Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 03.03.2008, 13:15   #41 (ссылка)
 
Аватар для Lara
Тarha,посвящается тебе.........

Хьоьга ладег1ар - мохе ц1а дехар,
Хьоьга ладег1ар - т1улге са дехар,

Хьо, цхьаъ бен йоцуш ерг, цкъа а ца хилларг,
Серлонна йоцуш ерг, боданехь тилларг,
Б1е эзар ц1е йолуш дуьненчу яьлларг,
Сан деган ца боьрзу мохь хилла яьлларг.

Хьо йицъян г1ертар - куьйга хи шардар,
Хьо йицъян г1ертар - кога г1ан къардар,

Ден букъехь со волуш, хьо - ненан кийрахь,
Къастийна дара те - гергара, хийра,
Азаллехь вайн синош кхуллучу хенахь,
Къастийна дара те - самах я г1енах.

Хьоьга ладег1ар, хьо йицъян г1ертар
Соьцанна г1ур ду цкъа кешнийн керта.


1993 шо.


Тарха,посвящается тебе,когда-то тебе этот байт нравился.......когда-то......
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 03.03.2008, 16:11   #42 (ссылка)
Додам хьуна.....

Тулг1еша, эсала ловзадеш,
1индаг1аш д1акхоьхьу цхьанхьа,
Аьрцанаш набарна товжадеш,
Батто нур 1енадо цхьалха.

Хетало, сел сирла-маьршачу
Буса кхин х1ун оьшу олий,
Амма дог 1уьйренаш яьржаче
Д1адоьду, некхера долий.

Д1адоьду, т1ам къагош сийналлехь,
Дош дуьтуш г1енашца декъа,
Синошна семачу тийналлехь
Къорачу кхокханах дека.


Бисултанов Апти. 1988 шо
Додам аса юха-а калла якхи х1ара хьуна
vesy вне форума   Ответить с цитированием
Старый 03.03.2008, 18:55   #43 (ссылка)
 
Аватар для Lara
Шпилька Тебе!!!

Осень у рояля

- Я мелодию твою сыграю? -
Попросила музыканта осень, -
Хоть я нот почти не знаю
Да, и в ритмике ещё не очень. -

Но, присела осень у рояля
Зафальшивила сначала.
Только это всё детали,
Главное - мелодия звучала!

Песенка дождя и листопада,
Оратория природы увяданья,
Музыка душевного разлада,
Встреч, надежд и расставаний.....

И играла осень на рояле,
Пела нам не под "фанеру".
Чтобы мы добрее стали,
Не теряли в счастье веру.

Отыграла. Молча поклонилась.
И в прекрасном настроенье
За кулисы неба удалилась,
По делам своим, осенним.....

А аплодисменты листьев жёлтых
Долгим эхом в тишине звучали.
Даже дождь хотел на стёклах
Подобрать мелодию печали.....

..... Шёл я листья собирая,
Удивляясь осени таланту.....
- Я мелодию твою сыграю?
Я попробую, - сказал я музыканту..



Шпилька,этот стих ,я посвящаю тебе!!!
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 03.03.2008, 19:04   #44 (ссылка)
 
Аватар для Lara
Альфа!Тебе моя,дорогая!!!

Если жизнь беспросветно темна,
и подобна свирепому зверю,
ищёт жертвы, враждою полна,-
я Люблю, я Надеюсь, я Верю!

Если бледен мой пройденный путь,
и к любимой все заперты двери,
я тропинку найду где-нибудь,
потому что: Люблю, Надеюсь и Верю!

Если пусто и больно от ран,
дорогой и нелепой потери,
а вокруг на обмане обман,
всё равно - я Люблю, Надеюсь и Верю!

И на плахе, я уже палачу,
Боль свою во всём соизмеря,
то, последнее, что прошепчу: -
я Люблю, я Надеюсь, я Верю.....



Альфик,это я тебе посвящаю!!!Всегда Люби,Надейся и Верь!!!
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 04.03.2008, 00:14   #45 (ссылка)
 
Аватар для Lara
ДИШНИ ТЕБЕ!!!

