Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Музыка

Музыка Любимые музыкальные жанры. Какую музыку вы слушаете? Когда вы слушаете ее? Как часто? Здесь можно поделиться опытом.

Ответ
 
Опции темы
Старый 02.03.2007, 08:37   #1 (ссылка)
 
Аватар для synonymous
Тексты любимых песен на чеченском.....

Не забудьте автора и название песни.
synonymous вне форума   Ответить с цитированием
Старый 03.03.2007, 01:46   #2 (ссылка)
 
Аватар для L.A.
Хасан Мусаев - Индира

Д1ауьду денош, д1ауьду зама,
Вог1у, хьоменаг, хьо йолче со.
Хьан б1аьра хьоьжуш,
Хьоьга дагар дуьйцуш,
Ца лаьа, хьоменаг, 1адика йан!
Тешор ю, хьомениг, хьо сайн дашах,
1ехор ю, деган езар, безамах,
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Безамца ваха хьоьца ирсе!
Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дашах,
1ехор ю, деган езар, безамах,
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Индира, ваха хьоьца ирсе!
1аьржачу буьйсанна, хьийзавеш набаро,
Хьоьжу со хьан суьрте, к1орда ца деш,
Дашо малх г1аттале, сан коре хьажале,
Кийча ву, хьоменаг, хьо йолче ван!
Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дашах,
1ехор ю, деган езар, безамах,
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Безамца ваха хьоьца ирсе!
Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дешах,
1ехор ю, деган езар, безамах,
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Индира, ваха хьоьца ирсе!
Йог1ур ю цхьа суьйре, вог1ур ву хин йисте,
Эра ду хьоьга, хьоменаг, йолахьа соьга,
Ахьа, охьа а таь1на, суна йела къежна,
Эра ду, эхь хеташ, ахь йигахьа д1а!
Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дашах,
1ехор ю, деган езар, безамах,
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Безамца ваха хьоьца ирсе!
Тешор ю, хьоменаг, хьо сайн дашах,
1ехор ю, деган езар, безамах
Юьгур ю со вехачу х1усаме,
Индира, ваха хьоьца ирсе!!!...
__________________
The road to success is always under construction.
L.A. вне форума   Ответить с цитированием
Старый 03.03.2007, 20:05   #3 (ссылка)
 
Аватар для Blumarine
Хьава Ташаева "Безам"

безам,безам,безам и так сто раз.
Безам х1у ю хоьтту ахь,
Б1аьргаш г1ила хьовсуш соьга
Даг чохь вай ду хила шовда.
Ду и стага даъалц доь.
Безам тила йела ойла,
1еха дела жима дог и ду
Харцо йина и ма лойла,
Т1аьхьло йоцу г1ан и ду
Безам, стиглахь лепа седа.
Лаьтахь кхуьуш зезаг ду,
Малха ц1ена хила цуьнца
Цу хьо ирсе кхачор ву.
Безам тила йела ойла,
1еха дела жима дог и ду
Харцо йина и ма г1ойла
Т1аьхьло йоцу г1ан и ду
Безам, стиглахь лепа седа.
Лаьтахь кхуьуш зезаг ду,
Малха ц1ена хила цуьнца
Цу хьо и ирсе кхачор ву.

Безам, хаза еъна буьйса
Иза малхел довха ду
Бода чог1а чолха 1уьйре.
Малхал даьлла суй и ду.
Безам тила йела ойла
1еха дела жима дог и ду
Харцо йина и ма г1ойла
Т1аьхьло йоцу г1ан и ду
Безам, стиглахь лепа седа.
Лаьтахь кхуьуш зезаг ду,
Малха ц1ена хила цуьнца
Цу хьо и ирсе кхачор ву.
Безам тила йела ойла
1еха дела жима дог и ду
Харцо йина и ма г1ойла
Т1аьхьло йоцу г1ан и ду
Безам, стиглахь лепа седа.
Лаьтахь кхуьуш зезаг ду,
Малха ц1ена хила цуьнца
Цу хьо и ирсе кхачор ву.
__________________
..Но все же с болью и тоской, я вспоминаю эти лица..
Blumarine вне форума   Ответить с цитированием
Старый 03.03.2007, 20:06   #4 (ссылка)
 
Аватар для Blumarine
Марина Айдаева "Сан безам"

Хьо цхьаъ бен даг чоьх вац,
Хьо соьга хьоьжуш вац,
Хьо бен сун оьшуш вац,
Х1у де ас хууш яц.
Алахьа ахь соьга,
Сан хьоме дег безам.
Х1у де ас сай дагна?
Х1у де ас безамна?
Безамца къийсинарг
Цкъаа тоьлла вац,
Сан безам, сан безам
Хьохь яла са ницкъ бац,
Безамо 1овжина дог
Молхно тодийр дац
Сан безам, хьохь яла
Са ницкъ бац.

