![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #171 (ссылка) | |
| Цитата:
ахьа иза эшар локхуш.. )))
__________________ ".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с) | ||
| | |
| | #173 (ссылка) |
| Схьакхетта дашо малх кхетаза белара, Чубуза дашо малх бузаза белара, Ас хьоьга дийцинарг дийцаза делара, И дийца шо хьалха со елла елара. Схьакхета дашо малх кхетаза ца болу, Чубузу дашо малх бузаза ца болу, Сайн нанас бохуриг ца дичи со ялац, Кхин лаха, сан к1орни, со г1ийла лелар ю. Лела-ма лелар ю, лелаза ца йолуш, Яха-ма ехар ю, яхаза ца йолуш, Боккхучу когаца вицвина лелар яц, Еш йолчу ойланца даг т1ера вера вац... ((
__________________ Дохко ма довлийла-кх вай ... | |
| | |
| | #174 (ссылка) |
| "Нохчийн фольклор" 1990 шо Суьйренаш яц боху, 1уьйренаш яц боху, Готтачу лахьтичу, Марзонаш яц боху. Къанвелча, къонвелча, Хьо диънарг мила ву? Веллачуьра ц1авеъна, Хьо диънарг мила ву? Готтачу лахьтичохь, Марзонаш яц боху, Далале даа вай Х1ара маьлхан ва дуьне..
__________________ ".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с) | |
| | |
| | #175 (ссылка) |
| "Нохчийн фольклор" 1990 шо Чорин сингаттаме илли.. Юткъачу г1одаюкъах Дихкина ва доьхка, Бухкарех хийца бах Паччахьан 1едало. Дег1ана т1еоьзна Исхарин ва чоа, Г1абалех хийца бах Паччахьан 1едало. Ас коьрта тиллина Холхазан горга куй, Т1апанах хийца бах Паччахьан 1едало. Ден дайха дисина Болатан ва герзаш, Сарагах хийца бах Паччахьан 1едало. Соьцанна кхиъначу Динара чувоссий, Г1ашсалти хила бах Паччахьан 1едало. Сан вежарий байанчу Цу делан мостаг1ийн, Лай хилий, саца бах Паччахьан 1едало. Цаьрцанна охьавуьжуш, Метта-мотт цхьаъ болуш, Цхьана шуьнахь важа бах Паччахьан 1едало. Сан дасса, хьарамъеш, Ва суна йихкина, Хьакхарчий яа бах Паччахьан 1едало..(((
__________________ ".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с) | |
| | |
| | #176 (ссылка) |
| "Нохчийн фольклор" 1990 шо И чуьйна болат ма ч1ог1а ду, И сенчу ц1аро дагадо. Хьо стенах дина кийрара дог, Ма ч1ог1а хиллера хьо кийрара дог. И шийла шовданаш г1орийна, Цу диттийн баххьаш т1е к1ац йиллина, Х1окху нохчийн, г1алг1айн махка Шийла кхаъ кхаьчча, Ца дешира, ца дегира кийрара дог, Хьо стенах дина хилла? - Ма ч1ог1а дина хиллера хьо. И къена дай-наной куьйга г1иттадеш, Шайн нанойн накхошха маликаш къестош, Вай махках даха г1овттинчу 1уьйранна, Ца дегира, ца дешира кийрара дог. Хьо стенах дина хилла? - Ма ч1ог1а дина хиллера хьо. Болатан цу багахь сийна ц1е летош, Гомачу новкъа дуьткъа дег1 сеттош, И ц1еран машенаш юьйлаелча, Ца дегира, ца дешира дог. Хьо стенах дина хилла? - Ма ч1ог1а дина хиллера хьо...(((
__________________ ".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с) | |
| | |
| | #177 (ссылка) |