Вайн дегнех кхерсташ ю алу,
Вайн ирсан дайъина доь,
Ларйойла хьо везчу Дала,
Бусулба сан Нохчийчоь!

Дог доьхна бер санна, г1ийла,
Оллалой ма хьежа соь,
Хьан седа лепийта сирла,
Со лойла хьан, Нохчийчоь!

Лаиллах1а иллалах1,
Ларъе везчу Дала, хьо!
Лаиллах1а иллалах1,
Бусулба сан Нохчийчоь!

Йохийна, х1оттор яц гуора,
Кур оллабойтур бац хьоь,
Йиш яц дашо малх хьан кхола,
Бусулба сан Нохчийчоь!

Даш кхетта эгча, син метта,
Маршаллаш кхоьхьуьйташ хьоь,
Леш болчу хьан к1ентийн метта,
Со лойла хьан, Нохчийчоь!

Лечано хелхар деш говза,
Баланаш, г1айг1анаш тоь.
Махкана дерриг ду ловзар,
Елало, сан Нохчийчоь!

Вайн дегнех кхерсташ ю алу,
Вайн ирсан дайъина доь,
Ларйойла хьо везчу Дала,
Бусулба сан Нохчийчоь!
__________________
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 04.03.2008, 01:39   #46 (ссылка)
 
Аватар для Lara
so jar isam тебе!!!!

* * *
Iомачохь беттан сурт тховса а дисина сайнна,
Шовкъашна качвелла, буьйгIу ас ойланехь бохь.
Вовшеха хьекхало IиндагIаш, кIамделча санна,
ХIаваан пардонах чекхбуьйлу бухIанан мохь.

Жима ши марха ю, туьйдина седарчийн кIархаш,
Къорзачу стигалахь меллаша шайн болар деш.
Корсаман куйнаш а техкина лаьтташ ю тархаш,
Боьранийн лергашка къайллаха забарш а еш.

Дахкаро цIуббина, цIанбина уьшалан зорха,
Шелделла тхиш ца ло тIуьначу бацалахь дох.
Шен тIома куьг Iуттий, егайой седарчийн хорха,
Сийначу серлоно багабой, дIаэккха мох.

Юьртара пхи цIа ду тховса а вайшинна юккъехь.
Тоххарехь йижна хьо гуш ю-те мосалгIа гIан?
Хаалахь, сан са дуй набъечу хьайн кераюккъехь,
Шен йовха Iаь етташ ховхачу пIелгашла хьан…

Iилман Юсупов


Ва сан йиша,Маьрша йог1ийла хьо!!!Этот байт я посвящаю тебе!!!
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 04.03.2008, 18:31   #47 (ссылка)
 
Аватар для so jar isam
Ва сан йиша,Маьрша йог1ийла хьо!!!Этот байт я посвящаю тебе!!![/quote]

Баркалла,Лара!!!"Йиш "ялар-кх х1ун ола моттар хьуна!!!)))))))))
Ето тебе ,от меня!!!Один из моих любимых у Юсупова!!!

--------------------------------------------------------------------------------

Ма баха со хьайна вицвелла тоххарехь,
Хьайн гIенийн хьаша со хилча.
Сан тIома шабар ду хьан къинойн могIарехь,
Мел хьуна хетахь а ирча…

Цецъюьйлуш ма хьежа сан ирсан майданах
Шераша даьккхинчу кесе,
Хьайн гIулч яй со вовзарх хиллачу пайданах,
Яккха и сан некъан иэсе.

ХIан-хIа, хьо ца яьлла со лиехна хIинца а,
БIаьрсица адамаш лоьIуш.
Со хьуна юххехь ву сица а, цIийца а,
Хезаш ахь ховха садоьIуш.

Стигалан сийна кир берриг а лилхина,
Мархаша тIе сизаш хьоькхуш…
ХIинца а ца яьлла хьо суна йилхина,
Безаман чIир суна йоькхуш…

Iилман Юсупов
__________________

Я лунной ночью ждал свидания с Луной,Гляжу, идет она. О сердце, что со мной?Глаза к земной Луне, потом к луне небесной...Небесная луна померкла пред земной

http://mx.youtube.com/watch?v=P6fnDgqu0I4
so jar isam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 04.03.2008, 19:12   #48 (ссылка)
 
Аватар для so jar isam
Illanch ,tebe!!!

