Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Потребительские форумы > Архив

Архив Устаревшие темы скидываются сюда. История форума Селард (У Камина).

 
 
Опции темы
Старый 23.03.2007, 02:28   #171 (ссылка)
 
Аватар для heda_dubai
Цитата:
Сообщение от kahto Посмотреть сообщение
Кхечу коьвне бахнакха уьш т1аккха.
Иштта дукха, ахьа нахана т1е диллина х1ума.
Ше йоцчу г1айг1ана , доггах ца лела.
)))))))))))))))))))))

Цахиин хьуна и хьан т1едилла деза..)))
__________________
Хеназа хадийна,вай дахар дуьненчохь..Къийсамаш болийна къестаеш стагалла..Де-дине мел долу вай кхоьру халонах..ваш-вешех ца кхета д1адаьлла адмалла
heda_dubai вне форума  
Старый 23.03.2007, 02:54   #172 (ссылка)
 
Аватар для kahto
Дера хиъна ,цхьанне т1едилла ца деза.
Хьай г1улкх айхьа дан деза.
----------------------------

Сан байташна
Са гайтинарг
Хьо ма ю.
Сан вахаран
Цхьа бахьана
Хьан ц1е ю.
Кху дуьненахь
Сан 1уьйренаш
Хьоьца ю,
Сан ойланийн
Са ойушъерг
Хьан ц1е ю.
Со къийлинарг,
Со кхийринарг
Хьо ма ю.
Сан ницкъ хилларг,
Сан ирс хилларг
Хьан ц1е ю.
Сан некъашлахь
Со декъалвеш
Хьо ма ю,
Сан лакхенехь
Цхьа лакхе а
Хьан ц1е ю.
Амма,
Дахар дерриге а
Хьуна луш,
Сайн ирс-аьтто
Дерриге а
Хьоьца гуш,
Эзарнашлахь хьо езнаверг
Со бен вац.
Иштта ч1ог1а
Хьох тешнаверг
Со бен вац...
__________________
kahto вне форума  
Старый 23.03.2007, 02:58   #173 (ссылка)
 
Аватар для heda_dubai
Дела реза хуьйла Кахто,ма хазахетий суна и илли!
__________________
Хеназа хадийна,вай дахар дуьненчохь..Къийсамаш болийна къестаеш стагалла..Де-дине мел долу вай кхоьру халонах..ваш-вешех ца кхета д1адаьлла адмалла
heda_dubai вне форума  
Старый 23.03.2007, 03:05   #174 (ссылка)
 
Аватар для heda_dubai
Хаза дош кхоийна яц со!

Де дика хуьлда хьан , сан деган Эла!
Хьо вукха, даима, дунена меха!
Хьо мухха хилчи а, хьуна ю реза
Дахаран миноташ, схьалохьа суна!

Сан дахаре веа хьо, хаза г1ан хилла,
Ирсе деш дахаран са массо де!
Ахь суна схьаели хьан деган йовхо,
Лууш со хилита даима хьай!

Лаьаркха дахарехь хьо ларва даима,
Цкьа а ца гойтуш дог доьхна хьо!
Схьа эца хьан лазам хьуна ца хууш,
Даиман ирсе хилита хьо!
__________________
Хеназа хадийна,вай дахар дуьненчохь..Къийсамаш болийна къестаеш стагалла..Де-дине мел долу вай кхоьру халонах..ваш-вешех ца кхета д1адаьлла адмалла
heda_dubai вне форума  
Старый 23.03.2007, 03:35   #175 (ссылка)
 
Аватар для kahto
Йиллина чоьвна т1е диллича,чов а йерзор йолуш, дрбане дукха хьан дош.
------------------------------------------
Молхана дарбанелла, дарбане долуш.
Х1аваъал дай долуш.
Мазал маьрза долуш.
Дуьнена 1алам санна хаза долуш дукха хьан йист хилар а хьан багар аз а.
kahto вне форума  
Старый 24.03.2007, 01:06   #176 (ссылка)
 
Аватар для kahto
Деша саг1ане са ца туьйсура аса..
Дагчуьра хьа долу аз дукха мехала дериг.
------------------------------------------
Бовхачу безамца
Хьайга дог кхийдош,
Хьо ца гуш дахна де
Кхоьлина хеташ,
Мацалла, хьогалла
Хьо ёлчохь йицлуш,
Хьо езначуьнга ахь
Йицье ма ала!

Х1ар дуьне дита а
Хир ву со реза,
Амма со дуьненчохь
Мел веха г1оза,
Самах а , г1енах а
Хьо сайна езар
Далхадеш вехар ву:
Йицье ма ала!!!!!!!!!!
kahto вне форума  
Старый 28.03.2007, 19:57   #177 (ссылка)
 
Аватар для Chechen Girl
о чем ета тема*? не понимаю
Chechen Girl вне форума  
Старый 31.03.2007, 18:41   #178 (ссылка)
 
Аватар для kahto
Цитата:
Сообщение от Chechen Girl Посмотреть сообщение
о чем ета тема*? не понимаю
Цхьаьна сарахь хьайн нана д1а йижайай синкъераме йола.
Цхьаьна яьаьхь йолчу к1антаца захало дуьйцуьтур ду хьуна.

Последний раз редактировалось kahto; 31.03.2007 в 19:52.
kahto вне форума  
Старый 01.04.2007, 19:35   #179 (ссылка)
 
Аватар для kahto
Дера ма д1атеси аша х1ара меттиг!!!
kahto вне форума  
Старый 03.04.2007, 10:14   #180 (ссылка)
 
Аватар для Chechen Girl
Цитата:
Сообщение от kahto Посмотреть сообщение
Цхьаьна сарахь хьайн нана д1а йижайай синкъераме йола.
Цхьаьна яьаьхь йолчу к1антаца захало дуьйцуьтур ду хьуна.
сунам ца уешу цьа захлош)
Chechen Girl вне форума  
 

Опции темы

Быстрый переход



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.


1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 39 40 41 42 43 44 45 46 47 48 49 50 51 52 53 54 55 56 57 58 59 60