Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Музыка

Музыка Любимые музыкальные жанры. Какую музыку вы слушаете? Когда вы слушаете ее? Как часто? Здесь можно поделиться опытом.

Ответ
 
Опции темы
Старый 05.04.2007, 15:37   #11
 
Аватар для beStiK
Валид Гадаев "Дуьне хьийзар ду"

Дуьне хьийзар ду дахар кхача деш
Вайшиъ къаьстина зама йохур ю,
Некъаш хедар ду со хьоьх хьегавеш,
Байлахь бисина безам боьлхур бу...

Зезаг даг т1ера лятта дужар ду,
Вейшиъ лялла некъ наха бустар бу,
Ас сей лаза дог карахь тяхкор ду,
Сирла ойланца 1алар лоьхар ю...

Б1аьр хих буьзна х1орд кийрахь ловзу са,
Даго туьтту д1а къаста деза хан
Гуьйре йохар ю шийла хиш 1енош
Десса оьхур ду хьо ца гуш денош...

Батто дети нур лята х1оьрсур ду
Ас и лехьа деш хьа ирс къуллар ду,
Сам ца хилла ирс мялха дуьненахь,
Ас хьо йоьхур ю сейна эхатахь...

Дуьне хьийзар ду зама кхача еш,
Некъаш хедар ду со хьоьх хьегавеш
Нагахь балано дог хьай 1овжадахь,
Хьайга сатуьйсуш со вуй хаалахь....
__________________
Не хочу быть эпизодом и мгновеньем... Хочу быть радостью... Хочу быть вдохновеньем...
beStiK вне форума   Ответить с цитированием
Старый 10.04.2007, 07:51   #12
 
Аватар для L.A.
Хасан Мусаев

Доьхьара урамехь хьо сайна йог1уш яйча
Кирара къона дог тулг1и хилла хьойзира
Ц1и беснеш безамна ягалуш хетало
Ма елха елалой схьахьажа Пет1мат хьо

Хьан б1аьргар х1и даьлча кхоьллина ма хетало
Хьо сайга йист хилча кийрар дог кхоллало
Ма хитар хьа б1аьрг нур къагадеш малхано
Ма елха елалой схьахьажа Пет1мат хьо

Доьхьара ц1ен безам ас хьайга д1а кховдича
Сих елир хьо хьаста кирара дилха дог са
Ц1и беснеш безамна ягалуш хетало
Ма елха елалой схьахьажа Пет1мат хьо
__________________
Just because I don't care doesn't mean I don't understand
L.A. вне форума   Ответить с цитированием
Старый 14.04.2007, 17:26   #13
 
Аватар для L.A.
Хасан Мусаев - 1аьржачу Буьйсанна

Хьо йолче вог1ура со
Хьо сайна езарна
Хьо йолче вог1ура со
Хьан дешнах тешарна

Амма хьо хиллера ли веш
Хазачу хабарца
Амма хьо хиллера кхидош
Хьай безам кхичун д1а

1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со
1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со


Д1аели ши шо хан зама
Ахь хьайна веза бохуш
Д1аиди хаза денош
Ахь соьга йог1у олуш

Чим хилла беги сан безам
Кхичуьнца сана йайча
Г1а хилла йоьжи даг т1ера
Баркалла ду соьгара

1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со
1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со


Йог1ур ю цхьа шийла 1уьйре
Со хьуна дага вог1уш
Йог1ур ю цхьа ирча суьйре
Ахь соьга юха кхойкхуш

Мел эрна хир ду хьан елхар
Бузучу Малхе хьоьжуш
Мел эрна хир ду сатийсар
Со юха варе хьоьжуш

1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со
1аьржачу буьйсанна г1ийла йоьлхур хьо
Дага оьг1уш и вай безам юхам лоьхур со
__________________
Just because I don't care doesn't mean I don't understand
L.A. вне форума   Ответить с цитированием
Старый 14.04.2007, 21:20   #14
 
Аватар для Lissa
Эта одна из моих любимых песен:



Макка Сагаипова-1аржи б1аргаш

1аржи б1аргаш бехк ма билла
хьо ше хенахь ца вовзарна.
йолура со хоьх дог дилла
амма вицлац т1ех везарна2

хила хьога сецна хьожуш
шовдана йист ас лар йина
яздина вай-хьуна оьшуш
д1а ихна хан даг чохь сецна…2


