![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #21 (ссылка) |
| Гуьйре... Гуьйре. Т1ома йолу ойла-хьаша, Г1арг1улешха стигла йог1ало. Хьаннех хьерча сира гезгамаша, Анайист д1ахьулйо дог1ано. Сагатлур сан я самукъадаьр сан, Илли кхолла аьтто лоьхуш 1аш? Амма т1етт1а марсадуьйлу дерз а — Воьдий, со тхайн кет1а х1утту д1а. Дерзан туьтеш месаш юккъе леда, Iоврийн мотт сан когех хьекхало. Махо лоькху шен т1унъелла шедаг, Г1арг1улеша стигал къекъайо. Ткъа со х1унда вели-техьа ара? Х1окху ткъаршехь х1ун дисна-те сан: Я гуьйрене «марша я хьо» алар, Я 1одикъяр пана ойланан?.. Хоттане, 1977 шеран гуьйре
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| | #22 (ссылка) |
| Г1орийна зезагаш... Маьлхан б1аьрг санна и шайн кортош можа Лепадеш, техкара зезагаш байт1ехь. Мехаша г1аттийча шайн 1алаг1ожа, 1ара уьш, вовшашна т1ете1аш, бертахь. Ц1еххьана кхаьчначу шийлачу 1аьно, Кхелира зезагаш даточу тирца. Уьш денна шелдора лайн чимийн б1ано Кортош т1е беттачу эсаран кирца. Зезагийн хазалла яйра, бос байна. Азделла сов г1ийла уьш суна дайра. Уьш марг1ал дуьйлира, шело ца лайна. И сурт гуш б1аьрхиш а сан меттаххьайра. Со сихха кхийтира хиллачух т1аккха: Зезагийн г1орийна мутт лекъна хилла. Хетара уьш г1ерта сайга бехк баккха, Гича уьш лаьтта т1е д1адуьйшуш г1ийла. Доккха луо диллира цул т1аьхьа лаьтта, Деэшна зезагий къайла а дохуш… Уьш дагалоьцуш со х1инца а лаьтта, Къинхетам синпхенех сайн чекх а бохуш.. Саралжин, I974 шо
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| | #23 (ссылка) |
| Сун ч1ог1 хазхета Ибрах1ими х1ара мог1наш,шен нанна б1аьргаш чуьра сурт ма дарра гин хилла цун!!!) Шуьйрра беллабели б1аьргаш ненан, Со ц1еххьана кхачарх яьлла цец и. Цу б1аьргаш чохь бац-кха цхьа а кхерам. Цу б1аьргаш чохь хазахетарш севци. Ненан б1аьргаш бац-кха хИинца гИийла. Цу б1аьргаш чохь — ирс ду, доцуш доза. Цу б1аьргаш чохь — ц1ена, даккхий, сирла 1ежаш санна, хазахетарш кхозу. Дала геш дойла хьуна !Дала ялсман хьаша войла хьох!!! | |
| | |
| | #24 (ссылка) | |
| Цитата:
__________________ Оторвитесь от бренной земли,от етой дешевой суеты,дешевых ценностей,никчемных мечтаний,ложных побед---все ето пыль,значение имеют только шагат1 улгаш,поверьте мне)))))))ну,и кокс для мирового пролетариата,и тепло лунного света ,конечно-же,тоже!(c) | ||
| | |
| | #25 (ссылка) |
| Гуьйренан сибат... Меллаша т1есерса дерз а, Сов юькъа яьржина дохк. Аьхкенан де, юхадерза! Шелделла сан дог де дох. Миччара! Чкъург керчош, хено, Бицбойтуш ц1ерпоштан мохь, Шен новкъа чаккхармаш 1енош, Сан дагт1ехь бити-кх цхьа муо. И муо бу аьхкенах къастар, Ла ца луш гуьйренан ткъарш. Б1аьрсинна г1арг1улеш къаьста, Хедаеш стигалан 1арш. Дерзинчу дитташ т1е дегза Ледадеш т1адмаш-туьтеш, Меллаша т1есерса дерза Г1арг1улийн б1аьрхиш ду-те? Хоттане, I973 шеран октябрь
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| | #26 (ссылка) |
| ИбрахIим Юсупов Додам, аса г1о дей хьуна цхьажимма * * * Дарц даларх лекхачу ломахь, Махо а лекхарх шок-зурма, И аьрзу ца юху боларх, Цо дегI шен латтадо кура. Йисарх а тIемаш а дойна, Ницкъ боцуш цу стигла яла, И гур яц гIелйина ойла, Балхабеш шегара бала. Хилла-кха олуш цундела Тохара ахь соьга, нана: «Халонех цкъа а ца кхера Ламанан аьрзунах Iама…» Хоттане, 1975 шо
