Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 10.02.2008, 17:09   #11
 
Аватар для Illanch
Зелимхан Яндарбиев

Цитата:
Сообщение от ~Lara~ Посмотреть сообщение
ГIАЗОТАН НАЗМА

ГIазотан декъах хьаггал ца кхиъначу дегнех къахета,
ГIазотийн тезетахь уьш лаьтташ гича, ца кхета.
ГIазотах къехка воΙ кхиъначу дех а къахета,
ГIазотехь воьжначу кΙантана йоьлхучу ненах а хета,
Къахета, къахета, къинхетам белахь, я Дела.
Х1ун дуьне диъна цо, х1ун эхарт даьккхина шена?
Барт хотту де лаьтта маь1аргон кирхьанна т1ехьа.
Г1азотехь воьжначу к1анте ца кхаьчначу Дега,
Нене а, х1ун ала деза, ца кхета, я Дела:
Х1ун аьлла, кадам бан беза, ца кхета.

Дог1маш-м д1алелар ду, цу Делан йозане хьоьжуш,
Синош а лелар ду, шаьш дог1мех дохун де лоьруш,
Декъазчу дуьненах даккхийдеш, эхартах коьруш…
Маьхьшаран майданахь шен кхелан жайна схьаоьцуш,
Аьрру нисбеллачух къахетаъ кхоьру, я Дела!
Г1азотан декъах хьаггал ца кхиъначу дегнех къахета,
Г1азоте ваххал во1 кхиаза даьхначу дех-ненах хета,
Шен вешин г1азотан декъе ца кхаьчначу вешех къахета,
Шен вешин г1азотан декъах ца кхиъначу йишех къахета…
Къахета, къахета… къинхетам белахь, я Дела!
Декъаза дакъа ду, кхаьчнарг кху дуьненахь цаьрга,
Декъаза дакъа ду, эхартахь сатуьссург цаьрга.
Декъаза йорт етташ, декъазчу дуьненахь лелла,
Декъазчу синошца декъаза ойланаш миелла,
Бог1учу царех хьайн къинхетам белахь, я Дела!
Песнь о Джихаде

Я жалею сердцА, не созревшие так,
Чтоб завидовать доле Джихада.
Как увижу на тризне шахидов зевак,
Зарождается в сердце досада.
Я жалею отца, у которого сын
Путь Джихада вовсю избегает.
Я жалею и мать в ореоле седин,
Что над телом шахида рыдает…
Я жалею, жалею, Ты смилуйся хоть
Надо мною за это, Господь!

Не познав этот мир, он сорвётся в другой!
Только что его там ожидает?
Судный день, притаившись за нашей спиной,
Занавеску мгновенья качает…
Что скажу я отцу, не понявшему прок
Славной участи сына-шахида?
Как не хочет понять этой матери рок
Всё значение райского вида!
Соболезнуя им, как я выскажу боль,
Где у слов непонятная роль?

И телА будут бренную землю топтать
До скрижалей Творца с письменами,
Свиток считанных дней будут души читать
До фатальной разлуки с телами,
В этом мире несчастном весельем звеня,
А в Загробном – пугаясь и мига…
Грянет час – и на площади Судного дня
Вручена будет каждому Книга,
Но того, кто её только слева возьмёт,
Как жалеть? Ведь Господь не поймёт!

Я жалею сердцА, не созревшие так,
Чтоб завидовать доле Джихада.
Если нет у родителей – жаль бедолаг –
Для Джихада подросшего чада…
Жаль мне брата, кто брата Джихад не постиг,
И не принял родимого брата…
Жаль сестры, не понявшей в ответственный миг,
Что и брат её – воин Джихада…
Я жалею, жалею, Ты смилуйся хоть
Надо мною за это, Господь!

Несчастную долю они получили на свете,
Несчастья и беды и в Истинном мире их ждут!
Несчастья влачат они вечно на грешной планете,
Несчастные души их мысли несчастные пьют…
Господь, их помилуй! К Тебе эти толпы бредут…


(перевёл с чеченского Билал Алканов)

газета «КАВКАЗСКИЙ ВЕСТНИК», №61 от 2 июля 2003 года
__________________
Причина причин, в конце концов, в начале начал...
Illanch вне форума   Ответить с цитированием
Старый 10.02.2008, 23:29   #12
 
Аватар для Lara
Ма доха, кийрара дилхан дог,
Ма делха, кийрара дилхан дог,
Дуьненан г1айг1а ю, алий,
Дуьненан бала бу, алий.
Шенначул, бала бу х1ара,
Шенначул, г1айг1а ю х1ара.
Пондаро лоькхур ю эшарш,
Некъаша лоькхур ду мехаш,
Дахаро лоькхур бу пекъарш,
Замано са даьхьна леларш.
Дуьненан десаллех кхеттарш,
Дуьненна буьйлур бу 1еса.
Ца доьлхург, ма г1ерта делхон,
Ца доьлург, ма г1ерта делон,
Зама ю, дайделларг пелхьош,
Кхардамна еш коган к1ело.
Кхетар вац цадиънарг, даъалц,
Да волуш, дуьне дуй х1ара.