хьо виц вина, хьо д1а тесна
кхечуна ц1е ас йокхар яц
хьо ца1 ву са дагчохь сецнагр
хьо воцуриг дуьненахь эщац…2

тиглахь седа лепа баьлча
цунга даим хьо хоьтур ву
малх кхета де серла даьлча
т1е кхачаре сатуьсур ду…

амма сунна бехк мА Билла
хьо ше хенахь ца вовзарна
йисйина соьх дог мА дилла
т1е кхочур ю маца кхаьчна2

хьо ца1 ву са даг чохь сецнарг
хьо воцугир дуьне эшац2.
__________________
Мой город Грозный..я по тебе скучаю,но скоро я приеду..О город Грозный мой...

Последний раз редактировалось Lissa; 14.04.2007 в 21:22.
Lissa вне форума   Ответить с цитированием
Старый 14.04.2007, 21:35   #15
 
Аватар для Lissa
Ильяс Аюбов - Теша хьо

Диснари хьоьга ала дош
Хир юй те хьо са ойла еш
Ахь соьга йог1у ца аьлчи
Сан даги и ца лалло
Хьо йоцуш ца лалло

[2х] Теша хьо
Теша хьо са безамах
Еза баха хьоь к1ордина
Нена хаза йо1


Кху хазчу, хазчу суьрана
Лаьтта со хьоьца шовданехь
Хаза б1аьсте, хаза зезагаш
Зезагашца кхуьуш ю,ва нена хаза йо1

[2х] Теша хьо
Теша хьо са безамах
Еза баха хьоь к1ордина
Нена хаза йо1

Диснари хьоьга ала дош
Хир юй те хьо са ойла еш
Ахь соьга йог1у ца аьлчи
Сан даги и ца лалло
Хьо йоцуш ца лалло

[2х] Теша хьо
Теша хьо са безамах
Еза баха хьоь к1ордина
Нена хаза йо1
__________________
Мой город Грозный..я по тебе скучаю,но скоро я приеду..О город Грозный мой...
Lissa вне форума   Ответить с цитированием
Старый 15.04.2007, 22:11   #16
 
Аватар для NePriKasaemaya
Элиза Бетирова - Хьо вицвелла

Жимчу юьртахь урам новкъахь,
Буьйса юккъе яьллачу хенахь,
Хьо набарха гора суна
Корехь лаьтташ веза к1ант

Сан дагчура хьо д1авайна,
Хаза б1аьргаш диццаделла,
Кхечу йо1а хьо левина,
Вайшин безам хербелла
Кхи к1ант суна везавелла
Вайшин безам хербелла

Лекхачу гут1е хьалавалий
Жимчу юьрта б1аьрг тоха,
Са хьевзина, са гатделча
Ахь сан озе ладог1а

Сан дагчура хьо д1авайна,
Хаза б1аьргаш диццаделла,
Кхечу йо1а хьо левина,
Вайшин безам хербелла
Кхи к1ант суна везавелла
Вайшин безам хербелла


1аьржа б1аьргаш, хаза б1аьргаш
Нур кхоьлийна го суна,
Хьан дог делхош, сан дог делош
Сирла седа го сунна

Сан дагчура хьо д1авайна,
Хаза б1аьргаш диццаделла,
Кхечу йо1а хьо левина,
Вайшин безам хербелла
Кхи к1ант сунна везавелла
Вайшин безам хербелла

И лекхи лам беш а лоцуш,
Сирла седа дага лоцуш,
Ас вуьту хьо хьайн лаамехь
Кхи хьоьга д1ахьожур йоцуш


Сан дагчура хьо д1авайна,
Хаза б1аьргаш диццаделла,
Кхечу йо1а хьо левина,
Вайшин безам хербелла
Кхи к1ант сунна везавелла
Вайшин безам хербелла


Кхи к1ант сунна везавелла
Вайшин безам хербелла…
__________________
Очень сложно объяснить, что все плохо, когда все хорошо...
NePriKasaemaya вне форума   Ответить с цитированием
Старый 16.04.2007, 17:05   #17
 
Аватар для NePriKasaemaya
Хьава Ташаева - Цхьа минот

Цхьа минот д1а йайъи, дахара цу 1инчохь.
Хьо санна кхи цкъа а йуха ца ян.
Вай безам шел би ахь, йоццачу миноте,
Сан дагна хала ду и херо ла.
Вай безам шел би ахь, йоццачу миноте,
Сан дагна хала ду и херо ла.

