![]() |
| | #1 (ссылка) |
| Нохчийн маттахь ловзий вай?) Салам-маршалла ду шуьга, сан хьоме доттаг1ий!) Суна кху чохь керла х1усам схьаелла дага деъна-кх..) Луларчу гуламехь гина суна х1ара санна дерг.. Ловзаран кепехь нохчийн мотт шарбан а, ч1аг1бан а аьтту хир бу аьлла хета суна вайн..) Ткъа дан дезарг аса х1инцца дуьйцур ду.. Масала, аса цхьа дош яздо.. Ткъа т1аьхьа т1е вог1учо хьалхарчу дешан чаккхенгахь долу элп хьалхара а долуш кхин дош яздо..) Нохчийчоь......Чечня) Оьмар......век (время жизни одного человека) Ринжа.......калитка) иштта д1а кхин а..) Кхийтин шу? Болх д1аболабай вай?) Дала т1аьхье беркате йойла! Даггара болчу ларамца Малика.. ![]()
__________________ "Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка.." (с) | |
| | |
| | #3 (ссылка) |
| Т1аккха кхин цхьа х1ума а ду..) Вайн дукха дешнаш ду-кх т1аьххьара элп "А" долуш.. Шайна лаахь, иштаниг нисделча, цу "А" элпан хьалхахь лаьтташ долу элпан т1ера долалуш долу дош яздан а мегар ду шуна.. Масала.. ТийналЛа.....тишина) Кхул т1аьхьа "Л" элп хьалха долу дош яздан мегар ду..) Кхин хала х1ума а ма дац, даций?) Иза "А" элп чаккхенгахь долчарний бен дог1уш дац шуна.. Вуьшта дешнашна "правило" цхьаъ ю..)
__________________ "Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка.." (с) | |
| | |
| | #6 (ссылка) |
| Делера Салам-маршалла хуьлда хьуна а, Малика! Хьо яцахьаре ма "шийла" Порум а яр-кха хIара ян-м!!!) Дала дукха яха йойла хьо! Дала аьтто бойла хьуна массо хIумана тIехь! ХIара агIо а тIаьхье беркате йолуш хуьлда! Ткъа хIара болх хьан пурбанца дIаболабо-кх вай...
__________________ Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь, МостагIех цIанъелла хьо хьанна гур ю-те? | |
| | |
| | #7 (ссылка) |
| ХIара гIуллакх шех тарха а хилла ирах айлург хиларх теша со, Малика, амма, цкъадолчунна, хIара аганара гIоттуш бен доцу дела, ахьа далийначу дешана тIаьхьа Ага......колыбель, аьлла долу дош даладо-кха аса! ![]()
__________________ Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь, МостагIех цIанъелла хьо хьанна гур ю-те? | |
| | |
| Опции темы | |
| |
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| Нохчийн маттахь гочдина къуръан | Адам | Архив | 6 | 03.01.2007 21:11 |