![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #1 (ссылка) | |
| "Нана, дийцахь суна хьайн къоьжаллин туьйра..." Юха а массаьрга салам-маршалла ду! Вайн керлачу накъоста дага даийти суна х1ара аг1о кхолла) Цитата:
амма цу чохь дукха хьолахь оьрсийн маттахь язйина байташ ю... Ткъа кху чу вай нохчийн маттахь ерш язйийр ю-кх, Делан пурбанца...) "Даима а ненах лаьцна дийца дезар-кх, т1аккха галвера вацар-кх цкъа а..." (с)
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | ||
| | |
| | #2 (ссылка) |
| Апти Бисултанов Суьйре, аьхна суьйре, Хаза, маьрша йог1у. Нана, дийцахь туьйра, Со хьо йолчу вог1у. Стигла оьху 1ана Эзар ц1арах тховса. Хьаьгна ву со, нана, Цкъа хьан марахь тхьовса. К1адвелла со ч1ог1а, Хьоь сатуьйсуш лела. Хийла дог ца дог1уш, Хьо ца гучохь вела. Амма и хьан йовхо Даим даг чохь къуьйлуш, Веъна со сайн новкъа, Ирхонашца къуьйсуш. Эт1ош когийн айра, Гуш сайн ирсан кхане, Со чекхвийлла майрра Хьох дуй бууш, нана. Шир ца елла хьуна Сан кху кхерчан уьйраш. Нана, дийцахь суна Хьайн къоьжаллин туьйра...
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |
| | #3 (ссылка) |
| Апти Бисултанов Гой шуна, доттаг1ий, вайн наной къанлуш бу денна, Хебарша кхелинчу яьххьаш т1е къоьжалла оьгу. Х1ораннан вайн даг чу г1айг1ане сахьийзар деъна, Зама а сихъелла д1айоьду, некъ некъах тоьгуш. Гой шуна, доттаг1ий, вай наной къонлуш бу денна, И нанойн дегнаш ду даккхийдеш кхуьучу к1ентех. Х1ораммо техкийна ага а ца хилла-кх эрна, Нахана дика дан к1ант хилча х1ора а ц1ен т1ехь. Х1ора де - цхьа к1айн чо, х1ора де - цхьа хазахетар, Вайн нанойн баккхийбер кортош а кхелина къега. Гой шуна, доттаг1ий, наношна мел ч1ог1а оьшу Хилар шаьш баккхийбеш шайн к1ентийн дикане хьоьжуш...
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |
| | #5 (ссылка) |
| Рамзан Джамбулатов Нана Дукха хан ю Со дуьненчу ваьлла, Дукха хан ю Хьо къежйо г1айг1ано. Хьоме Нана, Дог сапарг1ат даьлла Маца, маца Гур-те суна хьо? Хаьа суна, Ахь мел хало лайна, И дерриг а Дижна хьан юьхь т1е… Маржа Нана, Хьо сайн ирсе яйна Маца, маца Кхочур-те и де?
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |
| | #6 (ссылка) |
| Рамзан Джамбулатов Ехийла нана Сайн нанна ПаладинаСан Нана, хьол хаза, хьол деза Дуьненчохь х1умма а дуй? Хьан сий деш вала ву реза, Тешаеш, ца баарх дуй. Сан Нана, сан деган зезаг, Хьайн йовхо схьалуш хьо 1а. Хьоьца ду суна мел дезарг, Томе ю къамелан 1аь. Хьешашна чомехь пхьор х1иттош Хийла хьайн хьийзадо са, Ца лела цабезам г1иттош, Я хьайна ца лоьху са. Г1иллакхе, оьзда ю даим, Коьрта т1е йис йилларх к1айн. Ахь Деле мел даьхнарг дай и-м Цундела ю хьо юьхьк1айн. Шовданна к1ел лоьцуш канаш Дахаре безам ца бов, Ехийла хьо санна Нана 1алашъян марзонан б1ов. Сан Нана, хьол хаза, хьол деза Дуьненчохь х1умма а дуй? Хьан сий деш вала ву реза Тешаеш, ца баарх дуй...
__________________ "..долало хьаннашца можачу г1айг1анийн туьйра, деза хьан къаьхьачу собарца садетта 1ама... " (с) | |
| | |
| Опции темы | |
|
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| 1илман Юсупов - стихаш | Amazonka2 | Проза/Поэзия | 1827 | Вчера 22:04 |
| Аслан Масхадов | Magas | Персоналии | 388 | 05.10.2008 18:45 |
| Мовлади Удугов | Ichgiri | Персоналии | 1034 | 05.10.2008 18:04 |
| Различные вопросы и ответы на них | antikufr | Право | 1029 | 11.07.2008 14:40 |
| Чеченские сказки. | Tanais | Архив | 19 | 27.12.2007 21:32 |