Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Потребительские форумы > Архив

Архив Устаревшие темы скидываются сюда. История форума Селард (У Камина).

 
 
Опции темы
Старый 26.12.2007, 23:41   #1
 
Аватар для Carolina
Абузар Айдамиров «Дарц»

БIешерийн дохалла нохчийн
халкъан маршо, сий лардеш, шайн
синош дIаделлачу кIентийн а,
йоьIарийн а хьурматана.


I. ВЕДАНА ГIОПЕХЬ

Революци хилале хьалха ламарой
Iаламат ирча-халачу хьолехь бара. Уьш
законна арахьа латтабора, уьш разбойникаш лорура,
ламаро вийнарг законо жоьпе ца озавора, Iедална кIеззиг а
дуьхьало йинчу юьртана луьра таIзар дора.

Г. К. Орджоникидзе


1
Эрна къастийна ца хилла Шемала мацах цкъа хIара Ведана шен имаматан коьрта шахьар, ткъа тIаьхьа паччахьан эскарийн командованис Нохчийчоьнан уггар карзахечу, къармазечу декъан - Нохчмехкан администрацин туп а.
Ша лаьмнашна юкъахь елахь а, амма шуьйрачу, нийсачу экъанна тIехь Iуьллу иза. Малхбалехьа а, малхбузехьа а, къилбехьа а - кхаа агIор цунна гуо бина лаьтта къеначу хьаннаша хьулдина лекха лаьмнаш. БIаьсте тоелча хетало, оцу лаьмнашна тIе цхьа доккха кIужалш хьийзина баьццара холхаз тесча санна. ТIулгийн тархех схьадуьйлу бIеннаш шовданаш, лаха мел довлу татолашка а гуллуш, стамлой, Хулхулон чIожа а доьрзий, чхернашна тIехула кхийсалуш, чопаш туьйсуш, цинцийн дарц детташ, бурош хьийзош, карзахечу говрах тера чехка малхбузехьа, Нохчийн аренга довлу.
Оцу къеначу, юькъачу хьаннаша а, шийлачу шовданаша а, лаьмнийн баххьашкахь даима дIа лаьттачу лайно а аьхкенан уггар йовхачу хенахь а цхьа дегIана тамехь, цIена, могаш хIуо латтадо кхузахь. И шовданаш а, хиш а хуьлу дукха сирла, цIена, шийла хиларна, сийна я Iаьржа бос а бетталуш.
Iаламан исбаьхьаллел сов, доккхачу стратегически маьIне а ю хIара меттиг. Кхузара дIа бу цхьацца а бен боцу биъ некъ: къилбаседа Нохчмахка а, къилба-малхбузехьа ЧIебарла а, къилба-малхбалехьа ДегIастана а, малхбузехьа, Хулхулон чIожахула охьа Нохчийн аренга а.
ХIокху Веданна гена боццуш бехаш бу хьалха заманахь дуьйна цIарна а цIе яхана даьргIойн а, жугIуртахойн а герзийн пхьераш, белгIатойн аьчкан а, дечиган а пхьераш а. Нохчмахкахь лаьттан къелла ю. Амма кхузарчу бахархоша йоIбIаьрг санна лерина ларйо шайн долара лаьттан коржамаш. Уьш хьаннаш а хьоькхуш яьхна цара. Оцу коржамашна тIе кол яла ца юьту, жагIанан биста кхаччалц тIера тIулгаш дIадоху. Ворданашца а, салазашца а, ткъа цхьаццанхьа - галешца а, тускаршца а, гихь а кхоьхьуш, оцу коржамашна тIе кхелли, даьгначу дечигах яьлла юкъ а яржайо. ХIокху мехкан цхьа а стом бац кхузахь боцуш. Къаьсттина дукха ду бIараш. ЦIахь а, бошмашкахь а, даккъашца а, регIан маьлхан басешца а, хьевхьешкахь а. Амма ялта дац-кх церан. Адаман дахаран и коьрта рицкъа. Оцу шайн лаьттан коржамашна тIера даьлла ялта а, цанашна тIера яьлла докъар а бIаьстенга бовла а ца тоьа. Цанаш а, дежийлаш а кIезиг хиларна, даьхнилелорна цхьа доза ду. Хьалха цIахь бина цхьацца пхьоланийн гIирсаш а, баккхалш а юхкура цара. ХIинца дIадаьлла цаьрца тIедогIу рицкъа а. ХIокху ярташка Россера промышленни товараш кхоьхьу кхузарчу а, аренгарчу а совдегарша. Уьш дорах а, эвсаре а хуьлу, цара сий дайина меттигерчу пхьерийн.
Оцу къелло а, мацалло а, Iедалан къизалло а, харцонаша а цхьа хан мосазза ели кара герз оьцуьйту кхузарчу бахархошка. ХIокхеран гIаттаман оьмар еха ца хуьлу, иза цIела карчабо Iедало. ТIаккха цхьа хан а йолуьйтий, жимма ницкъ а IаIабой, юха а гIовтту, юха а къиза хьошу уьш. Кху тIаьххьарчу ткъа шарахь боккха гIаттам ца хилла Нохчмахкахь, хIинца адамаш цхьацца а, кегийчу тобанашка цхьаьнакхетий а гIуьтту Iедална дуьхьал, шайна тIехь латточу къизаллех, харцонех бекхам эца.
1904 шеран гурахь цхьана пIераскан дийнахь Ведана богIучу беа новкъа адам дара кхуза тIетатталуш. Iаьндойн лам хадош ДегIастанара охьа а, ЦIоьнтарахула схьа къилбаседа Нохчмахкара а, Хулхулон чIожахула аренгара хьала а, Пешхойн ломан гечонах сехьа а буьйлуш, Органан лакхенцарчу ярташкара схьа а. ГIаш а, говрашкахь-варрашкахь а, ворданашкахь а, гIудалкхашна тIехь а. Цхьацца-шишша а, масех стагах, зударех лаьттачу тобанашца а.
Тахана базар ю Веданахь.
Carolina вне форума  
Старый 26.12.2007, 23:43   #2
 
Аватар для Carolina
2
Хулхулон чIожахула хьалабогIучу некъан татолехь вара европахойн духарца кечвелла шовзткъе пхи шо хенара юккъерчу, декъачу дегIара цхьа некъахо. Цуьнан коьртахь сирачу гатанан картуз, некха тIехь а, агIонца а даккхий кисанаш долуш сирачу машин тужурка а, оццу басахь исхарин галифе а, когахь гIеххьачул тишъелла, амма дика эткаш а яра.
Новкъахь цхьаццамма ворданна тIе хаавора иза, амма ирх хьалагIертачу стерчашна я говрашна дукха ницкъ ца бан, жимма настаршка са а доIуьйтий, ворданан дена баркалла а олий, чувуссий, фанерах йина, хено Iаржйина шен чамда кара а лоций, юха а хьалха дIаволалора иза.
Ведана кхача цхьа-ши чаккхарма некъ бисча, МахкатIехьара схьа стерчийн ворданахь вогIучу воккхачу стага, ворда а сацийна, догцIена вела а къежна, куьйга а, бIаьргашца а ишар йина, ворданна тIе хаийра некъахо.
- Стерчашна ницкъ хир буй те, со а тIехиъча? - элира некъахочо, нохчийн маттана гIеххьачул толкха а лелхаш. Воккхастаг, цецваьлла, схьавирзира.
- Хьо мича къомах ву?
- Нохчо.
- Духар а, хабар а тера дац хьан нохчех.
- Ткъе ворхI шо ду со хIокху махках ваьлла. Воккхастаг цхьана минотехь, вист ца хуьлуш, ойла еш Iийра.
- Iаьлбаг-Хьаьжа вохийначул тIаьхьа лецначарах ву-кх хьо?
- Ву дера.
- Мичара ву хьо?
- Яьсси йистера. Гати-Юьртара.
Воккхачу стага, бай сара а тоьхна, ши сту човхийра. Вордан тIехь чордачу машех дина къорза гали дара тIергIах дуьзна, бертиг къевлина гуьмалк а яра. Цунна тIегIертачу зIуганаша хоуьйтура гуьмалкахь моз хилар. Гомашан неI а, масех кхакха а бара ворданахь буха тесна. Коьртара схьабаьккхина бIегIиган куй хьаьрса маж-мекх даьллачу юьхьах а, тIаккха хебаршка ихна жIомак хиллачу вортанах а хьаькхна, доккха садаьккхира воккхачу стага.
- ХIаъа, дукха эрчонаш гайтира оцу шаро. ХIара мацалла, хIара къелла, хIара харцонаш кхидIа лан собар а кхачийна гIевттира нохчий. Цара сатийсина маршо а, сискал а, бакъонаш-м муххале а ца хилира царна, мелхуо а гIуллакхаш кхин тIе а галдевлира. БIеннаш, эзарнаш адамаш тIамехь хIаллакьхилира, бIеннаш яртех ягийна чим бира, бIеннаш доьзалш Сибрех бахийтира. Тхан МахкатIера а, гондIарчу ярташкара а хIаллакьхилларш тоьар бара. Тхо цхьадерш-м, аренга а кхалхийна, дитира. Маршо-м муххале а ца хилира вайна, мелхуо а хьалхачул чIогIа къамкъарг Iаьвдира. Са дала доьлча, буй малбеш, тIаккха юха а тIекъовлуш. Даха а ца дуьтуш, я дайина дIа а ца дохуш. Дависарг, цхьа ткъе итт шо мукъана а къона велара со. ХIара цхьана болу ши сту а боьхкина, топ а, патармаш а эцна, оцу Зеламхех дIакхета. Веддарг-хьаьддарг ца волуьйтуш, кху Iедалан хьаькамаш байа.
ХIокху махка кхаьччахьана, некъахочунна дукха хезара оцу Зеламхин цIе йохуш. Вешина зуда ялош шина тайпанна юккъехь хиллачу девнехь шина а агIор цхьацца стаг вийна, ткъа Iедало Зеламха а, цуьнан да а, шичой а лецна, Сибрех бахийтина, цигара цIа а балийна, юха дов хаьттича а, хенаш тоьхна царна; тIаккха Соьлжа-ГIалин набахтера ведда, иза обарг ваьлла лела кхо шо а ду бохура. Дийцарехь, цо кхерамна кIел латтадора кху махкара Iедал.
Соьлжа-ГIалахь даьккхинчу цхьана дийнахь тахана хIокху махкахь хIоьттинчу хьолах лаьцна кхин а керланаш хезнера некъахочунна. Дийцарехь а, зорбанехь яздарехь а дика яцара кхузарчу къаьмнийн юкъаметтигаш. Уьш галъяьхнера Iедало лелочу харцонаша. ТIом чекхбаьлча, нохчийн махкахь уггар тоьллачуьра латтанаш гIалгIазкхийн станицийн, нохчийн а, оьрсийн а эпсарийн, совдегарийн, чиновникийн, лакхарчу динадайн а дола даьхнера. Оцу гIуллакхо лаьттан къелла хIоттийнера халкъе. ШолгIа, нохчашна герз лелор дихкинера, ткъа гIалгIазкхашна и лело бакъо еллера. КхозлагIа, кхузахь ша тайпа законаш дара нохчий эшош, амма гIалгIазкхий толош. ТIехула тIе, имперехь цхьанххьа а боцу текхамаш а бойтура нохчашка. Кху махкахь дехачу къаьмнашна юккъехь барт бан-м муххале а ца гIертара Iедал, мелхуо а царна юкъа дов туьйсуш, и кIамдеш, дардеш, диллина дIа царна юккъехь мостагIалла латтадора.
Некъахочунна хазарехь, и юкъаметтигаш цуьрриг а тоелла яцара ткъе ворхI шо хьалхачул. Цхьа-ши шо хьалха ШаIми-Юьртан базарахь гIалгIазкхий нохчашкара герз дIадаккха гIоьртича, дов даьлла хилла, шина а агIорхьара нах а бойуш. Оццу хенахь Карабулакски станицерчу гIалгIазкхаша талийна гIалгIайн юрт Яндаркъа. Ткъа стохка Сунженски отделан атамана, ссылкера бевдда цIа баьхкина ламарой лоьху ша аьлла бахьана а хIоттийна, талийна Экажев-Юрт.
- Хьаькамаш байарх, тIе галдовлар бен, гIуллакхаш нислур дац вайн, - элира некъахочо, ша-шега олуш санна.
- ХIун дан деза ткъа?
- Iедал хийца деза. Хьаькамех цхьаъ вийча, цуьнан метта кхин хIутту. Хьалхачул къизаниг я сонтаниг.
Ворданан да, киснара кисет схьа а яьккхина, хедош тойинчу лоьдгех цигаьрка хьарчо хIоьттира.
- ХIара Iедал тIе ца даийта а гIиртира, тIедеъча, дIадаккха а гIиртира. Цунах гIуллакх ца хилча, жимма мукъана а къамкъарг малъяйта а гIиртира. ТIаккха вайна тIехь динарг а гуш ду-кх. Iедало хIиттийна юьртдай тIе ца лаца а, Iедална текхамаш ца бан а гIерташ, дуьхьало йира кху Iай Нохчмахкарчу ярташа. ХIун хили цунах? Массо ярташкара, юкъ-юкъара нах лийци. ХIан-хIа, Зеламхина тIаьхьадахар бен, кхин кекъ ца бисина.
Carolina вне форума  
Старый 26.12.2007, 23:45   #3
 