__________________ Чеченцы ненавидят все системы, кроме Солнечной! http://www.youtube.com/watch?v=CAfpF...eature=related | |
| | |
| | #27 (ссылка) |
| Илланч, суна хаза-м хетар ду ахьа г1о дича!) Къена луо Миска луо-я1, хьох къахета суна. Макхделла хьо, байна хьан к1айн бос. Вовшашна хьо кхуьйсуш, горгдеш буйнахь, Ловзуш ца го арахь берийн ц1оз. Ца до цара, хьалха санна, тергал, Ца къерало церан хьоьца са. Ховха б1аьсте мел г1оьрти а герга, Г1еллуш, ахьа-м халла доь1у са. Урамновкъахь, тхов т1ехь ду хьо кхачош, Д1адайна хьан чимийн дато аз. Адамаша хоттах юьзна мачаш Ц1анйо хьоьца, когаш хьоькхуш раз. Миска луо-я1, хьох къахета суна. Макхделла хьо, байна хьан к1айн бос. Вовшашна хьо кхуьйсуш, горгдеш буйнахь, Ловзуш ца го арахь берийн ц1оз. Даьрг1а, 1975 шеран март
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| | #28 (ссылка) |
| Сан дашо сахьт ду-кха стоьла т1ехь 1уьллуш, Стомара дуьйнна д1а иза-м ду сецна. Ши цхьамза лаьтташ бу — к1адбелла-те уьш? Ас дулахь, сахьт дола лур дуй-те хецна? Моттало, сахьт санна, сецна 1а зама, Амма и бакъ дац-кха — и йоьду хьаьдда. Йоьду и сов сиха гуш йоцчу пана, Челакха дин санна, реманах хаьдда. Зама сан сахьтаца лелаш елар-кха, Сан сахьтан цхьамзанаш шен архаш йолуш. Т1аккха и даим сан карахь хир яр-кха, Шен сацар, д1аяхар соьх доьзна долуш. Сайн сахьтан цхьамзанаш юха хьовзийна, Д1адахна б1ешераш ас луьстур дара. Д1аяхна и зама ерриг а зийна, Ас цуьнах лаьцна цхьа байт язйийр яра. Х1ан-х1а, и хир дац-кха! Сатийсар — эрна! Дуьйцуш а хета и туьйранах тера. Геннара дуьйнна схьа к1ад ца луш йог1ург Сахьто а сацор яц, дойтуш ша боххург. И-м чехка йоьдуш ю, шен чабол эцна, Цхьа бере вац цунна лаьттахь нуьйр туьллуш… Стомара дуьйнна д1а к1адделла сецна Сан дашо сахьт ду-кха стоьла т1ехь 1уьллуш… Хоттане, I973 шо
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| | #29 (ссылка) |
| Дарц даларх лекхачу ломахь, Махо а лекхарх шок-зурма, И аьрзу ца юху боларх, Цо дег1 шен латтадо кура. Йисарх а т1емаш а дойна, Ницкъ боцуш цу стигла яла, И гур яц г1елйина ойла, Балхабеш шегара бала. Хилла-кха олуш цундела Тохара ахь соьга, нана: «Халонех цкъа а ца кхера Ламанан аьрзунах 1ама…». Хоттане, 1975 шо
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| | #30 (ссылка) |
| 1аьнан сибат Чимаш хиларх к1еда, хаза, 1а-м ду буьрса, шийла ша. Генаш хьедо шайн бертаза Лайно г1орош, дитташа. Тхов т1ехь, махах лачкъа г1ерташ, Хебна 1а цхьа цхьалха къиг. Йоккху цхьамма шен ков-кертахь Г1овг1а, тухий ондда диг. Лаьттан юьхь т1е и к1айн басар Хьаькхна 1аьно шийлачу… Салазаш чухоьхкуш басах Тхан юьртара бераш ду. Ло дилланза, 1а ца кхочуш Меттиг йисина а яц. Механ коча хьерча коча Чимийн овгалш. Долу дарц… Хоттане, 1977 шеран декабрь
__________________ "..хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с) | |
| | |
| Опции темы | |
|
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| 1илман Юсупов - стихаш | Amazonka2 | Проза/Поэзия | 1789 | Сегодня 12:26 |