![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #41 |
| Додам!Марша йог1ийла!Хаза хета хьо х1окх х1усаме еан!
__________________ Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход. | |
| | |
| | #42 |
| Маршаллица ехийла хьо а, Лара!) Со ца йог1уш муха 1ийр яра кхуза?) Дала декъала войла Зеламха... хаза ю цуьнан байташ...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #43 | |
| Цитата:
Хьуна дела реза хуьлда!!!Суна Зелимхи байташ ёьйзуш яцар ,х1инца хуур ду суна,со кест-кеста хьа теме ёг1ур а ю!!!1адика ёйла ,Сан Йиш ,дала сий дойла хьан!!!Ты молодец,и ты не раз ето доказывала,своим умом,интеллигентностью,воспитанием,искреннстью,ест есственно Красотой))) а теперь и искренней любовью к поэзии!!!Я горжусь тобой Сестра!!! | ||
| | |
| | #44 | |
| Цитата:
![]() А поэзия Зелемхи действительно очень красивая.... Йоуг1уш хила,буду рада тебе!!!
__________________ Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход. | ||
| | |
| | #45 |
| Ма ч1ог1а хаза а хета-кх суна х1ара байт... Дахкарх хьерчаш йог1у х1ора 1уьйре, Шийла хьацар детташ стигланна. Ахь юха а, цатам даг чохь къуьйлуш, Тешаво со дахарх, диканах. Йочанийн ткъаршлахь текха денош, Шийла доь1у дитташа а са. Х1инций-х1инций бохуш, дог а сецош, Г1алаташ ахь лайна хийла сан. Суьйренаша хьоьхуш шийла хорша, Ойланаша хьоьхуш бохамаш, Ваьхна со, хьан тешамо дог дохдеш, Цуо ларвина хийла бохамах. Зама уьду, акха эмалк хилла, Наггахь текха, ц1ийзаш, дууш са... Амма доьху, цкъа а дог ма дилла Кханалерчу дийнан диканах. Буьйса еъча, дарцехь барзах уг1уш, Хьайн ойланна б1агор хьийзабеш, Не1 д1акъовларх айхьа, дог1а тухуш, Хила-кх со кхочур вуй диц ца деш...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #46 | |
| Цитата:
__________________ Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход. | ||
| | |
| | #47 |
| Т1ЕМАН ДИТТАШ 1. Кху г1алин дитташна т1ом ца го г1енах – Цара самах лайна и. Къахь а цуьнан самах мелла, Ийна мелчу ц1ийх. Схьа1еттийна цара, Х1инцаъ лаьтта и, Ца худуш лаьтто, Церан Орамашкахь детта… Кху г1алин дитташна т1ом ца го г1енах… Куьйгийн юьхкаш лачкъон г1орасиз, Лаьтта уьш, хеталуш тийна, Мотт хууш, Мохь хезаш доцучу вайна. Церан г1енаш т1амо дайъина. 2. Х1ара дитташ – Делан дийнан б1аьргахь йохку юьхкаш… Ехка ца луш, йисна т1еман чевнаш… Бераллин, Жималлин, Къаналлин… Даго кхабна йолчу ойланийн, Чевнаш, чевнаш, чевнаш… Доглозург а воцуш, ехка шаьш. Дарба доцуш хила, Дуг1ун долу, Нагахь дог1ахь, Керла синтар бен…
__________________ Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход. | |
| | |
| | #48 |
| БОТТ Ткъа пхьеро кад бина… Ю.Яралиев Ботт йоцу тур дина бац нохчийн пхьераш, Шаьлтанан дитт лардеш, ботт хилла церан. Масла1ат доцу дов цара ца дина, Дов дерзош, т1ом берзош, дош ду карийнарг. Шаьлтанан пхьар ву и, цунна ботт йинарг. И 1овдал ца хилла, и говза хилла, Ша бинчу г1ирсан мах и хууш хилла, Цундела ца 1ийна, цхьа шаьлта йина, Ца 1ийна, и ластон цхьа мукъ а бина, Мукъ бале, хьалха цо цунна ботт йина, Собарна лерина цо иза йина… 1998
__________________ Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход. | |
| | |
| | #49 |
| * * * Даим ву, дуй баан кийча, Ца кхоьруш, хиларна къера: Хуьлуш бац вайн наной ирча, Хазалла шайниг ю церан! Хазалла башха ю церан, Дуьненахь йоккхучу ханна, Дуьххьарчу маьхьарца беро Ша хилар кхайкхийчахьана. Дуьххьарчу дашо вайн: «Нана!» Лакхенга айъина, сийлахь, Кхин хила йиш йоцуш цхьаа, Ша саннарг – иза хазйина. И Бакъдерг оьшуш дац дустарш, Хьовсийша шайн нанойн б1аьра, Я беран б1аьрлачу б1аьрга, Ма атта ду, кхета цунах: Вайн дуьне кхоьлличахьана, Д1акхаччалц Эхартан пана, И ч1аг1деш, схьадог1у дахар, Цундела, ца к1ордош баха, Даим ву, дуй баан кийча, Ца кхоьруш, хиларна къеран: Хилла яц цхьа Нана ирча, Дуьненахь цхьана а беран! 1976. 2003.
__________________ Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход. | |
| | |
| | #50 |
| "Дийг1ийша, адамаш, синтарш" гулар муьлхачу шарахь араяьлла яра Зеламхин? Алийша шайна хуучо. Оьшура суна.
__________________ Цхьаннан меттана итт вог1ур ву! | |
| | |
| Опции темы | |
|
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| Чечня и чеченцы глазами иностранцев и чеченцев | Ars | Наша История | 95 | 12.11.2008 14:37 |
| Зелимхан Абдумуслимович Яндарбиев | Desko | Персоналии | 94 | 17.10.2008 17:37 |
| Абрек Зелимхан Харачоевский | L.A. | Персоналии | 60 | 10.10.2008 23:59 |
| Норд-Ост. Запрещенный Фильм к показу в России! | Samanta | Архив | 214 | 04.05.2007 14:29 |
| Основные Даты по Истории Чеченского Народа | Albert | Архив | 7 | 20.04.2007 19:28 |