Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Потребительские форумы > Архив

Архив Устаревшие темы скидываются сюда. История форума Селард (У Камина).

 
 
Опции темы
Старый 26.02.2007, 04:09   #11 (ссылка)
1.Аьхкенан цхьана дийно 1аьнан кхо бутт кхобу.
2.Шен б1аьргара чамхалг а ца гуш неха б1аьргара чо гина.
B1arlag1a вне форума  
Старый 15.03.2007, 02:11   #12 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
OBURG, Дела реза хуьлийла хьуна!


Шена яа дагадеъча, чано шен к1орни ченала хьакхийна.

Т1ехь бедар янне а йоцург яьтт1а бедар йолчух вийлина боху.

Дитт дохон лиъначо орам хадийна, пачхьалкх йохон лиъначо паччахь вийна.

Т1адавинарг дог1анах ца кхоьру.

Саьрамсекх ца биъначух саьрамсекхан хьожа ца йог1у.

Селхана х1оана чуьра хьалаяьлла къийган к1орни тахана х1оан чкъуьйригах ца яьшна.

Ж1аьло чу муц1ар 1оттарах, х1орд ца бехбелла.

__________________
".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с)
Dodam вне форума  
Старый 15.03.2007, 02:16   #13 (ссылка)
 
Аватар для heda_dubai
Йоцчуьна хеча иттанга ца йаккхаелла))))
__________________
Хеназа хадийна,вай дахар дуьненчохь..Къийсамаш болийна къестаеш стагалла..Де-дине мел долу вай кхоьру халонах..ваш-вешех ца кхета д1адаьлла адмалла
heda_dubai вне форума  
Старый 15.03.2007, 02:25   #14 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Шена тахана чоьхьавала пурба делча, кхана вир а чоьхьадаьккхина.

Букарниг кошо нисвийр ву.

1ам лаьттинчохь т1уналла ца эшна.

Шена т1ера баккха лиъначо бехк уллерачунна т1ебиллина.

Газа йиъначу коьртах ц1е летта.

Говраш ца лаьттинчохь боршаман г1ирс ца карийна.

Лохачу керта т1е милла а валало.
__________________
".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с)
Dodam вне форума  
Старый 15.03.2007, 06:55   #15 (ссылка)

Dodam???
Dodam,

Кица-дийцар:

Бусалба дин т1еэцначу хенахь цхьана стеган ерстина хьакха йисина хилла д1аяккханза. Цу юьртан молла ву бохучу стагана т1е а вахана хаьттина цо: «Цха нисъелла хьакха йиснера сан. Цунах кхоам хетара суна. Х1ун дича бакъхьа хир дара техьа цунах?» - аьлла.

Моллас аьлла: «Цхьангге а х1умма а ца хоуьйтуш, хьайн хьакха тийна-таь11ина д1аяа ахь», - аьлла.


Оцу буьйсана юьртан молла ву бохучо ваха а вахна шена лачкъийна оцу стеган хьакха. Шолг1ачу дийнахь бала балхон вахна хьакхин да:

- Хьажахь, Молла, сийсара цхьамма лачкъий-кха сан хьакха,- аьлла. Т1аккха Моллас х1инца кица а хилла лелаш долу х1ума аьлла:
-Х1аъ, иштта изза а олуш яа ахь хьайн хьакха,- аьлла.

B1arlag1a вне форума  
Старый 16.03.2007, 22:23   #16 (ссылка)
 
Аватар для kahto
Сиха дахна хи , х1урдах ца кхетта.
Хьай бал б1арг ца гуш,неха б1аргара к1айдар гайта ма г1ерта.
kahto вне форума  
Старый 02.04.2007, 18:56   #17 (ссылка)
Xazachulla xazanig-xazadellarg))
Sielsat вне форума  
Старый 02.04.2007, 18:57   #18 (ссылка)
 
Аватар для kahto
Нехан айпаш дохучул,хьайга хьажа!
Худар даъа а дац аьтта.
kahto вне форума  
Старый 03.04.2007, 21:34   #19 (ссылка)
Сихалло садаьккхина, собаро лам баьккхина.
Аьлларг - дети делахь а, цааьлларг - деши ду. ( я лично считаю когда - как )
B1arlag1a вне форума  
Старый 03.04.2007, 21:38   #20 (ссылка)
Ва Кахто, ма оьг1аздахна кицанаш ду хьан)))))

"Собака лает - караван идёт" - алахь хьайна вас йинчунна))
B1arlag1a вне форума  
 

Опции темы

Быстрый переход



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.


1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 39 40 41 42 43 44 45 46 47 48 49 50 51 52 53 54 55 56 57 58 59 60