Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 11.02.2008, 12:06   #21
 
Аватар для Lara
Сан пачхье ю – нана еха х1усам,
Дай баьхначу юртахь жима ц1а.
Дуьненах со къастахь къаьста со цунах,
Дег1ах къастахь цунах къаьста са..
Сан пачхьенан малх бу ненан хьажар,
Б1аьра хьаьжна сирла елакъажар.
Сан пачхьене боьдуг цхьа некъ бу,
Цунах кхеташ – б1е эзар кхин,
Цаьрца х1оранца со лелла ву,
Х1оранца а бу сан ирсан цинц.
Сан пачхье ю – нана еха х1усам,
Ирсе боьду некъ а цу т1е бу..
1990.
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.02.2008, 12:06   #22
 
Аватар для Lara
Сан ойла тахана ц1ийзачу вордана хиъна;
Сан ойла тахана, мецачу ж1аьлица бертахь,
Шийлачу буьна чу, кхоьлинчу б1аьргашца йижна;
Сан ойла тахана, олхазар сана топ кхетта,

Т1ам тоха де доцуш, т1улг хилла йоьжна ю лаьтта;
Сан ойлана тахана да сана – шеен беран тезетахь лаьттта,
Елха лууш, доггаха, цхьанна а ца гучче яьлла,-
Тахана сан ойла къонахийн б1аьрхих ца кхаьрда..

---
Хаза аьлла ду-кх х1ар дешнаш а.. г1ийла ойланех
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.02.2008, 12:07   #23
 
Аватар для Lara
Можа сискал йилла суна хьалха,
Нана, х1инца ц1а веача со.
Муьста берам билла, цуьнца, цхьалхха,
Вайн хесара бакхий сийна хох.

Со-м тишвеллий х1инца, хийцавеллий,
Акха идда аьрха ойланаш-м
Сан Органан йисте хьийза евллий,
Леха цуьнан г1амарашлахь шайн ларш.

Маццаха цкъа, ас, сихвелла, дитнарш,
Синкъерамехь даха 1емаш дог,
Юха дагатуьйсу сунна, гича
Пеша хьалха сискал хьакхош хьо.

Денлой х1утту вайн комаран дитт а,
Дакъаделла, диснарг деккъа г1ад..
Хьакахабехьа, нана, вайна нитташ,
Буззий боккха вайн наштаран кад.

Можа сискал йилла хьалха, яккхий, -
Ц1инлучу цу беттан нийсса ах.
Х1умма а дац, муьста берам бацахь,
Лулахошка хохаш беха ахь..
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.02.2008, 12:08   #24
 
Аватар для Lara
Т1ЕМАН БЕРАШ

Т1еман бераш – т1еман бераш ду,
Амал сиха, дагца дера ду.
Дог лазош я къинхетам шаьш беш а,
Коьртах куьг а хьоькхуш, уьш ма хьеста –
Уьш Замано хенах къастийна,
Бераллех д1ахердеш, къахкийна,
Уьш Замано хенал кхиийна,
Дезарш цоьстуш, къиза хьистина;
Бераллех а хаьдда дисича,
Ненан куьйган йовхо йицйича,
Ден 1уналлех дог а диллича,
Уьш Замано шена дитина;
Церан ховха дегнийн дера чевнаш
Т1еман ц1арца къиза мерцина,
1ожаллийца шелйеш, яхчийна,
Къа ца хеташ, атта йихкина.
Цаьрга бийца аша буьрса т1ом,
Йийца зама, хенан дикан, вон,
Дийца валар-висар, доьналла,
Ца боьхкуш уьш беран оьмарла.
Кхерам бийца, кхера а ца кхоьруш,
Нийсарошха юьхь-дуьхьал а хьоьжуш,
Ца г1ерташ шайн къинхетамаш бан:
Уьш кхерон кхин кхерам бисна бац,
Церан кхерам т1амо кхерийна.

1998
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.02.2008, 12:08   #25
 
Аватар для Lara
Сатийсам.

Мукъа мел еанчу шеен минотехь,
массо а хенахь,
к1анта зезагаш дохкура дуьненчохь долу а доцу а..

