу
Къизачу ницкъанна юьхь-дуьхьал лаьтташ
Баккъашца хьан лаьмнийн оганаш нисдеш
Турпала баьхначу хьан к1ентийн дуьхьа

Дег1аста, Дег1аста,
Эвхьанна безарийн б1аьра ца хьовсалуш
Шовданийн б1аьра уьш хьийсарна ц1инлуш
Кийра ц1ийх оьхучохь са сирла латто
Хьуна ницкъ беллачу йо1арийн дуьхьа

Де1гаста, Дег1аста,
Доллучу дахарехь оьзда юкъ йихкина
Набаран кхоьлах а хьуна сагатдеш
Шайн берийн вонехь а сада1ар доцуш
Хьуна хехь лаьттинчу къонахийн дуьхьа

Дег1аста, Дег1аста,
Нуьцкъала хьох даьхна дуьненчохь даржийна
Хьан лаьттахь кошан барз хиллачех хьоьгуш
Бартхаттар дицделла хьо Деле йоьхуш
Эхарта дирзинчу хьан берийн дуьхьа

Дег1аста, Дег1аста,
Азаллехь Дала ша вайн дуьне кхоьллича
Латтанаш стигланаш х1иттийна ваьлча
Дуьненан 1аламаш нисдина латто
Диначу лекхачу хьан лаьмнийн дуьхьа

Дег1аста, Дег1аста,
Мостаг1чо кху лаьттахь даха ца дитича
Мархашлахь даьхна а са маьрша латто
Т1улгаш т1ехь даьхна а дог кура латто
Йиначу хьан б1аьвнийн г1аланийн дуьхьа

Дег1аста, Дег1аста,
Маьршачу буьйсана ламанан тарханаш
Шовданийн мукъамехь ойлане техкаш
Экхано шен к1орни йохъечу хенахь
Хьан г1енаш хьоьстучу тийналлин дуьхьа

Дег1аста, Дег1аста,
Делан шен пурбанца малхо де доладеш
Адамийн акхаройн г1ан-набарш хадош
Хьан лаьмнийн бердашкахь 1аннашкахь бижина
Бода д1атоттучу серлонан дуьхьа

Дег1аста, Дег1аста,
Дела ша резавен 1амалаш лелаеш
Да-нана резаден доьзалхой кхиош
Хьаша-да резавен ц1е кхерчахь латтош
Хьан беркат лардинчу х1усамийн дуьхьа

Дег1аста, Дег1аста,
Зингатан дахар а мехала лерина
Экханан бакъо а тидаме эцна
Маршонца нисдина нийсонца дустуш
Тхан дайша кхоьллинчу г1иллакхийн дуьхьа

Дег1аста, Дег1аста,
Дела цхьаъ виначийн ламазаш дебадан
Элча бакъ виначийн ойланаш кхаба
Хьан лаьмнаш сирлачу джам1ате кхайкха
Диначу дуьххьарчу маьждиган дуьхьа

Дег1аста, Дег1аста,
Дела бен вала да воцуш хьо хьийзачу
Тхан наной хьан къинна боьлхучу дийнахь
Г1азотехь дуьненан боданаш багош
Хьан к1ентий оьгучу доккхачу дийнахь

Дала ларйойла хьо тхан Нана - Дег1аста!
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:38   #35 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Апти

Нохчийчоь

Беттаса схьакхийти, эзар шо хьалха
Кхеташ ма-хиллара г1айг1ане, цхьалха,
Адамаш чудирзи, эзар шо хьалха
Доьрзуш ма-хиллара даха я кхалха...

Нохчийчоь, латта хьо, серлонан х1ордах,
Эзар шо даьлча а яха ца к1ордош...

Мостаг1а вог1ур ву - дуьссур ду дерташ,
Дуьссур ду хьан лекха, хьан хаза бердаш,
Хьаша-да вог1ур ву - юьссур ю марзо,
И марзо елхайо хьан ломахь барзо,
Г1елашна г1ерг1ачу курачу сайно,
Ц1е йоцчу кошан т1ехь даьллачу стайно.
И марзо елхош ду сан х1ора дош а,
Хьан дато некъаш а, момсарийн бос а...

Нохчийчоь, латта хьо, серлонан х1ордах,
Эзар шо даьлча а яха ца к1ордош...

Со кхуззахь вина ву, тийналлийн к1оргехь,
Хьан сина тийжачу кхокханан к1орни,
Пен боцчу х1усамехь, тхов боцчу кхерчахь,
Да воцуш кхиъна со, хьан ц1арах хьерчаш.
Хьан б1аьвнийн херцаршлахь бецан хал санна,
Хьан серло тергалъян ма дезна сан а,
Хьан стиглахь аьрзунийн мохь санна шийла,
Со а д1авовр ву цкъа, тийналлех ийна...

Нохчийчоь, латта хьо, серлонан х1ордах,
Эзар шо даьлча а яха ца к1ордош...

Тхо девлла д1аг1ур ду, дуьссур ду дешнаш,
Дуьссур ду хьан хаза, хьан оьзда кешнаш,
Буц йолу, буц юьжу ойлане баьрзнаш,
Воьдучун, вог1учун до1анийн аьзнаш.
Хьан херцарш юьссур ю, да воцуш велха,
Дуьссур ду хьан стиглахь аьрзунийн хелхарш,
Юьссур ю назманаш, зуькарийн шовкъаш,
Юьссур ю тхан дагалецамийн овкъарш...