Аватар для Carolina
3
ХIара шиъ Ведана чукхочуш, цаьршинна тIаьхьакхиира дика ши говр йоьжна йогIу гIудалкх. Цунна тIехь кIедда техкаш хиъна Iара сирдала доьллачу хьаьрсачу маж-мекхана цIен гIина а диллина, ерстина цIен беснеш, чIенга кIел кхалкъ йолуш, воккхаллехьа лестина стаг. ХIокхеран ворданца нисвелча, цо боларе ехира чаболахь йогIу говраш.
- Ассалам Iалайкум, Тасуха!
- Ва Iалайкум салам, Бета!
- ХIун ду вайн эвлахь керла? Сингаттам боцуш деца?
- Дика Iа. Хьо а лелий могаш?
- АлхьамдулиллахI, къинхетаме а, комаьрша а волчу вайн Далла бу хастам! Ас шена кIезиг ечу Iамале хьаьжча, со ма дика кхобу-кх цо! Нахана моттахь а, башха хIара дуьне лоьхуш а ма вац со, Тасуха. Эцца сайн ницкъ кхоччучул Далла Iамал а еш, доьзална оьшучул совдаьлла рицкъа сагIийна а луш, Далла дуьхьал ваха кечам беш лела-кх.
Томкано маждинчу мекхашна хьажо пIелг хьоькхуш, къорра велавелира Тасуха.
- Бакъ боху ахь, Бета. Айхьа миска нах а, жоьра зударий а, буобераш а талош летийначу къинойх цIанвала гIерташ, Далла хьалха ма дукха корта бетта беза ахь. Церан хьакъ текхна вер вац хьо йовмал кIематде махьшаре долуш а. Мацах-мацах цкъа, бусалба дин а я корста дин а кхолладалале хьалха, адамашна, церан корматалле хьаьжжина, деланаш боькъуш, цхьа дела тоьъна вац боху. ТIаккха къушна а, совдегаршна а цхьа дела къастийна боху. Церан корматалла цхьаъ а лерина!
Бетас бIаьргнегIар а ца туьйхира.
- ДIавалахьа, Тасуха, - куьг ластийра цо. - Вайн эвлара со цхьаъ яа сискал йолуш валар ца лало-кх шуьга. ТIехула тIе, Тасуха, совдегаралла сийлахь а юьйцу жайнаша. Iалай салат вассалам, Делера салават, салам-маршалла хуьлда цунна, вайн пайхамар а ма хилла ша къона волуш совдегар.
- Амма иза, хьо санна, нах Iехош, къехошна тIера цIока йоккхуш ца лелла.
- Хаац, пайхамаршна, эвлаяашна хIума олучух Дала лардойла вай. Амма хIара дуьне доладелчахьана хьарамло йоцуш совдегар хилла а вац я хир а вац. Массо а ву вовшийн Iехо гIерташ. Забарш юьтур вайша. ХIан, кху ярташкарчу нахера ас цхьацца сурсаташ оьцу. Уьш оьцуш лела а, уьш кхузара дIадахьа а дуккха а хан еза, къахьега деза, харж ян еза. ТIаккха масех дийнахь, цкъацкъа масех баттахь а цIийнах-цIарах, юьртах-махках а волий, уьш дохка воьду со. Хьан хьоьгур дара и къа, шена жимма а тIе са ца яьлча? ХIан, оцу хьан вордан чуьра тIаргIа, неI, кхекхий асий, со санначой дIа ца эцча, хьо хIун дан воллура? Кепек пайда а боцуш, довр дара-кх. Уьш эцна хьо Соьлжа-ГIала, ГIизлара, атталла Хаси-Юьрта а гIур вац. Вахча а, хьо цига базара а вуьтур вац. ГIаланашка-м хьов-ха, вешан ярташкарчу базаршкахь ца дита а долийна вай-м. Лурчах ШаIми-Юьртан базарахь хилларг ца хезна хьуна? Гой хьуна, нагахь кхета шун хьекъал делахь, ас а, со санначо а доккха гIуллакх до шуна.
Тасухас доккха садаьккхира.
- Сан мостагIчунна ма дойла аш и гIо. Цхьана агIор Iедало тIе налогаш етта, хIора шарахь алсам а йохуш. Уьш дIа ца текхча, салтий а балош вогIий, пурстоьпо, кертахь елахь, бежана а, газа-уьстагI а, уьш яцахь, цIа чуьра йийбар а дIахьо. ХIара къиза къахьоьгуш IаIийнарг, берийн багара а яьккхина, цхьанна йохка ваха воьлча, цига а ца вохуьйту. Тхоьгарчу халачу хьолах пайда а оьцуш, шу цхьа нах, цIубдарш санна, тхан догIмех летта. ХIумма а дац, Бета, цхьа де догIур ду оха шуна и марах доккхуш. Оцу Зеламхас ша Веданарчу оьрсийн совдегаршна диннарг ма дахьара хьуна!
- Цуьнгахьара-м кхерам бацара суна. Цкъа делахь, Носов санна, хьал долуш вац со. ШолгIа делахь, Зеламха вайн нохчо ву, тIехула тIе цуьнан нана тхан цIийнах а ю. Доцца аьлча, сан йишин кIант ву иза.
ТIаьххьара кIур а баьккхина, цигаьрка дIакхоьссира Тасухас.
- Дера хIета, ахь дуьйцург бакъделахь, и шайн нуц а, цуьнан кIентий а лецна Iедало хьийзочу хенахь, царна орцахвала везаш ма хиллера хьо.
- Ишттачу гIуллакхана юкъагIерта ницкъ ма бац соьгахь. Со цхьа миска Делан лай ма ву.
Совдегаро, мохь туххуш архаш а ластийна, говраш дIалелхийтира.
- Цуьнан оцу дерстинчу дилха юкъахь доцуш экха дац, - элира Тасухас, совдегар къайлаваьлча. - Борз, хьакха, цхьогал, мукадахка, пашбукъ. Адамашца, цуьнан гIуллакхашка хьожжий, хийцало уьш. Къиза хила везахь а, ямартло, тешнабехк бан безахь а, хьаставала везахь а. Тхан юьртахо ву Бета. Сан хенара. Iаьлбаг-Хьаьжин гIаттам болчу хенахь эла Авалун къайлах айкх вара иза. МахкатIехь, Хоттанехь, Тевзанахь, Элистанжахь а наха дIа мел баьккхина ког Iедална тIе дIахьош. ТIаккха масех шарахь МахкатIехь юьртда а лаьттира. Нах талош шай-кай а IаIийна, совдегаралла лело вуьйлира. Амма наха ца вуьтура иза кху агIор ког хецна ваха. Шозза цIенош а дагийра, ялта а, докъарш а дагадора, даьхний ца дуьтура. Кхузахь шен гIуллакх хир доцийла а хиъна, кхелхина Шела вахара иза.
Некъахо хIумма а цец ца велира Тасухас дийцинчух. Мацах цкъа хIокхуьнан шен да а ваханера оццу новкъа...
Carolina вне форума  
Старый 26.12.2007, 23:47   #4
 
