Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 01.07.2007, 01:29   #21 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Де дика хуьла хьа, сан деган Эла!
Хьо вукха даима дуьненан меха.
Хьо мухха а хилчи ,со реза ю хьуна,
Хьай дахаран х1ора минот схьалохьа суна!
Сан дахаре веа хьо ,хаза г1ан хилла,
Ирсе деш дахаран са массо де.
Ахь суна схьаели хьай деган ёвхо,
Лууш со хилийта даима хьай.
Лаьркха дахарехь хьо ларва даима,
Цкьа а ца гойтуш дог доьхна хьо.
Схьаэца хьа лазам хьуна ца хууш,
Даима а ,ирсе а хилийта хьо!
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:29   #22 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Лаьа даима хьоца хила,
Доькьуш хьоца хьан дахар.
Сайн дега дог1а хьога делла,
Хьажита хьо сай дагчу.
Хьа лазийна ёхь а гина,
Сан дог дилхи кьайлаха.
Йиш елар со молха хилла,
Дарба дан хьа чевнашна.
Хьан дог хьаста лаьа даима,
Ирсе га хьо даима.
Хьан ойланехь яха даима,
Хьоца хила даима!
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:30   #23 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
ВЕЗАЧУННА

Ма хьежа са б1аьргашчу вела а воьлуш,
Сан б1аьргийн серло д1аэцна ахь.
Ма де соь кьамелаш ойлане вуьйлуш,
Сан деган дог1а схьадилли ахь.

Дахаран некьаш вай цхьана нисделла,
Стиглара седарчий ду цунна теш.
Ца лечкьош хьоменаг схьаала соьга;
Хир дуй те вай дахар ирс 1енадеш?

Реза ю дахарехь хьоьца ирс кхолла,
Даима нуьре а хьан дахар деш.
Со яллалц ягаеш безаман серло,
Чим хилла яга хьуна уллехь!

"Ле!"-ахьа алахь яла а реза
Д1аделла хьуна сай мерза са.
Вай безам балхабеш ирсанан шовкьехь,
Даима яга хьуна уллехь!

Д1аэца са дахар, д1аэца сан са а,
Кхоьру со дахарехь хьох д1акьаста
Х1у до ас дуьненан хьо сай ца хилчи?
Мел ирча, мел деса хир дара и?

Мел ч1ог1а хам бо ас вовзарна сайна,
Сан деган Эла хиликха хьох.
Хьан сий деш даима реза ю яха,
Мел хала хиларх хьуна уллехь!

Мел лаьа дуьненчохь хьо даима ваха,
Хьан хазчу г1иллакхин ларам а беш.
Даима лай хилла тешаме яга,
Хьан дахар а хаздеш хьуна уллехь!
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:30   #24 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Ас хьан ч1абанех г1айг1а юцур ю,
К1айчу говрана туьйра дуьйцур ду,
Гуьйре тийжачу нохчийн аренгахь
Дашо г1арг1улеш новкъа йохур ю.

Ас хьан б1аьрхих цхьа илли доккхур ду,
Юьртан йисттехь цхьа ирзу доккхур ду,
Муьрг ц1ийх 1еначу нохчийн хьаннашкахь
Дуьне къинт1ера сайна доккхур ду.

Ас хьан б1арлаг1ех г1ала юттур ю,
Хилларш, лайнадерш сица луьттур ду,
1аьно къарйинчу нохчийн ярташкахь
Цхьа-цхьаъ дахарна дуьхьал х1уьттур ву.

Хаза хилла хьо кхин а хазлур ю,
Цхьалла лайна со къинойх ц1анлур ву,
Вайшиъ декъалдан, лаьттан 1аьнарлахь
К1айчу говро шен туьйра дохьур ду.

Дашо г1арг1улеш ц1ехьа йоьрзур ю,
Цара г1абали хьуна йохьур ю,
Б1аьсте йоьлучу нохчийн лаьмнашкахь
Ас хьан ч1абанех сайн ирс дуцур ду
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:31   #25 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Нохчо ву со.
Нохчо ву со,нохчо ву со
Нохчи нанас кхиавина,
Ц1оькъа лоьмо шен мяхьарца
Вижанчара г1аттийна

Нанас г1иллакх хазнаг делла,
Г1илкхе хила векал вина.
Нохчийн маттах,нохчи махках
Берахь дуьна дозалла дина.

Сай хьешана мерза-кхача,
деган йовхо ца кхоийна.
Мостаг1чуна бекхам боцуш
Цхьа а зулам ца дитина.

