![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #41 |
| Теша со, хьо кхочур ву, Сайн логехь совцийна б1аьрхиш, Ас хьоьга д1ахьовсор ду Къастаро делхийна б1аьргаш. Теша со, хьо кхочур ву, Ирсо вайн къагор ду дегнаш, Ас хьоьга туьдуьйтур ду Сайн безам хьагбина г1енаш. Теша со, хьо кхочур ву, Дитина мел долу дезарш, Ас хьуна д1айоьшур ю Хьан ц1арца кхоьллина байташ. Теша со, со хьоьжуш ю, Дицдина мел хилла вонаш. Хьан белшаш т1е дохкур ду Хьо воцуш шелделла куьйгаш...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #42 |
| Баркалла хьуна, Соьга ца яздеш дисинчу кехатна, баркалла. Сан лазам, цуьнан ц1е Цкъа цкъа а 1емар яц, Беза бу цуьнан мах, Дахарца къевсина баьккхина, Баркалла хьуна... Цуьнан аьхь ц1ена ду - цундела ма бу и лазам. Баркалла хьуна... Хьан лазам цкъа а ма лазийла...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #43 |
| Ма бехдайша дог сан, ма бехдайша, Со йитийша тховса ойла ян, Ма хьедайша хада герга дахна мерзаш, Сайн сих хьоькхуш аса айса дут1къди уьш... Ма язъяйша суна буьйса, ма язъяйша, Цуьнан ц1еналлех аса мог1а буццалца...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #44 |
| Сан дог... Геналло хьегайо со, Хьегайо хьомечу б1аьргех, Геналло кхерайо со, Цхьа шийла ц1е етташ дагах. Дахаро човхийна со. Т1еоьший цу б1аьргийн йовхо Дог денло, ч1ир хьейо цо, Геналла - сан шийла довхо... ...Безамо со юха а денйо... Тоам бо-кх сан даго Дуьненчохь хьо хиларх вехаш... Со денло, адамаш, набарна шу лечу хенахь. Сайн ц1ийца йохло со, Сайн сица ц1анло со, Массарна а гечдой, со Д1а новкъа йолу... Соь хьоьжуш кхин мохк бу, Кхин маьлхан дахар ду генахь, Массо а к1инт1ера воккхий, со Д1а новкъа йолу...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #45 |
| Замано х1ун лур ду вайна? Елор-те хьоьца, я елхор, къастийна хьоьха? Лааман кагдина доза ирс лоьху ас хийла, хьо воцуш г1ерта и къаго, ма моьтту ца нисло соьга, хьан кхерча ойланаш юха а хьовзий, аьхналла т1еоьшу царна, ницкъ оьшу, хьо оьшу, г1ертарх со сайн дахар тедан. Замано х1ун лур ду вайна, алахьа, елхор-те, хьо воцуш 1овжийна къиза? Рицкъанаш хедачохь оьгу б1аьрхиш а, можа г1аш санна... Амма сан дог берта ца дог1у хьо воцуш ирсаца къага...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #46 |
| Со лей тховса? 1ехайо эхь доцчу буьйсано... Со лей тховса? Тилайо хийрачу адмаша, Шайн когийн татанехь Аса цхьаъ ларвойла Ца хууш... Со лей тховса? Х1ай буьйса, хьо хьанна къежа?
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #47 |
| Хьо воцуш г1елъелла со... Х1инца сан елхар а, елар а Шийлачу эшаман маьхьаре дирзи. Хьо воцуш къежъелла со... Къа доцчу сан сина дазделла Вайн къастар стигалан Б1аьргаш чохь даьржи. Хьо воцуш къанъелла со... Лазаман товханехь чахчийна Диттийн г1аш нийсса кху Сан даг т1е оьгу. Хьо воцуш йицъелла со Кху денойн хьесап дан... Эх1, маржа, кху шарахь Гуьйре а ма хьалхе йог1у...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #48 |
| Аса кхин бохор бац хьан синтем, Бехк ма билла суна, бехк ма билла... Гуьйрено шийла дерз хьерсарх Сан дагт1е, Аса куьйгаш кховдор дац хьоьга, Я орца доьхур дац хьоьга... Дуькъачу дахкарлахь д1айовр ю со, Кхин хьоьга куьйгаш ца кховдош... Бехк ма билла суна, бехк ма билла, Аса кхин бохор бац хьан синтем, Бохор бац... Дала декъал йойла хьо, Бана... Массо а йо1а сатуьйсу и сирла ирс... ма къийделла хилла иза хьан дахарехь...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #49 |
| Сан лазам артбелла, Г1елйи-кх со вайн къастаро, Хьо воцуш схьакхаьчна гуьйре а Сан корехь йоьлху. Сан болар г1елделла, Эшамо дог дагадо. Вай цхьана ларйина суьйре а Г1арг1улийн озаца йоьлху. Сан лазам артбелла, Г1елйи-кх со вайн къастаро...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #50 |
| Малика, я хотела спросить, выходил ли сборник стихов Баны Гайтукаевой на чеченском языке? Я читала где-то, что она при жизни не успела издать сборник своих стихотворений. | |
| | |
| Опции темы | |
|
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| Несравненная Бана Гайтукаева | Carolina | Архив | 3 | 19.07.2006 13:13 |