Аватар для Carolina
4
Ведана гIопана тIехьара йоккха майда дIалаьцнера базаро. Кхузахь бара беркъа бухабелла гондIарчу ярташкара нохчий а, де довха делахь а, тIеюьйхина кхакханан кетарш, коьрта техкина кхакханан куйнаш а долуш, Iаьндой а, мелардой а, цIадахьарой а. Эшамаша таIийна, стерчий санна бецаш бакъабеллачу царна юкъахь догIмашца а, басца а, духарца а къестара аренгара баьхкина таронаш йолу нах а, кегийра совдегарш а, кху гIопахь гIуллакх деш болу нохчийн, оьрсийн эпсарш а, салтий а, чиновникаш а.
ГIопан тIулгах бинчу лекхачу пенан бохалла хIиттина лаьттачу а, хевшина Iачу а божаршний, зударшний хьалха Iохкура цара шаьш дина дагарш, мангалш, целаш, маьрсат, псшан гIалакхаш, морзахаш, таьлсаш, бухкарш. Юкъа-кара тIулгашна юкъа пенах диттинчу дечиган хьостамех кхозура вертанаш а, бустамаш дохуш кечдина къорза истангаш а.
Цхьана агIор шайн могIа бара ялтийн, цIеста а, кхийра а пхьегIаш юхкучу дегIастанхойн. Юьстах, нехан кертех дIатийсина лаьтташ говраш, бежанаш дара, мацалла чожаш чу а кхетта. Басехьа, доккхачу бIара кIел гарсех жижигаш, дуьмеш кхозура, оццу могIарехь зударий а лаьттара кхийра пхьегIаш чохь даьтта, моз, виэта, кIалд, нехча юхкуш.
Кхекхий, цIокарчий, тIаргIий бухкучу могIаре йигна, шен ворда сацийра Тасухас.
Ворданара охьа а воьссина, цу чуьра схьаэцна шен чамда лаьтта а хIоттийна, Тасухин куьг лаьцна, цунна даггара баркалла элира некъахочо. ТIаккха, коьртара картуз дIа а яьккхина, кисанара схьадаьккхина йовлакх тиллачу коьртах а, юьхьах а хьаькхна, гондIа бIаьрг туьйхира цо. Уггар хьалха цунна гира базаран майданна тIехула айделла лаьтта еттинчу кибарчигех дина доккха цIа. Шуьйрачу неIаран а, шина коран а тIехуле дIалоцуш тоьхначу сийна басар хьаькхначу анна тIехь Iаьржачу элпашца доккха яздина дара: «Товары купца Носова». И цIа а, и туька а, я хIара базар а яцара ткъе ворхI шо хьалха, хIара некъахо кхузара дIавоьдуш.
Шен чамда кара а лаьцна, базара юкъавелира некъахо. Вевзарг гаре догдохуш, лерина нехан яххьашка а хьоьжуш, базарахула масех гуо баьккхира цо. Цунна бевзарш хила а тарлора кхузахь, амма оцу ткъе ворхI шарахь церан юьхь-сибат цадовззал хийцаделла хир дара. Вевзарг карорах дог а диллина, зударийн базар йолчу а вахана, цхьаьнгара эцна нехчин межарг газета юкъахьарчийна, кисана а таIийна, юьстахвелира иза.
Хулхулон тогIи чу боьдучу новкъа цхьа-ши бIе гIулч охьа а вахана, аьтту агIор дIахьаьвзина, стоммачу, лекхачу, бурсанечу попа кIел хаза тодинчу шовданна гергахьуо сецира.
Попан зоьрталчу орамашна бухара схьадуьйлу шовда тодинера, стеган локхаллин барамехь тIулган экъанех кхаа агIор пен а боьттина, тIехула герагийн жима тхов а тиллина. Пенна юккъе йоьллинчу эчиган биргIи чухула комаьрша схьадогIучу сирлачу хи кIел гIели диллина цIестан кIудал а хIоттийна лаьттара ялхитта-вуьрхIитта шо хенара, шега хьоьжуш Iалла хаза йоI. Шовданна герга поъна стаг гича, кIудал хи кIелхьара дIа а яьккхина, пенах боьллинчу хьостамах кхозу кхийра зока схьа а эцна, некха тIоьхула охьакхозу стомма, еха Iаьржа кIажар, яйн ластийна, букъа тIехьа а тесна, стагана тIе а еъна, цуьнга хи кховдийра цо.
Некъахо масех секундехь лаьттира, зока схьаэца иэс ца кхочуш. Оцу секундашкахь цунна карладелира ткъе иттех шо хьалха хIоьттина сурт. ХIетахь, БуритIахь дешна а ваьлла, гуттаренна а винчу юьрта цIа вирзича, хьалхе дуьйна а шен безам баханчу йоIе дагара дийца хин коьрте вахара иза. Цунна езаелларг а яра хIокху йоьIан хеннара, оццу дегIахь, иштта юьхь-сибат а долуш, иштта Iаьржа, юькъа месаш а йолуш. Оцу дийнахь дуьххьара а, тIаьххьара а йоIе безамах лаьцна вистхиллера иза, дуьххьара а, тIаьххьара а йоIа кховдийна хи а меллера цо. Оцу йоIа тIе ца лецира цуьнан безам, шен дог кхечунна дIаделла ша аьлла. Хьолахочун кIант а, дешна а волу хIара дIа а теттина, къен а, цхьалха а волчу кхечу къоначу стаге яхара иза...
ЦIеххьана саметта веъначу некъахочунна гира, гуьлмаьндин тIемаг бете а лаьцна, шега хи а кховдийна лаьтташ йолу къона йоI. Некъахо шега хьажавелча, шен Iаьржа бIаьргаш лаьтта дуьйгIира йоIа. Ца деззашехь, лаххьийна хи дIа а мелла, зока юха дIакховдийра некъахочо.
- Баркалла хьуна. Хи мел дезачунна езийла хьо, дуьненах йоккхаеш, Дала дукхаяхайойла хьо.
КIудал белша тIе а йиллина, цхьа-ши гIулч некъахочунна тIееара йоI.
- Суна хетарехь, кху мехкан воцу хьаша ву хьо, - элира цо шовданах тера декачу озаца. - Я кху махкара велахь а, гена некъара веъна. Соьца дIавола, оха веза хьаша вина тIеоьцур ву хьо. Сан да а, ялх ваша а ву.
- Баркалла. Дала иман-беркат ма эшадойла шун комаьршачу хIусамера. ХIинца сан гена ваха а ца деза. Дала ирс ма дойийла хьан.
ЙоI дIаяхча, шен чамди чуьра саба а, гата а эцна вахана, шийлачу хица юьхь-куьг а дилина, бедаршна тIера чан йожийна, IаьIан хьоькхарг хьаькхна, эткаш цIанйира некъахочо. ТIаккха, зока дуьззина хи а эцна, юьстах бай тIе охьа а хиъна, чамди чуьра гIалахь дина бепиг а, кисанара схьабаьккхина нехчан межарг а охьа а биллина, делкъе ян вуьйлира иза.
Carolina вне форума  
Старый 26.12.2007, 23:49   #5
 
