![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #1 |
| Салам-Маршалла ду шуьга накъостий! Таханлера нохчийн поэзин васт кхуллучу поэташах цхьаъ ву Абдулаев Леча. 2005 шарахь араяьллачу «Нохчийчоь, сан Нохчийчоь» цIе йолчу цуьнан гуларан дешхьалхе НОХЧИЙЧОЬ СУНА ЛЕЗНА, аьлла ю. Цу дешхьалхенан цхьа дакъа иштта ду: Мохк ларар кхерч ларар дуй хуучаьрца йина ас сайн ойланаш. Дуьненах ойла мел йозу, Дала тоьхна доза ца дохош, суна сийлахь хир ду нохчийн дош, нохчийн кхерчан чхараш. Ца хуьлчу даьлча боху ойла а хуьлу. Ца хуьлчу даьлча, догдуьллу. Догдиллар дуьненан хьесапаш дар ду: кхерч-мохк а, воI-къам а. Ткъа хIетталц сан деза а, лара а хIума ду, цундела ду сан ДегIаста, Нана-Нохчийчоь олучохь гуттар а деза-дезна мета лаза-лезна. И синхаам бевзачу дегнашна хьаша хила там бу сан могIанаш. Цуьнан байташ ешча хаало и дешнаш эрна аьлла доций. БIаьргашна гинадерг ца гина техьа?*** Лергашна хезнадерг ца хезна техьа? ХIумма а ца хила, боху соь, дехьа. ХIумма а ца дисна, боху соь,сехьа. Уьншаре заманах сахьт а ца догIу. Дуьненан хьакхлагIех* тIулг а ца богIу. «Къоначу» миллатан** векална – суна, Дуьнено шерет деш, дакъа ца догIу. Историн юкъарчу кхетаман декъехь Сан ойла цхьалха ю, тевжийла йоцуш, Коьрта кIел иэс доцуш, пана ду хьекъал. ХIу доцуш, асар а дала йиш йоцчу Кху лаьттахь хIу доцуш ваьлла ву пекъар. «Къоначу» миллатан векална – суна Дехкина дозанаш, хIиттийна керташ. ДIаекъа! Есалла юьту ас шуна. Эрна ду заманна керташ ян гIертар-м. Адаман*** хIу тIера вогIуш ца хилча, Маймалах ваьлла а ваьлла ца хилча, Дуьненан «верасаш», схьадийца суна: Муьлхачо дIавийна ваьлла ву Леча?.. «Ахарна», «арарна», шайн ял дIаэца! ________2002 шо ***Херцарш. ***Тукхам, къам. ***Адам-пайхамар (I.С).
__________________ Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь, МостагIех цIанъелла хьо хьанна гур ю те? | |
| | |
| | #2 |
Хьан йи хьо, Нохчийчоь,*** Хьуна дай хIитта, Хьо оьшурш, цаоьшурш Бохуш, нах литта? Мила ю хьан нана, Мила ву да а? Мила ву, хьо екъна, Кхаьчна верг дакъа? Мила ву гергара, Мила ву хийра? Мила ву каш хьарам Хьан лаьттан кийрахь? Мила ву юкъархо, Хьуна тIевало? Муьлш бу и устазаш, Хьо еза Iамо? Мила ву уьш эшнарг, Хьан сих са дага? Мила ву уьш лехнарг, Хьан сих са къага? Милла а ву, амма вац Шарипан Леча. Цхьа а вац цунна дарс Хьеха я эца. Суна ца эшна хьан Дозаллийн дареш. Сан дог ов хилла хьан Эшамийн, дарийн. Суна хьо, Нохчийчоь, Еза ца езна, Эша а ца эшна – Суна хьо лезна! 1998 шо
__________________ Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь, МостагIех цIанъелла хьо хьанна гур ю те? | |
| | |
| | #3 |
Доладан мостагIа воцуш,*** Ма байлахь йиси хьо, Нохчийчоь!.. Къилбехьа ерзор а доцуш, ТIехь йоккхуш Делан цIе йоцуш, ГIурбанна, мархина доцуш, Къиэ леш ю, къиэ юьйш ю Нохчийчоь. Когаш тIехь лаьттачохь тIера, Каетташ, дилхаш схьадохуш, Хьо дийна йоллушехь юурш Махьарна муьлш бу хьан, Нохчийчоь?! Турпалша туьран ка хьоькхуш, Мехкарша тийжамца ялхош, Наноша доIица йоьхуш, ХIонсанна хьуо йоккхуш юйла Хаьарий, моьттурий хьуна, МостагIа доллара ваьлла, Да воцуш йисна сан Нохчийчоь?! 04.98 шо
__________________ Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь, МостагIех цIанъелла хьо хьанна гур ю те? | |
| | |
| | #4 | |
| Цитата:
Дела реза хуьлийла хьуна х1ара тема йиллина.. Иза ахьа хьахийна стихийн гулар сан йолуш ю, амма аса к1езиг тидам бина цуьнан.. Дала мукъ лахь, хьуна г1о деш х1инца кху чу-м йохур ю аса Лечин байташ..) ![]()
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | ||
