Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 28.12.2006, 02:43   #1 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
"Поэзия света"-Бана Гайтукаева

Кхин цкъа а салам-маршалла ду массаьрга! Банех лаьцна тема я-м яра кхузахь, делахь а иза карла ца йоккху дуккха хан ю. Ч1ог1а хаза, дагах кхеташ, дог кхеташ язъеш хилла Банас. Мел хала хеташ делахь а, иза вайна юккъехь яц... Далла а ма ца беза дикниш бен... Тхан цхьан гергара воккхачу стага ша д1авалале масех де хьалха шен х1усамнене аьлла хиллера, ша дукха вехар вац. "Д1авала, воккха стаг, 1овдал къамел а ца деш! Хьол хьалха баха мегардеш шортта ма бу!" шега аьлча: "Деллахь, йоккха стаг, ма хьекъал доцуш ю-кх хьо! Ахьа беша яхча муьлах 1аж боккха - дикниг я вониг? Далла а ма ца оьшу во нах"... Ишттий бен кхи хир дац-кх...
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 28.12.2006, 02:57   #2 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Sielsat, х1ара байт хьуна ю, ахьа язйинчуна "Живу ли я вообще?!"

"К1ордийна суна яха,
К1ордийна х1ара дахар,
Кепекан меха ца хета-кх суна"
Ма дукхамма олуш хезна суна...
Амма...
Ма дахлуш хилла-кх и дешнаш,
Бехк боцу дахарна вай йина чевнаш,
Ас хьоьга хийлазза баьхнера "дахар ца деза",
Ткъа тховса и дешнаш легашкахь
Хораман шед хилла сеца.
Кхийтира со цунах,
Лазаро даздинчу б1аьргашчохь
Цхьа можа б1арлаг1аш сецча,
Кхийтира со цунах,
Суна дан г1о доцуш, беснеш т1ехь
Сецча цхьа маьлхан б1аьрхиш.
Х1ун де ас, ма дохкояьлла со, доттаг1а,
Лазаро шелдина сан куьйгаш,
Хьайчаьрца дох а дай тховса,
Г1о дехьа, ницкъ эшначу суна
Х1ара дахар цкъа маракъовла,
Сел мерза, сел доца вайн дахар
Цкъа маракъовла...
Г1о дехьа...

Дала вайх цхьа а ма вуьтийла оцу хьолехь... Амма, хилаза а ца даьлла, иштаниг хилахь, Дала доггах вайга хьожардолу адам лойла вайна уллохь... Sielsat, хьо ехаш ю хьуна! Кхин суна ца евзахь а, суна хаьа иза - хьуна Апти байташ хаза ма хета)))
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)

Последний раз редактировалось Dodam; 28.12.2006 в 02:59.
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 28.12.2006, 03:08   #3 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Доттаг1ашка

Суна со ирс долуш хета,
Суна со хьал долуш хета,
Шун ирсе яьххьаш т1ехь дикалла гуш,
Аса а шу йоккхаеш декъала ди,
Шу ирсе хуьлийла лууш.
Суна со ирс долуш хета,
Доттаг1ий, шу дукха дезаш,
Цкъа кхетар шу а дагах,
Шайна со ирс долуш яйча,
Со декъалъян дог шайн хилча...

