![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #121 |
| Хьажахьа, безамо а, ша т1аьххьара д1абоьдуш, кху сан дагна цхьа лазам битна-кх. Стаг а кхачавечу хенахь, ша лечу хенахь, цомгаш а хуьлий х1унда ле х1инца хаьа-кх суна. Муьлхха а х1ума - я дика-вон, я хаза-ирча хуьлда иза, хьан дагчу даьлларг хаза ду-кхий. Олуш ма ду, хазачу х1уманал хазаниг - хазделларг ду олий. Иштта и х1ума дагчуьра д1адоьдуш дог а цомгаш хуьлу, и х1ума дуй, иза а ша кхачалуш лозур хир ду-кх стеган дагчохь - цундела лозу-кх вайн дегнаш цкъацкъа. Амма массера ца лозу. Долчуьнан бен ца лозу... Дог, лезна а, хилар г1оли дац т1аккха?..
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #122 |
| Теша со, хьо кхочур ву, Сайн логехь совцийна б1аьрхиш, Ас хьоьга д1ахьовсор ду Къастаро делхийна б1аьргаш. Теша со, хьо кхочур ву, Ирсо вайн къагор ду дегнаш, Ас хьоьга туьдуьйтур ду Сайн безам хьагбина г1енаш. Теша со, хьо кхочур ву, Дитина мел долу дезарш, Ас хьуна д1айоьшур ю Хьан ц1арца кхоьллина байташ. Теша со, со хьоьжуш ю, Дицдина мел хилла вонаш. Хьан белшаш т1е дохкур ду Хьо воцуш шелделла куьйгаш...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #123 |
| "К1ордийна суна яха, К1ордийна х1ара дахар, Кепекан меха ца хета-кх суна" Ма дукхамма олуш хезна суна... Амма... Ма дахлуш хилла-кх и дешнаш, Бехк боцу дахарна вай йина чевнаш, Ас хьоьга хийлазза баьхнера "дахар ца деза", Ткъа тховса и дешнаш легашкахь Хораман шед хилла сеца. Кхийтира со цунах, Лазаро даздинчу б1аьргашчохь Цхьа можа б1арлаг1аш сецча, Кхийтира со цунах, Суна дан г1о доцуш, беснеш т1ехь Сецча цхьа маьлхан б1аьрхиш. Х1ун де ас, ма дохкояьлла со, доттаг1а, Лазаро шелдина сан куьйгаш, Хьайчаьрца дох а дай тховса, Г1о дехьа, ницкъ эшначу суна Х1ара дахар цкъа маракъовла, Сел мерза, сел доца вайн дахар Цкъа маракъовла... Г1о дехьа...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #124 |
| 1ад1е вайша кху тийналлехь Цхьа а дош ца олуш, Сел доккхачу кху дуьненчохь Вайшиг бен стаг воцуш, Вайшиъ бен кхин стаг а воцуш санна 1ад1е вайша? Ма доца ду х1ара дахар, Вайна диэла, диэза, Цхьа дог шийла хилча, Дерриг лазам хуьлий дов. Безам бахча дош ца оьшу - Дагна хаьа - веза. Цу хьан даго хоьттург тховса Сан даго а лов. 1ад1е вайша, кху тийналлехь Цхьа а дош ца олуш. Хьоьца йицло-кх суна х1инца Сайн 1ийжамийн чот. 1ад1е вайша, тховса иштта Вовшийн б1аьра хьоьжуш, Безам бахча, даго даге Ша а буьйцу мотт...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #125 |
| Баркалла хьуна, Соьга ца яздеш дисинчу кехатна, баркалла. Сан лазам, цуьнан ц1е Цкъа цкъа а 1емар яц, Беза бу цуьнан мах, Дахарца къевсина баьккхина, Баркалла хьуна... Цуьнан аьхь ц1ена ду - цундела ма бу и лазам. Баркалла хьуна... Хьан лазам цкъа а ма лазийла... | |
| | |
| | #126 |
| Хьо вар-кха сан дагна сел везна, Г1енахь со хийла хьистинарг, Цкъа маццах сел ч1ог1а со тешна, Сайн лоьруш, дагара дийцинарг. Сатийсам ширалле бирзича, Г1енаш а г1елделча со 1ехо, Х1унда ахь сан синтем лачкъийра, Х1уттуш сан не1аре шозлог1а?..
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #127 |
| Нохчийчоь, Со кхоьру, хьо к1ур хилла яржарна, Дуьне а 1ададеш, эккхарна кхоьру, Молха хилла. Со кхоьру... Хьо чим хилла ягарна кхоьру, Дуьненан баттара дахар доккхуш, Хьо г1азот доьхкуш г1аттарна. Кхоьру, бус-буса хьан доьлху са Сан г1евлахь сеца дела. Кхоьру, кхин тоха са а ца хилла Хьан б1аьргех оьху хиш Сайн сина т1е оьгу дела. Кхоьру...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #128 |
| Беттан нур дитийша Беттан сих хьаьгначу дагна, Шух тахна массарех Ма ч1ог1а эвляаш хилла. Б1аьвнийн мохк битийша Са ц1ена кхаьбначу дагна, Аьрзонийн баннашкахь к1орнешна Цу-межарг билла. Цхьа жимма совцийша, дитийша Шайн миска дезарш, Шун къина вилхина Илланча шайн кет1а х1оттахь, Шайн дегнаш ц1андейша, Ц1еначу сих девлла б1аьрхиш Канашкахь схьаэций, Цхьа т1адам Лаьтта ца божош...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| Опции темы | |
|
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| Несравненная Бана Гайтукаева | Carolina | Архив | 3 | 19.07.2006 13:13 |