![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #11 (ссылка) |
| Девеше... Гина вац хьо дийна волуш суна, Я ца девза ахь даьхна хьуьнарш. Аш, б1аьхоша, маршо яккха тхуна, Лардина вайн мехкан латтанаш. Яийтира Даймахко повестка, Шен мог1аршка кхойкхуш г1уллакх дан. «Нана, ахьа са ма гатде, кестта Воьрзур ву со толамца вайн ц1а», — Уьш дара хьан т1аьххьарлера дешнаш… Т1ом д1абаьлла яьлла дуккха хан. Оцу т1амо алсамдехи кешнаш, Чевнаш йи цо нанойн дегнашна. Т1амо витац, хиларх цхьанхьа доьшуш, Къестабац поэташ, артисташ. Хиларх нана хьан ц1ахь хьоьга хьоьжуш, Дог сацош, цо кийра дутту даш… Машаре бу стиглахь х1ора седа, Беттан серло дебон г1ерта тхи… И тхи дуй-те, шу д1ахьовсош, х1етахь Наной б1аьргех дийлла долу хи… Хоттане, 1975 шеран июнь беттан 22 де
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |
| | #12 (ссылка) |
| Г1арг1улеш Г1арг1улеш… Дахаран тембоцу оьргаш, Йоьлху шу бовхачу малхана герга… Лоьху аш, гездохуш стигланан дари, Шелонна зирх тийса ца лиъна аре. Вовшашка мохь бетташ, мархашлахь юькъачу Йоьлху шу. Шу-м юьгу уггар а йоккхачо. Б1аьрго схьа ца лаццал, йовлу шу гена, Кхоьхьу аш сан б1аьрхиш, сан ирсе г1енаш… Эгадеш пелагаш бераллин новкъа, Къоналло-г1арг1улис т1ам бетта шовкъе. Ас цуьнга мохь бетта: «Ма латта юьстах, Схьайола сан керта, сан деган йисте…». …И юьтий, д1айоьду г1арг1улийн тоба, Ткъа со-м 1а, къоналлин сатийсам кхобуш. Хоттане, 1976 шеран октябрь
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |
| | #14 (ссылка) | |
| Цитата:
| ||
| | |
| | #15 (ссылка) | |
| Цитата:
ма ц1ена байташ хилла цуьнан, нуьре байташ. | ||
| | |
| | #16 (ссылка) |
| Х1ара байт Ибрах1иман вашас 1илмана шен вешина язйина ю. *** (ИбрахIиме) Сан Iодика яр а доцуш, хьо-м дIаваха ц и г а, Суна сайнна буьтуш хехка Лаьттан буьнжоьлаг… Кхойкхуш хийла шен дитташлахь левзинчу хьан сига, Хьан иллех шен назма йина, тийжа хьун-боьлак… Со, чуластон хан текхаччалц, генна хьалавуьгуш, Дагалецам вичIабоккхуш, лакхло шерийн гIат… Ас сайн иэсехь кегон йоза стамдалаъ ца туьгуш, Оза тептар хилла и — хьан денойн шериIат… ХIора буса сан набаран корта узуш хуьлуш Ду хьан амат, ойлаеш сан гIенаш леIаран… Мича бехкана со ву-те син хьацарца дуьлуш ХIара хIаваъ — зоьпар хилларг хьан садеIаран… Iилман Юсупов | |
| | |
| | #17 (ссылка) |
| Ибрах1им Юсупов ГIаргIулийн назма Хийистехь вайшиъ лардеш, лаьтта гуьйре. Шовдано вота етта тIулгаш тIехь. ДIо мархаш ялош шен зIаьнаршца уьйре, Малх каде хьийза баьлла гIушлакхехь. Лаьттарчу ирсах хьоьгу стигал екош, Хезаш ю къаьхьа назма гIаргIулийн. Вайшиъ цIадоьду, дегнаш вовшех хьегош, Йоццачу ханна кхузахь гар хуьлий… ДIадоьду вайша шен-шен новкъа цIехьа, Хиларх а ший а цхьана юьртахь Iаш. ГIаргIулийн назма вай гуш гIелло гIеххьа, Ма хуьлда-кх и вайн ирсан тIома каш… I977 шеран ноябран I0 де
__________________ Чеченцы ненавидят все системы, кроме Солнечной! http://www.youtube.com/watch?v=CAfpF...eature=related | |
| | |
| | #18 (ссылка) |
| «Беза толам я ирс деза хьуна?» — Хаттахь сайга, жоп лур ду ас хьаннаъ: «Х1уммаъ хьашт дац суна-ма цкъачунна, Сайн къоналла сайца хилчахьана. Сан ког х1инцаъ луьйтана чохь бу. Шен лаамехь говр д1ахецна, хьалха Вог1уш ву со. Дерриг хьалха ду. Хилахь сайна тоъал зама нагахь, Ирс ас сайна цхьаьнхьа лоцур ду, Толаме а кхача хьожур ву». Ма к1езиг хан ехна хилла-кх шена Ибрах1има...Хоттане, 1976 шо Дала Ялсамани хьаша войла-кх цунах...
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |
| | #19 (ссылка) |
| Ибрах1им Юсупов * * * Цомгаш хуьлу дитташ гурахь, Шийла чарп тIейогIий хоршин. Ца латтарна шайна бухахь Вайша, бIаьра хьоьжуш вовшийн. Дитташ цомгаш хуьлу гурахь, БIаьрса гIеллуш, лагIлуш хазар. Хоттаничохь, ДаьргIахь, Гуьнахь – Массанхьа ду диттийн лазар. Хуьлу дитташ цомгаш гурахь, Ла ца яллал мехийн Iиттарш. Хьан сурт гича ирсан гурахь, Толур ду Даймехкан дитташ. Хоттане, 1974 шеран ноябрь
__________________ Чеченцы ненавидят все системы, кроме Солнечной! http://www.youtube.com/watch?v=CAfpF...eature=related | |
| | |
| Опции темы | |
|
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| 1илман Юсупов - стихаш | Amazonka2 | Проза/Поэзия | 1841 | Сегодня 12:56 |