Аватар для Carolina
5
Делкъе йина ваьлча, тужуркин чухуларчу жимчу кисанара схьадаьккхина, даточу зIенах кхозу сахьт схьа а диллина, хене хьаьжира некъахо. ШолгIа сахьт дара. ХIинца цхьа а хир вацара округан канцелярехь.
ХIара канцелярин цIеношка вахча, гIопан кевнехь, таьлсаш а, пIаьлдигаш а охьа а хIиттийна, тийна лаьтташ воккхастаг а, йоккхастаг а, кхин цхьа къона зуда а дара. Къоначу зудчун кучан юх лаьцна жима йоI а, кевне ши бIаьрг а боьгIна, иттех шо хенара кIант а лаьттара. Попан кевнна дуьхьал, ураман вукху агIор, жимчу туьканан кор хьала а диллина, сагатлуш, наб хьегIаш, корехь лаьттара ира юьхь, сеттина беха мара, цунна кIел юьхьгаш ирх хьовзийна дуткъий Iаьржа мекхаш долу баккхалча а.
Дукха хан ялале гIопера араваьлла, царна тIевеара нохчо-эпсар. Даточу бустамашца кхелинчу исхаран чоин белшаш тIехь подпоручикан погонаш а, юкъах дихкина детица кхелина доьхка а, шаьлта а, хьалха узуш доьх-карх кхозуш тапча а яра цуьнан. Хьаьрсачу мекхех дай куьг хьоькхуш, цигахь лаьттачу адамашна тIевирзира иза:
- Шу стенна даьхкина?
- Тхешан лецна нах ган даьхкина... - жоп делира воккхачу стага.
- Мичара ву? ЦIе хIун ю?
- Бенара. Сан цIе Бакар ю. КIант ву сан кхузахь чувоьллина...
- Вевза суна. Шун юьртдена тIара тоьхний цо? Воккхастаг воьхна хьаьвзира.
- КIентан бехк бацара... Налог яра цунна тIехь, шина шеран... ДIатакха ницкъ боцуш. Салтий а балош веъна, цхьана болу цхьа етт дIабига гIоьртира юьртда... КIант иза ца бигийта дуьхьалвелира. Юьртдас цунна нанна хьажийра... ТIаккха кIанта цунна тIара туьйхира...
- Хьан мила ву кхузахь? - йоккхачу стагехьа вирзира эпсар.
- КIант ву... Цомгаш ву боху, нана яларг...
- Иза хIун динчунна лаьцна?
- Теркал дехьа йолах болх бан ваханера иза. БIаьстенан юьххьехь дуьйна гуьйранна ло диллалц ваьцна цхьана хьалдолчу гIалгIазкхичунна... ТIаккха ял ца луш, тIехьа мийра а тоьхна, кех ваьккхина. ТIаккха, эвлах ваьлла, эрзалахь буьйса йоллалц Iийна, нах бийшинчу хенахь юха а вахана, оцу гIалгIазакхичунна шаьлта а тоьхна, ведда цIа веънера... Ведда мича гIур ву кху дуьненахь? Iедал ма ду массанхьа а. Цхьа бутт хьалха веъначу пурстопа лаьцна, схьавалийна. Цомгаш ву боху, нана яларг... КхоалгIа де ду со кхуза схьайогIу... ТIе ца юьтуш...
- Вевза суна и кIант а. И обарг. Шуьшиъ мичара ю?
- ДаьргIара.
- Мила ву шуьшиннан кхузахь?
- ХIокхуьнан хIусамда ву, сан ваша а.
- ХIун бехк баьлла цаьргара?
- Хьуьнах яьлла лела говр ялийнера цо, - элира берашца йолчу зудчо. - Кхайкхийча, говран да ца велира. Iаьнан дохалла кхебира оха иза, тIаккха, да ца ваьлча, йоьхкира. Ткъа иза Iедалан говр хиллера...
Эпсаро, дуьхьал куьг тесна, корта ластийра.
- Тоийта! Хьан вашас а дина хир ду-кх цхьа галдаьлларг?
- Юьртара нах Iедална дуьхьалбаьхна аьлла, бехке вина, лаьцна.
Стенна дара а хаац, эпсаро, доккха са а даьIна, шен кхалкъе беснеш, лелхийта санна, юса а юьйсина, татанца мох дIахийцира.
- Шайн нахера зулам далале довла дезара шу орцах. ХIинца тIаьхьа ду. Цхьамма гIалгIазкхичунна шаьлта тоьхна, шолгIачо юьртдена тIара эккхийтина, кхозлагIчо Iедалан говр лачкъийна, воьалгIачо юрт Iедална дуьхьалъяьккхина. ХIинца соьга хIун де боху аш? НеI еллий, арахеца боху аш? Юха а цаьрга зулам дайта?
- Ца боху дера. Цаьрга кхача дIа а луш, тхо вовшашна гайта мегар дацара те аьлла, даьхкинера тхо-м, - элира воккхачу стага.
- Нана яларг, сайниг цомгаш ву боху... Хьайн Делан дуьхьа, къинхетам бехьа декъазчу ненах... И цхьа кIант бен, доьзалхо ма вац сан... Иза дуьненчу а валале лаьцна, вигна цуьнан да доьза ма вайна... ТIехь да а воцуш кхиъна, гIийла буо ма ду иза...
- ХIета, цуьнан да а хилла-кх кху Iедалан мостагIа? - йоккхастаг юкъахъяьккхира эпсаро.
- ХIан-хIа, цуьнан да оьзда, хьанала стаг вара...
- Тоийта. Тахана цхьа а тIевуьтуш вац тутмакхашна. - Эпсар, багахь шок лоькхуш, эткех яйн шед етташ, гIопа чу вахара. КIанта шен ненан кучан юх озийра.
- ЦIа гIуо вай, нана?
Нанас, йист ца хуьлуш, дайн куьг хьаькхира цуьнан коьртах.
Туьканан корехь лаьтта пиркечик, ара а ваьлла, зударшна тIевеара.
- Аш дехарш дарах а, делхарх а, тIедуьтур дац шу, - элира цо зударшка.
- Оха хIун дан деза? - цунна тIейирзира йоккхастаг.
- Хьаькамашна кхоана яла хIума юй шуьгахь? Йоккхастаг дIатийра.
- Мел хIума езар ю? - хаьттира цхьана зудчо.
- Шайн ницкъ кхоччург.
- Цхьацца сом тоьар дуй? Пиркечико ойла йира.
- Доцчунна дан хIума дац. Ма луъу ца хилча, ма торру аьлла-кх.
Къона ши зуда вовшех дагаелира.
- Оха цуьнга дIа муха лур ду? Цо лелхадахь?
- Соьга схьало. Ас дIакхачор ду кхачо деззачуьнга. Шина зудчо шайн корталийн тIемагех дина шеддаш а даьстина, дато соьмаш кховдийра.
- Ахь лой хIумма а? - йоккхачу стаге хьаьжира пиркечик.
- Соьгахь дац... КIантана беъна кхача боцург... Сискал, нехча, хохаш...
Воккхастаг, вист ца хуьлуш, юьстах лаьттара.
Карахь дIаса а хьийзийна, ахча гIовталан кисана тесира пиркечика.
- ХIета, сайга хIун дало хьожу со, - гIопа чу вахара иза.
Дукха хан ялале гIопан кевнехь гучувелира пиркечик а, нохчо-эпсар а, гIалгIазакхийн вахмистр а.
- И къона ши зуда чуяийта, - царна тIе пIелг хьажийра эпсаро. - Церан таьлсаш талла дика. ДегIах ахьажа.
Нохчо-эпсар а, пиркечик а, туьканан коре а вахана, къамеле велира.
- ХIан-хIане, бабанаш! Цхьацца йогIуш, схьа тIе дуьйлал, - мохь туьйхира вахмистро. - Къенаниг, ахь собарде. ХIун ю шун таьлсаш чохь? Бомбанаш-м ца еъна аш шайн разбойникашна?
Вахмистр таьлсаш кего вуьйлира.
- Йохьург а елара цхьа чомехь хIума. Суна а кхочур яра жима-тIама. ХIора дийнахь массара а йохьург якъаелла сискал, кIон хохаш, муьста нехча. Дакъийна жижигаш, дуьмеш хIунда ца дохьу? ХIинца дегIах хьовсийтал. Куьйгаш хьала дахийта.
Къоначу зудчун дегIах куьйгаш хьекха вуьйлира вахмистр, томкано мажйина, говрачарах тера шуьйра, яккхий цергаш а къажийна. Куьйгаш некха тIе хьалагIоьртича зудчо, разъяьлла, чIогIа тата доккхуш, вахмистран бетах тIара туьйхира.
- Хьакха!
Вахмистр, вахьийча санна, зудчунна тIе а къаьрзина, вогIавелира. ТIаккха цIеххьана саметта а веъна, ши буй айбина, зудчунна тIекхоссавелира. Амма иза сацийра настарх хьаьрчина, варех цергаш йоьхкинчу кIанта а, гIопан кевнехь гучуваьллачу есаула а.
- Хьожа йогIу зуд! - мохь хьаькхира вахмистра. - ДIайовла кхузара, варраш! БIаьрга гур бац шуна шайн разбойникаш! Ас набахтехь бахкор бу уьш!
Ткъа есаул, гIадвахана, воьлура.
- БIаьрг ма хила цунна, ма таза а туьйхира цо хьуна, Афонич! ЭхI, ма воккха Iовдал а ву! Ва-хьа-хьа! Бода бу хьо, Афонич, хьуо ма-барра. Иштта шога хуьлу ткъа мадамашца? Чано санна, куьйгаш хьоькхуш. КIеда-мерза дешнаш олуш, ховха куьг хьоькхуш, эсала хьаста ма еза.
- ДIадовла кхузара, ешапаш!
- Ларлуш хила, Афонич. Церан цхьана башибузуко чоко хоьцур ю хьан, - дIахьажавеллачу есаулана гира юьстах хIоьттина лаьтта некъахо. Иза кхузарчу нохчех воцийла хиъна, забарш йитира цо. - Бахархошца гIиллакхе хила веза, господин вахмистр. Тахана тутмакхашна тIебуьту де дац. Кхача схьаоьцур бу шуьгара, амма тутмакхаш гойтур бац.
Эпсаро дуьйцучух ца кхеташ, бIаьргаш бетташ Iийна зударий, вахмистр шайна яппарш а еш дIавахча, пиркечикна тIебирзира:
- Тхан ахча?
- Тхо Iехийна ахь?
- Охьадилла тхан ахча!
- Кхин хьайгахь ницкъ боцуш лелара хьо? Нохчо-эпсар, шена хIумма ца хуучуха, ладоьгIуш лаьттара.
- ХIун ахча хьехадо цара? - хаьттира цо пиркечике.
- Юкъарло дийца аьлла деллера соьга... вахмистрана дала. Шайн гIуллакх шаьш галдаьккхи аш. ХIан, дIаэца шайн ахча...
ХIорш девнаш деш лаьтташ, йоккхачу стеган, Iадийча санна, цIеххьана мохь белира.
- Со-и-ийп...
ДIахьажавеллачу некъахочунна гира гIопан кевнах араваьлла унтер а коьртехь кхо салти а, царна юкъахь ши куьг къевллина букъа тIехьа дихкина валош стаг а. Еха, оза юьхь хьулйинера Iаьржачу можо. Мекхаш дара бага а, мера чу а чоьш хьийзина. Амма нийсачу, элдарчу дегIо а, кадечу боларо а гойтура иза къона стаг хилар. Йоккхастаг, тIе а хьаьдда, маракхийтира цунна.
- Со-и-ийп... Нана лойла хьан... Хьуна тIехь хIун дина оцу къацахетарша?..
КIант ма-хуьллу нана теян гIертара.
- Ма елха... ХIумма а ца дина суна. ДуьххьалдIа, корта-маж ца яшна...
- Стенна лаьтта шу, цу шинга а хьоьжуш? - мохь белира есаулан. - ДIасадаккха и шиъ.
Салташа, цхьамма къона стаг, вукхо йоккхастаг дIаса а озийна, вовшахдаьккхира и шиъ.
- Нана! Хьайх хIара Делан мостагIий ма кхардабелахь... Сан дас хьайга дина весет дицделла хьуна? Хьо-м нохчочун нана яй... Дерриг лан собаре а, майра а хила кхоьллина...
ТIехь салти а волуш, ши говр йоьжна гIудалкх схьахIоьттира царна улло. Къона стаг хьалха хьала а ваьккхина, гIудалкха тIевелира важа виъ а.
- Суна ма елхалахь! Со вухавоьрзур ву...
- Со-и-ийп... Хьан да а ма вайна доьза... Сийначу Сибрехь... - тIаьхьахьаьдда зуда, гIорзанах ког а тасабелла, бертал кхийтира.
Некъахочо, тIе а вахана, хьалагIаттийра йоккхастаг.
Ши салти а, тутмакх а, урамо гола тухучохь дIа а хьаьвзина, къайлавелира.
ХIетталц ладоьгIуш, юьстах лаьттина воккхастаг, тIе а вахана, зудчунна маслаIат дан вуьйлира:
- Боккъал а, ма кхардабехьа хIара Делан мостагIий. Хьо елхарх, къахета стаг ма вац царна юкъахь. Уггар хьалха и дIогахь лаьтта ши нохчо а. ЦIа ваийта а ма мега. Суд яхь а, цхьа-ши шо хан тухур ю. Иза хIинцца дIаер ю. ЦIа вогIур ву. Къона ву, могаш ву.
Зуда, кIез-кIезиг йогIуш, маслаIате еара. БIаьргех корталин тIемаг а хьаькхна, доккха садаьккхира цо:
- Иза-м вогIур ву... Со ехар юй хаац-кх хIетталц... Да а ма лаьцна цуьнан, иза дуьненчу а валале... Цуьнан бIаьра а хьоьжуш ма даьккхина ас хIара тIаьххьара ткъе ялх шо... ХIинца есачу хIусаме ерза еза-кх со...
- Гергара нах буй кIентан?
- Гергара нах бу. Амма деваша а, шича а, маьхча а вац...
- Хьо мичара ю?
- Гати-Юьртара...
- ХIун дийр ду ткъа. Дика а, вон а Делера ду-кх. Цунна тIе болх биллина Iийр ду-кх вай. АлхьамдулиллахI, цо вониг дийр дац...
Зудчунна тIе ченан кIур а тухуш, уллохула тIехъиккхира хьаргIанан басахь, хье тIехь деха кIайн сет а, кIайн когаш а болуш йоккха говр йоьжна кIеда гIудалкх. Денщикана тIехьа, кIедачу миндарна тIехь воттавелла вара гIеметта хIоьттина подполковник. Ворта лацаелча санна, яьIна кхин дIаса а ца хьовзош, нийсса хьалха дIа ши бIаьрг а боьгIна, тIехвелира иза.
ГIудалкхана тIаьхьа гIопан кевнехьа схьахьаьдда вогIу подпоручик шена улло нисвелча, сацийра некъахочо:
- Бехк ма биллалахь, поручик, мила вара оцу гIудалкха тIехь хIинцца чувахнарг?
Цецваьлла подпоручик къаьрззина некъахочуьнга хьаьжира:
- Иза мила вара бохург хIун ду? Хьо стиглара воьжна-м вац? Цуьнан оьздалла, округан начальник а ца вевза хьуна?
- Добровольский вара иза?
Подпоручикан цецвалар шекваларе дирзира. Иза лерина хьаьжира некъахочун духаре, юьхь-сибате а.
- Ткъа хьо мила ву? Хьуна стенна оьшу господин Добровольский? Зеламхин гIеранах-м вац, хетий, хьо? Хьалха валал суна. Вай цигахь къастор ду, хьо мила ву а, господин Добровольский мила ву хаа хьо хIунда гIерта а.
Нохчо-эпсар шен декхар оццул чIогIа кхочушдан гIертаро самукъадаьккхира некъахочун:
- Даржехь сихха лакхавер ву хьо, подпоручик.
- И хьоьга хоьттуш дац. Со эца гIерташ, хьестало хир ву хьо. Бакъ дац хьуна моьттург. Хьалха валал гIопехьа.
- ДIавало. Со-м господин Добровольский волчу вогIуш ву.
Коьртера охьа когашка кхаччалц юха а некъахочуьнга бIаьрг туьйхира подпоручика. ХIинца цунна ца хаьара оцу стагаца ша къамел муха дан деза. Делахь а цхьаъ хаьара эпсарна: хIара шен махкахо хьаькамех стаг цахилар а, нагахь иза хьаькамех велахь а, цуьнан а, шен а карахь цхьана а тайпана ницкъ цахилар а.
- Схьагайтал документ! ХIара дуьне дуьзна бунтовщикаша. Обаргаша, народникаша, эсдекаша. Уьш берриш а цхьаъ бу. Къуй а, бандиташ а.
Некъахочо, кисанара схьаэцна, тIаьрсиган бохча схьа а диллина, цу чуьра даьккхина паспорт а, цхьа кехат а дIакховдийра.
Подпоручик вехха Iийра кехате хьоьжуш, балдаш хьедеш.
- Мелхуо а дика ду, ас хьо нуьцкъах дIавига ца деза, - паспорт а, кехат а духадерзийра цо. - Цуьнан оьздаллина хаьий хьо вогIийла?
- Хаа декхар-м ду. Иштта веза хьаша вогIуш, Iедало хьалххе хаам бо бухарчу хIусамдега.
Шаьшшиъ дIаволавелча, некъахочо ойла йора хIетта шен бIаьргашна гинчу суьртан. Кхузахь а, Сибрехь а, массанхьа а массо къомах болу салтий а, эпсарш а, полицейскийш а, жандармаш а цхьаъ бу те? ТIулган дегнаш долуш? Я хIора дийнахь шайна гучу оцу харцонех а, къизаллех а боьлла те уьш? Ишттачу тешаро уьш шаьш а баьхна те оцу харцонан, къизаллин новкъа?
ХIун хуьлуш ду те оцу адамех а, кху дуьненах а?
Хехь волу эпсар, некъахочун бакъонан кехаташка а хьаьжна, уьш карахь начальникан кабинета чу вахара. Масех минот яьлча, сени чу а ваьлла, вист ца хуьлуш, хIокхуьнга неIарехьа корта тесира цо.
Некъахо, меллаша чоьхьа а ваьлла, тIе сийна исхар тесначу ехачу, шуьйрачу стоьла тIе юьхьарвахана, хьалха Iуьллучу папки юкъара кехаташ хоьрцуш Iачу подлолковнике маршалла луш вистхилла, неIарехь сецира. ХIетта сиръяла йоьлла, кIужалш хьийзина юькъа хьаьрса месаш, юьхьигаш кIеззиг хьалахьовзийна мекхаш, цIена яьшна юьхь, стомма шалго чIенг, дуткъа балдаш, оцу дерригенца ца богIуш, шуьйра мераГуьргаш йолуш, буткъа мара а.
Цхьана кога тIера вукхунна тIе а вазвелла, чухула бIаьрг туьйхира некъахочо. Iедалан муьлххачу а адмицистраторан кабинета чохь хуьлуш долу императоран доккха сурт дара подполковникан букъа тIехьа пенаца кхозуш. Цхьа пен дIалаьцнера империн доккхачу картано. Цунна уллохь пенах йоьллина йоьзан тIемаш долуш ши неI йолу сейф а.
Эххар а, кехаташна тIера ши бIаьрг дIа а ца боккхуш, охьахаа аьлла, неIарехьа лаьттачу гIантехьа корта тесира подполковника. ТIаккха, цхьа хан яьлча, буьрса хIокхуьнга схьахьаьжира иза:
- Фамили?
- Гатиев.
- ЦIе?
- Мансур.
- Ден цIе?
- Гатиевич.
- Вина меттиг?
- Ведана округ. Манди-кIотара.
- И цIе йолуш юрт а, кIотар а юьйцу ца хезна суна.
- ТIеман тIаьххьарчу шарахь ягийна иза, юха метта ца хIоттийна.
- Толлур вай. Вина шо?
- 1860.
- Да-нана дуй хьан? - Дац.
- Вежарий, йижарий?
- Бац.
- Гергара нах мичахь бу?
- Хаац. ТIаьххьара гIаттам хьаьшначул тIаьхьа царах хилларг хаац суна.
Хьаьжаюкъ хабийна, пхьидачарах тера шен ши бIаьрг некъахочунна тIебуьйгIира подполковника:
- Аьшпаш бутту ахь, господин Хортаев. Хьо Теркан областан махка тIе ваьллачу дийнахь гулбина оха хьох лаьцна хаамаш. Хьо - Хортаев Овхьад Хортаевич ву. Гати-Юьртахь вина. 1877-чу шарахь пачхьалкхана дуьхьал хиллачу мятежан уггаре а жигарчу коьртахойх цхьаъ ву. Уьш къайладаьхна ахь. Кхузара ведда Гуьржех вахчахьана, ахь дIа мел баьккхина ког хаьа тхуна. Юьхьанца Хевсуретехь ваьхна, тIаккха Тифлисехь халкъан ишколехь хьехархо хилла. Цигарчу крамолечу тобанан декъашхо лаьттина. И тоба йохийча, ведда Баку вахана, мехкадаьттан промыслашкахь болх бина. Белхалойн цхьана стачкин куьйгалхо волуш, полицица тасадаларш хилча, жандармски эпсар вийна ахь. Иза бахьанехь итт шо каторгехь, итт шо ссылкехь яккха хан тоьхна хьуна. Ссылкехь социал-демократашца зIе латтийна ахь. Хьуо Соьлжа-ГIала кхаьчча, кхузарчу социал-демок-раташца уьйр таса а гIоьртина хьо. Хьайх лаьцна и хаамаш къайлабаьхна ахь, господин Хортаев. Амма тхуна ца хууш цхьа а къайле йисац.
- ХIинца и хаамаш цхьана а маьIне бац, господин подполковник. Кхузахь Iедална дуьхьал хиллачу гIаттамехь ас дакъалаьцначул тIаьхьа ткъе ворхI шо даьлла.
Ткъа Бакохь сох баьллачу бехкана ас ткъа шо хан яьккхина Сибрехь.
- Ткъа ахь крамолечу социал-демократашца уьйр латтор?
- Цхьа а зIе ца хилла сан цаьрца. Тхо цхьанхьа ссылкехь дара. Цхьаьна дехаш хилча, вовшашца уьйр хилаза йисац.
- Хьовсур вай, - эндаже велакъежира подполковник. - Областехь чолхе хьал ду. Къаьсттина кху округехь. Къайлах-къулах адам карзахдоху социал-демократаша. Нагахь санна хьайн хьалхалерчу новкъа ахь цхьа ког баккхахь, хьуна луьра таIзар дийриг хилар дIахоуьйту хьоьга. КхидIа хьан вахар Гати-Юьртахь я ахь къастийначу цхьана юьртахь хир ду. Цигара дIасавалар пурстопан бакъонца хила а деза хьан. Хаттарш дуй?
Некъахочо корта ластийра.
- ХIета кхуза куьг яздел, - къолам, кехат цунна хьалха теттира подполковника.
Некъахочо, кехата тIехула бIаьрг а кхарстийна, масех чIуг еш даржийна, куьг яздира.
- ХIинца мукъа вуй со? — къолам, кехат юханехьа дIа а теттина, дегI нисдира некъахочо.
- Некъ дика хуьлда!
Carolina вне форума  
Старый 26.12.2007, 23:51   #6
 
