![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #1 (ссылка) |
| Зелимхан Яндарбиев - Байташ Аш бехк ца биллахь ,суна х1окх темечохь З.Яндарбиеви байташ карла яха лаьар. Дала Декъала Войла Хьо Зелемха!
__________________ Могу слушать бесконечно...... | |
| | |
| | #2 (ссылка) |
| Зелимхан Яндарбиев (Дала декъал войла) Сан стих - и байракх ю, Толамна айина, Хено барз байинчу Кошам чурт иза ду, Бу иза яьгначу ц1еран суй, Кхерстина, кегийна юкъ; Сан ненан куьг ду и, Сан берийн б1аргаш а бу... Гуттар а бу иза - дуй.
__________________ Могу слушать бесконечно...... | |
| | |
| | #3 (ссылка) |
| ГIАЗОТАН НАЗМА ГIазотан декъах хьаггал ца кхиъначу дегнех къахета, ГIазотийн тезетахь уьш латташ гича, ца кхета. ГIазотах къехка воΙ кхиъначу дех а къахета, ГIазотехь воьжначу кΙантана йоьлхучу ненах а хета, Къахета, къахета, къинхетам белахь, я Дела. Х1ун дуьне диъна цо, х1ун эхарт даьккхина шена? Барт хотту де лаьтта маь1аргон кирхьанна т1ехьа. Г1азотехь воьжначу к1анте ца кхаьчначу Дега, Нене а, х1ун ала деза, ца кхета, я Дела: Х1ун аьлла, кадам бан беза, ца кхета. Дог1маш-м д1алелар ду, цу Делан йозане хьоьжуш, Синош а лелар ду, шаьш дог1мех дохун де лоьруш, Декъазчу дуьненах даккхийдеш, эхартах коьруш… Маьхьшаран майданахь шен кхелан жайна схьаоьцуш, Аьрру нисбеллачух къахетаъ кхоьру, я Дела! Г1азотан декъах хьаггал ца кхиъначу дегнех къахета, Г1азоте ваххал во1 кхиаза даьхначу дех-ненах хета, Шен вешин г1азотан декъе ца кхаьчначу вешех къахета, Шен вешин г1азотан декъах ца кхиъначу йишех къахета… Къахета, къахета… къинхетам белахь, я Дела! Декъаза дакъа ду, кхаьчнарг кху дуьненахь цаьрга, Декъаза дакъа ду, эхартахь сатуьссург цаьрга. Декъаза йорт етташ, декъазчу дуьненахь лелла, Декъазчу синошца декъаза ойланаш миелла, Бог1учу царех хьайн къинхетам белахь, я Дела!
__________________ Могу слушать бесконечно...... | |
| | |
| | #4 (ссылка) |
| Басаев Шамилна Ледаран, г1орасиз ойланаш дагна сан Ма тийса, дуьне, ахь тахана т1е. Хьо дохарх, со валарх, иэшан дац х1умма а, Сайн болх ас биллина вайн Далла т1е. Кхин даан доцуш, суо мацвелла висича, Ден дайша диина попан г1а дуур ду. Хьогалла яйа сайн хи доцуш висича, И бецан сирла тхи канашлахь лехьор ду. Х1усаман йовхонах, марзонах хадийча, Мокхазан тархашлахь, ког хецна, тевжар ву. Т1етосу и юрг1а стигланах тадина, Вуьжу мотт 1аьржачу латтанах тарбийр бу. Берч доьлла ховха ка г1евланга дуьллур ду, Цу Деле до1ийца тедийр ду дог. Йог1учу кханенна закъалтна дуьллур ду, Кхин тешам хьайх боцу, х1ай дуьне, хьо. Аллах1а г1аттавахь, малхаца г1оттур ву, Амма Цо язйина хан кхаьчнехь т1е, Кхоьллинчу цу Далла дуьхьал а х1уттур ву, Дог дохуш Цуьнан цу къинхетаме. Декъазан ойланаш, г1орасиз 1амалаш, Дуьне, ма тийсалахь сан амале. Далла т1е бу сан некъ, цу новкъахь са дала Даима хьаьгна ву, ву 1амал еш. Цу Далла суо везарх тешна ву, билггала, И везаш хиларна, сайн сил а суо; Ваха а, вала а тешаме билгало – Декъал веш, джих1адан некъ белла Цуо! 2001. 09. 12-13. Дох1а.
