![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #11 (ссылка) |
| Немцойн йо1, хьуна..)) Катарина, реза юй хьо кхунна? )) Хьо ховха б1аьлланган сара бу, Мелачу махо бен хьастанза. Хьан сеттарш - са дуу бала бу - Цкъа хилла деган шад бастанза Лелашверг ву цунна къера, Гинаверг, ма-хетта сеттадеш, Хьо санна долучу серех Нохчийчохь юьйцина керташ еш... Хьо ховха б1аьлланган сара бу, Хьох юцар хирг хилар бала бу...
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| | #12 (ссылка) |
| Scarface..) Хууш ду, массо а к1антана Оьшуш буй хьомсара Даймохк, Массо а яхь йолчу к1антана Оьшуш дуй хьекъале дайн дош. Делахь а да воцчу к1антана Ма ч1ог1а оьшу-кх хьо, Даймохк Даймахках ваьллачу к1антана Ма ч1ог1а оьшу-кх хьо, дайн дош!
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| | #13 (ссылка) |
| Даима а хьуна...) Теша со, хьо кхочур ву, Сайн логехь совцийна б1аьрхиш, Ас хьоьга д1ахьовсор ду Къастаро делхийна б1аьргаш. Теша со, хьо кхочур ву, Ирсо вайн къагор ду дегнаш, Ас хьоьга туьдуьйтур ду Сайн безам хьагбина г1енаш. Теша со, хьо кхочур ву, Дитина мел долу дезарш, Ас хьуна д1айоьшур ю Хьан ц1арца кхоьллина байташ. Теша со, со хьоьжуш ю, Дицдина мел хилла вонаш. Хьан белшаш т1е дохкур ду Хьо воцуш шелделла куьйгаш...
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| | #14 (ссылка) |
| Амазонка...) Эльмира, хьуна.. ) Нилхачу бодашкахь шен дег1ах ч1агарш еш, сетта Дог1анан 1овраша юкъ-кара хедийна некъ… Зарзъяла г1ертачу мархашна махо лол бетта, Т1уьначу кулла т1е оллало дахкаран бекх. Гуьйренан сатасар цхьа доккха хетало лаьттахь. Тийналлин йийсарехь со суо а цецваьлла 1а Хьо сайна карорах йист йоцчу дуьненан хьаьттахь, Ахь сайна дош даларх соьца ян мичча а д1а…
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| | #15 (ссылка) |
| OBURG, хьуна..) Даима а ладег1а йиш елар..) Болало гитарин тийжам, Атало 1уьйренан пхьег1а. Болало гитарин тийжам, Эх1, са ма тийса и тере, Ма беха цуьнгара тем ахь! Хаддаза гитара тийжа, Саьнгарехь хи санна - тийжа, Аренан мох санна - тийжа, Ма беха цуьнгара тем ахь! Хаддаза гитара тийжа, Бодано лаьцна са санна, 1алашо яйна пха санна, 1индаг1ан шелонах хьаьгна Ц1ийелла серса г1ум санна. Лаьхьано лаьцначохь иштта Олхазар дуьненах къаьста, Гитара, Дакъаза миска, И цесташ, кхерста пхи шаьлта.....
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| | #16 (ссылка) |
| ТурпалНаж, леррина хьуна!) Мадина, Аллах1 реза хийла хьуна а, хьан дайшна а...) Доккхачу лаьтта т1ехь Хазалла лоьхуш, Сада1ар дицдина Еттарх а йорт, Хьегаран хьу елла, Шена т1евоьхуш, Хиллера ц1ийх боьлла Сан ненан мотт. Зезагийн лестарехь, Техкарехь диттийн, Къайленаш соь юьйцуш Ловзарехь х1орд, Ладоьг1ча шабаршца Бешарчу ниттийн, Соь ницкъ лург хиллера Сан ненан мотт. Иллига бирзича 1енадеш б1аьрхиш, Делхадеш, ловзадеш Кийрара дог: Кхолабеш, юха а Къагабеш б1аьргаш, Серло лург хиллера Сан ненан мотт. Диканехь я вонехь Дош ала дезча, К1орггера ян воьлча Хиллачийн чот, Эхь, иман я г1иллакх, Доьналла эшца, Хьекъал лург хиллера Сан ненан мотт. Вахар а х1ун оьшу Цунах д1ахаьдча? Бицбина вехаш верг Ю яьсса ботт. И саннарг карор бац Мелла а лехча, Даймехкан дозалла Сан ненан мотт...