Хьо гари са туьйсуш,
Н1абарха сам йюлу,
Даг чура ца волуш,
Тилйелла со лела
Алахьа ахь соьга,
Сан хьоме, сан хазниг
Х1у бехк бу са, безам,
Хьо воцуш ца магар?

Безамца къийсинарг
Цкъаа тоьлла вац,
Сан безам, сан безам
Хьохь яла са ницкъ бац,
Безамо 1овжина дог
Молхно тодийр дац
Сан безам, хьохь яла
Са ницкъ бац.

Нани бера д1аскъастор
Мел хала ду хаа,
Хьо виц ва, хьо вита
Цул хала ду суна
Боданяхь некъ лоьхуш,
Б1арзвелла таг санна,
Безамо б1арзина,
Хиза со тахана.

Безамца къийсинарг
Цкъаа тоьлла вац,
Сан безам, сан безам
Хьохь яла са ницкъ бац,
Безамо 1овжина дог
Молхно тодийр дац
Сан безам, хьохь яла
Са ницкъ бац.

Са безам хьохь яла са ницкъ бац
__________________
..Но все же с болью и тоской, я вспоминаю эти лица..
Blumarine вне форума   Ответить с цитированием
Старый 03.03.2007, 20:06   #5 (ссылка)
 
Аватар для Blumarine
Али Димаев - "Нохчийчоь"

Вайн дегнех кхерсташ ю алу
Вайн ирса дейина доь
Ларйойла хьо Везчу Далла
Бусулба сан Нохчийчоь

Дог доьхна Бер санна г1ийла
Оллалой ма хьежа соь
Хьан седа лепийта сирла
Со лойла хьан Нохчийчоь

Лаиллах1а илаллах1а
Ларйе Везчу Дала хьо
Лаиллах1а илаллах1а
Бусулба сан Нохчийчоь

Йохийна х1оттор яц гора
Кур олла бойтур бац хьоь
Йиш яц дашо малх хьан кхола
Бусулба сан Нохчийчоь

Даш кхетта эгча син метта
Маршаллаш кьоьхьуьйтуш хоь,
Леш болчу хьан к1ентий метта
Со лойлаха Нохчийчоь

Лаиллах1а илаллах1а
Ларйе Везчу Дала хьо,
Лаиллах1а илаллах1а
Бусулба сан Нохчийчоь

Лечано хелхар деш говза
Баланаш, г1айг1анаш тоь,
Махканна дерриг ду ловзар
Елало сан Нохчийчоь

Вайн дегнех кхерсташ ю алу
Вайн ирса дейина доь
Ларйойла хьо Везчу Далла
Бусулба са Нохчийчоь

Лаиллах1а илаллах1а
Ларйе Везчу Дала хьо,
Лаиллах1а илаллах1а
Бусулба сан Нохчийчоь

Лаиллах1а илаллах1а
Ларйе Везчу Дала хьо,
Лаиллах1а илаллах1а
Бусулба сан Нохчийчоь

красио....аж,слов нет
__________________
..Но все же с болью и тоской, я вспоминаю эти лица..
Blumarine вне форума   Ответить с цитированием
Старый 16.03.2007, 13:58   #6 (ссылка)
 
Аватар для Jizn'
Шарип Джабраилов - Йола суна


Сан хьоменаг, хьуна ца хаа, сан даг чу бахна безам,
Хьо схъахьаьжчи дог ца сац ло, хьо схьахьаьжчи карзах долу.
Хаац суна сайна х1у хилла, ойланаш йеш буьйса йоьда
1уьйре хиллалц наб ца кхета, хьо гаре са туьйсу ас.

Йола суна 1уьйре санна, йола суна дог1а санна,
Йола г1енахь, буьйсан йола хьо,
Йола суна б1аьсте санна, йола суна гуьйре санна,
Седа санна стиглахь лепа хьо.

Зезаг санна лепа суна, хьо схъахьаьжчи корт д1а боьда,
1аьржа б1аьргаш 1еха бина,
Хьера ваьккхи жима к1ант.
Хаац суна сайна х1у дир ду, ойланаш йеш буьйса йоьда
1уьйре хиллалц наб ца кхета, хьо гаре са туьйсу ас.

Йола суна 1уьйре санна, йола суна дог1а санна,
Йола г1енахь, буьйсан йола хьо,
Йола суна б1аьсте санна, йола суна гуьйре санна,
Седа санна стиглахь лепа хьо.
__________________
Жизнь возмутительна, когда о ней думаешь, и прекрасна, когда ею живешь.
Jizn' вне форума   Ответить с цитированием
Старый 16.03.2007, 14:28   #7 (ссылка)
 
Аватар для Jizn'
А.Димаев - Белита

1аьржа буьйса сапна, 1аьржа
И хьан б1аьргаш, Белита.
Вагош ткъесах, т1е а доьг1на,
Лаза ма во со цара.

Цкъа шаьлтанех хьожу ира,
Цкъа седанех къегаш го.
Куьркахь санна, ботту кийра,
Дорцехь санна, со шелво.

