Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наш Дом > Chechen Language

Chechen Language Чеченский Язык

Ответ
 
Опции темы
Старый 26.10.2007, 18:23   #1011
 
Аватар для Dodam
Аса со ца кхета дешнаш сийначу басарца билгал даьхна шуна)

...дайн шира б1аьвнаш я саьккалийн херцарш...

...сан механа еза йоцу г1еметталла къуьйсуш,
кхиэлан туька гатъеш, х1уьтту-кх шераш гийзиге...

...уггар а хьомечу дойша дог ирсе деш шаьш долчу ден,
дехкина б1иллигаш д1аяздеш, артбелча сан кхиэлан къолам...

... Ас дахаран беш а кходу,
Ца дан гIерташ лаза
Сайн ойланан дитта тIера
Иллин ховха са...

...Латкъа даций сан и хиларх
Цкъа юьхьанца къаьхьа —
Къахьо йиъна ваьлча,
Бухахь марзо карайо…
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 26.10.2007, 20:57   #1012
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Массаьрга а салам-маршалла ду)
Дукха хан яра со кху чу янза...
Вайн "Литература и поэзия" ц1е йолчу аг1онехь
тема ю-кх, Юсупов 1илманан байташ а йолуш.
Вано ч1ог1а хаза мотт бу 1илмана буьйцург...
Со ца кхеташ дуккха а дешнаш нисло цуьнан байташкахь.
Дала мукъ лахь, аса уьш жим-жимма
кхузахь яздийр а ду,
байтийн кийсакашцани цхьана...

Ас 1илман Юсуповн байташ йолчу темехь сийсара схьа а къастийна билгалдаьхнера иштта дешнаш.
Дика хир ду массанхьара а схьагулдича нохчийн дешнаш.
__________________
Цхьаннан меттана итт вог1ур ву!
Enigma* вне форума   Ответить с цитированием
Старый 26.10.2007, 21:00   #1013
Х1орш ду уьш:

испайлла-?
къоьза-?
назманийн дос-?
1алаг1ожа-?
н1аьвцициг-?

(1илман Юсуповн байташна юккъера дешнаш.)
__________________
Цхьаннан меттана итт вог1ур ву!
Enigma* вне форума   Ответить с цитированием
Старый 26.10.2007, 22:29   #1014
 
Аватар для Dodam
ispajlla - gracija... ) H1ara dosh-m haa suna, Eni) H1ara Aptin ch'ana bajteh' a du... )
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 26.10.2007, 22:54   #1015
Цитата:
Сообщение от B1arlag1a Посмотреть сообщение
Сан иштта дара: айкхвийла - доносить,
Ахь боху: айкх валар -доносить.
Сан:"айкхвийла" (вийла -дуккхаза а вийла айкх) -Доносить(доносить многократно) - мн.число + мн.число
Хьан:"айкхвалар (валар цкъаузза) -Доносить(многократно) - ед.ч. + мн.ч.
Сан дош а гоч а дукхаллин терахь ду :айкхвийла - доносить,, ший а хандош а ду.
Хьан дош цхьаллин терахь а:айкхвалар + гоч дукхаллин терахь а ду):доносить., цхьаъ ц1ердош важа хандош a ду.
айкхвала(цхь. т.) - донести(ед.ч.) Дац?
Ас ахь т1етоьхна долу р ц1ен басахь х1унда дина кхийтирий хьо?))Ахь иза т1етохаро цунах ц1ердош деш, иза хандош долчуьра хийцина дела)):
х1ун? - айкхвалар (хьайниг) цуьнан гоч "доносительство" ца хуьлу т1аккха?
Ткъа ас дуьйцург хандош "айкхвийла" ду:
х1ун дан? - айкхвийла(сайниг) цуьнан гоч - доносить.
Айкхвалар - доносит-м дац шуна, аш къуьйсахь а. Доносить - моттохар ду. айкх - цхьа дош ду, валар - кхандош ду. Цу айкх юохучу нисса маь1на хаан дезара
Natlus вне форума   Ответить с цитированием
Старый 26.10.2007, 22:58   #1016
Цитата:
Сообщение от Natlus Посмотреть сообщение
Айкхвалар - доносит-м дац шуна, аш къуьйсахь а. Доносить - моттохар ду. айкх - цхьа дош ду, валар - кхандош ду. Цу айкх юохучу нисса маь1на хаан дезара
Айкхваьлла a ма олу
"Аравала" а, "чувала" а санна ц1ардашаххий + хандашаххий кхолладелла дош ма ду иза: айкх+ вала. Вайн маттахь шортта ду хандешаххий ц1ердашаххий кхолладелла дешнаш.
__________________
Цхьаннан меттана итт вог1ур ву!
Enigma* вне форума   Ответить с цитированием
Старый 26.10.2007, 23:02   #1017
Мотт тоха а айкхвала а синонимаш ю.
__________________
Цхьаннан меттана итт вог1ур ву!
Enigma* вне форума   Ответить с цитированием
Старый 26.10.2007, 23:14   #1018
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Аса со ца кхета дешнаш сийначу басарца билгал даьхна шуна)

