![]() |
|
|
|||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
|
|
Опции темы |
|
|
#81 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
1ад1е вайша кху тийналлехь
Цхьа а дош ца олуш, Сел доккхачу кху дуьненчохь Вайшиг бен стаг воцуш, Вайшиъ бен кхин стаг а воцуш санна 1ад1е вайша? Ма доца ду х1ара дахар, Вайна диэла, диэза, Цхьа дог шийла хилча, Дерриг лазам хуьлий дов. Безам бахча дош ца оьшу - Дагна хаьа - веза. Цу хьан даго хоьттург тховса Сан даго а лов. 1ад1е вайша, кху тийналлехь Цхьа а дош ца олуш. Хьоьца йицло-кх суна х1инца Сайн 1ийжамийн чот. 1ад1е вайша, тховса иштта Вовшийн б1аьра хьоьжуш, Безам бахча, даго даге Ша а буьйцу мотт... |
|
|
|
|
|
#82 |
|
Беркате к1удал..)
Регистрация: 30.11.2006
Адрес: Нохчийчоь, сирла Нохчийчоь...
Сообщений: 1,615
Репутация: 6 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Баркалла хьуна,
Соьга ца яздеш дисинчу кехатна, баркалла. Сан лазам, цуьнан ц1е Цкъа цкъа а 1емар яц, Беза бу цуьнан мах, Дахарца къевсина баьккхина, Баркалла хьуна... Цуьнан аьхь ц1ена ду - цундела ма бу и лазам. Баркалла хьуна... Хьан лазам цкъа а ма лазийла...
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) |
|
|
|
|
|
#83 |
|
Беркате к1удал..)
Регистрация: 30.11.2006
Адрес: Нохчийчоь, сирла Нохчийчоь...
Сообщений: 1,615
Репутация: 6 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Сан дог...
Геналло хьегайо со,
Хьегайо хьомечу б1аьргех, Геналло кхерайо со, Цхьа шийла ц1е етташ дагах. Дахаро човхийна со. Т1еоьший цу б1аьргийн йовхо Дог денло, ч1ир хьейо цо, Геналла - сан шийла довхо... ...Безамо со юха а денйо... Тоам бо-кх сан даго Дуьненчохь хьо хиларх вехаш... Со денло, адамаш, набарна шу лечу хенахь. Сайн ц1ийца йохло со, Сайн сица ц1анло со, Массарна а гечдой, со Д1а новкъа йолу... Соь хьоьжуш кхин мохк бу, Кхин маьлхан дахар ду генахь, Массо а к1инт1ера воккхий, со Д1а новкъа йолу...
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) |
|
|
|
|
|
#84 |
|
******
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
***
Хийла со ца езарш ас кхардийна, Сайн безначарна а ас эзар вас йина... Ас цу массарна а ас гечдина, Со ца езаш, сайх кхаьрдинчарна а, Суна безашшехь, сайх кхета ца хиъначарна а... *** Лазаман, маьхьаран орам, Мичахь бу техьа хьо, мичахьа? Ас бух а баьккхина, Д1о махехь бакъийна, Йийр яр-кха сайна хьох шедаг... |
|
|
|
|
|
#85 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
--------------------------------------------------------------------------------
Хьо воцуш г1елъелла со... Х1инца сан елхар а, елар а Шийлачу эшаман маьхьаре дирзи. Хьо воцуш къежъелла со... Къа доцчу сан сина дазделла Вайн къастар стигалан Б1аьргаш чохь даьржи. Хьо воцуш къанъелла со... Лазаман товханехь чахчийна Диттийн г1аш нийсса кху Сан даг т1е оьгу. Хьо воцуш йицъелла со Кху денойн хьесап дан... Эх1, маржа, кху шарахь Гуьйре а ма хьалхе йог1у |
|
|
|
|
|
#86 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Гайтукаева Бана
-------------------------------------------------------------------------------- Суьйре ю цхьа тайна дерриг дицделла. ЙоИ тийна кИант ларвеш, паркерачу гИантахь. Эххар схьахеза: Приветик, Лена, Дукха хан юй ахь ждать до? Прости хьайн тарлахь» - Какой ты жестокий, со хьоьга хьоьжу, Примерно, цхьа ши сахьт время ю. А ты, как хийра стаг, соьга ждать дойтуш, Это не в первый раз, хьо-м иштта ву! - Ну что ты, Леночка, цхьаъ Иоттаделла, Со тИаьхьа висарх со къера ву. Елалой хилахьа, хьо грустный хилча, Вайдаха, я прямо с ума схожу. - Ладно, что б это тИаьххьара хуьлда. И, кстати, сегодня вайн праздник ду. Ой, чуть не забыла, хьо декъал хуьлда. Тахна вай девзина шо дузуш ду. - Баркалла. Я тоже... Хьо а декъал хуьлда. ХИапа вечер а ша тайпа прекрасный ю. Ты знаешь, сан даг чохь радость ловзу. Понятно, хьомейниг, хьо соьца ю. - Мне тоже порою кажется иштта, Ты рядом - а значит, со ирсе ю. Хлопа ночь седанах со дагаюьйлу. Цо суна схьахьоьхург твой образ ю. - Эх, был бы я поэтом сегодня, Лена, Есенин хьагош, стих писать тебе. Талант яц соьгахь, хИун дер тИаккха, Цундела в кино я тебя поведу Дaла геш дойла хьуна ,Бана! окх байтчуьр шиммо,нохчий мотт ас чох ма тера1 бийц. Бана- мискас, сун лерина язйин сан ,ёг1у х1ара байт соьца!)) |
|
|
|
|
|
#87 |
|
Беркате к1удал..)