Хьо йиса, Нохчийчоь, серлонан х1ордах,
Эзар шо даьлча а яха ца к1ордош...
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:39   #36 (ссылка)
 
Аватар для Figo7
Мне нравятся строки из песни Усманова:

Ма сиха къан ло вай
Ма к1еззаг деха
Я чомахь ца йоккху
И к1еззиг хан
Цамгарша го буьллий
Къиза во чеха
1ожалло ка тухий
Тосуьйту чан.
__________________
И это пройдет ...
Figo7 вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:39   #37 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Шайхи Арсанукаев
Ненан Мотт

Доьзалехь бийцар а дастаме хеташ,
Хьуо винчу ненан мотт д1атесна ахь.
"Сов къен бу дешнашна, бац атта кхеташ!" -
Бохуш, и сийсазбан ца хета иэхь.

Ладог1ал цкъа соьга, "хьекъале корта",
Ладог1ал, яккхий д1а лергара потт:
Йист йоцу х1орд санна, бу хьуна шорта
Ша хууш волчунна вайн нохчийн мотт.

Г1иллакхе, оьзда бу доттаг1че буьйцуш,
Мостаг1че вистхуьлуш - ду ира герз,
Хьомечу езаре безам ахь буьйцуш,
Бека и, шех хуьлий хьан деган мерз!

Б1ешераш хийла д1а ихна, и бекаш,
Хьацарлахь, къийсамехь кхиъна и бу,
Кхоьллинчу халкъана сов хьанал бецаш
Даима ша хилла нохчийн мотт бу.

Вайн х1алкъан ойланаш, дахар а г1ийла
Далхадеш, къийсамна г1иттийна цо.
Вайн нохчийн майралла, оьздалла хийла
Зевнечу иллешкахь екийна цо!

Кхидолчу къаьмнашна шайнаш а санна,
Нохчашна шайн мотт а сов хьоме бу.
Нагахь хьо ца ваг1ахь хьайн х1алкъцанна,
Хаалахь, декъазниг,- хьо цхьалха вуй!
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:40   #38 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Адам Итон.

***
Дийначуьнан бехк бу,
Хиларна и дийна.
Х1ораза виэн лохуш,
Валарна ша ведда.

Вийнаверийг - кхаъ бу,
Иза вийначарна.
И вацара къарлуш,
Шега бохучунна...

Кхузахь оьху талла,
Адамашна т1аьхьа.
Де хуьлуш шайн доьхна,
Цхьаъ цавийнехь тоьхна.

Кхузахь воьдург, вог1ург,
Шен лар йоцуш войу.
Дуьненчохь и ваьхна,
Цкъаа цахилча санна.

Кхузахь орца дац-кха,
Хьо мел кхайкхарх дала.
1уьйкъашна мохь тоьхча,
Я делкъанна аьлча.

Кхузахь декъий оьшу,
Цхьаболчарна дохка.
Кхечара уьш оьцу,
Лаьттан кийра дохка.

Кхузахь ду уьш мехе,
Деши, дети луш а.
Ц1ет даьккхийна меже,
Цахиларх т1ехь гуш а.

Кхузахь бакъо яц хьан,
Виэрах коша вала.
Нагахь цхьа са яцахь,
Хьан гом оьцуш елла.

Т1аккха бен ша реза,
Хир яц ж1аран г1ера.
Хьоь мел Эхарт хьежарх,
Хьо цунна д1ахеца
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:41   #39 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Тагаев Сайд-Хьасан

Суьйре

Малх бузу хан.Стигал дешех йогу,
Сингаттамо даг чохь шедаг лоькху.
Мукъам 1аьткъаш, шийла моьнаш достуш,
Маьлхан з1аьнарш дорцах даг чу хьоькху.

Пондар тийжа, хьоьца бала боькъуш,
Дерриг дахар шен мукъаме дуьллуш,
Шедаг, г1ийла юткъа шок а лоькхуш,
Аьзнийн маттахь къамелашка юьйлу.

З1аьнарш керча, шайн 1индаг1аш 1енош,
Рег1ах ах чухуьйди маьлхан экъа,
Мохехь хьаннаш леста, суйнех къегаш,
Анайистехь даьржи ткъесан шекъа.

Иштта сарахь, малх хьо варкъах бага,
Маьрша ловзуш нохчийн бераш долуш,
Стигал к1елахь кхане йолуш даха,
Даймохк, лаьмнаш т1амехь догуш доцуш.
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:41   #40 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Батаева Хеда

"Нохчочуьнга"

Хьан ц1ийца деха
Ворх1е дайн ц1ий,
И долччохь деха
Стогалла, сий.
Хезна ду олуш:
"Х1ай жима къам,
Доккхачу къоман
Бан беза хам.
Чудилла чехка
Сан кеда сом".
(Ясакхаш лучех
Ма даций тхо-м.)
"Ткъа реза дацахь
Ношбели стом -
Д1амолуш дахар,
Т1екхалла т1ом..."

Такхоре бижи
Заманан ц1ов:
Кад - изза, тиша,
Стом- керла дов
Кхийдадо хьоьга,
Хьан дерриг герз -
И хьоьца деха
Ворх1е дайн иэс.
Д1амала боху
Хьоьга хьайн ц1ий,
Т1екхалла боху
Ворх1е дайн сий.

Зарзло хьан
Cобар дихкина муш,
Хьуо ваа тоба
Динийла гуш.
Ницкъ боцуш дисча
Нуьцкъала дош,
Герз лоцчу куьйган
Дацдо ахь пхьош,
Д1амала олуш
Шайгга шайн ц1ий
Т1екхалла доцург
Ворх1е дайн сий...
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.


1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 39 40 41 42 43 44 45 46 47 48 49 50 51 52 53 54 55 56 57 58 59 60