Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 28.06.2007, 18:34   #11 (ссылка)
 
Аватар для Carolina
Цитата:
Сообщение от Dika Посмотреть сообщение
Додам,со жима йолчу хенахь лоькхуш цха эшар яра,"Зараъ"бохуш,изам ца хаа хьуна?Суна йицелла из,Зараъ ма ю къетахь йолхуш бен дага а ца дог1у))
Dika, "Зураъ" боху йиш-м яц и?
Carolina вне форума   Ответить с цитированием
Старый 30.06.2007, 18:15   #12 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
1уьйре хаза ю тхо долчохь,
Суьйре хаза ю тхо долчохь,
Иштта хаза ду тхо долчохь,
Хьалхе ва везаш хиллера!

1уьйре кхиинчу нанега,
Суьйре кхиинчу нанега,
Хаз к1ант кхиинчу нанига
Со декъа яийта алийша!

1уьйре хазъелла йог1ур ю,
Суьйре хазъелла йог1ур ю,
Нана йо1 елла ца йисахь,
Гурахь со хьоьга йог1ур ю!

Ас хьо детийлахь кхобур ву,
Ас хьо дешийлахь кхобур ву,
Наха хабараш дуьйцур ду,
Ас хьо 1индаг1ехь кхобур ву!)
__________________
".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 30.06.2007, 18:19   #13 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Соьга кет1а ма кхайкхийша,
Новкъа яла ма алийша,
Хьоме к1орни цигахь дацахь
Новкъа яла дог ца дог1у.

Соьга хит1е ма кхайкхийша,
Хит1е йола ма алийша,
Цу хи йистехь к1орни дацахь
Сан хи мала дог ца дог1у...
__________________
".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 30.06.2007, 19:38   #14 (ссылка)
 
Аватар для Carolina
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Катарина, ахьа дуьйцу оьрсийн матте даьхна
нохчийн иллеш т1ехь долу тептаран ц1е "ИЛЛИ" юй???
Мухха а делахь а, вайна оьшурш нохчийн маттахь
долу иллеш, эшарш ду!
Хьалха заманахь синкъерамашкахь а,
белхолахь а, иштта кегийрхой вовшехкхеттачохь а
цара олуш хилла долу...
Цу т1ехь мелла а болх бу бан безаш, уьш лохуш...
Малика, и тептар тиша ду, цуьна ц1е "Къилбседа Кавказан къаьмний эшарш" ю. (Оьрсийн маттахь).
Ленинград 1976 ш.

Последний раз редактировалось Carolina; 30.06.2007 в 19:43.
Carolina вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:24   #15 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Геч ма делахь латта Х1ай, Латта, ахь гечдир дуй,
Хьо эрна хьоьшуш болчарна,
Хьешана д1акъовлуш г1уй,
Г1иллакхаш дицделлачарна?

Х1ай, Латта, ахь гечдирдуй,
- Атта некъ лоьхуш волчуна,
Хьан ц1арах ша биъна дуй,
Эхь доцуш къарбиначунна?

Х1ай, Латта, ахь гечдирдуй,
Ненан мотт бицбиначунна,
Ца вешаш кхоьссина туй,
Кхечуьнга марзвеллачунна?

Самах ду, г1енах ду,
Амма вай генахь ду-
Дайн боцчу махкахь.

Дог1анаш шийла ду,
Дог-ойла г1ийла ю-
Дайн боцчу махкахь.

Дика а вон а дац,
Даймехка х1о а дац-
Дайн боцчу махкахь.

Малхаца йовхо яц,
Х1усамех овхо яц-
Дайн боцчу махкахь.

Т1е вог1уш хьаша вац,
Дог 1абош кхача бац -
Дайн боцчу махкахь.

Юхь а яц, дош а дац
Кечваларх товш а вац-
Дайн боцчу махках.

Кийра шах боьттина,
Логе шад х1оьттина -
Дайн боцчу махкахь.

Хир ду мел моьттинарг
Ца хилла х1оьттина -
Дайн боцчу махкахь.

Ч1ара шен хичохь бу -
Шен х1ордо хьаьстина,
Хууш дац мичахь ву,
Даймахкахь къаьстинарг.

Самах ду, г1енах ду,
Амма вай генахь ду -
Дайн боцчу махкахь...

