![]() |
| | #41 (ссылка) |
| Муса Бексултанов "1аламат" (кийсак) ...Юсуп-Хьажас а аьлла бохур-кх, советан 1едал т1едеъча, кхуьнан "г1иллакхаш" лан а ца делла, Туркойн махка д1авоьдучу шена т1аьхьабевллачу нехан 1одика а йина, ша д1аволавелча: "Ва Юсуп-Хьаьжа, х1окху хьайн х1усамненан ца йо ахь 1одика", - олуш, юха оцу наха ша сацийча: "Шена йовза-м ца евза иза, муьлханиг ю, гайтийша шена иза", - аьлла. "Хьайн зуда муха ца евза хьуна, цхьана къанделла дацар шуьшиъ?", - олуш, и нах цецбевлча: "Цхьаьна къан-м ма деллера тхойша, делахь а юккъера эхь д1адоккхуш, дуьхь-дуьхьал дирзина, цкъа а вовшийн б1аьра хьаьжна дацар-кх тхойша", - аьлла. Маржа я1, маржа, халкъан доцу г1иллакхаш хилла те цу наха схьакхехьнарш, я халкъан йоцу амал латтийна те болатах яхчош, собарца юттуш, х1ара дуьне кхоьлличхьана кху махкахь шаьш дехаш, юьртан сий бен кхин 1алашо ца лоруш, мехкан маршо бен кхин декхар ца хеташ, т1ерачу Далла бен суждане ца боьлхуш, дуьненчохь шаьш яьккхинчу к1еззигчу ханна дуьне мел лаьтта шайх дийца дош дуьтуш д1аихначу къонахаша хьанна бохуш дитина те шайн сийх, йохьах доьттина долу и кортош кура ламанаш, мила лелийта дихкина те шайн г1иллакхашца дуьне дузуш, шордина хилла маьрша некъаш, мила кхион дитина те: "Цхьана къонахчун меха дуьне а ца кхочу", - боху, шайн мах шаьш хадийна долу хала весет! Х1ун хили тен кху заманах, х1ун сардам я х1ун наь1алт даха те кху чкъурах, мича декхарна д1аийци техьа Дала х1окху къоман доьналла, я стенах доьхки те кху адамаша шайн кортойн сий, дуьне а цецдаьхначу дешан мах хьан лахби-те дуьххьара кху Нана-Дег1астанахь... мила ву те...
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| | #42 (ссылка) |
| Амин, Додам. Дала вахавойла. Суна-м бакъдерг дийцича стохка бен довза ца доьвзина Мусайн дийцарш. Делахь а и къезиг хан тоьира суна цуьнан мах хадабан. Суна иггуре хала хетарг-сайна т1екхочу цуьнан дийцарш ца хилар.
__________________ Хаалахь со лелий, собар а хаьлла...(с) http://mx.youtube.com/watch?v=5L7MS8...eature=related | |
| | |
| | #43 (ссылка) | |
| Цитата:
иза муха дийра дара-те??? Цхьадолу дийцарш кху чохь а ду, "Проза/поэзия" аг1онехь.. Уьш хьуна гина а хир ду-кх..
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | ||
| | |
| | #44 (ссылка) |
| Муса Бексултанов "Дуьххьарлера т1аьххьара некъ.." (кийсак) ...Хьуна хиира бералла юйла кху дахарехь уггаре а мерза, уггаре а ц1ена, уггаре а сирла... Бераллера т1ехдаьллачух олуш хиллера дахар, ткъа бералла - ша дуьне, тешамах дуьззина, х1инций-х1инца, т1аккха-кхана, пхи шо даьлча я итт шо - цкъа а хьежарх ца к1ордош, абадел доккха дуьне бераллин тешамца, иштта шорта безам а, хьан бералла хьоьца мел ю...
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| | #45 (ссылка) | |
| Цитата:
Ва, Додам,хьан дог дика хилла, ма хаза совг1ат хир дара и суна... Баркалла хьуна. Кху "Проза/поэзия" аг1онехь цуьнан дийцарш гина суна, делахь а лаьара цо яздо вайнехан оьзда дош сайца даимна хуьлийла алсама... Дависарг елар со тахана Нохчичоьхь, хьан совг1атна даггара баркалла ала.