| "Нохчийн фольклор" 1990 шо Х1ара узам олу ас, сайн синтем байна. Соьгара сан бала безамца беъна, Мел дукха яздина безамах лаьцна, Хир дарий-те дешнаш хьох къастарх дийца? Хууш вац, т1ех езнарг, х1ун хилла сайна, Сан лелар, сан хьежар ма хийцаделла, Хьох валар дазделла кийрарчу дагна, Сан сина чов хилла, т1ех езаелла. Сурт дилла ва хууш со говза хилча, Даима хьан сурташ ас дохкур дара, 1аламат ницкъ болуш, со Дела хилча, Массо йо1 хьох тера ас кхуллур яра. Масане безнараш дуьнен чохь лелла. Дистхила йиш йоцуш латтанаш хилча, И бакъ ду, дийр дара цара тоьшалла, Суначул хьо езаш, кхин к1ант ца хиларан. Т1аккха эр ма дара 1аьржачу лаьтто: Шена т1ехь безнараш вовшеха ма бийлла. Езачух ваьлла вац, х1ара латта мел ду, Цхьа а к1ант, со санна, цхьаъ езаелла. Ша байлахь вуьтуш ду дех-ненах валар, Оцул а доккха ду нийсархойх къастар. Ца лало, т1ех езнарг, сайн хьоьха валар, Дог 1овжош хилла-кха езачух къастар. Хан яра тамаш беш, синтем бац аьлча, Инзаре хетара, г1айг1а ялхийча. Валлах1и, ца хилла цуьнан чохь бала Езачух къастарал ша 1аьткъаш дагна. Хьо ца гуш долу де йочане хеташ, Хьоь болу сайн безам узамца балхош. Доьхначу сайн дагна цуьнца там лоьхуш, Лелар ву, Малика, хьох валар далхош...
__________________ ".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с) | |
| | |
| | #178 (ссылка) |
| "Нохчийн фольклор" 1990 шо Давала хьан делаъ, Ва мерза ва дуьне, Хьо диънарг мила ву, Бохуриг ва хилла? Х1инца дог 1абалахь, Шен мерза ва езар, Ша висина вели 1аьржачу цу Сибрех. Цхьа баба яра сан Вехачу ва юьртахь: Бабина вицлур ву, Каш т1е буц ва яьлчи. Цхьа дада вара сан Вехачу ва юьртахь: Дадина вицлур ву, Кашна чурт ва доьг1ча. Цхьа ваша вара сан Вехачу ва юьртахь: Вешина вицлур вац Шена юххе ва виллалц. Хьалахьаьжча вайна го И сийна стигланаш, Ц1ен деши ва хилла, Езачунна елара, Цкъа б1аьрг ва тоха Шен езар елара. Охьахьаьжча гуш долу И 1аьржа латтанаш, К1айн дети ва хилла, Дезачунна делара, Цкъа юххе вала Шен ваша велара. Вайна го и лекха лаьмнаш, Шен ц1еста ва хилла, Дезачунна делара, Цкъа дагара дийца Доттаг1а велара. Ша ванза елара Ша вина ва нана, Довзанза делара И маьлха ва дуьне...
__________________ ".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с) | |
| | |
| | #179 (ссылка) |
| Борз уг1уш хиллера, гу-лакха юьйлуш, Уг1алахь, гила борз, Ша дуг1ур ду хьоьга, лерг диллина, сема ла, Шех тера хьо хеташ, Шена моьттура, и уг1у гила борз, Мацалла уг1у. И уг1уш хиллера, ардангах хаьдда. Хала ду, к1ентий, нийсарех, вежарех хадар. Ча ц1ийзаш хиллера, 1ин-к1орге юьйлуш. Ц1овзалахь, дера ча, Ша дуг1ур ду хьоьга, лерг диллина, сема ла, Шех тера хьо хеташ.. Шена моьттура, и ц1ийза дера ча, Шелонна ц1ийза. И ц1ийзаш хиллера, бенах йоьхна. Ма елаш, к1ентий, дахаран ойланаш, Мел дукха ваьхнарг а б1е шарахь ца ваьхна...
__________________ ".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с) | |
| | |