![]() |
| | #621 (ссылка) | |
| Цитата:
Хьайн лууч хенахь хьа ва мегар дукх хьун) ![]()
__________________ Любовь есть свет, что сходит нам оттуда, Из царства звезд, с лазурной высоты, Она в нас будит жажду чуда! И красоты... | ||
| | |
| | #623 (ссылка) |
| Дагахьбаллам.. - Деллахь, Чора, дийцалахь бакъдерг, – аьллера, Чора цомгуш хилла воьжна Iуьллучу хенахь тIевеанчу цуьнан доттагIчо Iалигирас. – Вала-м муххале а воллура хьо, хьуна дагахьбаллам болуш дуьненчохь тIаьхьадуьсуш хIума дуй хьан? - Ду, – аьллера Чорас. - Деллахь, дийцалахь, – дехнера Iалигирас. - Лелийча сайн дIа ца гIон долу доттагIалла лело гIерташ дукха къахьегна ас цхьаболчу нахаца. И цхьаъ ду суна дагахьбаллам хилла лаьтташ. ШозлагIа, лелийча ца хуучу нахаца гергарло а лелий ас, иза а ду суна дагахьбаллам хилла лаьтташ. КхозлагIа, хета ца догIучу зударех эхь а хетта суна. И кхо хIума сан дагахьбаллам а бу, цу кхааннах вай Дала а лардойла! – аьллера Чорас. - ХьалагIатта, боьха хIума, цомгуш Iуьллушехь зударий дагаоьху хьуна, я хьо лийр волуш а вац цкъа а! – аьлла, гIаж тоьхна хьалаэккхийтинера иза Iалигирас.. )))
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |
| | #624 (ссылка) |
| Тхоьга а кхочур яра.. - Молла Эсарт, хьан зуда даима йолаелла лелаш ю. Чохь х1унда ца сацайо ахь и? - аьлла наха. - И кхачаза х1усам яц-кха кху юьртахь! - Бакъ дац, - аьлла Молла Эсарта. - Аша ма дуьйццу иза йолаелла лелаш хилча, тхоьга а кхаьчна хир яра иза.. ![]() )))
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |
| Опции темы | |
|
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| Пхьоьха (Архив) | Rekrut | Архив | 5304 | 25.04.2008 02:11 |