...дайн шира б1аьвнаш я саьккалийн херцарш...

...сан механа еза йоцу г1еметталла къуьйсуш,
кхиэлан туька гатъеш, х1уьтту-кх шераш гийзиге...

...уггар а хьомечу дойша дог ирсе деш шаьш долчу ден,
дехкина б1иллигаш д1аяздеш, артбелча сан хиэлан къолам...
Къахьо йихна ваьлча бухах карош йолу марзо - это не философия. а попытка перефразировать философию...
... Ас дахаран беш а кходу,
Ца дан гIерташ лаза
Сайн ойланан дитта тIера
Иллин ховха са...

...Латкъа даций сан и хиларх
Цкъа юьхьанца къаьхьа —
Къахьо йиъна ваьлча,
Бухахь марзо карайо…
саьккалийн - от слова сакля, это не нохчийн дош
латкъа - от латкъам, это многозначное слово в нашем языке, этимологию мы уже не знаем, но ходит оно часто в разных смыслах, в данном контексте неверно. Латкъам бар - это и пожаловаться в смысле плапкаться, и давать показание в уголовном деле, в смысле изложения известного "кхелан туька гатьеш" - это попытка создать какой-то образ и очень неудачный, видимо, расчитано, что неграмотный все проглотит. б1иллигаш - \ не соышал такое слово, может и есть, а может просто диатектное.
кходу - это слегка. поверхностно обстричь, обрезать, скажем, яблоню...
Natlus вне форума   Ответить с цитированием
Старый 26.10.2007, 23:18   #1019
Цитата:
Сообщение от B1arlag1a Посмотреть сообщение
"Олово" нохчий маттахь муха дара дицделла-кх суна. Паяльник (лалориг)лелийна яц ас.
Г1о дейша...
Олово - г1еле ду, Б1арлаг1а, кстати, и легашка а доььттина казнить вина хьуна имам Тоза
Natlus вне форума   Ответить с цитированием
Старый 27.10.2007, 03:02   #1020
 
