Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наш Дом > Chechen Language

Chechen Language Чеченский Язык

Ответ
 
Опции темы
Старый 18.08.2008, 23:16   #1
 
Аватар для Dodam
Talking Тапча ца оьшу..)

Юха а салам-маршалла ду массаьрга а..)
Вай олуш ду-кх, дош ира долучу адаман -
цуна-м тоха тапча а ца оьшу
)))
Суна цхьа х1ума дага деан-кх х1инца)
Вайн къоман забарш кху цхьан чохь схьагулъян..)
Масала, вайца дахарехь нисделларг хила а там бу иза,
я вайн гергарчаьрца, бевза-безачаьрца нисделларг а)
Иштта вайн къоман фольклорехь билгалдаьккхинарг,
я вайн яздархоша д1аяздинарг а..)
Ларамца...)
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 18.08.2008, 23:22   #2
 
Аватар для цветок Зандака
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Юха а салам-маршалла ду массаьрга а..)
Вай олуш ду-кх, дош ира долучу адаман -
цуна-м тоха тапча а ца оьшу
)))
Суна цхьа х1ума дага деан-кх х1инца)
Вайн къоман забарш кху цхьан чохь схьагулъян..)
Масала, вайца дахарехь нисделларг хила а там бу иза,
я вайн гергарчаьрца, бевза-безачаьрца нисделларг а)
Иштта вайн къоман фольклорехь билгалдаьккхинарг,
я вайн яздархоша д1аяздинарг а..)
Ларамца...)
Малика,Делера салам-маршалла хьуна!
Тапч-м хаац,йокх топ ца оьшу-кха цхьаболчарна,шайгар "герз" мел ду...
Х1инца х1ара тема бахьнехь сайн коьрта меженаш ( извилины)карла яккха еза ас?
__________________
اللهم إني أسألك قلبا سلما
На ближайшие три часа - оптимист.
цветок Зандака вне форума   Ответить с цитированием
Старый 19.08.2008, 01:06   #3
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от цветок Зандака Посмотреть сообщение
Малика,Делера салам-маршалла хьуна!
Тапч-м хаац,йокх топ ца оьшу-кха цхьаболчарна,шайгар "герз" мел ду...
Х1инца х1ара тема бахьнехь сайн коьрта меженаш ( извилины)карла яккха еза ас?
Х1аъ, еза дера-м, Гуля..))
Со д1айолалой т1аккха?)))
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 19.08.2008, 01:10   #4
 
Аватар для Dodam
Нунуев Сайд-Хамзат

Шина не1аран мах..

Юьртахочуьнга мачаш ян не1 деха
вахана хилла цхьа ламаро.
Амма д1а а кхачале юха а вирзина,
ц1авог1уш хилла.
- Ахь х1ун леладо? Хьо стенгара вог1у? -
хаьттина лулахочо.
- Воьдуш-м Ж1аппаре мачаш ян не1
деха дагахь ма вахар со,
цуьнгара дехна не1 доккхучул
цуьнан муц1ар ца гар шина не1аран мах а хетта,
юхавог1у-кха, - бохура боху ламарочо... )))))
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 19.08.2008, 01:36   #5
 
Аватар для Dodam
Мацах сан цхьана доттаг1чо дийцина....)))

Шайн тайпана цхьана воккхачу стагера
оьцуш интервью яра бах)
Вай ц1ера дахарах хаттар дича,
иза нийса ца хилар а, вайн цхьа а бехк ца хилар а,
шаьш схьадевлла юрт моссийтаза ягаяр а дуьйцуш
1аш волчу воккхачу стага,
журналисте элир бах, юххе а таь1ина
(камера-м не в счёт хилла))))))):
"ВАЙША ВОЛЛУЧ АЬЛЧА,
къайлах лелаш болчу нахана
г1о деш-м хилла тхо даима а!"))))))

Иштта ма-ярра схьа гайтина а хилла и передача)))
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 19.08.2008, 18:36   #6
 
Аватар для Dodam
Халкъан дийцар "Б1аьрмециг")) журнал "Орга" №6/2004

Цхьана зудчун ч1ог1а б1аьрмециг ц1ийнда хилла.
Зудчо пеша т1е яй моссаза х1оттабо,
чу мел-х1ун таса еза ша 1уналла деш хилла цо,
иза совъяларна а кхоьруш.
Цхьана сарахь, лула синкъераме вахана ц1ийнда ц1аван хьевелла,
пеша т1ех1оттийна яй кхехка боьлча,
ша х1ун дийр ду ца хууш 1аш хилла зуда.
Ц1ийндегара бакъо йоцуш яй чу дуга таса а ца яьхьна,
синкъераме т1аьхьа яхана иза.
Шен ц1ийнада хелхавуьйлуш карийча,
т1емаш санна ши куьг д1аса а тесна, юкъа яьллачу зудчо:
- Яй кхехка, Муката! Яй кхехка, Муката! - аьлла.
Т1омабаьллачу кхокханна
т1аьхьадаьлла леча санна, шен сесагна
гонах хьаьвзинчу Мукатас бохь боьг1на:
- Цхьа кана, ши кана! Цхьа кана, ши кана! - аьлла..))))
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 19.08.2008, 18:37   #7
 
Аватар для Dodam
Х1ара а циггара))

Цхьана стеган ч1ог1а б1аьрмециг х1усамнана хилла,
халла, къовзайой бен ц1ийндена юург ца луш.
Цхьана сарахь мацалла валла воллуш ц1а веана иза.
- Зуда, юург юй вайгахь?
Меца ву-кх со, - аьлла цо.
- Мацвеллехь, цхьа х1оа кхарзахь хьайна, - аьлла зудчо.
- Шиъ кхарза мегар дац? - хьаставелла важа.
- Яий, яий, лиэ вай?! - жоп делла зудчо.. ))))
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 19.08.2008, 18:38   #8
 
Аватар для Dodam
Халкъан дийцар "Дог эт1ар" журнал "Орга" №6/2004

Ши доттаг1а веана парикмахерски.
Цхьаъ - к1унзал баьлла,
важа - къежвелла.
Ший а жима стаг хилла.
Парикмахеро цхьаннега хаьттина:
- Месаш ма хьалхе охьаэгна хьан?
- Зудчунна дог эт1аш охьаэгна-кх кхуьнан уьш,
-доттаг1чух жоп делла къежвеллачо.
- Хьо хьалхе х1унда къежвелла? - шега хаьттича:
- Х1окхо шен зудчунна оццул садеттарна
дог эт1аш къежвелла-кх со а, - жоп делла цо,
вуоха а ца вухуш..))))
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 19.08.2008, 18:41   #9
 
Аватар для Dodam
Цкъа йолуш ерг - топ,
ткъа шозза йолург - топп))))))
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 19.08.2008, 18:43   #10
 
Аватар для Dodam
Халкъан дийцар "Бохь", журнал "Орга" №6/2004

Цхьа Бохь хилла нохчийн ширачу юьртахь 1аш.
Ша тайпа амал йолуш хиларна,
наха башха хьен а ца веш вуьтуш.
Советан 1едало дуьххьара цу юьрта
радио а йигна, кхуьнан кет1а кад тесна.
1уьйранна цу г1овг1ано самаваьккхинчу кхунна
хезна кеда чуьра:
- Къамел до Грознера, - олуш.
Топ тоьхна, кад боха а бина:
- Х1инццалц схьа цхьаьнгге а
къамел д1а дайтина-м дац ас, - аьлла цо.. )))
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.