Нохчо ву со- машар къуьсург
Даймехкаца тоба дина.
Цунна ямарт,осал хеттарг
Къа ца хеташ сайх хервина.
1азап хьоьгу лай хюлчулла
Летта вала реза хилла.

Нохчо ву со,цхьанна къоман къонахчюнца
гамо йоцуш.
Нохчо ву со,махках вялла,къомах хядда
декъал хила амал доцуш...
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:32   #26 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Челакха ойланаш шен коьртехь сецаеш,
Чохь ч1ани эшийна шу дагна вас ца еш,
Массанхьа 1у хилла, шу хала кхиийна
И къена шай Дада тергал ве боху цо.

Хеназа сама юлуш,шу меттахь тижош.
Мерзачу набарна агана г1аж ца туйьш.
Доьзала хьашташа хеназа къежйина
Хьомсара шайн Нана йиц ма е боху цо

Оьздангал ляттанчу х1усмашкахь
Яхь йолуш кхиъначу шен дикчу к1енташка
Бехачохь,дюцучохь,бокхчу когаца
Сийлахьчу Даймехка сий айде боху цо.

Де доьхна,1аьржачу балано хьовзинчохь,
Мацалло хьовзина г1елонна к1елдисчахь,
Бохамна,харцонна юхьдюхьал хиттинчохь
Собарех,стогаллех ма довла боху цо !!

Хало т1ех1оьттанчахь стогаллех хьо вохахь,
Даймехкан сий лардеш хьай дог ахь кхоадахь,
Хьомсарчу хьай Ненан юхьсибат ахь дицдахь
Ша -Даймохк, къинт1ера бера бац боху цо .
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:32   #27 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Догдаххал варий хьом,йоl хьеста догдагlахьара.Тур таккхол варий хьом,ахь къесто дов дацахьара.Туй тассал варий хьом,наггахь бен гуш вацахьара.Декъарло варий хьом,декъазчийн ва вацахьара.
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:33   #28 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Вокх ве со..

Хьюнхарчу ирзошкахь нох гон текхош,
Ломарчу к1отаршкахь жанж1алеш летош
Бяхначу Нохчех схьаваларна,тахна,
Вокхвеш дайшка вайн,безам сан бахна.

Хьаша-да, яхь, г1иллакх доггаха лелош,
1ожаллех кхярдаш - т1ехьалхарх кхоьруш,
Ламани маршонна герз карахь х1уьттуш
Бяхна уьш, пян ч1ог1а б1оьвнаш а юттуш.

Тешнабяхк,ямартло шялтанца цоьстуш,
Буо бера йа мисканиг юстах цатоьттуш,
Кхолламо кховдинарг собаре 1уьшуш
1ина уьш кху махкахь хьуьнарш а къуьсуш.

Шовдани коьрташкахь эрко сецош,
Белхешкахь зевне шай иллеш а декош
Бяхначарех, г1аттахь хьо велавелла -
Юхьун сица хьан чуот йоцу къелла !
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:34   #29 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Доттаг1ий, вайнехан маттахь байташ кху чу аш язйича ч1ог1а дика хир дара. Авторан ц1е язъяр доьху.
Вайнехан мотт хаза а, оьзда а, токхе а бу. Шен мотт а, культура а йоцу къам - къам ца хуьлу (сброд хуьлу).
Вай уггар шираниг мотт а, истори а йолуш къам ду. Вайгара и дерриг а д1адаккха г1ерташ къахьоьгуш дукха нах а бу дукха хенах дуьйна. Амма вайн ницкъ кхаьчна и дерриг кху хене схьакхачон, кхин д1а а лардан ницкъ кхачахь.
Шега ларам боцучу къоме цхьаннен а хир бац ларам.
Дала лойла вайна иман, ницкъ, собар, вовшешка ларам, безам!
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:35   #30 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Хууш ду, массо a к1антана
Оьшуш буй хьомсара Даймохк,
Массо а яхь йолчу к1антана
Оьшуш дуй хьекъале дайн дош.

Делахь а, да воцчу к1антана
Ма ч1ог1а оьшу-кх хьо, Даймохк.
Даймахках ваьллачу к1антана
Ма ч1ог1а оьшу-кх хьо, дайн дош.

Апти Бисултановн байт
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.


1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 39 40 41 42 43 44 45 46 47 48 49 50 51 52 53 54 55 56 57 58 59 60