Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наш Дом > Chechen Language

Chechen Language Чеченский Язык

Ответ
 
Опции темы
Старый 08.02.2007, 20:48   #101 (ссылка)
Тахана Нохчийчуьра лаьмнашкарчу нахана бовзуш бу "юьхьтехьашкара" мотт. Суна дуьххьара цунах лаьцна хиънера сайн доттаг1чунгара, иза ша хьаькамен даржехь ву, ткъа цунца балхахь долчу бераша довзитийна хиллера цу маттах долу х1уманаш. Ч1ог1а тохавеллера со, и х1у мотт бу хаа г1ерташ. Сан доттаг1чо бехир соьга: "Иза вуно ширчу заманчохь ч1антийн дайша лелийна мотт бу, тахана а баккхичарна бен бовзуш бац иза" - аьлла. Ч1ог1а ца дийзира суна иштта сан тайпа хьехадар, бакъ ца хийтира, доцца аьлча. Цхьа жимма тала а телина, тхуна т1аьххьара а билггал даьллера цхьа х1ума: иза нохчийн дешнаш хила юханехьа доьшуш. Масала, "дик" долучигах "кид" олуш, иштта кхин д1а...
Цхьа йоккха стаг ю, дийцарехь, Шелковскехь йехаш, и мотт цунна дика хаьа, боху...
__________________
ВРЕМЁН ОБЫЧНЫЙ СОЗЕРЦАТЕЛЬ...

Последний раз редактировалось ПОЭТ.; 08.02.2007 в 20:51.
ПОЭТ. вне форума   Ответить с цитированием
Старый 08.02.2007, 20:49   #102 (ссылка)
Цитата:
Сообщение от ПОЭТ. Посмотреть сообщение
Цхьа х1ума дийциша шайна хуучара! Нохчийн маттахь жимчу бераллера дуьйна хааделла суна киц кепара, ч1ог1а г1ад воьдучу я шовкъа т1ейеъначу хенахь, олуш: "Гоур к1ант-йо1" К1орггера маь1на хууш цхьа а вуй-теша вайх?)))
Марша вог1ийла хьо, Поэт .Суна-м ца хаа и , Хьуна хаий?
B1arlag1a вне форума   Ответить с цитированием
Старый 08.02.2007, 21:00   #103 (ссылка)
Марша йог1ийла, Хьаша.
Хеда-дубаи бохучу сан доттаг1чо "ч1ерийлоьцург" олу боху-кх цунах.Хьуна кхин тайпа олуш-м ца хезнера иза?

Последний раз редактировалось B1arlag1a; 08.02.2007 в 21:19.
B1arlag1a вне форума   Ответить с цитированием
Старый 08.02.2007, 21:55   #104 (ссылка)
Цитата:
Сообщение от ПОЭТ. Посмотреть сообщение
Цхьа х1ума дийциша шайна хуучара! Нохчийн маттахь жимчу бераллера дуьйна хааделла суна киц кепара, ч1ог1а г1ад воьдучу я шовкъа т1ейеъначу хенахь, олуш: "Гоур к1ант-йо1" К1орггера маь1на хууш цхьа а вуй-теша вайх?)))
сайна хууш хьума доцушехь со-м 1ама-м ца ло,Говрар к1ант бохург дуй теша иза (бери)я "кентавр" ду теша?
vesy вне форума   Ответить с цитированием
Старый 08.02.2007, 22:16   #105 (ссылка)
 
Аватар для heda_dubai
Цитата:
Сообщение от vesy Посмотреть сообщение
сайна хууш хьума доцушехь со-м 1ама-м ца ло,Говрар к1ант бохург дуй теша иза (бери)я "кентавр" ду теша?
К1ант говр яр,а и йо1 мил хир ю?
__________________
Хеназа хадийна,вай дахар дуьненчохь..Къийсамаш болийна къестаеш стагалла..Де-дине мел долу вай кхоьру халонах..ваш-вешех ца кхета д1адаьлла адмалла
heda_dubai вне форума   Ответить с цитированием
Старый 08.02.2007, 22:17   #106 (ссылка)
Соьга худар де боху, со яха йоллу делахь, цхьажимма дошам а яздина:

Ахьаран худар-каша из кукурузной муки,(ма дукха хан ю суна ахьар ганза)
Деман худар-каша из пшеничной муки,
Дуган худар-рисовая каша.

Шуьца хаза дара.
B1arlag1a вне форума   Ответить с цитированием
Старый 09.02.2007, 01:18   #107 (ссылка)
Bu'ysa dika xilla shun massera!
sayna xeznig yazde as?
tokxo-sytniy
ichcha-oxota
g1oring-boyaryshnik
arkxo-shur dlya priveshivaniya svadebnoy zanaveski(kirx'a)
datta-ryabina
Dela reza xu'liyla shuna massarna shayn mott bezarna,x1okxu chox' k'ax'egarna.Dala dikanca bekxam boyla!
Sielsat вне форума   Ответить с цитированием
Старый 09.02.2007, 23:13   #108 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Социйла - остановка)
попугай - тоти)


Уррраааа!!! Б1арлаг1а, суна гул дешан маь1ан хиана!!!
Генех ц1анйина йисинчу
йоккхачу дечигах гул олуш хилла!!!
__________________
".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 09.02.2007, 23:27   #109 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
И гул бохо а, цунах дечиг даккха вуно хала хилла,
оьшуш болу г1ирс ца хиларна.
Цундела наха оцу ондачу гулан бух не1арехула чоьхьа а тоттий,
ц1енкъахь йогучу ц1еран юккъе нисбеш хилла.
Гулано не1 дикка д1а ца къовлуьйтуш,
даима а чу шело оьхуш хилла 1аьнт1ехь.
Эххар а, жим-жима чутуьттуш, хьалхара юьхьиг яьгна яьлча,
т1аьхьарчух ц1е леташ, и гул цхьана дийнахь чоьхьаболуш хилла.
Т1аккха, не1 дикка д1а а къовлий, х1усам йохлуш а хилла.
Ишттачу сарахь лулахоша вовшашка кхаьънаш а дохуш:
"Хьенехг1еран гул чоьхьа баьлла!
Цига тховса сакъера даха деза вай!"-бохуш,
цу х1усаме а гуллой, синкъерам беш хилла...

Абу Исмаилов, "Стела1ад" №10, 2003 шо
__________________
".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 09.02.2007, 23:36   #110 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от ПОЭТ. Посмотреть сообщение
Цхьа х1ума дийциша шайна хуучара! Нохчийн маттахь жимчу бераллера дуьйна хааделла суна киц кепара, ч1ог1а г1ад воьдучу я шовкъа т1ейеъначу хенахь, олуш: "Гоур к1ант-йо1" К1орггера маь1на хууш цхьа а вуй-теша вайх?)))
Суна-м мелла а кхечу аг1ор ма хезна и дешнаш)
"Гор к1ант я1!"
Цигахь-м к1антан меттана кхин дешнаш а
ала тарло, суна хетарехь)
__________________
".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Суфизм и ваххабизм - возможно ли сосуществование? Besumez Вера 881 Сегодня 15:01
Козни Иблиса Проклятого Ни'матуЛлах Нравы 28 13.07.2008 00:09
Мудрые речи исламских ученных. Exellent Архив 57 07.09.2007 12:22
Предостережение праведников от восьмидесяти путей, ведущих в ад SONYA Архив 18 03.03.2007 19:04
«Саляфия» Exellent Архив 2 18.11.2006 01:22



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.


1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 39 40 41 42 43 44 45 46 47 48 49 50 51 52 53 54 55 56 57 58 59 60