Аватар для Carolina
II. БЕКХАМХОЙ

Сан хIусам экханан тунгари ю хьуна,
КIел буьллу кIеда мотт гIа-бецаш ю хьуна,
ТIетосу сан юргIа шийла дохк ду хьуна,
ГIовланна ас буьллург акха тIулг бу хьуна,
Мацвелча ас юург попан ковст ю хьуна,
Хьагвелча молуш дерг бецан тхи ду хьуна,
Тешаме сан накъост шийла герз ду хьуна.


Халкъан илли
1
Сих-сиха меттамотт хуьйцура Зеламхас. Масех дийнахь-буса цхьанхьа Iен кхераме дара. Ша обарган новкъа валлалц адамаш дика девзаш ца хиллера цунна. Моьттура, дерриг а адамаш догцIена, тешаме, къинхетаме ду. Амма иза аьттехьа а ца хиллера. Шайна сом делча, Iедало хьаьстича я кхерийча, шайн да-нана а духкур долуш берш а хиллера. Ишттачарах лечкъа дезара. Даима дIа сема, Iожаллина дуьхьал хIотта кийча. Делахь а дика, тешаме, къинхетаме адамаш а ду. ХIора юьртахь а, гIалахь а. Лаьмнашкахь а, аренгахь а.
Цхьа доккха гIуллакх хилла, тахана Ведана герга веъна иза. Лаьмнашна юккъехь Iуьллучу хIокху жимчу кIотара. Готта цхьа некъ бу кхуза тIебогIуш. Ламанан тархашца сетташ, хьийзаш. Вукху кхаа агIор атталла гIаш кхуза вогIийла а дац. КIотарна тIе а кхозаделла, нийсса ирх лаьтташ мокхазан бердаш ду. ХIусамден ши кIант ву и некъ сема ларбеш. ХIетте а Зеламхин цхьа лерг ара ладоьгIна ду. Маьнги тIехь сонехь, цунна уллохь хIоттийна карабин-топ а, охьайиллина шиъ бомба а ю. Юкъах дихкинчу доьхкарх кхозуш а, кисанахь а шиъ тапча а ю, цкъа а дегIах дIа ца къастош.
Товханахь йоккха летта цIе йогу. ЦIарах самукъадолу Зеламхин. Цуьнга хьоьжуш ойланаш дика яло. Делкъан ламаз а дина, чуьчча когаш а бехкина, шен устазо Кунта-Хьаьжас тIедиллина вирд доккхуш, хиъна Iа иза. Ша Далла Iамал еш, ерриг ойла Далла тIеерзайо цо. Амма хIинца, иза мел дIакъехко гIертарх, коьрте кхин ойла-наш хьийза. Мухха а вирд даьккхина ваьлча, дехха доIа а дина, суьлхьанаш маьнги тIе охьа а тийсина, оцу ойланийн йийсаре вахара иза.
ЗеламхагIеран доьзал машаре бехара. БIе цхьа шо хан йолу деда БIаьхо а, да ГушмацIа а, цуьнан виъ кIант Хаси, Зеламха, Солтамурд, Бийсолта а. Бийсолтин итт шо бен дац. ЗеламхагIеран нана елча ялийначу Билкъиса вина ваша ву иза. Веа вешех воккханиг, Хаси, даима цамгарш лехьош, хьегIаш, эгIаза, Iаламат эсала стаг ву. Хасин а, Зеламхин а зударий, бераш а дара. Солтамурд зуда ялоза вара. Деваша Хьамза а, цуьнан ши кIант а вара. И шиъ шичой бу аьлла дага а ца догIура веа вешина. Шайн нанас шайн дена бина вежарий санна хетара.
Зеламха обарг волучу хенахь цуьнан а, Бицин а ши бер дара: Муслимат а, Энист а. Гушмац Iин а, Хьамзин а доьзалша бежнаш, уьстаг Iий кхобура. Хьун хьаькхна даьхначу ирзош тIехь хьаьжкIаш, кхоьаш, гIабакхаш, картолаш а кхиайора. Берриг а нохчмахкахошна санна, оцу ирзошна тIера даьлла ялта Iаьнах бовла а ца тоьара царна. Дохнан дохкуна духкуш, ялта оьцура. Цул совнаха, накхарш а дара церан кхобуш. Цаьргара шарахь шозза моз схьаоьцура. Иза духкура Веданарчу базарахь. Цунах хиллачу ахчанах бедарш, бахамехь ошург а оьцура. ХIокхеран доьзалш къен а, хьоле а бацара, юккъерчу тIегIанахь бехара.
Цхьаьнцца а хьагI-гамо, мостагIалла а дацара церан. Амма уьш мел машаре белахь а, цара мел ца лехахь а, дедегара охьа, церан кочара ца долура хIара обаргалла.
Зеламхина ца хаьара хIокху Хорачах а, хорачойх а хIун гIуда хьаьрчина, Далла хьалха хIорш стенна бехке хилла. Дала къармазалла елла хIокху хорачошна. Ницкъана, харцонна къарбелла, кIелсовца ца лаьа царна. Къаьсттина БIаьхон тIаьхьенна. Имам Шемал Нохчмахкахь шариIат даржо а, чIагIдан а воьлча, массарах а къаьстина, цунна дуьхьал бевлларш а хорачой бара. БIешерашкара схьадогIу къоман Iадат шариIатца хийца ца лаьара нохчашна. Амма буьрсачу имамах а, цуьнан къизачу муртазекъех а, чаьлтачех а кхоьруш, дуьхьало ца еш, дегаза тIеийцира. Беккъа цхьа хIара къармазе хорачой боцчара. ХIорш дуьхьалбевлира. ТIаккха Шемала, Хорача а веъна, коьрт-коьрта боьрша нах юьртан майдана дIагулбира. Уьш бертал охьа а бийшийна, хьокхашца бухъяьхна бошмийн керташ церан баккъаш тIе а ехкина, царна тIе а хевшина, Iуьйрре дуьйна сарралц той диира муртазекъаша. Царна кIелхьара нах берриг а белира. Цхьа БIаьхо воцург. Дийна висина БIаьхо шолгIачу дийнахь герз карахь лаьмнашка вахара. Шемалах а, цуьнан муртазекъех а бекхам эца. БерхIитта шарахь обарг лийлира БIаьхо. Шемал ведда Нохчийчуьра дIаваххалц. Цхьанхьара кхечухьа вуьйлуш, лаьмнашкахула, хьаннашкахула, экха санна, кхерсташ. Шен аьтто баьллачохь имаман чаьлтачех ка а тухуш.
ГушмацIа дера, къармазе, цIий сиха стаг вара. Пхийтта шо хьалха налог яккха керта баьхкинчу юьртдех а, шина стражниках а леттера иза, царна гIеххьачул чевнаш а еш. ШолгIачу дийнахь алссам стражникаш балош веъначу пурстопа, Ведана а вигна, набахте чувоьллира иза. Да схьа ца хецча, Зеламхас цунна дуьхьал лачкъийна цхьана хьаькаман кIант валийра. Цунна дуьхьал хийцина, маршаваьккхира ГушмацIа.
Цул тIаьхьа шийтта шо маьрша хилира церан доьзалан. Амма и машаре шераш къахьдеш, керла бохам тIебеара царна. Солтамурдан езар яра церан юьртарчу Хушуллин йоI Зезаг. Цаьршинна чIогIа дезара вовшийн, цхьаьнакхета Солтамурдан аьтто боцуш, хан дIатоьттуш, ладоьгIуш Iара и шиъ. Цкъа цхьана суьйранна Солтамурд хин коьрте вахча, Зезага дийцира цунна, ша МахкатIерчу юьртден кIантана хьехош ю, ша еха цара нах бахкийтича, шен да-нана оцу захалонна реза хир долуш ду, ден а, ненан а лаамна дуьхьалъяла шен бакъо яц, нуьцкъах ядийна кеп а хIоттош, ша йига аьлла. Иштта йоI йигар хуьлуш дара нохчашлахь. Нах юкъа а бовлий, барт, машар бой, захало дой, дIадерзадора. И шайниг а иштта дIадерзаре догдаьхна, шолгIачу суьйранна хи дохьуш цIа йогIу Зезаг, урамехь схьа а лаьцна, дIайигира Солтамурда.
Шайн йоI аш нуьцкъах ядийна йигна, иза схьа ца лахь, шаьш захало-м муххале дийр дацара, вайна юккъехь цкъа а машар хир боцуш мостагIалла хир ду аьлла, схьахьедира ХушуллагIара. Юьртара тхьамданаш машарна а, захалонна а юкъабевлира. Амма оцу машарна а, захалонна а юкъагIоьртинчу Хорачан юьртдас иза а, важа а дохийра. Ша хьаькам ву, хIокху юьртахь ша Iедал ду, ша аьлларг хила деза, машар а, захало а ма хьехаде, ХушуллагIеран йоI дIа ца лахь, ша ГушмацIагIар берриг а набахте чу бухкур бу бохура цо. Юьхьанцара оьгIазбахар дIадаларе а, я тIаккха тIаьхьа захало хиларе а догдаьхна, Зезаг ХушуллагIаьрга дIаелира ГушмацIагIара. Ядийна йигна йоI, йолчара схьаехча, дIа а луш, тIаьхьа захало а деш, я ца деш, амма машар беш дIадерзош Iадат ма дара. Кхузахь иэхье хIумма а дацара шиний агIорхьарчарна. ГушмацIагIарна новкъадерг кхин дара - шаьш ялийна нус Iедало схьаяккхар.
2
Цул тIаьхьа а и дов, захало дина я ца дина, дIадерза тарлуш дара, хIинца оцу юкъа махкатIхойн юьртда ца гIоьртинехьара. МахкатIхойн юьртда а, ГушмацIин стунцахой, Хорачара ЭлсангIар а гергара бара. ГушмацIагIеран а, ХушуллагIеран а захало хиларна я ГушмацIагIара юха а Зезаг нуьцкъах дIайигарна кхеравеллачу махкатIхойн юьртдас йоI Хорачара дIаяккхийтира. Элсанан кIанта, ГушмацIин стунвашас ШоIипа, Эшалхоте йигира иза. ХIинца Зезаг махкатIхойн юьртден кIентан цIартIе яларна юккъе яьлча санна дара хIоьттина хьал. Иза а, гIаддайча, тардолуьйтура ГушмацIагIара. Царна Iаьткъинарг ЭлсангIеран ямартло яра. ГушмацIин стунвашас, Бийсолтин ненавашас, и йоI Хорачара дIайигар. Цигара дIа Зезаг махкатIхойн юьртден кIантана дIайигале иза схьаяккха вахара Зеламха а, Хьамзин ши кIант Iеламха а, Iизраил а, Солтамурдан доттагIа Ушурма а. Зезаг схьаяьккхина ца Iаш, ШоIипана тIера шарбал а яккха. Цигахь девнехь ШоIипа Ушурма вийра. ГушмацIагIарна гIоьнна веъна нехан стаг вийнера уьш бахьана долуш. ТIаккха, цунна дуьхьал чIир йоькхуш, ГушмацIагIара Элсан вийра.
Оцу тIехь машар а хилла, мостагIалла чекхдала тарлуш дара. Шинне агIорхьарчара вовшийн цхьацца стаг вийнера, чIир нисъеллера. Амма иза дерза ца дуьтуш, шайтIа хилла оцу юкъахьаьвзира хорачойн юьртда. Цо Веданара пурстоп Чернов валийра Хорача. Черновс дIакхайкхира ГушмацIагIар. Зеламха воцург, берриг а реза бара Iедална тIебаха. Зеламха реза вацара. Цунна хаьара, шаьш цига дахча, Iедало дIа а лецна, Сибрех дохуьйтур дуйла. Амма гергарчу баккхийчу наха дехарш дора, шу Iедална тIе ца дахча, шу бахьана долуш юьртана бохам хир бу, шиний агIорхьарчара вовшийн цхьацца стаг а вийна, чIир нисъелла, Iедало шуна хIумма а дийр дац, бохуш.
ГушмацIа а, Зеламха а, Iеламха а, Iизраил а Ведана Iедална тIебахара.
Уггар хьалха уьш тIенисбеллачу пурстопа Черновс хIорш сийсазбира, дений-нанний хьежош, тIаьххьара а Зеламхина бетах тIара а туьйхира. Уьш виъ набахти чу кхоьссира.
Уьш набахте боьхкина аьлла хабар кхаьчча, царах къинхетам бар деха Ведана ваха кечвелира къена БIаьхо. Зударша дехарш дира цуьнга, паччахьан хьаькамаш къиза бу, цара хьо тергалвийр вац, цига ма гIахьара, бохуш. Амма БIаьхо шен сацамна тIера вуха ца велира. Чорний къона ву, лахара хьаькам ву, цуьнан хьекъал кIезиг ду, полконак лакхара хьаькам ву, воккха ву, хьекъале ву, цо шега ладугIур ду, шен кIентех къинхетам бийр бу, бохура.
