Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 19.01.2008, 03:31   #41
 
Аватар для Illanch
Ибрах1им Юсупов

Нене

Сан нана, дIавоьдуш, ас дуьту хьуна
ТIехь беттан бос богу сайн иллийн жайна.
Цу юккъехь сан дегайовхо ю хьуна,
ХIоара баланза кIен буьртиг санна.

Шорделла, ас гулъеш дахаран баккхал,
Ас тIехьерчийначу декхарийн тIорказ –
МогIанийн деши сан хилахь уьш таккхал,
И хьош хьо декхарийн дайшна тIе гIор-кха…

Хьан кхерчан цIарца ас лалийна гIура,
Хьан куьйгийн токхонца эшийна гIело.
Хьоьца ас баьккхина дахаран мур а
Хиллера безаш ас гитоьхна лело…

Весет деш ас дуьту хьуна, сан нана,
Даймехкан стиглара седарчийн абат.
Хуур ду хьуна ахь и дешчахьана
Мел гена хиллера со ирсах Iаба…


Хоттане, 1981 шеран апрель
__________________
Причина причин, в конце концов, в начале начал...
Illanch вне форума   Ответить с цитированием
Старый 19.01.2008, 16:01   #42
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от Illanch Посмотреть сообщение
Нене

Сан нана, дIавоьдуш, ас дуьту хьуна
ТIехь беттан бос богу сайн иллийн жайна.
Цу юккъехь сан дегайовхо ю хьуна,
ХIоара баланза кIен буьртиг санна.

Шорделла, ас гулъеш дахаран баккхал,
Ас тIехьерчийначу декхарийн тIорказ –
МогIанийн деши сан хилахь уьш таккхал,
И хьош хьо декхарийн дайшна тIе гIор-кха…

Хьан кхерчан цIарца ас лалийна гIура,
Хьан куьйгийн токхонца эшийна гIело.
Хьоьца ас баьккхина дахаран мур а
Хиллера безаш ас гитоьхна лело…

Весет деш ас дуьту хьуна, сан нана,
Даймехкан стиглара седарчийн абат.
Хуур ду хьуна ахь и дешчахьана
Мел гена хиллера со ирсах Iаба…


Хоттане, 1981 шеран апрель
Ма хаза а ю х1ара байт..
Дала декъала войла-кх Ибрах1им..
Дала ялсамани хьаша войла цунах..
Илланч, хьайна хаахь, дийца
Ибрах1иман мас шо хилла иза д1акхелхаш?
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 21.01.2008, 14:08   #43
 
Аватар для cheburashka
Ма хаза байташ ю кхузахь. Дела реза хуьлийла шун массарна а!
cheburashka вне форума   Ответить с цитированием
Старый 21.01.2008, 23:12   #44
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от cheburashka Посмотреть сообщение
Ма хаза байташ ю кхузахь. Дела реза хуьлийла шун массарна а!
Амийн! Вайна массарна а хуьлийла Дела реза, Чебурашка)
К1орда а ца деш ненах дийца дезар-кх..
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 21.01.2008, 23:17   #45
 
Аватар для Dodam
Кадиев Руслан

Нене

Малхбалехь ц1аьххьана малх атабелла,
Кхин цкъа а ца хьежа суна.
1уьйре а, буоберех г1айг1анехь къежна,
Кхин зовкхе ца лепа суна.

Х1аваан 1индаг1ехь ма-хезза сиха
Х1оранна шен кхетам лезна.
Уллора, генара воккха а, жима а
Г1иллакхо айвина веъна.

Чурт санна лацалой йийцаза йисна
Цхьаннах ца тешийна къайле.
Селханах дог дуу дегбаам хилла
Тахна сан кхачийна кхане.

Хьо йоцуш ма цхьалха висна со, Нана,
Сан къинна къинт1ера ялахьа, Нана...
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 21.01.2008, 23:39   #46
 
Аватар для 4illa
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Нене

Малхбалехь ц1аьххьана малх атабелла,
Кхин цкъа а ца хьежа суна.
1уьйре а, буоберех г1айг1анехь къежна,
Кхин зовкхе ца лепа суна.

Х1аваан 1индаг1ехь ма-хезза сиха
Х1оранна шен кхетам лезна.
Уллора, генара воккха а, жима а
Г1иллакхо айвина веъна.

Чурт санна лацалой йийцаза йисна
Цхьаннах ца тешийна къайле.
Селханах дог дуу дегбаам хилла
Тахна сан кхачийна кхане.

