![]() |
| | #1 (ссылка) |
| Массаьрга а салам-маршалла ду! "Оьрсийн дешнаш нохчийн матте гочдо" ц1е йолучу аг1онехь Rekrutas мелла а бехк баьккхинера вайх, оьрсийн дешнаш юкъа а ца далош, нохчийн маттахь къамелаш дан аг1о схьа ца йоьллу аьлла))) И г1алат д1анисдеш дагадеи-кх суна х1ара кхин цхьаъ керла х1усам схьаяьлла! Кхузахь мегар ду шуна хабарш дийца а, цхьацца кица дало а, нохчийн оьзда г1иллакх-г1уллакхех лаьцна дийца, шайн ойланех лаьцна дийца я шайна хазахеттачу тептар т1ера кийсаг яло... иштта д1а кхиъ... Амма и шадерриг нохчийн маттахь хила деза! Дик дуй, доттаг1ий?) Шера бийца ца хаахь а х1умма а ма дац, коьртаниг шен мотт 1амо г1ертар ду, ца хуург вовше хатта а хоттуш!)) Дала аьтто бойла вай массера а! Ларамца...
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |
| | #2 (ссылка) |
| Муса Бексултанов "Терза" ...Дош дац-м ала мегар а хир дацара х1ара дуьне, Дала кхоьллина долу, бакъду, т1аьхьало йоцу зовкх ду-кх х1ара, б1аьргаш т1екъевлича карара долу элалла. Шена к1ордийча дита йиш хилча-м хала а дацара, кхин т1екхета х1ума доццушехь хьежа везар хала ду-кх, бехке воцу къинош лоьцуш, хьайн хила йиш йоцу синкъерамаша хьега а ваьш... Ч1ог1а хаза мотт болуш яздархо ву Муса. Наггахь Аптих тарло суна иза... Х1ора а дийцар ду цуьнан хаза... Амма х1ара "Терза" ц1е ериг къаьстина ду...
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |
| | #3 (ссылка) |
| 01.09.99. Цкъа мацах, масех шо хьалха, аса д1аязйина ойланаш... Д1адевли аьхкенан т1аьххьара денош. Т1аьххьара... Кхин цкъа а юха дог1ур дац юьш. Кхин цкъа а юха йог1ур яц вайн дахарехь д1а мел йолу минот а. Ма доккха х1ума ду иза! Ма к1еззиг ойла йо вай цунна! Адамийн амалш иштта ю - селханалерачуьнах 1ама ца 1ема, таханалерачунна хам ца бо, кхане таханчул а дика хила лаьа. Иштта д1адолу дахар - сирлачу кханене сатуьйсуш, таханалерачу диканех тоам ца беш... Олуш ду-кх, дуьне хаза ду, вай мел деха... Новкъахь доьлхуш-дог1уш я ц1ахь 1аш, х1ора а шен-шен баланашца а, шен-шен хазахетаршца а, совца а севцина д1асахьовса вай? Хастам бе вай Везачу Далла х1окху латта т1ехь вай кхолларна? Ма яхийта вай эрна х1окху дуьненахь иштта а к1еззиг йоккхуш йолу хан...
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |
| | #4 (ссылка) |
| Дукха нах бу-кх вайн, шайна нохчийн мотт ца хаарх цхьа шатайпа дозалла а деш... Валлах1и, суна-м царех ч1ог1а къа хета... Амма мотт дика ца хааран кхиъ бахьнаш а ду... Вайн ишколашкахь иза ца 1ама бар ду уггаре коьртаниг. Соьлжа-Г1алахь-м нохчийн мотт 1амош а ма ца хиллий Совета 1едал долчу хенахь...
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |
| Опции темы | |
|
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| Пхьоьха (Архив) | Rekrut | Архив | 5304 | 25.04.2008 02:11 |