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| | #17 (ссылка) |
| Илланча..) Дала беркате дойла хьан некъаш..) Сан ненан меттара сатоссуш хьала а г1оттий, Сан когех хьаьрча некъ - дийнахь сан бан безаш берг. Ткъа, самаволлушехь, соьга цкъа хьал-де а хоттий, Со кхарста к1амво цо, хуьлий сан боцуш ца терг… Ткъа, буса, набаро хьаьстича сан зийза к1ажош, Мел ч1ог1а к1адбаларх, шен хеннахь ца буьжу д1а: Боьдий, д1ахотталой сан ненан нилхачу к1ажарх, Со ларвар доьхучу до1ане ладоьг1уш 1а…
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| | #18 (ссылка) |
| Додам, хьуна!) Малика, хьо цхьаммо шена д1айигахь, хьан далор ду к1енташна нускалш?)))) Даима, лам санна, собаре хилла, Безамо ца вуьтуш хьоьха дог дилла, Буьйсанна урамехь ладоьг1уш г1ийла, Сатийса кхоьллина хилла те со? Бай т1ера Додамаш п1елгаш т1е йохуш, «Мичхьара далор ду ас нускал?» - бохуш, Шоьгахьа уьш евдча, безамца вогуш, Сатийса кхоьллина хилла те со? Сирлачу шовдано шегахьа ийзош, Таьллаша сенделла гаьннаш т1етийжош, Хьо лоьхуш ойлано массанхьа хьийзош, Сатийса кхоьллина хилла те со? Тийналлехь седарчийн хьаша а хилла, Хьо йолчохь б1аьсте еш, йоцчохь еш чилла, Безамо ца вуьтуш хьоьха дог дилла, Сатийса кхоьллина хилла те со?
__________________ Ирсан гIазот доккхуш со хьан дагчохь кхелхина… | |
| | |
| | #19 (ссылка) |
| Со яр изам,тебе! Шагат1улгаш (дагардар) Х1ац1и – биц1и – биц1ахь – ц1улга Хьан дог ма ду шагат1улган Цо дуй биъна сох ца кхета Сан сингаттам дош ца хета Х1ац1и – биц1и – биц1ахь – ц1улга Хьан дог ма ду шагат1улган Х1ац1и – биц1и – биц1ахь – ц1улга Сан дог ма ду шагат1улган И ч1аг1делла хьох ца кхеташ Хьан кураллаш дош ца хеташ Х1ац1и – биц1и – биц1ахь – ц1улга Сан дог ма ду шагат1улган Хьарам – барам – ц1ело – г1ело Дегнаш ду вайн карахь лелош Цкъа вай вовшийн дуьхьалкхетахь Я эвхьаза я эхь хеташ Цкъа хьан куьйгах сан куьг кхетахь Я сан куьйгах хьан куьг кхетахь Х1ац1и – биц1и – биц1ахь – ц1улга Зулам хир ду шагат1улгех Х1ац1и – биц1и – биц1ахь – ц1улга Шагат1улго шагат1улгах Суй баккхарна кхерам беца Даькхнаш санна йокъа лайна Кхарзаделла долчу вайна И цхьа суй а тоьур беца Кхетта сенчу ц1арах дага Ишта х1ара дуьне даго Х1ац1и – биц1и – биц1ахь – ц1улга Дегнаш ду вайн шагат1улган Хьарам – барам – ц1ело – г1ело Зулам ду уьш карахь лелор Сояра,этот байт я посвящаю тебе!Тем более ты его так красиво читаешь...))
__________________ Могу слушать бесконечно...... | |
| | |
| | #20 (ссылка) |
| Тебе...и только тебе.....всегда тебе..... ПОЧЕМУ не могу отпустить? Для чего так хочу удержать? ПОЧЕМУ не стараюсь забыть? ПОЧЕМУ мне так страшно понять? ПОЧЕМУ ты молчишь - я не злюсь, Обижаешь, а я всё прощаю? ПОЧЕМУ потерять так боюсь? ПОЧЕМУ каждый раз возвращаюсь? ПОЧЕМУ слёзы ливнем из глаз? ПОЧЕМУ, если ты не скучаешь? Прячу гордость я в тысячный раз, А ты снова меня забываешь... ПОЧЕМУ не могу закричать? ПОЧЕМУ не могу ненавидеть? ПОЧЕМУ повторяю опять, Что тебя мне так хочется видеть? ПОЧЕМУ ты жестокий такой? ПОЧЕМУ ты не хочешь заметить, Что ты стал мне безумно родной? ПОЧЕМУ ты не хочешь ответить? ПОЧЕМУ эта глупая ночь Заставляет в те дни возвращаться? ПОЧЕМУ не могу я точь-в-точь Для других, как тебе улыбаться? ПОЧЕМУ замерзаю в жару? ПОЧЕМУ столько глупых вопросов? ПОЧЕМУ ты ушёл, а я жду... И в душе, как на улице, осень...
__________________ Могу слушать бесконечно...... | |
| | |
| Опции темы | |
| |
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| Наши укаминщики | Zarochka | Разговорчики | 1850 | 25.08.2008 22:41 |
| Посвящаю эту песню... | Chechen Girl | Архив | 5951 | 27.03.2008 18:52 |
| Реклама Авто-моБов! | VoL4oNok | Архив | 43 | 07.06.2007 12:24 |