Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Потребительские форумы > Поддержка и Предложения > Архив

Архив Устаревшие темы скидываются сюда. История форума Селард (У Камина).

 
 
Опции темы
Старый 03.03.2007, 11:13   #1 (ссылка)
 
Аватар для favaz
Бусалба махка баьхкинчу керста-нехан даьхни схьадаккхар

Ассаламу Iалайкум! Со Iаш бусалба махкахь ву, кхузахь хаза-неха санна дукха туристаш бу россера а, европера а. Цаьргара хума яккха мегаш дуй?


БисмиллахIиррохьманиррохьим.

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!



Бусалба наха бакъо а елла бусалба нехан махка веана волу керста стаг – хуьлийла иза дешархо, хьехархо, махлелорхо, белхало, геланча, йа дарба лахархо, йа гергарнаш болчу хьажа-хIотта веънарг, йа зорбанан гIирсийн хаамхо, йа бусалба нехан махке хьажа веънарг (турист), йа уьш санна волу муьлхха а кхиверг – нагахь санна и керста-стаг бусалба нахах цхьамма кхайкхина велахь, йа бусалба пачхьалкхан «виза» а эцна чувеана велахь, йа цу пачхьалкхерчу бусалба нахах цхьамма иза могуш-маьрша лелор шена тIелаьцна веана велахь, йа муьлхха и санна долчу бахьанех цхьана бахьанца иза чувеана велахь, оцу керста-стеган цIий а, цуьнан даьхни а лардина ду, иза кхерор а, иза лачкъор а, цуьнгара даьхни даккхар а, цунна муьлхха агIор а зен дар а хьарам ду, мегаш дац.

Цхьанне а агIор иштта веанчу керста-стагна зен дан ца магаран а, иза хьарам хиларан а, иза къа хиларан а бахьана – бусалба наха оцу керста-стагна «кхерамазалла»-«тешамалла» делла хилар ду (Iаьрбийн маттара «ал-амáн»). «Кхерамазалла» («ал-амáн») далар бохучуьнан маьIна – и делла волчу стагна (а, зудчунна а) цхьа а зен дийр дац аьлла тIелацар ду, цуьнца цу тIехь барт бар ду, иза шех иштта тешор ду, цунна иштта чIагIо йар ду.

Ткъа, «кхерамазалла» («ал-амáн») деллачул тIаьхьа, цуьнца и барт а, чIагIо а йинчул тIаьхьа иза йохор а, ямартло йар а, тешнабехк бар а доккха къа хиларан а, хьарам хиларан а тешалла (далил) дуккха а айаташ а, хьадисаш а ду, асхьабаша лелийнарг а ду, Iелам-нехан дешнаш а ду.

Лекха хинволчу АллахIа аьлла:

×ХIай Делах тешаш дерш! Кхочуш бе (шаьш бина) бартØ.[1]

×Барт а кхочуш бе аш, бакъдолуш, (аш бина) барт – (шуьга) хоттур болуш буØ.[2]

×Шаьш барт бича, иза кхочуш беш берш а (бу Делах кхоьруш берш)Ø.[3]

×Шайн тешамаллийна а, шайн бартана а терго еш берш бу уьш (муъма нах)Ø.[4]

Суннатера хьадисаш:

Макка йоккхучу дийнахь, Умм ХIаниъ цIе йолчу бусалба зудчо (пайхамаран шича хилла иза) шен гергарчу цхьана шина мушрикана «кхерамазалла» делла хилла. И шиъ цуьнан цIийна чохь гина хилла Iелина – Дела реза хуьлда цунна – тIаккха и шиъ вуьйр ву ша аьлла иза тохавелча, Умм ХIаниа доьхьал а яьлла – «со йийначул тIаьхьа бен дийр ма дац ахь иза» - аьлла хилла. ТIаккха и шиъ шен цIа чIохь дIа а къовлийтина, Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волчу еана Умм хIаниъ – Дела реза хуьлда цунна – и хIума дийца. Иза дийцина яьлча, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла: «Дан ца дезара цо иза. Ахь ларвинарг ларвийр ву оха, хIай Умм ХIаниъ, ахь кхерамазалла деллачунна кхерамазалла а дели оха».[5]

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«Цхьа стаг ша вуьйр вац а аьлла, иза теша а вина, тIаккха цо иза вехь – цуьнан керахь къемат дийнахь тешнабехкан байракх хир ю, цо вийнарг керста стаг хиллехь а».[6]

«Шеца барт бина волу стаг бехк боцуш вийнарг – АллахIа хьарам йина цунна ялсамане: цуьнан (хаза) хьожа йогIур яц цунна».[7]

«Бакъдолуш, тешнабехк беш хиллачунна къемат дийнахь байракх югIур ю (иза вовзийта); цунах лаьцна эр ду: "ХIара хьенехан кIентан хьенехан тешнабехк бу».[8]

«Тешнабехк беш мел хиллачу стеган къемат дийнахь байракх хир, цуьнца воьвзар а ву иза».[9]

«Тешамалла йоцучу стеган Ийман а хир дац, йина чIагIо а, бина барт а лар беш воцучу стеган дин а хир дац».[10]

«Ас айса кхечунна йина чIагIо а, бина барт а боха ца бо».[11]

