Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 06.03.2008, 12:58   #101
 
Аватар для Lara



Нохчийчоь,
Шаьлтанан дитт хилла летта хьох дахар,
Тоьпан бирг1анах хьежна хьоь дахар!-
Х1етте,сан ирсана йисна хьо яха,
Со теша:сан дуьхьа йисна хьо яха......
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 06.03.2008, 21:24   #102
 
Аватар для TurpalNaj
Цитата:
Сообщение от ~Lara~ Посмотреть сообщение

НОХЧИЙЧОЬ,
САН СИРЛА СЕДА.....



Байчу мохо ийдеш т1ома,
Хьоьстуш малхо,беттасино,
Кхуьуш зезаг суна гина,
Нохчийчоь,хьан арахь,ломахь.

Гена махкахь лелаш хиларх,
Сан даг чохь и даим хилла:
Сагатделча-хьоьжуш г1ийла,
Деладелла-векхна хилча.

Шарал дахлуш доца денош,
Дагах лестарх шийла шело,
Цо ницкъ лора ларбан тешам,
Нохчийчоь,сан деган безам.

Хан т1екхаьчча-къаста дезаш,
Чаккхе декъал еш сайн некъаш,
Ган лаьар-кха и хьан зезаг,
Нохчийчоь,сан сирла седа....
Лара, цхьан хазачу б1аьстенца, Ломан юртахь, гу т1е ялла хьостийла ахь и зезаг...
нагахь санна хьуна накъостал эшахь со йог1ур ю... хьо санна хаз йо1 накъост воцуш юьсур алла хеташа-м яц со
Аллах1 дахарехь массо некъан чаккхе декъал йойла хьан

ма дог 1овжо сан и зезаг дага мел деъа
TurpalNaj вне форума   Ответить с цитированием
Старый 06.03.2008, 21:39   #103
 
Аватар для Lara
Цитата:
Сообщение от TurpalNaj Посмотреть сообщение
Лара, цхьан хазачу б1аьстенца, Ломан юртахь, гу т1е ялла хьостийла ахь и зезаг...
нагахь санна хьуна накъостал эшахь со йог1ур ю... хьо санна хаз йо1 накъост воцуш юьсур алла хеташа-м яц со
Аллах1 дахарехь массо некъан чаккхе декъал йойла хьан

ма дог 1овжо сан и зезаг дага мел деъа
Эх1 давис цуьнна)))Со санна йолчу хазч йо1и накъости ба-м бу,но хьо еач хаза хетар ду суна)
Суна ч1ог1а хаза хета и байт!
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 06.03.2008, 21:46   #104
 
Аватар для Lara
Тийначу буьйсанан бода
Г1айг1анна хуьлу сов т1ера.
Ларамза са буйна додахь,
Хьостур вац кеста синтемо.

Гуьйренан г1а т1ехь г1ов санна,
Лацалуш шеконан пардо,
Д1аяьлла карор ю марзо,
Г1иртинчийн хьо ц1ена лардан.

Б1аьргаш а боьлхур бац,дог а
Лозур дац,богур бац кийра,
Дуьххьал-д1а к1ордор ву доттаг1,
Езнарг а хетар ю хийра........
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 07.03.2008, 01:51   #105
 
Аватар для Arzo
Зелимхан Яндарбиев
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
Arzo вне форума   Ответить с цитированием
Старый 09.03.2008, 16:22   #106
 
Аватар для TurpalNaj
Яндарби Зелимха




Нана

Цхьацца стигал - шина б1аьргахь,
Екхна, сийна, сирла,
Шина стиглахь цхьацца малх а
Суна хьоьгахь гина...
Цаьрца декхаш, цаьрца кхоьлуш,
Гина х1ара дуьне.
Тахана а цаьрца хьоьжу
И соь,
Амма т1уьна...


