Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наш Дом > Chechen Language

Chechen Language Чеченский Язык

Ответ
 
Опции темы
Старый 23.06.2008, 09:54   #591
 
Аватар для ирсе хьоза
хье аш лелочуннах со кхетам ца кхет)) ху язо йез теш кхузахь?)
__________________
Я буду дома,или в инете
ирсе хьоза вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.06.2008, 18:09   #592
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от ирсе хьоза Посмотреть сообщение
хье аш лелочуннах со кхетам ца кхет)) ху язо йез теш кхузахь?)
Ирсе хьоза)) Кхин башха кхунах кхеташ-м
тхо тхаьш а дац хьуна!)
Хьайн даго къобалдеш дерг д1а яздехь,
иза нохчийн маттахь хилчхьана мегаш ду хьуна..)
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.06.2008, 18:13   #593
 
Аватар для Dodam
Цкъа мацах айса дийцина х1ара
цхьа х1ума дага деа-кх суна..)
Карла даьккхича зе дера доцуш ду-кх х1ара)


Мацах цкъа нехан жа дажош цхьа жа1у хилла.
И волче борз еан. Барзо дехар дина жа1уьне:
- Цхьа уьстаг1 луохь суна, - аьлла.
- Ва, ахьа х1ун дуьйцу! Аса муха ло хьуна уьстаг1!
Суна мел лиъча а х1орш сан а дац! - жоп делла жа1уьно.
- Т1аккха г1ан а г1ой цу уьстаг1ийн
дега бехахь суна царех цхьаъ, - аьлла барзо.
- Хьо схьаваллалца аса лардийр ду хьуна жа!
- Хьуна со хьерваьлла-м ца моьтту?!
Барзаца дуьту жа?! - цецваьлла жа1у.
- Хьаша веача баьрчче ваьлла 1аш волу
х1усаман да хуьлийла сох аса и жа лар ца дахь! -
шега барзо аьлча и жа цуьнгахь а дитина
вахна жа1у уьстаг1 беха.
Х1ара д1акхаьчча и жа долуш волу стаг
хьеший а баьхкина, цаьрца цхьана шуьнехь 1аш хилла,
массарел лакха а ваьлла.
- Ахьа х1ун леладо? Жа а дитина схьа х1унда веана хьо? -
хаьттина цо жа1уьне.
Вукхо ма-дарра д1адийцина цуьнга,
ша барзе аьлларг а, шега цуо аьлларг а.
Т1аккха х1усаман да баьрчера лаха ваьлла,
ша динарг нийса доций а кхетна.
Шен уьстаг1ех уггаре г1олехь берг д1ало цу барзана
аьлла д1авахийтина цо жа1у.
Борз-м 1аш хилла цхьа а уьстаг1 д1ас ца болуьйтуш.
Жа1уно шега г1олехь берг схьалаца аьлча,
яхана юккъе а иккхина уггаре г1ийлох болу уьстаг1 лаьцна барзо.
- Иза г1ийланиг х1унда леци ахь? - жа1уьно шега хаьттича:
- Эла а йина аша со т1елаьцча,
лай а хилла кхузара д1а г1ура яц со! - аьлла жоп делла барзо...

Ледара-м ца хилла и борз,
ца хиллий?)
Вайна юккъехь дукха адамаш ду-кх,
дагахь - цхьаъ, багахь - кхин, дийриг - кхозлаг1ниг а долуш..)
Аллах1а ларвойла-кх ишттачарех даима а!!!
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.06.2008, 18:14   #594
 
Аватар для Dodam
Катарина, сан йиша, маршалла ду хьоьга!)
Хаза хийти суна хьо гина..)
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.06.2008, 18:33   #595
 
Аватар для Carolina
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Катарина, сан йиша, маршалла ду хьоьга!)
Хаза хийти суна хьо гина..)
Делера маршалла, Малика!
Суна а хета хаза хьо гина, и ахь хаза дийцарш кхучохь яздича са мукъа долу.
"Народная мудрость" муха олу те?
Халкъана.....?
Carolina вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.06.2008, 18:45   #596
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от Мадемуазель Куку Посмотреть сообщение
Делера маршалла, Малика!
Суна а хета хаза хьо гина, и ахь хаза дийцарш кхучохь яздича са мукъа долу.
"Народная мудрость" муха олу те?
Халкъана.....?
Ииииий, Катарина, кхин аттаниг хаттахь..))
Цу дашан гочдан суна-м ца хаа...
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.06.2008, 18:49   #597
 
Аватар для Carolina
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Ииииий, Катарина, кхин аттаниг хаттахь..))
Цу дашан гочдан суна-м ца хаа...
Суна а дага ца дог1у и дош, амма дагадахахь яздийра-м ду ас иза.
Carolina вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.06.2008, 18:53   #598
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от Мадемуазель Куку Посмотреть сообщение
Суна а дага ца дог1у и дош, амма дагадахахь яздийра-м ду ас иза.
Луг1ат т1ехь - хьекъалалла ду..)
Амма иза иштта суна-м нийса ца хета...
Муслим, братишка, хьайна хетарг ахьа алахь?)
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.06.2008, 19:07   #599
 
Аватар для Scarface
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Луг1ат т1ехь - хьекъалалла ду..)
Амма иза иштта суна-м нийса ца хета...
Муслим, братишка, хьайна хетарг ахьа алахь?)
Цхьатерра ду вайшиннан жоп, Малика)
Сайна цу хьокъехь хIуммаъ гой-м хьожур ву со тахана.
Куку, сема хилалахь!))
__________________
Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь,
МостагIех цIанъелла хьо хьанна гур ю те?
Scarface вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.06.2008, 19:13   #600
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от Scarface Посмотреть сообщение
Цхьатерра ду вайшиннан жоп, Малика)
Сайна цу хьокъехь хIуммаъ гой-м хьожур ву со тахана.
Куку, сема хилалахь!))
Муслим, тхойший а сема ладуг1уш хира ю-кх..))
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Пхьоьха (Архив) Rekrut Архив 5304 25.04.2008 03:11



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.