![]() |
| | #51 |
| Х1ара а циггара)) Цхьана стеган ч1ог1а б1аьрмециг х1усамнана хилла, халла, къовзайой бен ц1ийндена юург ца луш. Цхьана сарахь мацалла валла воллуш ц1а веана иза. - Зуда, юург юй вайгахь? Меца ву-кх со,-аьлла цо. - Мацвеллехь, цхьа х1оа кхарзахь хьайна,-аьлла зудчо. - Шиъ кхарза мегар дац?-хьаставелла важа. - Яий, яий, лиэ вай?!-жоп делла зудчо.. ))))
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #52 |
| Халкъан дийцар "Дог эт1ар" журнал "Орга" №6/2004 Ши доттаг1а веана парикмахерски. Цхьаъ - к1унзал баьлла, важа - къежвелла. Ший а жима стаг хилла. Парикмахеро цхьаннега хаьттина: - Месаш ма хьалхе охьаэгна хьан? - Зудчунна дог эт1аш охьаэгна-кх кхуьнан уьш, -доттаг1чух жоп делла къежвеллачо. - Хьо хьалхе х1унда къежвелла? - шега хаьттича: - Х1окхо шен зудчунна оццул садеттарна дог эт1аш къежвелла-кх со а, - жоп делла цо, вуоха а ца вухуш.. ))))
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #53 |
| Халкъан дийцар "Бохь", журнал "Орга" №6/2004 Цхьа Бохь хилла нохчийн ширачу юьртахь 1аш. Ша тайпа амал йолуш хиларна, наха башха хьен а ца веш вуьтуш. Советан 1едало дуьххьара цу юьрта радио а йигна, кхуьнан кет1а кад тесна. 1уьйранна цу г1овг1ано самаваьккхинчу кхунна хезна кеда чуьра: - Къамел до Грознера, - олуш. Топ тоьхна, кад боха а бина: - Х1инццалц схьа цхьаьнгге а къамел д1а дайтина-м дац ас, - аьлла цо.. ![]() )))
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #54 |
| "Буьйса-м мегара яра..." журнал "Орга" №5/2003 Еарин буьйса ю моьттуш, гал а ваьлла, кхаарин буьйсанна зуда ялон ваха ара ваьлла хилла Махьа. Дуьхьалкхеттачу Бахьас аьлла: - Ой, кхаарин буьйса ма ю вайна тховса ерг? - Буьйса-м муьлххарг хилча а мегар яра, ялош йолу зуда диканиг хилчахьана, - жоп делла Махьас, дукха воха а ца вухуш.. )))
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #55 |
| "Кегийчу нахана бина хьехамаш", журнал "Орга" №9/2003 Цкъа пхьоьхана гулбеллачу кегийчу наха, хьехар де шайна, аьлла, дехнера Чорега. - Хазчу дашо лам башийна шуна, хьаставаларо къахетийтина шуна, - аьлла, д1аболийра Чорас шен хьехамаш. - Сихваларо са доккху шуна, собаро лам боккху шуна, стаг вовза лаахь, цуьнан доттаг1ий бовзалаш. Тийначух ма тешалаш, чехкачух ма кхералаш. Тоьлла ваха ницкъ боцуш, мерза ваха хьекъал а доцуш волчу стеган мостаг1ий дукха хуьлу шуна, нахаца тардала г1орталаш. Улло накъост ваккхий, йо1аца ирахь 1ен ма г1олаш, шаьш дийцича санна мерза хир дац шуна, - аьлла, чекхбехира Чорас шен хьехамаш.. ))
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #56 |
| Ойланаш.. Цхьадолчу адаман хьажарехь хьуо цуьнан до1ина Дала делла жоп долуш санна хетало...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #57 |
| Ойланаш.. Вай дезачунна ма хуьйла-кх вай ца дезачо дагахь кхобург!))
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #58 |
| Цкъа мацах Аптис, дешархошца цхьанакхетарехь, цхьанне а дала хаттар дуй аьлча цхьа а вист ца хилча, цхьа х1ума дийцир)) "...Цкъа т1ом а балале цхьа вевзаш волу хелхарчех (???) лаьцна передача яра. Цига мухха а цу стеган стунана а нисъеллера-кх. Т1аккха цу журналистко хаттар ди-кх цу стунене: - Ааа, хьо цкъа тоххар марехь йолуш, и хьан ц1ийнда и ма вара, варий? - аьлла. - Деллахь, суна-м кху чохь дуьйцуш товш а ма ца хета... - Хьадийца ахь, хьадийца ахь! Кху чохь х1уъа а дийца мега хьуна!..." )))) Цунна а дайна, луьйш-олуш д1а 1ийр ду-кх вай кху чохь..)))
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #59 |
| ))) Бусалба дин т1еэцначу хенахь цхьана стеган ерстина хьакха йисина хилла д1аяккханза. Цу юьртан молла ву бохучу стагана т1е а вахана хаьттина цо: «Цхьа нисъелла хьакха йиснера сан. Цунах кхоам хетара суна. Х1ун дича бакъхьа хир дара техьа цунах?» - аьлла. Моллас аьлла: «Цхьангге а х1умма а ца хоуьйтуш, хьайн хьакха тийна-таь11ина д1аяа ахь», - аьлла. Оцу буьйсана юьртан молла ву бохучо ваха а вахна шена лачкъийна оцу стеган хьакха. Шолг1ачу дийнахь бала балхон вахна хьакхин да: - Хьажахь, Молла, сийсара цхьамма лачкъий-кха сан хьакха, - аьлла. Т1аккха Моллас х1инца кица а хилла лелаш долу х1ума аьлла: -Х1аъ, иштта изза а олуш яа ахь хьайн хьакха,- аьлла.. ![]() ![]() )))
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #60 |
| И-м ч1ог1а Молла хилла, массо Моллана - Молла. Жижиг-галнаш йина хилла-хира ю-кх цо. ![]() | |
| | |
| Опции темы | |
|
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| Пхьоьха (Архив) | Rekrut | Архив | 5304 | 25.04.2008 03:11 |