***


Сан пачхье ю - нана еха х1усам,
Дай баьхначу юьртахь жима ц1а.
Дуьненах со къастахь къаьста цунах,
Дег1ах къастахь цунах къаьста са...
Сан пачхьенан малх бу ненан хьажар,
Б1аьра хьаьжна сирла елакъажар.
Сан пачхьене боьдуш цхьа некъ бу,
Цунах кхеташ - б1е эзара кхин,
Цаьрца х1оранца со лелла ву,
Х1орана а бу сан ирсан цинц.
Сан пачхье ю - нана еха х1усам,
Ирсе боьду некъ а цу т1е бу...
__________________
Дохко ма довлийла-кх вай ...
TurpalNaj вне форума   Ответить с цитированием
Старый 10.03.2008, 12:38   #107
 
Аватар для Lara
* * *

Кху дуьненан ойла йича,
Цу Эхартан ойла йича,
Са гатделча, дог дуткъделча,
Дуьне ма-дду, волавелча,
Карон ярий, йолуш хилча,
Хьо саннарг кхин, Нохчийчоь сан.
Амма, мел ас ойлаярх а,
Дуьне, эхарт лехарх дагна,
Сахьийзарх сан, дог къийларх а,
Дуьне ма-дду ас кхийлларх а,
Карош яц-кха, карон йоцург,
Нохчийчоь сан, хьо цхьаъ йоцург.
Некъаш уьду, некъахь хеда,
Анайисте кхача хьедаш,
Лаьмнаш, 1аннаш, шера аре,
Маьлхан стиглахь - сийна дари,
Юьйцуш маукъне хезар ярий,
Йолуш хилча кхин, хьох тера.
Кху дуьненах йина ойла,
Дуьне дуьзна, 1ена яьлча,
Цу эхартах йина ойла,
Дуьне дисар хьеха яьлча,
Хеда яьлча, хьег1а яьлча,
Хьо бен йисац, дагна маьрша.
Нохчийчоь сан, чоь-ц1а оьзда,
Безам балхош вац со хьоьга,
Ойла юьйцуш вац со хьоьга,
Дийца ницкъ а бац уьш соьгахь:
Г1ерташ ву, сайн ойлаян,
Кху дуьненан маь1на дан.


2001.09.12
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 10.03.2008, 19:19   #108
Из-за глаз твоих, что глядят вослед,
Из глубин души — поднялся рассвет,
Над березами — золотой рассвет.


Ворон-ветер спит, и дожди ушли,
Только солнца свет над травой земли,
Над травой любви, над тропой земли.


Будет этот свет длиться целый век.
Я пойду, смеясь,— глупый человек! —
Из-за глаз твоих — глупый человек.


Из-за глаз твоих, что глядят, грозя:
«Милый, нужно петь, а грустить нельзя!»
Из-за глаз твоих — умереть нельзя.
so jar isam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.03.2008, 23:25   #109
 
Аватар для Lara
Гуьйренан буйса ю шийла,
Къаьстина-йочане еънарг.......
Къастаран ша бижча кийра,
Кегадеш цкъа мацах хьегнарш,
Вохвала г1ертар ду эрна,
Цунна а ю ойла къера.....

Делахь а,йиш хилча х1инца,
Мел дина г1алаташ нисдан,
хьан дагна йина чов йицъян.......
Ма хетта,доьху,х1ун нисло,
Тахане селхенах хийцарх?.....
....
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.03.2008, 23:35   #110
 
Аватар для Lara
Безам стаг вазвина 1ахьра-м
Х1ума ма дацара.
Хала а дацара,
Иза стаг хазвина 1ахьара-м,
Ткъа х1ун да деза,цо б1арзвича,
Сирла де буьйсанал 1арждича,
Моз хетта мерза-
Дуьне а цо стимал къахьдича,
Сел доккха дуьне а гатдича,
Ва х1ун дан деза?
__________________
Я - лучшая. Кто против - для тех существует путь в обход.
Lara вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Чечня и чеченцы глазами иностранцев и чеченцев Ars Наша История 95 12.11.2008 14:37
Зелимхан Абдумуслимович Яндарбиев Desko Персоналии 94 17.10.2008 17:37
Абрек Зелимхан Харачоевский L.A. Персоналии 60 10.10.2008 23:59
Норд-Ост. Запрещенный Фильм к показу в России! Samanta Архив 214 04.05.2007 14:29
Основные Даты по Истории Чеченского Народа Albert Архив 7 20.04.2007 19:28



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.