__________________ Могу слушать бесконечно...... | |
| | |
| | #5 (ссылка) |
| * * * Шад къийларх, тешаме даций и-м, х1ай, Дахаро озийна хадийна тай. Пхьолане марзделла тишделла т1ай, Дегнех д1ахерделла, лестинарг вайн. * * * Стигла дуьйлуш, лаьттах леташ, Ма б1арзделла хьийза са. Х1ай, сан ойла, ховха хьарчий, Деган чов ахь къовлахьа. Ц1ий ца лешарх, дера яй и-м, Деган кийрахь кхобу чов. Къахеторо ч1аг1деш дай и-м, Цуьнан дера детта ов. Г1азот динарг – хир ву г1азот, Дуьне дезнарг – дуьненна. Веъна вериг дуьне кхачон – Доьза вайна дуьненахь. 2001, май.
__________________ Могу слушать бесконечно...... | |
| | |
| | #6 (ссылка) |
| * * * Ас хьоьга дийцинарш дацара туьйранаш, Ас хьоьга кхийдийнарг яцара х1уьттаре: Малх г1аттон де доцуш, йисина 1уьйренаш, Малх сацон де доцуш, де диъна суьйренаш. Беттасин буьйсанаш, седарчийн стигланаш – Ма гена хиллера, сан даго къийлинарш. Дахаран анайист дуьненахь лехнарг а, Шен даг чохь карийча, цунах ца тешнарг а – Цхьатерра пекъар ву, цхьатерра декъаза, Къестон а ца оьшуш - хенара, хеназа, Леха а ца оьшуш – генара, гергара, Вийца а ца оьшуш – ненера, дегара, Ву хьуна, дуьххьал-д1а, хьо шех ца кхетарна, Дог оьхьна вехачу шех хьо ца тешарна.
__________________ Могу слушать бесконечно...... | |
| | |
| | #7 (ссылка) |
| НЕНЕ 1. Айса мел язбина мог1а хьоьга язбина хуьлуьйтур бара-кха, х1инца, Нана. Хьоьга яздина хилла хуьлуьйтур дара-кха, дахарехь айса мел яздина кехат. Т1аккха, цхьажимма сапарг1ат хир яра-кх хьо, хьайн к1ентан хьокъехь. Т1аккха сел сиха ца кхачадалан а мегара хьан дахар, хьан са… Маржа-я1, сан Нана, к1ант дика хила 1аьмма ца волуш, д1а-а… д1аяха-кх хьо… Геч делахь, йаа Аллах1 Дела!.. 2. Ас, х1ун алий, екхае сайн ойла, Ас, х1ун алий, 1ехае сайн ойла, Ас, х1ун алий, хьаста дог сайн, нана, Хьо ца хилча кхин сайн, дагавала?..
__________________ Могу слушать бесконечно...... | |
| | |
| | #8 (ссылка) |
| САРДАМ Сан Даймохк, х1оьттинчохь харцонна т1е, Бакъ долчо човйина, со вала вожахь, Мел дехарах, суна ахь геч а ма де, Не1алтна угаре деза дош харжа. Сан Халкъ, хьан г1иллакхаш лоха а хетта, Генарчу махкахь со яхь йоцуш леллехь, Хьарам ду – д1аволлар дайн кешнийн керта, Латта т1е ца хьокхуш виталахь, веллехь. Дахаран хьелаша дог кура даьккхина, Нана, хьан сибатах херйинехь ойла, Хьарам ю хьан шура, ага – ахьа техкийна, Ц1ий д1аьвше дирзина т1аккаъ со лойла…
__________________ Могу слушать бесконечно...... | |
| | |
| | #9 (ссылка) |