Цхьа минот д1а йайъи, къоргарчу цу 1инчохь.
Дахарехь кхин цкъа а йуха ца ян.
Сов йоца и минот, ца кхаьбнера даг чохь.
Ас цкъа а хервина хьо сайха д1а.
Сов йоца и минот, ца кхаьбнера даг чохь.
Ас цкъа а хервина хьо сайха д1а.

Доьххьара хьо вайча, диллина дог доьлхуш,
Когашца и хьоьшуш воьду хьо д1а.
Хьо бахьнехь б1аьрхишца, къурдашца со йуьтуш,
Хьо доггах везна ерг херйина д1а.
Хьо бахьнехь б1аьрхишца, къурдашца со йуьтуш,
Хьо доггах везна ерг херйина д1а...
__________________
Очень сложно объяснить, что все плохо, когда все хорошо...
NePriKasaemaya вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.04.2007, 19:20   #18
 
Аватар для shokoladka
кто нибудь может скинуть слова песни Валида Гадаева кирар дог помоему называется,, ма делха, ма делха кирар дог са... заранее спасибо!
shokoladka вне форума   Ответить с цитированием
Старый 18.05.2007, 13:26   #19
 
Аватар для Jizn'
Марьям Ташаева – Хьомениг

Вай д1асакъастарх х1инца со тищи,
Хьо дохко валаре ас сатийси.
Ца олуш соьга дош, са кийра ц1е латош,
Соьх къа цахеташ ахь со д1атеси.

Хьо веза ала х1инца кхоьру со
Ахь соьца йинарг хиларна харцо.
Са боцу бехк а беш,со 1омош, хьехарш деш
Ца йити меттиг ала: «Сих ма ло»

Хьомениг хьо, ас цкъа а виц вийр вац,
Ахь са ялхор ас цхьанге дуьйцур дац.
Ва марша 1айла хьо, ва маьрша лела хьо
Хьо сунам цкъа а кхи гур вац.

Б1аьрзечу безамо вей 1ейхадо.
И хьуна везарх, цунам хьо ца го.
Дог маьрша хиларна, д1агинарг езарна,
Массарна к1ежа вуьтуш ву ас хьо.


Хьомениг хьо, ас цкъа а виц вийр вац,
Ахь са ялхор ас цхьанге дуьйцур дац.
Ва марша 1айла хьо, ва маьрша лела хьо
Хьо сунам цкъа а кхи гур вац.

Хьа ойла еш ас наб кхи йойъур яц,
Хьо варе ас кхи цкъа ладоьг1ур дац.
Ва марша 1айла хьо, ва маьрша лела хьо
Вай вовше цкъа а кхи хир дац.

Марша 1айла хьо, маьрша лела хьо
Вай вовше цкъа а кхи хир дац...
__________________
Жизнь возмутительна, когда о ней думаешь, и прекрасна, когда ею живешь.
Jizn' вне форума   Ответить с цитированием
Старый 18.05.2007, 13:27   #20
 
Аватар для Jizn'
Марьям Ташаева – Кехат

Хийла буьйса наб йоцуш ас ейъина,
Хийла денош хьо цагуш са д1аихна.
Теша со, хьо хир ву суна сагатдеш...

Хьан кехатал суна хьоме хумма дац,
Геналехь цул хаза совг1ат кхи хир дац.
Хан ма ялиталахь кехат ца яздеш...

Вейша вовшех генало хьегина,
Безам буьйцуш хила аз дегина.
Вовше цагуш хан яларх мял еха
Дегнаш чохь вей тешаман ницкъ беха.

Бералехь вей цхьано доьлуш ловзина.
Дика хан вейша вовше дойзина
Бералла д1аяхна – безам беана...

Вейчул ц1ена дегнаш лаьттахь кхи хир дац
Вейчул ч1ог1а безам цхьамо кхуллур бац.
Кху дуьненчу вейшиъ ирсе деана...

Вейша вовшех генало хьегина,
Безам буьйцуш хила аз дегина.
Вовше цагуш хан яларх мял еха
Дегнаш чохь вей тешаман ницкъ беха.
__________________
Жизнь возмутительна, когда о ней думаешь, и прекрасна, когда ею живешь.
Jizn' вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Тексты ваших любимых песен! INCOMPLETE Архив 753 19.09.2007 13:56



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.