БIаьхо Ведана вахара. Округан начальникана подполковникана Добровольскийна тIе. БIаьхос цуьнга дехар дира, и дов шен кIентан а, кIентийн кIентийн а бехкенна ца доладеллера, бехк муьлххачеран белахь а, шиний агIорхьарчарах цхьацца стаг а вийна, чIир нисъеллера, къинхетам а бай, лецнарш цIа бахкийтахьара ахь, аьлла. Добровольскийс доцца къамел дира цуьнга.
- ХIара мила ву? ХIун боху цо? - хаьттира цо талмаже. - ГушмацIин да ву? Зеламхин деда ву? И йовссарийн хIу долийнарг хIара къена бож ю? Царна къинхетам боьху хIокхо? Къена Iовдал! Гирзе бож!
Хьала а гIаьттина, стоьла тIехула дIакхевдина, БIаьхон ло санна кIайн, еха маж схьа а лаьцна, цуьнан корта дIасаластийра подполковника.
Къона волуш, дегIехь ницкъ болуш буьрсачу Шемална а ца къарвелла, берхIитта шарахь гIодаюккъера герз ца достуш, гила борз санна, лаьмнашкахула, хьаннашкахула кхирстинчу къеначу БIаьхон хебарша аьхначу юьхь тIехь кхузза бос хийцабелира. ЦIийлуш, Iаржлуш, кIайлуш. Дуьхьало ян куьйгаш хьалаайба гIоьртича, цуьнан дуткъий пхьаьрсаш, даш санна дазделла, охьадахара, настарш егайора. БIаьрса гIелделла бIаьргаш, чу хиш хIиттина, кхоьлира. Балдаш дегош, халла когаш а текхош, воккхачу хьаькаман канцеляри чуьра аравелира иза.
Цул тIаьхьа ах шо даьлча Хорача хабар деара, тутмакхаш Соьлжа-ГIала дIабуьгу аьлла. Уьш ган боьлхучу зударшца кIанте а, кIентийн кхаа кIанте а тIаьххьара бIаьрг тоха цига ваха ворданна тIе хьалаволуш, ког а тасабелла, охьакхетта, дIакхелхира къена БIаьхо...
Соьлжа-ГIалахь суд йира царна. Суд йина аьлла цхьа бахьана лелийра. ШоIипа Къуръан тIехь дуй биира, Ушурма шен карах ца велла, иза ша шен шаьлтанна тIе а кхетта велла, аьлла. Ткъа пурстопа Черновс а Инжила тIехь дуй биира, Элсана шен са далале шега элира, шена чевнаш йинарг хIорш виъ вара, аьлла. ГушмацIа а, Зеламха а, Iизраил а маршавоккхуш, Iеламхина Сибрех яккха хан а тухуш, кхиэл йира суьдо. Чернов дуьхьалвелира оцу кхиэлана. Зеламха маьрша витахь, Ведана округехь цкъа а синтем хир бац бохуш, мохь хьоькхура цо. Суьдан председатела а, къаноша а, кхечу цIа чу бахана кхеташо а ца еш, шаьш болччохь вовшашка масех дош а аьлла, шаьш масех минот хьалха йина кхиэл хийцира. Веанна а къоъ-ах шераш хенаш туьйхира. Кертара бежнаш а доьхкина, адвокатана делла ткъа туьма ахча, хи чу кхоьссича санна, тIепаза дайра. ГушмацIа, къена ву аьлла, Сибрех ца вохуьйтуш, БуритIа вигира. Ткъа Зеламха а, Iеламха а, Iизраил а цкъа Ростове, цигара дIа Харькове, тIаккха Оренбургехула дIа Илецки Защите бигира.
Дукха хан ялале Соьлжа-ГIала схьавалийра уьш виъ. ШариIатан суьдо шайга схьадехнера церан дов. Суд хилале Iизраил набахтехь дIакхелхира. Зеламхина хаьара шариIатан суьдо а нийса кхиэл йийр йоцийла, хенаш а тоьхна, шаьш юха а Сибрех дIахьовсор дуйла. IПариIатан суд а яра кхаьънаш оьцуш, Iедална а, хьаькамашна а йохкаелла. Тутмакхаша гIо а деш, масех буса къахьегна, набахтин пенах Iуьрг а даьккхина, цхьана буса ведира Зеламха. ГушмацIина ца лиира вада. Обаргалла лело ша къена ву, элира цо. Иза ша вита а ца лиъна, цуьнца висира Iеламха. Оцу буса Зеламхица кхоъ ведира набахтера: Саратиев Муса, Шелара Дики а, ШаIми-Юьртара Бийсолта а. Уьш виъ цхьаьний обарг велира. Амма Зеламхин кхаа накъостан оьмар еха ца хилира. Дукха хан ялале Дики, Iедало лаьцна, ткъа шо хан а тоьхна, Сибрех каторге вахийтира. Муса а, Бийсолта а чIирхоша вийра.
Ша набахтехь волуш, цигара дийна аравалахь, уггар хьалха кхо гIуллакх кхочушдан чIагIо йинера Зеламхас.
ГушмацIагIеран боьрша нах, лецна, Сибрех бахийтича майраваьллачу махкатIхойн юьртдас Зезаган бертаза, ХушуллагIеран бертахь иза шен кIантана йигира. Хьалхара чIагIо, Зезаг цаьргара схьа а яьккхина, Солтамурдана цIа ялор яра цуьнан. Ша набахтера ведда цIа веъначу шолгIачу дийнахь, МахкатIа а вахана, цаьргара Зезаг ехьа а яьккхина, шайн цIа ялийра цо. Юьртда а, цуьнан нах а Зеламхина дуьхьало ян ца баьхьира. Зуда бахьана долуш юкъа мостагIалла дожийта ца лиира царна. Цигахь марехь ю бохуш цIе йолуш масех баттахь Iийнехь а, майрачуьнга шех куьг ца тохийтинера Зезага. Нанас дуьненчу ма-яккхара цIена Солтамурде дIаелира иза Зеламхас.
Цул тIаьхьа цо бекхам эца безаш ши гIуллакх дара. Черновс набахтехь шена тоьхна тIара а, Добровольскийс шен деден озийна маж а. И шиъ вен везара. Шайн доьзална хиллачу берриг а бохамашна и шиъ бехке вора цо. И шиъ а, оьрсийн Iедал а. Цкъа хьалха и шиъ а вийна, тIаккха шен ерриг а оьмарехь Iедалх бекхам эца безара цо. Зеламха набахтера ведча, кхеравелла Чериов, Веданара ведда, Несаре балха вахара. Амма ша Веданара дIавадале жимачу йоIаца Муслиматца цхьаьна Бици кхаа баттана Ведана набахте чу йоьллира Черновс. Амма иза гена ца ваьллера. Ткъа Добровольский хIинца а Веданахь ву. Стигла ваьлча а, лаьттах воьлча а, Зеламхин тоьпан даьн-даргах кIелхьара вер вац и шиъ.
3
Хулхулон чIожахула, хин аьтту агIонца, тIулган бердашца сетташ, хьийзаш хьала-охьа бу Ведана боьду некъ. Масийтта шо хьалха паччахьан ваша, Кавказан наместник, кхуза вогIу аьлла баккхийтина иза. Россера говза инженераш а балийна, Нохчмехкан ярташкара нах шайн ворданашца кхуза лоьхкуш, цаьрга маьхза болх бойтуш.
Оцу некъана шинне агIор тIекхозаделла тIулган лаьмнаш, тархаш, басеш дIахьулйина кхиъна бIешерийн къена хьаннаш ю. Хьежарх ца кIордош, хаза хуьлу бIаьста а, аьхка а, гурахь а кхузара и исбаьхьа Iалам. Нежнаш, пепнаш, маьънаш, акхтаргаш, гIаргIеш, таьллаш. Акха кхиъначу хьорматийн, Iежийн, кхорийн, хьаьмцийн, элхьамчийн, кхечу дуккха а стоьмийн дитташ. БIаьстенан юьххьехь, дитташа заза доккхучу хенахь, бес-бесара къарзло и хьаннаш. ЦIен а, кIайн а, можа а, сийна а, баьццара а - тайп-тайпанчу беснашца.
ДIа ког мел баьккхинчохь тIулган лаьмнех схьаIена сирла, ша санна шийла шовданаш. Лаха когашка кхаьчча, Хулхулох дIакхета уьш. Хулхуло а ду сирла. Дукха сирла хиларна, Iаьржа бос а бетталуш. Амма лаьмнашкахь догIанаш даьхкича, буьрса деста иза. Къена дитташ бухдохуш, даккхий чхернаш керчош, хьере догIу иза, аренга нийсачу даьлча, чехка еъна кIадъелла говр санна, болар лагIдой, меллаша малхбузехьа дIашерша.
Оцу чIожахь, некъо голатухучохь, цхьана торха тIехь хиъна Iа ши жимастаг. Кхузара дIа гена го Ведана хьала а, охьа а лела некъахой. Шинна хьалха тIулган чIапачу экъанна тIе охьаехкина ю йохийна сискалан ах а, нехчин межарг а, цIен ши хох а, бехчалга юккъе хьарчийна гIоргIа туьха а, кхийран жимачу чIижалга чохь хи а. И шиъ сутара тасавелла оцу бекъачу кхачанах. Цаьршиннан мацваларе хьаьжча, и шиъ кхузахь волу дикка хан ю. Кхача бууш велахь а, цаьршимма сих-сиха бIаьрг туху Веданара охьабогIучу новкъа. Геннахь ворда, гIудалкх гучуяьлча, бIаьргашна тIе турмал а лоций, хьожу.
Шинна а улло охьаехкина пхоьазза йолу карабинаш ю. Некха тIехула морзахйохуш тийсина патармийн гIаьпнаш а, хаьн тIехь тапчанаш а, шишша бомба а ю, детица кхелина шаьлтанаш а ю.
И ши жимастаг цхьана хенара велахь а, цхьаъ воккха хета. Дикка хенахь урс хьакхадалаза корта а, мажмекх а дахделла цуьнан, цара хенал воккха хоьтуьйту иза. Цунна тIехь тужурки тIехула дуьйхина нохчийн чоа а, коьртахь кхакханан месала куй а, когахь чухула маьхьсеш юьйхина неIармачаш а ю.
ШолгIачун маж цIена яьшна, амма хаза тодина месала мекхаш ду. Цуьнан коьртахь лохочу кепехь бина боьмашчу басахь холхазан куй бу, ткъа дисина духар европахойн ду. Хьалхарчун ехо юьхь а, аьрзун зIакарх тера хьаьвзина, дукъ тIедаьлла боккха мара белахь а, шолгIачун цIен бос бетталуш, горга кIайн юьхь ю. Юьхьсибат а, васташ а хаза, дегI куьце ду цуьнан, тIе мехкарийн духар дуьйхича, хазачу йоIах а тарлур волуш. Хьалхарниг хабаре ву, ткъа шолгIаниг наггахь бен вист ца хуьлу, ша вистхуьлуш а юьхь цIийло цуьнан.
И шиъ Йоккхачу АтагIара ву. ШолгIаниг ТIамин Аюб ву, Зеламхин уггаре тешаме накъост. Цунна дика оьрсийн мотт а, йоза-дешар а хаьа, цундела Зеламхин писар ву иза. Дуткъачу, элдарчу дегIара, эсала Аюб майра а, оьзда а, доьналле а кIант ву.
- Iуьйрре дуьйна кхузахь хиъна Iийна, дегI тхьусдоьлла-кх сан, - элира мажъяьллачо, чIижалг хьала а лаьцна, хих масех къурд а бина. - Бедарш а тIунъелла. Ткъа вайша ларбийраш гучубовлуш а бац. ХIинца а ца баьхкина, уьш маца богIур бу, Аюб?
- МаьркIажан хан хиллалц ладогIа деза вайша.
- И вайша кIелхьараваккха везарг ван мукъана а мила ву?
- Ца хаьа суна.
- Мичара ву иза?
- Ца хаьа.
- ХIета, сох къайладаьккхина ду-кх иза, - дегабаам бира мажйолчо.
Аюб цигаьрка хьарчо вуьйлира.
- «Хаац» боху дош дашо ду олуш хезний хьуна, Абубакар? Вай санначу берзалошна далийна кица ду иза. Амма кхузахь цхьа а тайпа къайле яц. Вайша кIелхьараваккха веза жимастаг мила ву а, мичара ву а ца хаьа суна. Селхана шена тIе а кхайкхина, Зеламхас элира соьга: «Аюб, кхана Ведана гIопера охьа Соьлжа-ГIала набахте вуьгур волуш цхьа жимастаг ву. Хьайца тешам болу цхьа накъост а вигий, новкъахь кIело а яй, иза салташкара схьа а ваккхий, суна тIе схьавалаве». Иза ду-кх суна хуург а.
- Тоьаш ду. Ха деш салтий дукха хир буй те?
- Хьуна маса хила лаьара?
- Иттаннал алсам хилахь, ларор вуй те вайша?
