Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 06.09.2008, 23:24   #151
 
Аватар для Dodam
Дахкарх хьерчаш йог1у х1ора 1уьйре,
Шийла хьацар детташ стигланна.
Ахь юха а, цатам даг чохь къуьйлуш,
Тешаво со дахарх, диканах..


Йочанийн ткъаршлахь текха денош,
Шийла доь1у дитташа а са.
Х1инций-х1инций бохуш, дог а сецош,
Г1алаташ ахь лайна хийла сан..


Суьйренаша хьоьхуш шийла хорша,
Ойланаша хьоьхуш бохамаш,
Ваьхна со, хьан тешамо дог дохдеш,
Цуо ларвина хийла бохамах..


Зама уьду, акха эмалк хилла,
Наггахь текха, ц1ийзаш, дууш са...
Амма доьху, цкъа а дог ма дилла
Кханалерчу дийнан диканах..


Буьйса еъча, дарцехь барзах уг1уш,
Хьайн ойланна б1агор хьийзабеш,
Не1 д1акъовларх айхьа, дог1а тухуш,
Хила-кх со кхочур вуй диц ца деш...
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 04.10.2008, 23:23   #152
 
Аватар для Lara
Гуьйрено юха а г1аш 1енадо,
1енадо стиглан б1аьрхиш,
Йоьдучу аьхкенах дог хьегадо,
Хьегабо б1аьргаш.


Хьайн даг чохь къуьйлу и хиллачийн мохь-
Хиллачу дезарийн чам,
Д1атаса,д1атаса хьажалахь хьо,-
Дог до цуо гам.


Ма хьежа,ма хьежа дахкарх чекх соьга,
Дог1анна даржаде четар.
И диттийн можа г1аш,ма мотта ,оьгу
Шайн кхиэл ирс хеташ........
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 04.10.2008, 23:39   #153
 
Аватар для Lara
Сан ойла тахана ц1ийзачу вордана хиъна;
Сан ойла тахана,мецачу ж1аьлица бертахь,
Шийлачу буьна чу,кхоьлинчу б1аьргашца йижна;
Сан ойла тахана,олхазар санна топ кхетта,

Т1ам тоха де доцуш,т1улг хилла йоьжна ю льтта;
Сан ойла тахана да санна-шен беран тезетахь лаьтта,
Елха лууш ю,доггаха,цхьанна а ца гучче яьлла,-
Тахана сан ойла къонахийн б1аьрхих ца кхаьрда.......
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 04.10.2008, 23:53   #154
 
Аватар для Lara
Стиглара,богуш,бужучу седанна к1ел куьйгаш
кховдийний ахь
цкъа а,иза лацалур бу,моттаделла?..
Сурта т1ерачу зезагех 1ехавеллий хьо цкъа а,
и дийна ду а моьттина?
Цкъа а,1уьйрено хьайн г1ан хадийчи,
и юха ган дагахь,б1аьргаш т1ехьаббиний ахь?.....
Ца хьаббина,
ца 1ехийна,
ца лаьцна?
Делахь хьо декъаза ваьхна,
Хьо къона ца хилла цкъа а....
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый Вчера, 00:34   #155
 
Аватар для Lara
Ишколехь.

Со-м сагатдан вог1у х1инца кхуза,
Хаза зевне сайн бераллин аз.

Ойла сихлой,ирсан г1енех вуза,
Синтем боцуш,б1аьрг кхерстабо ас.

Амма уьйт1ахь ловзуш лела бераш
Суна-м довзац,вовзац царна со.
Доттаг1ий а,кхайкхарх ,йохуш ц1ераш,
Мел лехарх а,цхьаъ ца караво
.

Класс а тхайниг ч1ог1а хийцаелла,
(Тхан яц,тахна кхин бу цуьнан дай),
Делахь тигац суна-м йицъяла,
Доьза ярах кхузара лар сайн.

Волуш санна со а деша веъна.
Сайн метта д1а охьахиъча со,
Хьехархо го,сецна лаьтташ не1арехь,
Кхета г1ерташ ас х1ун леладо.

Хьалаг1оттий,со-м д1а ара волу,
Делакъежаш хьоьжу берийн сур.
Цхьа а кхетош дош а ас ца олу;
Заманца уьш шаьш а кхетар бу.


Учахь соьцу,г1ерташ дагалаца
Кхин а,кхин а-хилларш мацах цкъа.
Дерриге а-м тахна дагадаг1ац,
Амма дика дагадог1у цхьаъ:

Дагадог1у,нанас куьг а лаьцна,
Кху тхов к1ела со валийна де.
Велакъежна,сан коьртах куьг хьаькхна,
Хьехархочо хаор парти т1е.

Дагадог1у дуьххьар хьаькхна сиз а,
Дуьххьар соне х1оттавар а со.
Дагадог1у дуьххьарлера шиъ а,
Дуьххьарлера пхиъ а диц ца ло.

Х1етахь болабелла некъ сан,хьовззош,
Юха кхуза кхачий дахаро.
Иштта хала ду-те х1инца вовза,
Иштта хийцавелла техьа со?


Хоьтту ас и,ца кхеташ,айс-сайга,
Гонах хьоьжу,карон г1ерташ жоп.
Ницкъ кхаьчна-те хенан сан лар яйа,
Вицвелла-те кху пенашна со?


Амма собар!Мила ву д1о вог1ург?
Цуьнан юьхь т1аьхь-м хазахетар го.
Марша ва хьо,хьенех вац и,бохуш,
Велакъежаш,маракъовлу цо.

Хьажал,воккха стаг ма хилла кхунаха-м!...
Воьлу иза,цуьнна воьлу со.
Вевза дера,вевза дера суна-м
Дуьххьарлера и сайн хьехархо.

Хьоьжу иза:дийцал жима къонах,
Х1ун леладо,муха веха хьо?
Шу-м тхо долчу дукха к1езга дог1ий...
Олий,белш т1е дай куьг туху цо.

Х1ун ду хилларг?Чоь цхьа серлайолу,
Хьаьжча санна малх кораха чу.
Со мел г1ертарх,багах дош-м ца долу,
Маржа-я1,ткъа дийца-м шортта ду.


Мой любимый стих,у Зелемхи........

Лаьтта,дуьххьар санна,цунна хьалха,
Коьртехь хьийза:виц ца велла со!
Хан-зама а эшайо-кха наха,
Дика мел дерг ц1ена лар а до.

Со-м сагатдан веъна вара кхуза,
Ткъа дог доьлуш,доккхадедаш ду.
Дуьххьар санна,ма хаза ду-кх кхузахь
Дерриг,къаьсташ санна хьоме ду.
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Чечня и чеченцы глазами иностранцев и чеченцев Ars Наша История 95 12.11.2008 14:37
Зелимхан Абдумуслимович Яндарбиев Desko Персоналии 94 17.10.2008 17:37
Абрек Зелимхан Харачоевский L.A. Персоналии 60 10.10.2008 23:59
Норд-Ост. Запрещенный Фильм к показу в России! Samanta Архив 214 04.05.2007 14:29
Основные Даты по Истории Чеченского Народа Albert Архив 7 20.04.2007 19:28



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.