Я-я, Аллах1! – мохь тоха цуьнга.
Я-я, Аллах1! – лерг дог1а цуьнга.
Я-я, Аллах1! – дог дог1а цуьнга.
Я-я, Аллах1 ! – са дог1а цуьнга,
Дуьненан Да волучуьнга,
Эхартан Да волучуьнга.
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 10.02.2008, 23:29   #13
 
Аватар для Lara
СИНГАТТАМ

Меллаша г1ушлакхе баьлла,
Тийна 1а, таь1на 1а малх.
Нохчийчоь, хьо йоцчу ваьлча,
Ма г1ийла хетта-кха нах.
Х1орда т1ехь кхозий, малх, боьдий,
Г1аьттинаъ валале хьо,
Карабо, д1абуза боьдуш,
Дерриг де шеца д1ахьош.
Нохчийчоь, суна ма гина
Хьан 1уьйре, хьан делкъе, де.
Суьйре а, буьйсаъ ларйина…
Ткъа кхузахь-м дац буьйсаъ, деъ…
Хан кхузахь – ерриг цхьа зама,
Х1орд санна, цхьатерра д1а…
Нах бу, комаьрша, балл тамаш,
Амма мохк - дог доцуш цхьа .
Гой хьуна, дош аьлла валале,
Делкъе а схьах1оьтти т1е.
Нохчийчоь, сайн деган баланех
Хьоьга кхин дуьйцур дуй те?..
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 10.02.2008, 23:30   #14
 
Аватар для Lara
1.

Ас дуйнаш буур бац, сайн безам бийца, -
Хьо хьуо сох тешар ю, дахарца зийча:
Со хьуна вина ву – вахар я кхалхар
Хьан дуьхьа хир ду сан, долчул а хьалха.
Хьан тешам – сан ирс ду, ткъа бехк хьан – валар,
Иэхь ларац – суждане хьуна суо вахар:
Сийлалле кхочур ву, я довр ду доь –
Шоззе а хьуна ду, сан Нохчийчоь!
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 10.02.2008, 23:31   #15
 
Аватар для Lara
2.

Ткъа нагахь некъ хала нисбелла вайн,
Дуьненан халонийн мохь базлахь хьайн,
Ненечух цхьа дехар хир ду сан хьоь –
Къинт1ера ялалахь, сан Нохчийчоь.
Къинт1ера ялалахь, сан ойланашна,
Нагахь ца нисйеллехь хьайн г1айг1анашца,
Къинт1ера ялалахь сан къайленашна,
Ястанза йисинчу сан байтийн дашлахь,
Сатесна йисинчу сан 1уьйренашна,
Г1айг1анехь йисинчу сан суьйренашна,
Кхевдинче ца кхочуш, дисначу дагна,
Кхайккхийнче ца кхочуш, дисначу дашна,
Къинт1ера ялалахь, дерриг сайн дог
Д1аделчаъ, хьайга ца кхачарна со.
Къинт1ера ялалахь, ас доьху хьоь,
Т1аьххьара, весет деш, х1ай Нохчийчоь:
Ас Деле йехна ма-хиллара хьуо,
Нохчийчоь, Цуьнга ахь вехалахь со…
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 10.02.2008, 23:34   #16
 
Аватар для Lara
Т1аьххьара лайн к1айдарг ешна д1аелира,
Малхана барт кхийдош,зезаг схьакъедира,
Зазаша детица бошмаш а кхелира,-
Ткъа соьга"ца веза" ахь муха элира?

Ц1еххьана стигалахь х1иттинчу мархаша
Бода т1ететтира сирлачу малхана.
Мархаша-м,даррехь гуш,йочана йохьура,-
Сан безам д1ататта хьо муха яьхьира?

Дуьне а 1ададеш,ц1еран шед кхерстира-
Стигал а,латта а ц1еххьана лестира....
Хьоьца бен ирс ца гуш,ас сайнна къестинарг
Алахьа,хьо йоцуш со муха мегира?......