| | |
| | #5 |
| Гур ду вай, гур ду... Ткъа х1инца хилларш ма дийца. Ахь лайнарш балица, ц1ийца Ас кху сайн яь1ни т1е ийци... Гур ду вай, гур ду... Кхачор бу дуьненан хьовзам, Чекхдевлла, долчун хьакъ довззал, Хетарийн, моттарийн ловзарш.... Гур ду вай, гур ду... Вай вовшийн эшо я толо, Кхин некъ ца бисинчохь боло, Цадевзарш санна, т1ехдовла, Гур ду вай, гур ду... И хир ду самах я г1енах: Дуй кхийларх дуьнене Делах, Вайн кхиа х1ума доцччу хенахь... Гур ду вай... Гур ду...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #6 |
| Сан белшаш-м турпал ца хин яй, Устазийн хьекъал-м ца хин дай, Амма цу мукъамехь индойн Дог ду сан шун къинна доьлхуш. Бераллехь ас йохайина Ненан наб ю суна йоькхуш Сайн даго: набарна тийна Минот яц цо соьца йоькъуш. Бер санна, и самадуьйлу. Наб цунна ма хьарам хилла-кх! И 1ехо - ца хаьа туьйра, Я дижо - аганан илли...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #7 |
| И кхин дуьне хуьлу техьа, Кхин стаг хуьлу техьа хьо?.. Иза цхьанхьа генна дехьа Дуьсу, вуьсу сехьахь хьо. Гатло т1аккха кийра готта, Дагна хала хорам бо. Шийла хуьлу вижна мотт а, Маьлхан бода корехь го. Вижа лууш воцчу хьуна Г1ан-набаро ишттачу Дуьне къахьдо, воккхий шунах - Кху вахарца вицлучу. Самах цкъа а гина доцург, Самах цкъа а хуун доцург, Самах цкъа а карон доцург Карош доцчу вуьгу хьо. Самавалар, валар санна, Хьан доьхьало йоцуш ян, Велларг дийначарах санна, Г1енах воккхуш, кхочу т1е. Т1аьххьарлера дегайовхо, Т1аьххьарлера т1аьхьало Санна, ларъеш, г1енан йовхо Ахь г1айби к1ел д1ахьулйо... 1989 шо
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #8 |
| 1илманна гергахь, 1индаг1ан маь1на даккхалур ду. Амма суна ца тоьа 1индаг1ехь 1индаг1 бен цагар. Суна, и адман делахь, адман б1аьргаш ган лаьа; ц1ийнан делахь - цу ц1ийнан кораш. 1илманан тоьшаллаш к1езга ду, 1индаг1ан цхьа бос бен х1унда бац бохучух со кхето. Тешо-м - х1етте а. Суна 1индаг1ехь беснаш ган лаьа, суна ган лаь сийна б1аьргаш долчу йоь1ан сийна б1аьргаш... 1999 шо
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #9 |
| Буьйсий бен, суна х1ун дисна! Амма и а цхьа юхъхьайолу: Сан цигахь цхьаъ дисча санна, 1уьйренна сихлой, чекхйолу. Ца вуьжуш, и яхъян г1урту, Цунах а ца хуьлу г1оле: Д1авижча, ган тарло г1енаш Сан т1ома к1елара довлу. Илли бен, суна х1ун дисна. Г1енаш бен, х1ун дисна суна! Йиш юй, ткъа, цхьанна т1екхиа, Т1аьхьа ца вуьсуш вукхунна? Сан иллий, г1анний – ши эмгар, Бац церан барт хилла болуш: Соьца набкхеташ дац илли, Соьца г1ан сама ца долу. Мархина г1аьттича санна, Т1аьхь-т1аьхьа яцло хьо, буьйса: Иллица яъал хьо хилча, Г1енашца яа ца юьсу. Яхлохьа, яхлохьа, буьйса, Некъаш сох тоххарехь дисна. Ойлаян хьо оьшу суна. Ойлий бен, суна х1ун дисна?.. 2002 шо
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #10 |
| ДЕШАН БАКЪО Ала луург ала - дешан бакъо яьлла, хастам бу-кха Далла! ХIинца Везчу Дала кхин аьтто а бойла - цалуург ца ала. 1991 шо
__________________ Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь, МостагIех цIанъелла хьо хьанна гур ю те? | |
| | |
| Опции темы | |
|
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| Мовлади Удугов | Ichgiri | Персоналии | 1279 | 16.11.2008 00:32 |
| Аслан Масхадов | Magas | Персоналии | 388 | 05.10.2008 19:45 |
| Различные вопросы и ответы на них | antikufr | Архив | 1029 | 11.07.2008 15:40 |
| Предатели - кто они? | Desko | Политика | 667 | 17.06.2008 22:17 |
| Чеченские сказки. | Tanais | Архив | 19 | 27.12.2007 22:32 |