Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наш Дом > Chechen Language

Chechen Language Чеченский Язык

Ответ
 
Опции темы
Старый 28.04.2008, 17:48   #31 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Муса Бексултанов - "Со-м вист ца хуьлу..." (кийсак)

А х1ара Мусайн дийцар юккъера туьйра ду...
Аллах1а лардойла вай ишттачу харцонах...


"...Бабас цхьа туьйра дийцинера суна...

"Лаьмнашкахь ц1е йоккхуш , малх санна,
хаза йо1 хилла цхьана доккхачу шина стеган.
Йо1 арахь нисъелча, маьлхан нур кхулуш хилла.
Цхьана а к1антана реза хуьлуш ца хилла йо1.
Цхьана ямартчу к1анта, шена йо1 реза ца хилча,
ша цу йо1ах куьйгаш тоьхна аьлла, долийна нахана юккъахь.
Т1аккха и хабар даьржина махкахь.
Исс дийнахь, исс бусий йилхина йо1.
Исс дийнахь, исс бусий наб ца еш,
шен къеначу дегий, неней хьежна иза г1ийла.
Цул таьхьа иза, лекха берд а лехна,
Орга бердаша гатдинчу метте чукхоссаелла.
Цу бердашна юкъахь, юьстах кхосса аьтто боцуш,
д1асаетташ идийна Органо йо1.
Юха ша шерачу метте нисделча,
йо1 елла карийна Органна.
Т1аккха мохь баьлла Органе.
Иза дехха дилхина, мохь хьоькхуш.
Х1етахь мохь хьекхна, йиш хаьлла Органан.
И йиш х1инца а тоялаза,
иштта доьлхуш ду Орга дийнахь а, буса а..."
__________________
"Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка.." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 28.04.2008, 17:51   #32 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Муслим, хьо кхин вист хуьлуш а вац,
ткъа сан кхин 1ан йиш а яц..((
Дала диканехь гойтийла вай!!!
Дала ц1еккха а эша ма бойла вайн дахарехь дика нах!!!)
__________________
"Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка.." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 28.04.2008, 17:55   #33 (ссылка)
Баш къамелш дан говр-бос (масть) болш бац моьтту суна х1орш )))
__________________
Вы еще не знаете Ласло ?
Akramaher вне форума   Ответить с цитированием
Старый 29.04.2008, 16:03   #34 (ссылка)
Lu.
 
Аватар для Lu.
О. Сан доттаг1 ву лелаш-цхьахъ бен воцш волу.-)))
Дош дац х1ар. Додам, ва Додам хьоьца тасса деза доттаг1алла д1а "официально".-))
Со кеста д1айог1а хьуна.
Lu. вне форума   Ответить с цитированием
Старый 30.04.2008, 10:34   #35 (ссылка)
 
Аватар для Mila sd
Сан къан елла йиша хьо гуш ма яц, могшалла мух ю хьа?)
__________________
Любовь есть свет, что сходит нам оттуда,
Из царства звезд, с лазурной высоты,
Она в нас будит жажду чуда!
И красоты...
Mila sd вне форума   Ответить с цитированием
Старый 30.04.2008, 23:49   #36 (ссылка)
 
Аватар для Мадемуазель Куку
Цитата:
Сообщение от Mila sd Посмотреть сообщение
Сан къан елла йиша хьо гуш ма яц, могшалла мух ю хьа?)
Хьо дукха чу ца йог1уш со-м х1оьттана хьуна.
Мадемуазель Куку вне форума   Ответить с цитированием
Старый 02.05.2008, 15:29   #37 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от Lu. Посмотреть сообщение
О. Сан доттаг1 ву лелаш-цхьахъ бен воцш волу.-)))
Дош дац х1ар. Додам, ва Додам хьоьца тасса деза доттаг1алла д1а "официально".-))
Со кеста д1айог1а хьуна.
Лу, иза-м хазахетарца т1еийцир вай!))
Дала эша ма бойла вайн дахарехь
догц1ена нах!)
__________________
"Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка.." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 02.05.2008, 15:32   #38 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Муса Бексултанов "Терза" (кийсак)