Маржа я1! И 1аьржа б1аьргаш
Ахь т1едоьг1на, Белита.
Вала- вола меттиг боцуш,
Ма гатвина со цара.

Елааьлча б1аьргаш доьлу,
Шайх тардина беттаса.
Оьг1аз яхча, амат кхоьлу,
Гатдо ахьа к1ентан са.

Ойла йойту, карзах вохуш,
Пхенаш чохь ц1ий кхехкадо.
Урамехь хьо яйча йог1уш,
Сатийсамо хьовзаво.

1аьржа буьйса сапна, 1аьржа
И хьан б1аьргаш, Белита.
Вагош ткъесах, т1е а доьг1на,
Лаза ма во со цара.
__________________
Жизнь возмутительна, когда о ней думаешь, и прекрасна, когда ею живешь.
Jizn' вне форума   Ответить с цитированием
Старый 16.03.2007, 16:31   #8 (ссылка)
 
Аватар для Jizn'
Хасан Мусаев - Луиза

Хьоменаг, хьо шовдан йистехь лаьтташ го,
1аьржа б1аьргаш хино хьа дуьзна го.
Хьоменаг, хьо урам новкъа йог1уш го,
1аьржа б1аьргаш малхо хьа къагийна го.

Ма елха суна, езар сан,
д1ауьду денош сих делла,
д1а йоьду хьо, вуьтуш со цхьалха.

Стиглахь богу сирла седа, цуьнга хьоьжу со даимна, Луиза.
Боху сирла седано, вуьсу цхьалха йоцуш хьо, Луиза.

Ма елха суна, езар сан,
д1ауьду денош сих делла,
д1а йоьду хьо, вуьтуш со цхьалха.

Хазчу сарахь-суьренца, вог1у хьо йолчу сих велла, Луиза.
Кхечуьнца хьо лаьтташ го,дагар дуьйцуш йоьлу хьо, Луиза.
1адика йойла, езар сан,баркалла ду хьуна, сан даггара,
Ехийла ирсе даимна.
__________________
Жизнь возмутительна, когда о ней думаешь, и прекрасна, когда ею живешь.
Jizn' вне форума   Ответить с цитированием
Старый 16.03.2007, 16:34   #9 (ссылка)
 
Аватар для Jizn'
Марьям Ташаева - Волахьа

Са х1усам шел елла
Хьо гуча ца волуш
Са б1аьргаш г1ел делла
Хьо гаре са туьсуш

Бешара зезагаш
Техкаш ду хьо хоьтуш
Са корехь хьозарчи
Декаш ду хьо воьхуш

Волахьа безамца
Б1ергашца со хьеста
Волахьа, хьо везаш
Ас халла са детта

Хьа доьхьа хир ю со
Массарна хаз елла
Волахьа волахьа
Хьо везарх со кхетта

Х1у де ас, хьо везаш
Со телхаш ма лаьтта
Наб йоцуш буьсанаш
Ях елла ма хаьтта

Са яхар хьо ца гуш
Дац суна ма хета
Волахьа со къаго
Ц1е йойуш соьх летта

Волахьа безамца
Б1ергашца со хьеста
Волахьа, хьо везаш
Ас халла са детта

[2х] Хьа доьхьа хир ю со
Массарна хаз елла
Волахьа волахьа
Хьо везарх со кхетта

Хьоменаг волахьа
Хьо везарх со кхетта.
__________________
Жизнь возмутительна, когда о ней думаешь, и прекрасна, когда ею живешь.
Jizn' вне форума   Ответить с цитированием
Старый 05.04.2007, 14:06   #10 (ссылка)
 
Аватар для beStiK
Марьям Ташаева "Виц лур ву"

Хити д1а яг1чи виц лур ву сейна,
Хити жим хир бу безамах бей,
Х1инца вей генахь ду,амма суна
Вицлац хьо,х1у де ас хууш яц...

Амма 1емар ю хьо виц ва теша
Човхур бу даг чура безам!
Б1аьргаш са хир бац даим хьо лоьхуш,
Хьуна сагат дяш боьлхур бац...

Лелар хьо т1акха ма луу хьайна,
Новкъарло йир яц ас дехарш дяш!
Амма синтем карор буй те суна
Ас муха со лар я еза хьоьх?

Амма 1емар ю хьо виц ва теша
Аькхор бу даг чура безам!
Б1аьргаш са хир бац даим хьо лоьхуш,
Хьуна сагат дяш боьлхур бац...

Сан лазаман мохь хьуна хазор бац,
Къовлур бу даг чура безам
Карзах дог1уш дог со кхи лелар яц
Виц ва ницкъ боьхур бу Деле!!!
__________________
Не хочу быть эпизодом и мгновеньем... Хочу быть радостью... Хочу быть вдохновеньем...
beStiK вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Тексты ваших любимых песен! INCOMPLETE Архив 753 19.09.2007 12:56



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.


1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 39 40 41 42 43 44 45 46 47 48 49 50 51 52 53 54 55 56 57 58 59 60