Аюб, боккха баьккхина цигаьркин кIур чу а тоьхна,
велавелира.
- Итт салти бен уьш ца хилча-м, суна накъост а ца оыпура!
- ХIета ас, охьа а вижина, парггIат садаIа мегар ду. Салташца хьо цхьаъ ларориг хилча, со совнаха ма ву.
ХIара шиъ къамеле ваьлла Iаш, геннахь говрийн гIудалкх гучуелира. Аюба турмал лецира бIаьргашна тIе.
- Вайша ладоьгIурш гучубевли, - элира цо. - ГIудалкха тIехь пхи салти а, куьйгаш дихкина нохчо а ву.
- Турмал соьга лохьа! - куьг дIакховдийра Абубакара. Турмал шега схьа а эцна, бIаьргашна тIе а лаьцна, лерина хьежа вуьйлира иза.
- ОхI! - мохь белира цуьнан.
- ХIун хилла?
- Тутмакх, гIудалкхана тIера чу а иккхина, ведда!
Аюба шега схьаийцира турмал. Ши салти веддачунна тIаьххье бердах чутилира. Кхин а ши салти, гIудалкха тIера чу а воьссина, берда йисте дIахIоьттира, тоьпаш а юьйлина. Цхьа масех минот ялале цара бердах хьалаваьккхира ведда нохчо. Цкъа-шозза тоьпан бух а тоьхна, айбина, гIудалкха чу тесира цара иза.
4
Муьшаца чIоггIа къевлина, хьовзош букъа тIехьа дихкина куьйгаш а, пхьаьрсаш а, белшаш а лозура Соипан, Веданна гена мел волу. Амма и лазарш дицдора дагна деттачу лазарша. Шена тIехь лелийначу харцонна, ша сийсазварна дуьхьало ян, оцу Делан мостагIех бекхам эца шегахь ницкъ бацаро сабIарздинера цуьнан, корта хьере бинера. Цхьана минотана а бIаьргашна хьалхяра дIа ца долура тIаьххьара а цунна гинчу декъазчу ненан сурт. Хаддаза лерехь декара цо Iадийна хьоькхучу маьхьаран аз. Дагаоьхура, хIокхуьнан дех Болатах а, цуьнан дех-ненах а лаьцна Iаьнан шийлачу, ехачу буьйса-нашкахь нанас дийцинарш. Деда а, денана а хIокху.Делан мостагIаша махках даьккхина, кхелхина дахана, генарчу, хийрачу Хонкарахь дIакхелхина. Оццу Делан мостагIаша лаьцна, Сибрех вахийтина хIокхуьнан да а доьза вайна. ХIинца хIара ша цунна тIаьххье дIавохуьйтур ву. Шен ойла-м ца йора Соипа. ЦIахь цхьа юьсучу къеначу, декъазчу ненан ойла йо. Цуьнан дола дан хIокху шиннан а вежарий, шичой, маьхчой бац. Шелахь ден цIийнан нах бу. Уьш генахь бу. Геннара гергара а бу. Цхьа йисина цуьнан къена нана. Есачу, къечу, мискачу хIусамехь. Цунна рицкъа хьан латтор ду, цомгаш хилла, къанъелла кIелйисча, цуьнга мила хьожур ву?..
БIаьргаш хьабдича, уггар а карладуьйлура цунна и гIайгIане суьрташ. Къамкъарге шеддаш хIуьттура. Кийра, цIе хьийзаш, карзахбаьллера. КIез-кIезиг хуьлуш, вада сацам хилира цуьнан. ХIокху лаьмнашна, хьаннашна юкъара аренга валале. Сиржа-Эвлара дIа шера аре ю. Хьаннаш-м хьовха, атталла варщ а йоцуш. Цигахь ведча, къайлавала меттиг бац. Вада веза. ХIинца Соьлжа-ГIала дIавигча, тоьпаш тухур ю цунна я ирхъуллур ву, лаххара а таIзар Сибрех вахийтар хир ду. Итт, ткъа шарна. Я ерриг а оьмарна. Шен дена санна. Шен да санна, цигахь доьза вовр ву иза. Цигахь велча, гаурша дIавуллур ву, къена жIаьла санна. Дийна висина цIа верзахь а, хIокху Делан мостагIийн лай хилла ваха веза. Цул валар гIоле ю. ХIокху ша винчу лаьмнашкахь. Iожалла елахь, лийр ву, яцахь, Делан къинхетамца, Делан гIоьнца кIелхьарвер ву. КIелхьарвалахь, обаргех дIакхетар ву иза. Шен ден да-нана махках даьккхинчарах, шен да Сибрех вахийтина, хIаллаквинчарах, шен нана а, ша а дакъаза даьк-кхинчарах бекхам оьцуш.
Соипа къайллах бIаьрг туьйхира салташка. Шиъ тIехьа, шиъ цунна дуьхьал а вирзина, хиъна ву. Юьйлина тоьпаш а ю, голашна юккъе а хIиттийна, каралаьцна. ПхоьалгIаниг, говрийн архаш лаьцна, хьалха ву. Цхьадика, когаш ца бихкина Соипан. Амма и виъ салти сема хьоьжу цуьнга. Къаьсттина некъана кIел агIор хьун яьлла басеш йолчохь.
ГIудалкх ишттачу меттиге нисъелча, цIеххьана хьала а иккхина, цу тIера чу а кхоссавелла, басехула охьа хьуьна чу ведира иза. Маьхьарий а деттяш, цунна тIаьхьахьаьлхира салтий. Соип хьуьна чу вуьйлира, амма дихкинчу куьйгашца гена ца ьалавелира. ТIекхиъначу шина салтичо схьалецира иза. Соин когашца дуьхьало ян гIоьртира. Амма иза гIийла, эрна дуьхьало яра. Набахтохь яьхначу буьйсанаша, мацалло, ойланаша гIора эшийнера цуьнан. Шина салтичо, пхьаьрсаш лаьцна, текхош, басех хьалаваьккхира иза. Цигахь лаьтташ важа ши салти а вара. Шозза-кхузза букъах тоьпан бух а тоьхна, когаш а бихкина, айвина, гIудалкх чу кхоьссира цара Соип...
5
ГIудалкх ши бIе гIулч герга кхаьчча, бIаьргашна тIелаьцначуьра турмал дIа а яьккхина, Абубакаре вистхилира Аюб:
- Хьо кхузахь саца. Со царна дуьхьал волу. Ший а топ хьайгахь йита, ткъа хьайн тапча соьга схьало. Ас гIудалкх сацийча, уьш дуьхьало ян гIортахь, салташна а ца кхоьтуьйтуш, гIудалкхах тоха. Говраш лаьхкина дIабовда гIортахь, цхьана говран настарх тоха. Нагахь уьш герзаца дуьхьало ян гIортахь, лен волчу а ца тухуш, салташна чевнаш ян мегар ду. Амма гIуллакх иштта гена дер дац моьтту суна.
Аюб, тарха тIера чу а воьссина, цхьа ахбIе гIулч хьала а вахана, кекъа йистерчу лекхачу, стоммачу попан гIодана тIехьа дIалечкъира. ГIудалкх улло нисъелча, цунна хьалха а иккхина, говрийн архаш схьалецира цо:
- Тр-р-р! Стой! Оружи земли бросай! Руки верх! ГIудалкха тIерачу унтеро буьрса мохь туьйхира:
- Мила ву хьо? ДIавала новкъара!
- Астарожна, гаспадин унтер. Ми - абреки!
- Говраш дIалахка! - омра дира унтера.
Торха тIера схьа тоьпан тата делира. Цхьа говр, гIийла терсина, гора а яхана, дIахаьрцира. ШолгIа яьллачу тоьпо гIудалкхан пенан аннах кескаш тасийтира.
Аюба Соьлжа-ГIаларчу ишколехь шина шарахь дешнера. Шозза набахтехь а, каторгехь а хиллера. Цигахь оьрсийн мотт, йоза-дешар Iеминера цунна. Оьрсийн мотт шена дика хаахь а, забарна санна, мухха а буьйцура цо.
- Астарожна, гаспадин унтер. Я - Аюб Тамаев. Адутант абрека Зеламхана. Кургом абреки. Вы окружен. Будешь кирчать, ружье стрелят, всех убъем. Ружье борсай земли. Харашо. Руки верх! Один-один слезай. Маладци. Ми вас убиват не будем. Зачем убиват? Зачем умират? У вас дома папаши ест, мамаши ест, матушки и баранчуки ест. Унтер бедний, солдат бедний. Зачем вам умират? Ми бедних не убиваем, солдат не убиваем. Ми начальники, опицери убиваем. Ай, маладци!
Унтеро а, веа салтичо а тоьпаш лаьтта юьстах кхийсира. ГIудалкха тIе а вахана, цу чу хьаьжира Аюб.
- Это што такой? Почему бедний чечен лежит? Кто он такой?
Унтер воьхна хьаьвзира:
- Арестант ву иза, Соьлжа-ГIала вуьгуш...
- Развязат бистро! - омра дира Аюба.
Цхьана салтичо, куьйгаш а дегош, машшаш хедийна, маршаваьккхира Соип. Салтийн тоьпаш схьа а лахьаяй, юьстахвала, элира цуьнга Аюба.
- Маладец, салдат! Деньги есть? - унтерна тIевирзира Аюб.
- Дац. Тхоьгахь мичара хуьлу ахча...
- Харашо. А тепер, солдат, свяжи руки всем. Крепко. Ха-рашо. Гаспадин унтер, что в твоем сумка?
- Арестантан документаш...
- Сумка мне отдай. Он не арестант. Свабодни чечен. Его дакументы тепер никому ни нада.
ТIоьрмиг шега дIа а эцна, чуьра схьадаьхна кехаташ деша вуьйлира Аюб.
- Так, так. Болатов Соип... Двадцать семь лет... Рост выше среднего... Лицо смуглое... Глаза черные... Нос горбатый... Волосы черные... Опасный преступник... Харашо, унтер. Опасный преступник ми забираем.
- Господин адъютант! - дехаре мохь белира унтеран. - Ас жоп дала ма деза арестантах...
- Э, унтер, ты не отвечает за арестанта. Теперь отвечает ми, абреки. Скажеш начальникам, абреки сделали засада. Они бистро напали. Они били много. Двадцат, тридцат. А солдат мала, пят. Все связали, арестант забрали и ушли в гора.
- Оцу хабарх цхьа а тешар ма вац, господин адьютант...
- Я тебе документ дам. Хароший документ, - кисанара блокнот, къолам схьа а даьккхина, доцца кехат яздира Аюба. - Паслушай дакумент: «Гаспадин палконик Дабраволски! Ты не полконак, ты **** и бляд. Ты как баба сидиш крепости, боис абреков, война делаеш женшинам, старикам и детям. Ты свинья, праститутка. Ми найдем тебе, зарежим как свинья. Здесь ми были много, солдат мала. Ми связал бедних солдат, забрал арестанта. Это сделал я, Аюб Тамаев. Адутант Зеламхана». Пайдет такой дакумент?
- Мегар ду, господин адъютант... Дика документ ду... Баркалла хьуна...
Аюб салташна тIевирзира:
- Как думает салдат?
- Iаламат дика яздина ахь, господин адъютант!
ГIуллакх кхиамца чекхдаьллий хиъна, Абубакар тIевеара царна.
- Дасудани, гаспадин унтер! Дасудани, гаспада салдат! - аьлла, церан Iодика а йина, цаьргара схьадаьхна горляш белшех а тийсина, лома хьалабоьдучу гIашлойн нонкьахула къайлавелира уьш кхоъ.
Царна тIаьхьа а хьаьжна, цхьана салтичо, паргIатваьлла, доккха садаьккхира:
- Дала тIе ма доуьйтийла вайна вовшийн кхин гар!
- Уьш-м шиъ бен ма ца хилла. Вай хьалхе кхераделлера...
- И хьайн муцIар сацае, Iовдал вир! - човхийра иза унтера. - Хьуьна чохь церан накъостий мел бара хаьий хьуна? Оцу шина обарго хьуо ца вуьйш, дийна витарх воккхавеш, Далла хастам бан беза ахь хьайн оьмарехь. Оцу шина обаргана а цхьаьна!
Дика хьаьвсича, шайна вовшийн куьйгаш дIадасталур дара салташка. Амма уьш даьстина карийча, бехке хир бара. Шина обарго шайн когаш цабехкарна а чам бацара царна. ТIаккха уггар а бехказа хир бара уьш. Делахь а, хIара а тоьар ду. Шаьш дIадаста некъахой тIекхачаре хьуьйсуш, дIатийра пхи салти.
Carolina вне форума  
Старый 27.12.2007, 18:47   #7
 
