![]() |
| | #616 (ссылка) |
| Чорас Iалигирин алаша йохкар.. - Деллахь, Чора, хьо маттана мелла а сол шера а, говза а вара, хIара сан алаша йохка гIохьа кхана базара, хIара къан а еллера, лело пайденна а яцара, хIокхунах деллачу ахчанах цхьа дикониг оьцур ю вайшимма, – аьлла, дехнера Чорига Iалигирас. - Бакъахьа ду делахь, гIур ву со, – аьлла, шозлагIчу дийнахь Чора Iалигирин алаша йохка ваханера. Сарралц базарахь а лаьттина, кхин и йохка а ца елла, цIа веанера Чора. - Алаша ца йохкаели хьан?- хаьттинера Iалигирас. - Ца йохкаели, – жоп деллера Чорас. - Цхьамма а мах а ца хаьтти? - Мах а ца хаьтти. - Цхьа а тIе а ца веара хьуна? - Цхьаъ-м веара. - ХIун элира цо? - ХIара алаша южуш юй? - Ахь хIун элира ткъа? - Ю, – элира-кх, – цкъа охьайоьжчахь, ворхI тIекхетча а хьала а ца гIаттало! )))))
__________________ ".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с) | |
| | |
| | #620 (ссылка) |
| Г1уркх..) Цкъа Чора волчу хьошалгIа а веана, аьшпаш ботта волавеллера цхьа чIебарло. - Тхан да дукха хьал долуш, вехаш стаг хиллера, – аьлла, дIадолийнера цо. – Стиглара седарчий дагардан аттох ду бохура, тхан жа дагардечул а, хьуьнхара серий дагардан аттох ду бохура цуьнан бажа багарбечул а. Говрийн рема кIел лохкуш долу рагIу мел деха хилла хаьий хьуна? Дера хилла дукха деха. Кхо шо кхаьчна йолу бекъа тахана Iамо дагахь хьо тIе а хиъна дIаволавелча, оцу рагIуна гуо баьккхина валале кхойтта шо хуьлий, бере цIа кхочуш, иштта деха хилла хьуна и. Сел дехачу цу рагIу кIел лоллуш йолу рема мел йоккха хила еза аьлла хета хьуна? – хаьттинера чIебарлочо. - Дера хилла и доккха рагIу, рема а ма хилла дукха йоккха, – аьллера цо дийцинчунна тIетовш Чорас. – Дера хилла шун да чIогIа вехаш стаг. Дера хилла. Тхан да а вара наха цIе йоккхуш стаг-м. - Вехаш стаг вара иза? – хаьттинера чIебарлочо. - ХIан-хIа, вацара, – дIадолийнера шениг Чорас. – Цхьа беха гIуркх бара цуьнан, буьххьехь йихкина цхьа йоккха герма а йолуш. Наха догIа даийта аьлча, догIа а доуьйтура цо, и совдаьлла, сацаде аьлча, саца а дора. - И муха сацадора цо? – хаьттинера чIебарлочо. - Наха догIа совдаьлла ма аьлла, воьдий, оцу гIуркхаца стиглахь долчу, догIа чуоьхучу Iуьрга и герма юллура цо. Ткъа догIа ма ийшши гIуркх озабой схьа а боккхий, догIа охьадоуьйтура. - Шена ца оьшучу хенахь и гIуркх дIа мичахь буьллуш хилла-те цо? – хаьттинера чIебарлочо. - И-м суна дагадогIу, – аьллера Чорас, – ца оьшучу хенахь шун ден рагIу тхов тIехула охьабуьллура цо иза. ТIаккха ша дуьйцург дош доций хиъна, дIавахнера чIебарло.. )))
__________________ ".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с) | |
| | |
| Опции темы | |
|
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| Пхьоьха (Архив) | Rekrut | Архив | 5304 | 25.04.2008 03:11 |