Со муха мегар ю....,хьо муха мегар ву......?.....
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 10.02.2008, 23:34   #17
 
Аватар для Lara
НАНИНА

Нана а д1аяха, д1аяха... яц кхин…
Цо к1ентан амалийн дуьрста а яцйин,
Цо к1ентан 1уьйренаш, суьйренаш макхйин,
Дог-ойла дахаран дезаршна якхйин.
Малх кхолий стигалахь, мархашла хьарчош,
Бутт леци, кхиале г1ушлакхе кхача,
Дохк даржош кхетаме, бодане карчош,
Ойланийн бос бахьий, б1аьрг кхолий, лаца
Т1ам боцуш, йист йоцчу т1урненен пана
Д1акарчий кхоллам а, эрначу ара –
Да воцуш хьаста, я г1олаца воцуш
Ваша а, догъэца йиша а йоцуш,
Т1етовжа доттаг1 а, езар а йоцуш,
Хьаштдоцуш мостаг1чун кхардамах лардан,
Ц1ийн ц1ергахь датта хьайн дог, аьлча санна,
Къахетарг ца карош, дисина буобер
Кху лаьттахь тахана карор дац – со бен…

2.

Х1умма а ца хилча санна, церг къежош,
Б1аьрнег1ар ца тухуш, х1инццалцчул сов,
1уьйренийн, суьйренийн болар ца иэшош,
Ма атта лай ахьа, дуьне, сан чов.
Со шуьне хийшина дезарийн уьйраш,
Кханене сатийса ийинарш со –
Марздала доьллачохь, хадийна туьйра,
Чам кхета боьллачохь, дохийна пхьор.
Ма к1езга хиллера, 1ехийнарш ойла,
Ма к1езга хиллера, г1иттийнарш дог…
Ган лаахь, ду хьуна – леча, т1ам бойна,
Мостаг1чун дог 1абон – декъаза буо.
Делалахь, кхардалахь, дог доцу дуьне,
Дуьххьаран, т1аьххьаран вацахь а – со
Хилла ца хиларна х1ара лан гуьнахь,
Леларна х1инццалц, хьайх 1ехалуш дог.

3.

Да д1аваларх, нана мел ю – дог ду меттахь,
Нана елча – дуьне, духий, даг чу кхета.
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 10.02.2008, 23:35   #18
Цитата:
Гой хьуна, дош аьлла валале,
Делкъе а схьах1оьтти т1е.
Нохчийчоь, сайн деган баланех
Хьоьга кхин дуьйцур дуй те?..
Аллах1у акбар!................
__________________
Оторвитесь от бренной земли,от етой дешевой суеты,дешевых ценностей,никчемных мечтаний,ложных побед---все ето пыль,значение имеют только шагат1
улгаш,поверьте мне)))))))ну,и кокс для мирового пролетариата,и тепло лунного света ,конечно-же,тоже!(c)
Tarha вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.02.2008, 12:05   #19
 
Аватар для Lara
Тховса кхин цкъа а кхийти-кх со
Вайн дахар, барам боцуш, хаза хиларх.
И суна дийцира, аганара схьа белкъежначу,
б1аьргаша.
Дахарх байташ ца язйо ас тховса:
Мел хаза, мел говза хиларх сан ойза,
Хира дац цу беран б1аьргашка кхочуш..
1990.
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.02.2008, 12:05   #20
 
Аватар для Lara
Аш ма баха соьга, ирс ду дахар,
Аш ма баха, дахар хаза ду..
Ас а мела цуьнан мерза чаг1ар,
Ойла 1ехаяллал, дог г1аддаххал,
Сан иллеш а оцу ирсах ду.

Аш ма баха, бала бу вайн дахар,
Ма баха, и къиза 1азап ду..
Валар ирс а хеташ, дезна ваха,
Ирс хетташехь валар, дезна ваха, -
Оцу ирсах а сан иллеш ду.
1990.
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Чечня и чеченцы глазами иностранцев и чеченцев Ars Наша История 95 12.11.2008 14:37
Зелимхан Абдумуслимович Яндарбиев Desko Персоналии 94 17.10.2008 17:37
Абрек Зелимхан Харачоевский L.A. Персоналии 60 10.10.2008 23:59
Норд-Ост. Запрещенный Фильм к показу в России! Samanta Архив 214 04.05.2007 14:29
Основные Даты по Истории Чеченского Народа Albert Архив 7 20.04.2007 19:28



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.