Аватар для Arzo
Дал геч дойл хьун Абузар!
сун Абузари к1ант войз,ч1ог1 дик к1ант ву,наха лоруш ву! Дал дуккху ваг1а войл из
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
Arzo вне форума  
Старый 30.12.2007, 22:46   #8
 
Аватар для Arzo

Абузар Айдамиров — народный писатель Чечено-Ингушетии. Родом он из села Мехкеты, Ножай-Юртовского района. Он является автором выдающихся художественных произведений, среди которых на первом месте:

историческая трилогия “Долгие ночи”,

“Молния в горах”,

“Буря”.

В этих трех романах запечатлена история Чечни, начиная с Кавказской войны 19 века и до Октябрьской революции 1917 года. Среди героев романов – десятки простых людей горцев–крестьян и народные чеченские герои, такие как предводитель восстаний горцев Шамиль, народный мститель Зелимхан.

Писатель Айдамиров родился в 1933 году. Закончив историко-филологический факультет Чечено-Ингушского государственного пединститута, он долго работал учителем, затем директором средней школы в своем родном селе Мескеты. За многолетнюю педагогическую деятельность был награжден высокими правительственными наградами. Не случайно этот уважаемый человек стал Народным депутатом Верховного Совета РСФСР 1-го созыва (1989-1993 гг.).

Очень непросто складывалась и личная, и творческая биография Айдамирова. Но он - человек несгибаемого характера. И если сотни молодых людей, которых он воспитал в школе, всегда считали его своим духовным наставником, то, как писатель, он стал духовным наставником для всего чеченского народа.

Время начала творческой деятельности Айдамирова совпало с периодом больших надежд на перемены в жизни страны в связи с осуждением культа личности Сталина. Первый его рассказ был опубликован в 1957 году. Айдамиров всегда писал правду о жизни своего народа, чего бы ни касались его произведения – седой старины или проблем сегодняшнего дня. И были времена, когда писатель надолго попадал в опалу. Потому что далеко не всегда его творчество удовлетворяло идеологическим установкам времени. Хотя неизменно пером Айдамирова двигала мечта о возрождении мирной, созидательной жизни чеченского народа. При этом писатель в своих произведениях принципиально осуждал кровопролитие, напоминал читателям завет чеченского мудреца – святого Кунта-Хаджи: никогда не решать никаких проблем с помощью оружия.

Он до последних дней своей жизни прилагал все усилия, чтобы отвести беду от родного края. Сопереживая страданиям чеченского народа, Айдамиров всю свою жизнь исполнял свой писательский и гражданский долг: писал прозу, публицистику, давал интервью… Призывал к цивилизованному решению любых вопросов, боролся за культуру мира…. У него немало единомышленников. К его голосу прислушивался чеченский народ.
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
Arzo вне форума  
Старый 01.01.2008, 19:45   #9
 
Аватар для Dodam
Дала декъала войла Абузар!
Дала ялсамани хьаша войла иза!
Вайн къомаха иза хилар вайна юьхьк1ам
болуш вара-кх Абузар...
Катарина, Дела реза хийла
х1ара тема йилларна...)
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума  
Старый 02.01.2008, 00:16   #10
 
Аватар для Carolina
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Дала декъала войла Абузар!
Дала ялсамани хьаша войла иза!
Вайн къомаха иза хилар вайна юьхьк1ам
болуш вара-кх Абузар...
Катарина, Дела реза хийла
х1ара тема йилларна...)
Массарна хуьйла Дела реза!
Абузар Айдамиров хьомсар яздархо ву, ас дуьххьала нохчийн маттахь ешийна книга цуьна «Еха буьйсанаш» яра.
Дала геч дойла цуна!
Carolina вне форума  
 

Опции темы

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Любимые отрывки... Emma Проза/Поэзия 149 06.11.2008 02:30



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.