Массо а зезаг цуьнан хуьлура ч1ог1а тера
б1аргех я куьйгех берийн –
делалой, деллалой,
ткъа царна т1ехула стигал а хуьлура даима сирла,
тоьхча сана лила,
сийна бос малхаца ийна,
къегина..

Стигалахь, 1ахарехь терра, маьй-маьййехь хьаьрчина
1охкура к1айн мархаш,
ткъа цхьаерш чилланах къегара.

Ткъа оцу стигланна к1елахь хьозарчий хьийзара –
тайп-тайпа, ловзура ч1ег1ардигаш,
иштта кхидолу дуьйцу а ца хезна олхазараш а;
уьш хуьлура х1инццалц схьа буьйцу а ца хезначу
инзарчу басахь.

Къантана хаар шера, дахар, нагахь дахар делахь,
ца хилча ца довлий зезагаш,
хаьара зезагаш хаздан хила дези бераш а,
царна т1ехула сийначу стигланан четар а:
дийнахь к1айн мархийн 1ахарий а дежаш
я дог1а луьттуш маьлхан,
ткъа буса батто шеен седарчийн жа а хоьцуш ара.

Ткъа олхазарш ца хилча-м стигланах
стигал а ца хьулу,
дуьненах дуьне а ца хуьла,
бераца цхьаьна цуьнан да а, нана а ца хилахь..

Цундела дохкура цо уьш
куьй1гаш а лаьцна берийн, даккхийдеш, доьлуш,
стигала б1аьра хьоьжуш,
цхьана а х1уманах данне а доцуш кхоьруш..

Мукъа мел еанчу шеен минотехь, массо а хенахь
кехата т1ехь, керташ т1ехь, силаман новкъахь
к1анта дохкура сурташ,
ткъа нах-м – т1ехьбуьйлура,
цхьаберш, леррина хоьжуш, г1алаташ лоьруш,
цхьаберш бела а къежаш, амма ца соьцуш..
хуьлура реза боцурш а.

Делахь а угаре цакхетарг –
мел кхета г1ертарх к1ант ца кхетарг дара –
шен сурташ хаз дац олу адамаш мичара довлу?..
ткъа к1антам зезагаша дохкура,
дохкура цо сурташ, дохкура,
дуьненах дуьне да г1ерташ,
вайн дахарх дан г1ерташ дахар,
берах – бер а...
__________________
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.02.2008, 12:09   #26
 
Аватар для Lara
Кхин цхьаъ.

Нохчийчоь, сан сирла седа..

Байчу мохо ийдеш т1ома,
Хьоьсташ малхо, беттасино,
Кхуьуш зезаг суна гира,
Нохчийчоь, хьан арахь, ломахь.

Гена махкахь лелаш хиларх,
Сан даг чохь хьо даим хилла:
Са гатта делча – хоьжуш г1ийла,
Деладелла – векхна хилча.

Шарал дахлуш доца денош,
Дагах лестарх шийла шело,
Цо ницкъ лора ларбан тешам,
Нохчийчоь, сан деган безам.

Хан т1екхаьчча – къаста дезаш,
Чакхе декъал еш сай некъан,
Ганн лаьаркха и хьан зезаг,
Нохчийчоь, сан сирла седа..

1987.
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.02.2008, 12:10   #27
 
Аватар для Lara
Когда буду уходить,
Поглядите молча вслед
И помашите рукой, в мыслях,
И вздохните тихо.
Я услышу,
И простите, даже если не знаете, за что.
Это нужно тому, кто уходит.

Когда буду уходить,
Вытрите слезу из глаз
И заприте крик в сердце,
Жаже если очень трудно,
И не забывайте увидеть в цветах красоту,
И счастье в глазах детей.
Это нужно тому, кто будет жить.

Когда буду уходить,
Продолжате жить,
Как будто я и не уходил,
Но не забывайте, что я тоже приходил в этот мир,
Вовсе не для того, чтобы уходить,
Это нужно тем, кто будет уходить…..
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.02.2008, 12:11   #28
 
Аватар для Lara
Ма хаза ю и йо1 йоьлхуш!


