![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #1 (ссылка) |
| Г1иллакхийн хазна - ирсан некъаш Для тех, кому интересно, выкладываю отрывки из книги известного чеченского писателя Хож-Ахьмада Берсанова "Г1иллакхийн хазна - ирсан некъаш", (кстати, его дочь - Залпа Берсанова - тоже писательница ("Дорога домой", "Я выбираю горы"). Даймахках лаьцна Вонна а, диканан а Даймехкан лазам сих, дагах кхеташ къонах вацахь, шен уггар гергарчу стеган вонан, диканан лазам кхетар бац цуьнан сих, дагах. Адамашка вон деъча дакъа лоцуш волу к1ант адамашна кхаъ хилар даздечохь юьхьк1ай хир ву. Халкъана бала т1ебоьссинчу дийнахь шен диканах воккхавеш хилла стаг - стаг вац, иза Даймахкан хьакъ вац, иза к1илло ю. Вайх цхьаъ къастарх - Даймахкана зен хир дац. Амма Даймохк боцуш висарал доккха вон дац. Даймахкахь хьан тасабелла орам, тасаелла уьйраш, д1алетта безам хада йиш яц. Хьажал, наж бух а баьккхина, кхоьчахьа д1абоьг1чи хуьлуш х1ун ду. Орамаш дахкало, т1ера г1а дужу, г1ад дакъало. | |
| | |
| | #2 (ссылка) |
| Халонан хама хааза волчуьнга шегара хало ялхо мегар дац. Ч1урам хилий ма вагалахь, сан доттаг1, ц1е латош стелахьаштиг хилалахь. Хьайн дог лаьттачу дикане кхачалур вац алий, дог ма диллалахь, сан доттаг1, лам лакха хиларх, хьалавала некъ боцуш хир бац. Тайпа дика хиларх дозалла ма делахь - тайпана сий кхоьллинарг хьо вац. Айхьа даьккхинарг хир ду хьан сий, хьан тайпано хьуна и лур дац. Сан доттаг1ий, ирс долуш хила лаьий шуна? Х1ора дийнахь керланиг лаха, шешан дахаран хазна тоеш. Дахаран хазна ю - керланиг довзар, хьекъал кхиар, говзалла 1амор. Шина стагехь йиснарг къайле ю. Кхозлаг1ниг теш велахь - къайле къайле яц. Хьуо майра хила лууш велахь, нахана зулам ма делахь, харцо ма елахь, тешнабехк ма белахь. Мел къаьхьа делахь а, бакъдерг аларо, толам ца баккхахь а, цхьа пайда бахьа. | |
| | |