"...Х1етте а бакъ ма ду, да къонах вара аьлла,
йо1ах б1аьрг бузо мегарг-м ца хиллера берриг а.
Йоь1ан дикалла ненехь лаха езаш хиллера,
цуьнан ненаненехь я
ворх1 нана хийцаяллалц схьаеъначу з1енаца.
Цу йо1а йиъна шура талла езаш хиллера къонахчо,
хьажа везаш хиллера, х1ун шура ю,
я мичара дуьйна йолаелла, я маца...
Йоь1ан нана шен ц1ийндена, шен х1усамна,
шен юьртана мила ю хьажа везаш хиллера:
я нус ю, я хьаша ю, я эмгар ю...
Къонахчунна шеца доьналла къовса ма ца оьшура зуда,
шен синан т1емаш хила ма оьшура,
шен г1елбелла б1аьрг хьаста,
я г1айг1ано хьаьшна дог хаддаза 1ехо,я 1ехадалийта,
цуьнан кара д1а а делла...
Зудчунна ц1ийнда гуттар а хьаша хила ма везара,
дахарехь цкъа бен шен х1усаме ца вуссуволу.
Ц1ийндел веза хьаша зудчунна хила йиш а ма яцара кху лаьттахь,
я цул воккха эла а, и т1ера Дела воцург.
Цо Ша а ма диллинера иза иштта,
ц1ийндех зудчунна эла веш,
юха Ша велла волу и эла резавичий бен,
Ша а хир вац хьуна реза, олуш зудчуьнга...
Х1у хедаш дина боьрша бера санна,
куьйга-кара эцна,буса вижош,
1уьйранна набарха ца ваккха ког байбина лелаш,
доьзалца къастийна шенна кхача латтош,
цуьнан дош кхочуш ца дича х1ара дуьне а
духур дар-кх цу доьзална моттуьйтуш,
д1авоьдуш т1аьхьа юьйлуш,
ц1а вог1уш дуьхьал юьйлуш,
цуьнан сий дарах терра бен ша х1умма а йоцийла хууш,
и шен ц1ийнда 1алашвеш йолчу зудчун
йо1 лаха езаш хиллера-кх,
х1ара эзар ага долу нохчийн ламанаш
буса кхоъ боккхуш,
дийнахь пхиъ боккхуш,
дуьне мадду кога-акхаваьлла лелла а..."

Цхьа а дош д1адаккха йиш йолуш,
боккъала а бакъдерг ду-кх Мусас дуьйцург..
Цхьа г1ам-зударий нисбелла нахе ладоьг1ча,
хаа-кх суна, иза бакъ дуй..
Дала 1алашдойла-кх вайн царех,
адам-иблисех.. (а1узубиллах1..)
Дала дукха бахабойла хила ма-беззара
болу нохчийн х1усамнаной...
__________________
"Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка.." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 02.05.2008, 15:37   #39 (ссылка)
 
Аватар для цветок Зандака
Додам, баркалла хьуна...

Суна ч1ог1а хаза хета Муса Бексултановн дош,цо дуьйцург, ша тайпа ойла йойту...
цветок Зандака вне форума   Ответить с цитированием
Старый 02.05.2008, 15:40   #40 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от цветок Зандака Посмотреть сообщение
Додам, баркалла хьуна...

Суна ч1ог1а хаза хета Муса Бексултановн дош,цу дуьйцург, ша тайпа ойла йойту цо...
Ва, Зезаг, суна мел ч1ог1а хаза хетий
Мусас яздина дийцарш!!!
Вайн яздархошна юккъехь цуьнга
кхочуш цхьа а ца хета суна..
Дала дукха вахавойла-кх иза вайн къомана!!!
__________________
"Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка.." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы


Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Пхьоьха (Архив) Rekrut Архив 5304 25.04.2008 02:11



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.

1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 39 40 41 42 43 44 45 46 47 48 49 50 51 52 53 54 55 56 57 58 59 60 61 62 63 64 65 66