Хьан б1аьргаш – кхоьлина, дог1ана язъелла
стигал,-
Хьан дагчохь, тарлуш ду, дуьне а вайн доьхна
хила,
Тарлуш ду, ойланаш хила хьан,
Шийлачу къастарал шийла а;
Йовха а – лазамо къийлина..
Делахь а, ас ч1агдо,
ч1аг1дийр ду даим а:
Дуьнен чу кхоьллинчо
Хьо елха кхоьллина,
хьо елха кхоьллина,
хьо елха коьллина..

Йоьлуш а гур ю хьо-м,
екхачу стигланах терра, -
Хьан даго лоькхур ю угаре самукъне эшарш,
Делахь а хир яц хьо таханчул хаза-м,
Таханчул дог дузуш хир дац хьан хьажар,
Хир бац хьан б1аьргаш чохь сан деган лазам..
Цундела ч1аг1дина,
Ч1аг1дийр ду, ч1аг1до ас
даим:
Дахарна кхоьллинчо
Хьо елха кхоьллина,
хьо елха кхоьллина,
хьо елха кхоьллина..

Хьажал хьо, ло оьгу,
Б1аьстенах хьаьгначу лаьтта,
Даго мел сатийсарх,
денош а цхьа шийла лаьтта.
Хетарехь, 1алам а хьан даге хьаьжна,
Хьан синан лазаме, ойлане хьаьжна,
Елхаро хазбинчу б1аьргаш чу хьаьжна..
Ас муха бакъдийр дац,
Ч1аг1деш дерг 1аламо ша а:
Хазалла кхоьллинчо
Хьо елха кхоьллина,
хьо елха кхоьллина,
хьо елха кхоьллина..


-----
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.02.2008, 12:13   #29
 
Аватар для Lara
Т1ЕМАН Г1АЛА

Х1ара г1ала – ц1енойн лазартне…
Х1ара г1ала – диттийн лазартне…
Дегнийн, синойн беркъан лазартне…
Некъаш уьду, къаххашкахь хьулдала
Г1ерташ, чевнийн даь1наш хьулдан шайн.
Ц1енойн тезет, ц1енойн кешнийн баьрзнаш,
Херцарш, херцарш – заь1ап г1ала сан.
Дитташ, къа ца хеташ, т1амо кхаьдда,
Къиза детташ шеен 1ожаллин ка.
Стигал маьлхехь къаьгча, моьтту, ю шайх кхаьрдаш.
Х1ара г1ала – хьан са лоцу хорам…
Х1ара-м йовза а ца йовза тарлора,
Дагалаца х1ума доцучунна.
Амма б1аьргаш баьхна ц1енойн кораш
Даг чу хьоьжу, б1аьргаш б1аьрзечунна а.
Урамаша ойла юьгу, д1а-схьа
Ийзош, шеций-шеций бохуш, д1а.
Озабаларх тигац хада хьаса,
Буозабелларг кхарех маццах цкъа.
Ойла сецча а, даго воьху д1а.
Эх1, сатийсам…Дагалецам. Безам!
Уьш ца хедий къизалло а т1еман,
1ожалло а – вешин, доттаг1ийн…
Маржа дуьне! И хила а мега-кх,
Хьо латточу Делан бахьнийн ницкъ…
1998
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.02.2008, 12:15   #30
 
Аватар для Lara
Когда лампы все погасишь ты,
Поняв, что обманута судьбой.
Дни пусты и ночи все пусты,
Только одиночество с тобой.
Поклянешься ты тогда себе
Прогонять и мысли обо мне.
И не верить больше никогда
Ожиданиям и в яви и во сне...........
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Чечня и чеченцы глазами иностранцев и чеченцев Ars Наша История 95 12.11.2008 14:37
Зелимхан Абдумуслимович Яндарбиев Desko Персоналии 94 17.10.2008 17:37
Абрек Зелимхан Харачоевский L.A. Персоналии 60 10.10.2008 23:59
Норд-Ост. Запрещенный Фильм к показу в России! Samanta Архив 214 04.05.2007 14:29
Основные Даты по Истории Чеченского Народа Albert Архив 7 20.04.2007 19:28



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.