«Диъ хIума шеца долуш волу стаг цIена мунепакъ ву, церах цхьадерг шеца долуш волу стаг а шеца мунепакъаллин дакъа долуш ву, цо уьш Iадда дитталц; и хIумнаш ду: шех тешча тешнабехк беш верг а, ша къамел деш харц луьш (аьшпаш буттуш) верг а, ша барт бича ямартлонца барт бохош верг а, ша къовсавелча боьха луьш верг а».[12]

МугIира бин ШуIбахI – Дела реза хуьлда цунна – Пайхамар волчу веана хилла – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – бусалба дин тIе а лаьцна. Ша бусалба дин тIелацале хьалха, шеца новкъахь цхьаьна хилла цхьа керста нах байъа а байъина, церан даьхни схьадаьккхина хилла цо. ТIаккха Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла цуьнга: «Амма ахь бусалба дин тIелацар – иза къобал до оха, амма хьоьгара даьхни – иза тешнабехкан даьхни ду, тхуна оьшуш дац иза».[13] Хьафиз Ибн Хьаджар Ал-Iаскъоланийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла оцу хьадисан маьIна деш: «Цу хьадисо гойтучу пайданех ду шена керста наха "маршо" елла а йолуш, царна тешнабехк а бина церан даьхни шена хьанал дан мегаш ца хилар, хIунда аьлча новкъахь цхьаьна дIабоьлхуш болу нах вовшийн маьрша а, тешаме а хуьлуш бу, ткъа тешамалла массаьрца а лардан дезаш ду, бусалба стагца а, керста стагца а. Кхин а цу хьадисо гойту, керста нехан даьхни тIамца бен хьанал ца хилар».[14]

Оцу хьадисех а, айатех а Iелам-наха даьхна хьукманаш иштта ду:

Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла:

«Нагахь санна керста стаг бусалба наха тешамалла а делла, уьш болчу веъча, тIаккха иза бусалба нахана юкъахь валар нислахь – цунна делла долу тешамалла кхочуш ду цунна шена а, цуьнан даьхнина а. Цуьнан даьхни тIера цхьа а хIума схьаиэца мегар дац. Паччахьо цунах дисина даьхни цуьнан верасашка дIакхачо деза, уьш миччахь белахь а».[15]

Имам Ибн Къудамас – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Бусалба нахаца тIеман хьолехь болчу керста-нахана кхерамазалла деллачул тIаьхьа хьарам ду уьш байъар а, церан даьхни а, царна зен дар а. И кхеарамазалла дала йиш ю муьлхха а хьекъале а, кхиъна а, шен лаамехь а волчу бусалба стага, стаг велахь а, зуда елахь а, маьрша велахь а, лай велахь а. Иштта аьлла Ас-Саврийс а, Ал-АвзаIийс а, ШафиIийс а, Исхьакъа а, Ибнул-Къосима а, дукхах болчу Iелам-наха а».[16]

Кхин а, Iелам-наха цIерашца хьахийна махлелорхой а, геланчаш а кхерамазаллехь бу аьлла, царна хIумма а дан мегар дац аьлла.

Кхерамазалла даларца чубаьхкина болчу керста-нахана зен даран дуккха а вон тIаьхьалонаш ю, масала церах дуккха а наха бусалба дин тIелоцу, ткъа шайна иштта хIума дича царна дин вон хетар ду, цара юха бахча вочу агIор дуьйцур ду. И доцурш а, бусалба нахана дукха зенаш до и хIумнаш лелочара.

ТIаьххьара а, хIара хаттар дIадерзош ала деза: АллахIана муьтIахь хуьлийла дац Цунна Iеса хиларца. Иза вай хIунда бах? Цхьаболчара и мегаш доцу хIуманаш шайна магорхьама динера цхьацца бахьанаш лоьху, цундела бах вай: бусалба дино бухатухуш бу таханлерачу керста-нехан хIара кхетам: «Iалашоно хIуъа магадо». ХIан-хIа, Iалашо дика елахь а, бусалба дино мага ца до вочу хIуманца иза кхочуш йар. Дела реза войла дац Цо хьарам динчу хIуманца. Дала ца магийна долчу хIуманца гIо леха мегар дац Далла муьтIахь хиларна.

ХIокху хаттарх тера хаттар ду хьалха вай жоп делла долу хаттар, керста-нехан махкахь вехаш волчу бусалба стага царна зен дарх лаьцна, церан хIума лачкъорах лаьцна. ХIокху шина хаттаран агIонащ кхин а алсам йовза луург хьажа:

Керста-нехан хIума лачкъор.
--------------------------------------------------------------------------------

[1] Сурат «Ал-Маидат» 1 айат.

[2] Сурат «Ал-Исроъ» 34 айат.

[3] Сурат «Ал-Бакъарат» 177 айат.

[4] Сурат «Ал-МаIаридж» 32 айат.

[5] Бухари, Муслим, Тирмизи.

[6] «АссилсилатуссохьихьахI», Ал-Албани, 440.

[7] «Сахьихь Сунан Аннасаи», Ан-Насаи – Ал-Албани.

[8] Бухари, Муслим.

[9] Бухари, Муслим.

[10] Ахьмад.

[11] Абу Давуд.

[12] Бухари.

[13] Бухари.

[14] «Фатхьул Бари», 5/402.

[15] «Ал-Умм», 4/296.

[16] «Ал-МугIни», 9/195.
favaz вне форума  
 

Опции темы




Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.

1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 39 40 41 42 43 44 45 46 47 48 49 50 51 52 53 54 55 56 57 58 59 60 61 62 63 64 65 66 67