Бани ирса-м цхьаннахь генахь тиладелла дисина хилла, т1екхача некъ ца карош...
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 28.12.2006, 03:14   #4 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Ели-кх со нах кхардийна,
Ели-кх со нах белийна...
Нана, Нана, ахь мукъане а
Ма дехьа хеттарш соьга.
Г1елъелла со кху дуьненца къийса,
Цундела еъна со
Хьан букъ т1ехьа д1айижа...
Д1айижаехьа со, аганан илли а олуш...
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 28.12.2006, 03:23   #5 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
1ад1е вайша кху тийналлехь
Цхьа а дош ца олуш,
Сел доккхачу кху дуьненчохь
Вайшиг бен стаг воцуш,
Вайшиъ бен кхин стаг а воцуш санна
1ад1е вайша?
Ма доца ду х1ара дахар,
Вайна диэла, диэза,
Цхьа дог шийла хилча,
Дерриг лазам хуьлий дов.
Безам бахча дош ца оьшу -
Дагна хаьа - веза.
Цу хьан даго хоьттург тховса
Сан даго а лов.
1ад1е вайша, кху тийналлехь
Цхьа а дош ца олуш.
Хьоьца йицло-кх суна х1инца
Сайн 1ийжамийн чот.
1ад1е вайша, тховса иштта
Вовшийн б1аьра хьоьжуш,
Безам бахча, даго даге
Ша а буьйцу мотт...
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 28.12.2006, 23:23   #6 (ссылка)
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
"К1ордийна суна яха,
К1ордийна х1ара дахар,
Кепекан меха ца хета-кх суна"
Ма дукхамма олуш хезна суна...
Амма...
Ма дахлуш хилла-кх и дешнаш,
Бехк боцу дахарна вай йина чевнаш,
Ас хьоьга хийлазза баьхнера "дахар ца деза",
Ткъа тховса и дешнаш легашкахь
Хораман шед хилла сеца.
Кхийтира со цунах,
Лазаро даздинчу б1аьргашчохь
Цхьа можа б1арлаг1аш сецча,
Кхийтира со цунах,
Суна дан г1о доцуш, беснеш т1ехь
Сецча цхьа маьлхан б1аьрхиш.
Х1ун де ас, ма дохкояьлла со, доттаг1а,
Лазаро шелдина сан куьйгаш,
Хьайчаьрца дох а дай тховса,
Г1о дехьа, ницкъ эшначу суна
Х1ара дахар цкъа маракъовла,
Сел мерза, сел доца вайн дахар
Цкъа маракъовла...
Г1о дехьа...

Дала вайх цхьа а ма вуьтийла оцу хьолехь... Амма, хилаза а ца даьлла, иштаниг хилахь, Дала доггах вайга хьожардолу адам лойла вайна уллохь... Sielsat, хьо ехаш ю хьуна! Кхин суна ца евзахь а, суна хаьа иза - хьуна Апти байташ хаза ма хета)))
Dala dek'ala yoyla iza,Dala yalsamane x'asha yoyla cunax!!!
U kajdogo iz nas svoy krest i nesem my ego toje vse po-raznomu.Dodam,suna sagatlush yolla xir yu x'o,Dela reza xyuliyla x'una!no ya jelayu sebe sovsem neobychniy konec,nemnogo daje primitivniy,na vse volya Sozdatelya..A stixami Apti ya zabolela davno i ot etoy bolezni ya ne jelayu izlechivat'sya.))
Sielsat вне форума   Ответить с цитированием
Старый 29.12.2006, 00:13   #7 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Xorosho, chto vse v EGO rukax, Sielsat... A Apti baytex la'cna a'lcha, iz-za camgar suna a khetta x'una, cx'a inzare-tamashiyna camgar)
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)

Последний раз редактировалось Dodam; 29.12.2006 в 00:18.
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 30.12.2006, 20:27   #8 (ссылка)
Dodam,a ty lichno znala Banu?Chto ty mojesh' o ney rasskazat'?Kakaya ona byla?V kakom vozraste ona umerla?
Sielsat вне форума   Ответить с цитированием
Старый 30.12.2006, 22:36   #9 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Net, Sielsat, ya Banu ne znala. Ej bylo 34,kogda ee ne stalo... Ya o nej chitala,i u menya est' ee sbornik. Ona bezgranichno lyubila Rodinu,ona chuvstvovala ee bol'... I ona tak i ne nashla svoe schast'e...
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 01.01.2007, 02:03   #10 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от Sielsat Посмотреть сообщение
Pechal'no,vallaxi,kak pechal'no...grustno....
А какие она ЕМУ стихи писала...

Теша со, хьо кхочур ву,
Сайн логехь совцийна б1аьрхиш,
Ас хьоьга д1ахьовсор ду
Къастаро делхийна б1аьргаш.

Теша со, хьо кхочур ву,
Ирсо вайн къагор ду дегнаш,
Ас хьоьга туьдуьйтур ду
Сайн безам хьагбина г1енаш.

Теша со, хьо кхочур ву,
Дитина мел долу дезарш,
Ас хьуна д1айоьшур ю
Хьан ц1арца кхоьллина байташ.

Теша со, со хьоьжуш ю,
Дицдина мел хилла вонаш.
Хьан белшаш т1е дохкур ду
Хьо воцуш шелделла куьйгаш...
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы


Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Несравненная Бана Гайтукаева Carolina Архив 3 19.07.2006 12:13



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.

1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 39 40 41 42 43 44 45 46 47 48 49 50 51 52 53 54 55 56 57 58 59 60 61 62 63 64 65 66 67