__________________ Хаалахь со лелий, собар а хаьлла...(с) http://mx.youtube.com/watch?v=5L7MS8...eature=related | ||
| | |
| | #46 (ссылка) |
| Муса Бексултанов "1аламат" (кийсак) "...Йоккхачу стагана лекха-сийна ламанаш гуора, церан малхехь къега к1айн баххьаш, наггахь цхьаццанхьа гучудолу т1ам шуьйра аьрзу, цо цхьанаэшшара туьйсу даккхий гонаш. Цхьа аьрха терса дой гуора йоккхачу стагана, царна т1ехь белшаш д1асакхуьйсу нохчийн оьзда к1ентий, юха ша а кхиа г1оьртина, ц1естачу к1удалца хьостана коьрте х1уьтту, кегийчу нехан кура-сонта забарш, царна юккъехь Элдарха, горгачу белшаш т1ехь к1удал а лоьцуш шен охьайолаялар: "Ког тасалурий хьан, йо1, ларлолахь!" - церан т1аьхьа кхайкхар, къона деттало дог, цхьа ша-шайх дайн болар, т1ома г1уьтту са... Дахар иза ма дара, ткъа х1ара - г1ан. Г1енах хилла-кх мел лайнарг а, гинарг а. Цхьа а вон х1ума хила а ма ца хилла: к1ентий ца белла, д1а а ца дохийна, я г1елонаш а ца лайна... Иштта цхьа г1ан хилла-кх, б1ешарал дахделла, цкъа чекх а ца долуш, дахарах цхьа ч1ог1а, ч1ог1а тера а хеташ... Дахар-м ца хилла, дера ца хилла, дахар х1инца хир ма ду, х1инца д1адолалур ду-кх дуьненан юьххьера, анайистах г1оттуш, б1аьстенца хазделла, сийна-сийначу лаьмнашца, аьрха дой а терсаш, к1ентий а буьйлуш, т1улга т1ера т1улга т1е шовданан тулг1еш а уьдуш, цхьа хаза, цхьа мерза дахар дай бехначу махкахь, дай леллачу некъашкахь, дай сецначу уьйрашца... цхьа къона, цхьа ховха дахар, Элдарха, хьоьца, вайшинна цхьаьна. Х1аъ, цхьаьна..."
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| | #47 (ссылка) | |
| Цитата:
Боккъала а даггара хаза хета суна цхьана адамна сайга хазахетар дан делча)) Суо а цхьа тамашийна ирсе хуьлу-кх со ишттачу хенахь) Ахьа суна хаийта иза муха нисдан йиш ю, цу т1ехь-м аса мало йийр яц хьуна, Дала мукъ лахь!) Сан девиз иштта ма ду: "Передай добро по кругу!")
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | ||
| | |
| | #48 (ссылка) | |
| Цитата:
![]()
__________________ Хаалахь со лелий, собар а хаьлла...(с) http://mx.youtube.com/watch?v=5L7MS8...eature=related | ||
| | |
| | #49 (ссылка) | |
| Цитата:
вайшиммо..) Мел ч1ог1а со наха цецъяккхарх, мел сайна вас ярах, цунах сайна ницкъ хиларх, юха а диканах теша-кх со..) Дикачо дика т1еозадарх а теша))
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | ||
| | |
| | #50 (ссылка) |
| Халкъан дийцар "Б1аьрмециг")) журнал "Орга" №6/2004 Цхьана зудчун ч1ог1а б1аьрмециг ц1ийнда хилла. Зудчо пеша т1е яй моссаза х1оттабо, чу мел-х1ун таса еза ша 1уналла деш хилла цо, иза совъяларна а кхоьруш. Цхьана сарахь, лула синкъераме вахана ц1ийнда ц1аван хьевелла, пеша т1ех1оттийна яй кхехка боьлча, ша х1ун дийр ду ца хууш 1аш хилла зуда. Ц1ийндегара бакъо йоцуш яй чу дуга таса а ца яьхьна, синкъераме т1аьхьа яхана иза. Шен ц1ийнада хелхавуьйлуш карийча, т1емаш санна ши куьг д1аса а тесна, юкъа яьллачу зудчо: - Яй кхехка, Муката! Яй кхехка, Муката!-аьлла. Т1омабаьллачу кхокханна т1аьхьадаьлла леча санна, шен сесагна гонах хьаьвзинчу Мукатас бохь боьг1на: - Цхьа кана, ши кана! Цхьа кана, ши кана!-аьлла.. ![]() ))))
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| Опции темы | |
| |
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| Пхьоьха (Архив) | Rekrut | Архив | 5304 | 25.04.2008 02:11 |