Велча каш а дац,
Ваьлча а башха дац,
Дайн боцчу махкахь.
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:25   #16 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Ма елха,ва нана,хьай ца1 бе воцу к1ант вог1ур вац али,
Цуьн хаза аматаш хьан б1аьргаш хьоьстур дац али,
Тешалахь,Нохчичохь хьа к1анта вицлур вац хьуна,
Г1азотаьх эьгначи мог1арехь и хир ву хьуна.

Ма елха,ва нана,хьай ца1 бе воцу к1ант вог1ур вац али,
Ше якххи ойланаш цо цкъа а йуцур яц али,
Буьрсачу цу т1амехь хьа к1анта йохийна танкаш
Тахна а йогаш ю,кардойтуш мостаг1чун каш.

Ма елха,ва нана,хьай ца1 бе воцу к1ант вог1ур вац али,
Ше т1аьхье йолоза,сел хьалхе и вахакх али,
Даймахко кхайкхича г1ойтина вай турпал к1енти,
Сийлахьа бехар бу дуьненчохь мел беха Нохчи.

Ма елха,турпала к1ант вина - турпала нана,
Дашочу эьлпашца кхелина и ц1ераш язйир ю кхана,
Тахна вай леташ ду мостаг1ехь борз санна бера,
Россия даима исторехь хилла ю къера.

Д1ахьажа,ва нана,импери юг1аш ю хьуна,
Цхьа маь1иг йогуш ю Нохчичохь латийна ц1ергахь,
Дехьа а ,сехьа а кхи къаьмнаш ду хьалаг1уьттуш,
Цу Делан бекхамо гойтар ю Россия юхуш.
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:26   #17 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Сан Нана,хьол хаза,хьол деза дуьненчохь х1умма дуй,
Хьан сий деш вала ву реза,тешаеш цабаарх дуй,
Хьешана маьрза пхьор хиттош хила хьай хьиза до са,
Ца лела цабезам г1иттош,я хьайна ца лоьху са.

Сан Нана,хьол хаза,хьол деза дуьненчохь х1умма дуй,
Ехийла,хьо санна,Нана,1алаше марзона б1ов,
Сан нана,сан дега зезаг хьан йовхо схьалуш ма 1а,
Хьоьца ду суна мел дезнарг,томе ю къамелан 1а.

Г1иллакхе оьзда ю,даима коьрта т1ехь йисиларх к1ай,
Ахь Делер мел доьхнарг дайн,цундела ю хьо йоьхь-к1ай,
Сан Нана,хьол хаза,хьол деза дуьненчохь хумма дуй,
Хьан сий деш вала ву реза,тешаеш цабаарх дуй.
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:27   #18 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Дюненчохь хьан дахар ерна ду,
хьуна дог дохдеш хьо хьостуш безам а бацахь,
И безам хилча а ерна ду,
цу тейпан хьан цуьнга безам а бацахь!!!
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:28   #19 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Хан д1аоьхар ю,зама кхачаешь,
Денош оьхар ду,со хьоьх хьега веш,
Нагахь балано дог хьан 1овжадахь,
Хьуна сагатдеш со вуй хаалахь.
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.07.2007, 01:28   #20 (ссылка)
 
Аватар для Nohcho vu so
Ма дика ду.....

Ма дика ду дуьненчохь хьо волш,
И сан дахар мел хьалдузна ахь.
Даима аьтто цу Дала хьа бойла,
Ларвеш даима хьо вочу х1умнах.
Мел хам бо ас сайна хьо вовзарна,
Лекхчу ломал лекха хета хьо.
Хьа сий деш со уллехь хир ю даима,
Хьо г1елвелчи хьуна г1ортор еш.
Хьо вехийла эзар шарахь суна,
Сирла дохуш даима дахар сан.
Ирсе ю со хьуна уллехь яха,
Хьа дог хьостуш, ларвеш даима.
Сай са дезахь лур ду хьуна д1а и,
Бух ца дуьтуш дахар лур ду сай.
Хьо реза веш ехир ю со уллехь,
Хилла даима хьа тешаме лай!
__________________
оттуда, откуда меня трудно достать. И войти туда могут только избранные. А для того чтобы быть избранным, нужно как минимум УМЕРЕТЬ.
Nohcho vu so вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.


1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 39 40 41 42 43 44 45 46 47 48 49 50 51 52 53 54 55 56 57 58 59 60