Аватар для Illanch
Цитата:
Сообщение от Natlus Посмотреть сообщение
саьккалийн - от слова сакля, это не нохчийн дош
латкъа - от латкъам, это многозначное слово в нашем языке, этимологию мы уже не знаем, но ходит оно часто в разных смыслах, в данном контексте неверно. Латкъам бар - это и пожаловаться в смысле плапкаться, и давать показание в уголовном деле, в смысле изложения известного "кхелан туька гатьеш" - это попытка создать какой-то образ и очень неудачный, видимо, расчитано, что неграмотный все проглотит. б1иллигаш - \ не соышал такое слово, может и есть, а может просто диатектное.
кходу - это слегка. поверхностно обстричь, обрезать, скажем, яблоню...
Натлус, «саьккал» бохург дан а ду «сакля» бохучух схьадаьлла. Вай тIееэцна дош ду иза. ТIеэцна дешнаш нохчий дац аьлла, вай дIатиттахь, дуккха а дешнаш дIадаха дезар ду вайн матта юккъера. Дукха категорични ма хила, дукхавахарг. Ахь буьйцучу маттахь а, ахь чу йохкучу материалашкахь а карон мега иштта дешнаш, цундела сих ма ло. «Латкъам» бохучу дешан маьIна а нийса дина ахьа. «Кходу» бохург а нийса ду. Амма цаьрца кхоьллинчу васташна хьо тIаьхьа ца кхиъначух тера ду. Ишттаниг а хуьлуш хуьлу. «БIиллиг» бохург «рекорд» бохург ду хьуна. «Кхиэлан туька гатъеш хIуьтту-кх шераш гийзиге» аьлла ду Iилманан стихотворенина тIехь. Цкъа хьалха «гийзиг» бохург хIун ду хьажа веза. И дош юкъахь ца хилча, васт кхоччуш нис ца ло цигахь. «Гийзиг» бохург «очередь» бохург ду. Йоккха «очередь» (вай «рагI» а олу цуьнах, ткъа, цхьаболчара «очарт» а олу) цхьаьнхьа чу хIоьттича, и чоь гатъелча санна ца хета вайна? Суна схьахетарехь-м хета. Шен дахаран шерийн терахь алсам долуш хилар гайта гIерта Iилман оцу дешнийн гIоьнца. Ахь-м и васт емалдеш ду. Хьан юьззина бакъо ю хьайна хетарг ала. Амма, бакъдерг дийцича, хIара тема нохчийн шира дешнаш туьдуш, церан маьIнаш къастош тема ю. Дика хир дара поэтан кхоллараллех лаьцна олуш дерг (хуьлда и Юсупов, я Яшуркаев) церан стихаш йолччу темехь ахь аьлча. Яшуркаевн стихех лаьцна сайна хетарг ахь соьга алахьара алар со дицделла Iаш вац. Цкъачунна лара ца во. Бехк ма билла, со ларор ву, инша АллахIу. Кхин цхьа дехар а ду сан хьоьга, Натлус (и хьан цIе а тида езаш ю хьуна, нохчийн цIе яций-техьа иза аьлла, шеко кхоллало сан) цхьа дехар ду сан хьоьга. Яшуркаевн стихаш айхьа чу йохкуш, гIалаташ ца даха хьажахьа, уьш цо ша деш доций хаьа суна, и «гIурт» беш верг хьо вуй-техьа, аьлла хета суна, ахь вуьшта язъеш йолчу посташка хьаьжча а. Поэташна чу-м гIерта хьо, хIара васт нийса дуй, хIара даций бохуш))) Хьуна хала хетийта бохуш хIумма а дац хьуна. Нохчийн маттахь цIена яздан хууш хила веза поэтех дош ала хIуттуш верг. Юха ша аьлларг тIечIагIдан бух а хила беза. Алархьама хIума ала атта ду. Хьо керла ву, схьагарехь, кху чохь. ХIораммо шена хууш дерг хьоьхуш, дика тIе эцна хьо. Дела реза хуьлда царна. Масмалик санна чу а веана, хьо ма даргIа вели, Натлус)))) Сайна хуушдерг аса а дуьйцур ду хьуна, Дала мукъалахь. Вай массо а цхьа бала болуш гулделла ду кху чу – вайн мехкан, къоман, меттан. ХIораммо шен-шен хан а, раж а, наб а йойъуш болх бо кху чохь (аса юьйцург хIара тема хилла а ца Iа, дуккха а ю уьш кху чохь) Цундела, Натлус, ахьа яздеш дерг а оха леррина доьшу хьуна. Хьуна ма мотталахь айхьа кху пхьоьханашкахь аьлла дош махо дIахьош ду, иза кху чохь дуьсуш ду хьуна, ахьа модераторе дIадаккха ца алахь)))) Хьан сий даррий, тхайн хааршка хьаьжжина, хьуна жоп дала хьовсаррий бен кхин Iалашо яц хьуна тхан лаамашна буха йиллина. Хьайн тидамехь латтаделахь и дерриге а. Ларамца Илланча.
__________________
Причина причин, в конце концов, в начале начал...
Illanch вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Суфизм и ваххабизм - возможно ли сосуществование? Besumez Вера 883 24.11.2008 16:11
Козни Иблиса Проклятого Ни'матуЛлах Нравы 28 13.07.2008 00:09
Мудрые речи исламских ученных. Exellent Архив 57 07.09.2007 12:22
Предостережение праведников от восьмидесяти путей, ведущих в ад SONYA Архив 18 03.03.2007 19:04
«Саляфия» Exellent Архив 2 18.11.2006 01:22



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.