Хьо йоцуш ма цхьалха висна со, Нана,
Сан къинна къинт1ера ялахьа, Нана...
Додам,ма хаза байт ю х1ара,иштта дика стаг ву иза язйинарг a.Цунах лаьцна х1умма а хаьий хьуна?
4illa вне форума   Ответить с цитированием
Старый 21.01.2008, 23:53   #47
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от 4illa Посмотреть сообщение
Додам,ма хаза байт ю х1ара,иштта дика стаг ву иза язйинарг a.Цунах лаьцна х1умма а хаьий хьуна?
Чилла, хаа..)
Дукха хан яц суна Руслан ша гина а..
Вуьшта сан юьртахо а ву,
вай х1усамехь Аптица веана хилла а ву..
Сан вешин доттаг1чун ваша а ву..)
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 28.01.2008, 11:55   #48
 
Аватар для Scarface
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Ма хаза а ю х1ара байт..
Дала декъала войла-кх Ибрах1им..
Дала ялсамани хьаша войла цунах..
Илланч, хьайна хаахь, дийца
Ибрах1иман мас шо хилла иза д1акхелхаш?
Илланча хьуна кхин жоп лур долуш а вац, Малика.
Суна схьахетарехь 24 шо хилла-кха цуьнан, Малика. Иштта дешна моьттуш ву-кха со, айса иза цхьаьна сайт тIехь. Нийса дуй?
P.S. Цкъадолчунна кху чу сай дог ма-латтара дош ала а, байташ чу яха а хан йоцуш ву со. Амма хьуна хаза хета мегаш Даймахках лаьцна байташ ю соьгахь, и не только...
Кеста заманчохь дагахь-м ву со.
Маршалла
__________________
Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь,
МостагIех цIанъелла хьо хьанна гур ю те?
Scarface вне форума   Ответить с цитированием
Старый 29.01.2008, 00:39   #49
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от Scarface Посмотреть сообщение
Илланча хьуна кхин жоп лур долуш а вац, Малика.
Суна схьахетарехь 24 шо хилла-кха цуьнан, Малика. Иштта дешна моьттуш ву-кха со, айса иза цхьаьна сайт тIехь. Нийса дуй?
P.S. Цкъадолчунна кху чу сай дог ма-латтара дош ала а, байташ чу яха а хан йоцуш ву со. Амма хьуна хаза хета мегаш Даймахках лаьцна байташ ю соьгахь, и не только...
Кеста заманчохь дагахь-м ву со.
Маршалла
Мерза салам-маршалла хьоьга а ду, Муслим!)
Х1аъ, нийса ду.. 24 шо бен ца хилла Ибрах1иман д1акхелхаш..
Илланчас ссылка елир суна, Ибрах1имах лаьцна дуьйцуш дара цигахь..
Оццул жима воллушехь ма дукха байташ язйина хилла-кх цуо!
Дала декъал войла иза а, т1е г1он долу вай а...

P.S. Дик ду х1ета..) Хьоьжур ю со хьан байташка)
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 31.01.2008, 21:27   #50
 
Аватар для Dodam
Ибрах1им Юсупов

Нене...

Корталица хьайн букъ т1е д1авоьхкий,
Нана, ахь со лелавора гихь.
Нана, и сан дечган ага техкош,
Соь наб яйта, наб ца йора ахь.

Хьо-м таханаъ юьжуш яц хьайн хенахь,
Сагатдо ахь. Йо ахь ойланаш.
Реза яц хьо хиларна со генахь,
Хьело бохуш новкъахь кехаташ.

Суьйре еъча, цу вайн корах ц1ийнан
Детташ хьочо шен баьццара га,
Т1ам кагбелла хьоза санна, тийна,
Соне хоий, хьо г1айг1ане 1а…

Хьан ц1аро бен ца бохби сан когаш,
Нана, ахь латий сан дагчохь ц1е.
Ас сайн х1ара салтичун погонаш
Хьоь наб яйта тегна белшаш т1е...
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Мовлади Удугов Ichgiri Персоналии 1283 Сегодня 01:22
1илман Юсупов - стихаш Amazonka2 Проза/Поэзия 2288 Сегодня 00:21
Аслан Масхадов Magas Персоналии 388 05.10.2008 19:45
Различные вопросы и ответы на них antikufr Архив 1029 11.07.2008 15:40
Чеченские сказки. Tanais Архив 19 27.12.2007 22:32



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.