![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #101 (ссылка) |
| Ахьа-м со цецвоккху, Додам. Нохчийн литературин синпха тохалуш а хезаш йолу хьо Дикаев Мохьмадан байташ къасталуш яц аьлча цхьа аьрха-м хета мелла а. Амма ша дерг шен метта д1а-м х1оьтти ахь и ерриг стихотворени кхузахь д1аязйича. Дала хьуьнар ло хьан оцу сирлачу иэсана, амин!
__________________ Мы – чеченцы. В этих двух словах вся суть – и точка! | |
| | |
| | #102 (ссылка) | |
| Цитата:
Аса цундела ма боху - иза эхь ду... Цхьа тамашийна даьржина ду сан дахар, сан ойланаш а иштта... Дала мукъ лахь и кхачамбацарш д1анисдан-м хьожур ю со, поэзица доьзна долу сайн кхачамбацарш...
__________________ ".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с) | ||
| | |
| | #103 (ссылка) |
| Валлах1и, Додам, со кхета-м кхета ахьа х1инцца яздинчу х1окху дешнех. Хьо тешар юй-м ца хаьа, амма уьзза хьал тасавелла х1ара ши-кхо дош вовшахтаса г1ерташ воллучуьнгахь а-м ду хьуна. Дала ницкъ лойла вайна!
__________________ Мы – чеченцы. В этих двух словах вся суть – и точка! | |
| | |
| | #104 (ссылка) | |
| Цитата:
Дала ницкъ лойла-кх вайна... Суна-м ч1ог1а оьшу и ницкъ т1аьхьарчу хенахь)
__________________ ".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с) | ||
| | |
| | #106 (ссылка) | |
| Цитата:
Шена ала деза аьлла хетарг адамо ша д1аолуш хилча бакъахь ду) Суна ишта хета иза)
__________________ ".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с) | ||
| | |
| | #107 (ссылка) | |
| Цитата:
Делахь а, хьаьдда воьддушехь, «Лераме Додам, дийцахьа х1унда ю хьо иштта ойланашкахь хьашаелла? Дийцахьа, х1ун цатам хилла кху челакхчу дахарехь хьан экамечу дагна», бохуш, «бормотать» муха дийр ду, тентакъяьллачу тотис санна?)))) Еккъа цхьа риторика а хилла дуьсу долу хаттарш хьалаийдан башха шовкъ а ма ца хуьлий цхьа ондда дегайовхо ца хилча когаш д1аг1орто... Делахь а, жоьпе ладег1арал а б1озза атта ду-кха кхоччуш догдиллина 1ар. Х1инций-х1инций х1ун тохар до-те сан дагна ас сатуьйсучу дешнаша бохуш 1ан-х ца везий. Важа аг1о-м (ирс-мирс бохург) ц1ерга оьхьначу цициго шен т1егулбо когаш санна, хьарччайой к1ел ма хьой-ц ца оьшуш синан берте гулъеллачу шерийн мазакъйоьллачу тобано)))))
__________________ Мы – чеченцы. В этих двух словах вся суть – и точка! Последний раз редактировалось Illanch; 26.08.2007 в 02:26. | ||
| | |
| | #108 (ссылка) | |
| Цитата:
иштта хазачу дешнашца хьуна жоп дала ца хаар(( Амма кхоччуш догдиллар - иза инзаре хала х1ума ду... Делахь а дахаран шен г1иллакхаш ду) Т1е х1оьттинарг лан а деза, иза мел къаьхьа делахь а... P.S. И тентакъяьлла тоти ма-ярра хьалха х1оьтти-кх суна))))) Иза ма ч1ог1а хаза элир ахьа!!!)))
__________________ ".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с) Последний раз редактировалось Dodam; 26.08.2007 в 17:20. | ||
| | |
| | #109 (ссылка) |
| Корехь кор ма ца оьшу, Не1рехь не1 ма ца оьшу, Ши зуда йолчу к1ентан кертахь, Лата ж1аьли ма ца оьшу. Цхьа йоккха стаг зуда ю хьан, Ц1а дуьззина доьзал бу хьан, Еъча йига волларий хьо, Эхь ца хета хьан б1аьргашна. Сайн дадеха йолийла со, Сайн мамеха йолийла со, Хи эшчи бен хит1а яг1ахь, Хьо вайчи бен дага ваг1ахь!))
__________________ ".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с) | |
| | |
| | #110 (ссылка) | |
| Цитата:
__________________ Мы – чеченцы. В этих двух словах вся суть – и точка! Последний раз редактировалось Illanch; 27.08.2007 в 14:58. | ||
| | |