| НАНИНА Нана а д1аяха, д1аяха... яц кхин… Цо к1ентан амалийн дуьрста а яцйин, Цо к1ентан 1уьйренаш, суьйренаш макхйин, Дог-ойла дахаран дезаршна якхйин. Малх кхолий стигалахь, мархашла хьарчош, Бутт леци, кхиале г1ушлакхе кхача, Дохк даржош кхетаме, бодане карчош, Ойланийн бос бахьий, б1аьрг кхолий, лаца Т1ам боцуш, йист йоцчу т1урненен пана Д1акарчий кхоллам а, эрначу ара – Да воцуш хьаста, я г1олаца воцуш Ваша а, догъэца йиша а йоцуш, Т1етовжа доттаг1 а, езар а йоцуш, Хьаштдоцуш мостаг1чун кхардамах лардан, Ц1ийн ц1ергахь датта хьайн дог, аьлча санна, Къахетарг ца карош, дисина буобер Кху лаьттахь тахана карор дац – со бен… 2. Х1умма а ца хилча санна, церг къежош, Б1аьрнег1ар ца тухуш, х1инццалцчул сов, 1уьйренийн, суьйренийн болар ца иэшош, Ма атта лай ахьа, дуьне, сан чов. Со шуьне хийшина дезарийн уьйраш, Кханене сатийса ийинарш со – Марздала доьллачохь, хадийна туьйра, Чам кхета боьллачохь, дохийна пхьор. Ма к1езга хиллера, 1ехийнарш ойла, Ма к1езга хиллера, г1иттийнарш дог… Ган лаахь, ду хьуна – леча, т1ам бойна, Мостаг1чун дог 1абон – декъаза буо. Делалахь, кхардалахь, дог доцу дуьне, Дуьххьаран, т1аьххьаран вацахь а – со Хилла ца хиларна х1ара лан гуьнахь, Леларна х1инццалц, хьайх 1ехалуш дог. 3. Да д1аваларх, нана мел ю – дог ду меттахь, Нана елча – дуьне, духий, даг чу кхета.
__________________ Могу слушать бесконечно...... | |
| | |
| | #10 (ссылка) |
| Х1умма а ца дисна сан юхахьежа, Цхьа некъан чан йоцург,д1аюьжуш йолу. Ас сайца д1ахьош ду сайн къолам-кехат, Синтем а боьхкина ас эцна долу. Ас сайца д1ахьош ду хьан б1аьрхийн къа а, Хьоьга а,цхьанге а гечдар ца доьхуш. Ткъа хьуна буьсаш бу къастаран лазам, Цхьамог1а хаттарш а,шайна жоп доьху. Екъа хьуна юьсуш ю толаман байракх, Вайшимма сел луьра къийсана йолу. Амма де хир дац хьан,и хьалаайа,- Ахь цунах дийр ду хьайн б1аьрхишна йовлакх. Нахана дуьсуш ду,вайшиннах дийца, Вайшимма ваьшшимма дитина дош а .... Цхьаволачо дог лозуш дуьйцур ду иза, Цхаволчо-эвххьаза,кхардадеш дог вайх.... Ткъа хьуна-анайист йоьжнначохь лаьтта, Ц1ергахь малх багабеш,кхерсттачохь алу, Жоп доцуш,дагадеш г1елделла б1аьрса,- Кийрахь мохь буьжар бу,хуьлуш лен талу. Т1аьххар а,дог дуьллуш дуьненах,Делах, Буйнаш ахь къовлур ду,къовлур ду дог а. Хуур ду сан безам ца хиллий бегаш- Уггаре халачух кхетар ду дог хьан. Кхетар ду,эрна дуй,мел т1аьхьа хьежарх,- Вайн синойн къа летта со новкъа волуш, Сайца д1адаьхьнехь ас сайн къолам-кехат, Сайн са а доьхкина ас эцна долу.........
__________________ Могу слушать бесконечно...... | |
| | |
| Опции темы | |
|
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| Абрек Зелимхан Харачоевский | L.A. | Персоналии | 60 | Вчера 22:59 |
| Зелимхан Абдумуслимович Яндарбиев | Desko | Персоналии | 93 | 06.10.2008 23:19 |
| Чечня и чеченцы глазами иностранцев и чеченцев | Ars | Наша История | 94 | 25.08.2008 07:13 |
| Норд-Ост. Запрещенный Фильм к показу в России! | Samanta | Архив | 214 | 04.05.2007 13:29 |
| Основные Даты по Истории Чеченского Народа | Albert | Архив | 7 | 20.04.2007 18:28 |