Илланча,тхайн байташ оьшуш хеннибен ,хьо дага цавог1у тхуна...)))

Сегодня сделаем исключение!!!Тебе , от нас всех ,мы посвящаем этот стих!!! Ларамца!!!



Хала ду, шен ненан к1ант хилла ваха,
Амма и уггаре халаниг дац.

Хала ду, халкъан а к1ант хилла ваха, -
Иза а уггаре халаниг дац.

Цушиннал хала ду цу шинах валар,
Х1етте а уггаре хала-м и дац.

Хала ду, 1аламат хала ду дахар,
Делахь а, ца ваххал хала а дац.

Хала ду, кхин б1озза эр ду вай, амма
Кхин б1озза: уггаре хала и дац.

Хала ду, боккъал а, къонахчун дахар,
Цул хала дуьнен чохь х1умма а дац !

Х1етте а уггаре хала и дац ...


Зелимхан Яндарбиев
__________________

Я лунной ночью ждал свидания с Луной,Гляжу, идет она. О сердце, что со мной?Глаза к земной Луне, потом к луне небесной...Небесная луна померкла пред земной

http://mx.youtube.com/watch?v=P6fnDgqu0I4
so jar isam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 04.03.2008, 19:28   #49 (ссылка)
 
Аватар для so jar isam
Енигма ,tebe!!!

Енигма ,етот стих мне очень нравится !!! Я хочу его подарить тебе сегодня!!!
Самое красивое и сильное чувство в мире--любовь Матери к своему ребенку!!!
Ибрахим написал его для всех матерей,я думаю!!!
Дала декъал войла и!!!



Шуьйрра беллабели б1аьргаш ненан,
Со ц1еххьана кхачарх яьлла цец и.
Цу б1аьргаш чохь бац-кха цхьа а кхерам.
Цу б1аьргаш чохь хазахетарш севци.

Ненан б1аьргаш бац-кха хИинца г1ийла.
Цу б1аьргаш чохь — ирс ду, доцуш доза.
Цу б1аьргаш чохь — ц1ена, даккхий, сирла
1ежаш санна, хазахетарш кхозу.
__________________

Я лунной ночью ждал свидания с Луной,Гляжу, идет она. О сердце, что со мной?Глаза к земной Луне, потом к луне небесной...Небесная луна померкла пред земной

http://mx.youtube.com/watch?v=P6fnDgqu0I4
so jar isam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 04.03.2008, 23:18   #50 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Сан хьоме-хьоме-хьоме Доттаг1а...) Хьуна...

Ч1ег1ардиг, ч1ег1ардиг
Хьо стенга доьдуш ду?
Бос хаза олхазар,
Хьо хьенан хьаша ду?
Собарде, сих ма ло,
Т1ам шера олхазар,
Сан дехар-кост д1ало,
Д1аала хьайна гар.
Д1ахьаьжча гуш болчу
Теболтан лома к1ел,
Къилбехьа лаьттачу
Бовхачу малха к1ел,
Бехаш бу сан безам,
Со вицван дог долуш,
Ойланца хервина,
Со дийна вац, бохуш.
Ахь цуьнга алалахь,
Со дагахь латтаве,
Шен шира доттаг1а
Де доьхча ма вицве.

Ч1ег1ардиг, ч1ег1ардиг,
Дерриг а хаалахь,
Езачун дагахь дерг
Ма-дарра схьадалахь...
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы


Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Наши укаминщики Zarochka Разговорчики 1850 25.08.2008 22:41
Посвящаю эту песню... Chechen Girl Архив 5951 27.03.2008 18:52
Реклама Авто-моБов! VoL4oNok Архив 43 07.06.2007 12:24



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.

1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 39 40 41 42 43 44 45 46 47 48 49 50 51 52 53 54 55 56 57 58 59 60 61 62 63 64 65 66