Регистрация: 30.11.2006
Адрес: Нохчийчоь, сирла Нохчийчоь...
Сообщений: 1,615
Репутация: 6 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Зазане доьрзур дац
Кху буса ахь лехна дика, Шайн даге ладоьг1на Совцийша, адамаш, тховса! Кху буса белхабеш вайн наной Хьийзина къиза, Къематде х1оьттина кху буса Вайн Нохчийн ц1енкъахь. Зазане доьрзур дац кху буса Вай лехна ирс а, До1а деш совцийша: «Фатихьа!» Айдайша куьйгаш... Нохчийчоь, Мел бала барз боцуш Хьан бераш докъаза дийна, Бакъо яц кху буса синкъерам х1усаме бало...
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) |
|
|
|
|
|
#88 |
|
Согревшийся
Регистрация: 28.12.2007
Адрес: .
Сообщений: 889
Репутация: 4 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Беттан нур дитийша
Беттан сих хьаьгначу дагна, Шух тахна массарех Ма ч1ог1а эвляаш хилла. Б1аьвнийн мохк битийша Са ц1ена кхаьбначу дагна, Аьрзонийн баннашкахь к1орнешна Цу-межарг билла. Цхьа жимма совцийша, дитийша Шайн миска дезарш, Шун къина вилхина Илланча шайн ке1а х1оттахь, Шайн дегнаш ц1андейша, Ц1еначу сих девллв б1аьрхиш Канашкахь схьаэций, Цхьа т1адам Лаьтта ца божош... |
|
|
|
|
|
#89 |
|
Табу для идиотов
Регистрация: 06.10.2007
Адрес: Счастлива в семье.....
Сообщений: 1,530
Репутация: 10 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
К1ордийна суна яха,
К1ордийна х1ара дахар, Кепекан меха ца хета-кх суна" Ма дукхамма олуш хезна суна... Амма... Ма дахлуш хилла-кх и дешнаш, Бехк боцу дахарна вай йина чевнаш, Ас хьоьга хийлазза баьхнера "дахар ца деза", Ткъа тховса и дешнаш легашкахь Хораман шед хилла сеца. Кхийтира со цунах, Лазаро даздинчу б1аьргашчохь Цхьа можа б1арлаг1аш сецча, Кхийтира со цунах, Суна дан г1о доцуш, беснеш т1ехь Сецча цхьа маьлхан б1аьрхиш. Х1ун де ас, ма дохкояьлла со, доттаг1а, Лазаро шелдина сан куьйгаш, Хьайчаьрца дох а дай тховса, Г1о дехьа, ницкъ эшначу суна Х1ара дахар цкъа маракъовла, Сел мерза, сел доца вайн дахар Цкъа маракъовла... Г1о дехьа...
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход. |
|
|
|
|
|
#90 |
|
Табу для идиотов
Регистрация: 06.10.2007
Адрес: Счастлива в семье.....
Сообщений: 1,530
Репутация: 10 ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() ![]() |
Кху сан дагах дакъа диъча санна,
Ж1аьлеш, шу ма ч1ог1а карзахдевлла. Т1емаш кегдеш, лаьтта боьжча санна, Сан ойланийн кхокха ма г1елбелла. Со г1елъелла хьоьга кхин сатийса, Ткъа хьо мичхьа, ткъа хьо муха веха? Со шелъелла кху дахкарлахь лийча, Ас кхин хьаьнга сайна орца деха?! Когийн тата... Дагардо ас сица... Ткъа уьш нехан хуьлу, д1адов геннахь... Гуьйре, гуьйре, хьайн дахкаран киса Хьарчадехьа сан йогучу чевнех. Ж1аьлеш, тховса дуьне даа санна, Ма летийша шу сел карзахдовлий. Со ю тховса кху дуьненан ох1ла - Х1ей нах, д1а ма дийша, не1арш къовлий...(
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход. |
|
|
|
| Опции темы | |
|
|
|
||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| Несравненная Бана Гайтукаева | Carolina | Архив | 3 | 19.07.2006 13:13 |