![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #31 |
| Нагахь со цаьххьана хеназа лахь, Не1 елли йиталахь, нана. 1ожалло х1усамехь со важавахь, Некъ суна гайталахь, нана. Некь бара синтемах ваьккхинарг со, Дахарехь йокхучу ханна. Нах бара, нах бара таьшнаверг со, Хьо Делах, доь1анах санна. Апти Бисултанов
__________________ Лучший друг - это бывший враг.. Самый большой враг - это завистливый друг.. ..Б.Б.Б. | |
| | |
| | #32 |
| Хьава Дадашева Нанна Хьан довха куьйгаша со хийла хьистина жимчохь,Боккхачу безамца со хийла техкийна цара.Г1айг1ане со хиллехь, ирсан ц1е кхарстийна дагчохь,1амийна диканна г1атта ахь, воккханиг лара.Хьаг б1аьргаш тардо ас ц1еначу шовданах шийла,Ас муьйлу юх-юха, ца 1ебаш, церан ц1еналла.Уьш цкъа а ма гойла, б1аьрахиш 1енадеш, г1ийла,Боьлийла самукъне, ца кхачош шайн адамалла...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #33 |
| Муса Ахмадов Нана (монолог) Со ю нохчийн нана, йиша, йо1. Со ю иза - генарчу махка вахна шен х1усамда ц1аваре хьоьжуш, цунна тешаме хилла, цкъа ша кхерчахь латийна ц1е, шовзткъе итт шарахь д1а ца йойтуш, ягийна йолу нохчийн х1усамнана. Со ю иза - Дади-Юрт йоккхуш, юьртахойн дегнаш ира-кара х1иттош, маьждиган майданхь шовкъе хелхар дина Дадин Айбика, т1еман къизаллина къера ца хуьлуш, хазалле, дахаре кхевдина Дадин Айбика. Мостаг1аша йийсаре йина, Теркал дехьа йоккхуш, шайн дахарал а сий лакхара хетта, Терка чу а иккхина, х1аллакьхиллачу шовзткъа йо1ах цхьаъ ю со... Казахстанан есачу арахь, бераш мацалле, шелоне х1аллак ца дайта г1ерташ, цаьрга Делан диканах дог ца диллийта, яй чохь пхьор ду бохуш, т1улгаш кхехкийна нохчийн нана ю со. Со ю иза - Дуьненан шолг1ачу т1аме бахначу шен вежаршка сатуьйсуш, шен ден х1усаман сий, яхь ларъеш, къена къанъяллалц яьхна цхьалха йиша а. Со ю иза - массо а дуьхьало эшош, шен 1алашоне кхаьчна, кеманца стигланаш толлуш, дуьненна а шен къоман хьуьнар д1агайтина йолу Насуханова Ляля а. Тахана нохчийн х1усамашкахь йолу дахаран ц1е т1еман къизачу дорце д1а ца яйийта г1ерташ, шен бераш, х1усамда, вежарий шийлачу герзах ларбан г1ерташ, к1айн олхазар хилла, ши т1ам нохчийн махка т1ехула баржийна, и к1елхьарабаккха г1ерташ хьийза нохчийн зуда а со ю... Со ю, т1епаза байнарш лоьхуш, тайп-тайпанчу хьаькамийн къарделлачу дегнийн наь1арш етташ, Россин шийлачу г1аланашкахула леларг а. Денна а х1аллакьхуьлучу вайнахана йоьлхуш, до1анца Деле уьш боьхуш, сингаттам совбьлла леларг а со ю. Тахна, к1айн олхазар хилла, ворх1е стигланал а лекха яьлла, ас дуьнене, мохь бетташ, боху: «Орцахдовла! К1елхьараяккха Нохчийчоь!» Ас дуьненан къонахийн когашка тосу сайн к1айн йовлакх, т1ом сацабе бохучу дехарца. Сий дейша, х1ай дуьненан къонахий, х1окху нохчийн ненан йовлакхан!...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #34 |
| Ш. Рашидов Ахь суна гечделахь Даймехкан лаьтта тIехь Духхьара мотт Iемашсо тIома ваьккхинарг, Даим со Iалашвеш, гIаролехь лаьттинарг,аса цIе яьккхинарг, Хьо дагна йиц ца ло, Дахаро къастийнахьомсара сан нана. Бахамаш совбаьлла,со гена валарх а, ХьаргIанах сан кортадашо некъ кхаларх а, Хьо дагца ехар ю,къежбелла баларх а, Мелла а лелараххьомсара сан нана. Мел дика хьо кхабарх,дахарехь хьан сий деш, Вер вац со хьан декхарх,ахь санна, тIалам беш, Амма ахь гечделахь,цунах ду сан иллеш, хьомсара сан нана.
__________________ Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь, МостагIех цIанъелла хьо хьанна гур ю те? | |
| | |
| | #35 |
| Муса Бексултанов Нана 1аьнан ехачу буьйсанца, тийналлин г1ара а хезаш, суо цхьаъ цхьалха, ойланашца сайн, д1атаь1ина 1уьллучу суна, геннара хьиэг1а г1айг1а санна я гергарчу аьзнашца сайн бералла дуьхьал х1уьтту дагалецамийн некъашца... Нана го сайн, сийна уьйт1е, к1айн кир тоьхна жима ц1а. Юха суо а го, жима бер долуш, пандара т1ехь вежаршца ловзуш. Суьйре хуьлу я пхуьйре хан, тхо дерриш тхайн чохь а, пеша хьалха, юург еш, цхьацца узамца хьийза нана. Сан суьрташ серладуьйлу юха, юьхь-бос гуш, аматаш; х1етахьлера х1оттам а сайн, беран кхетам, ненан аз. Цо еш хилла галнаш а го, нуьйда та1орца бертиг а къовлуш, текха т1ехь сецна к1айн 1аь, сан цергех дийлина хи а. Юха ненан елар хеза, к1айн цергаш, к1еда ши куьг, тхох х1ора а хьостуш цо, до1анашца д1авижор а. Т1аккха г1енаш бераллин (куьзган чохь гуш санна) дуьхьал оьху иштта суна, сайн хиллачу ловзаргашца. Ма-дарра го 1уьйранна суо (ах г1енах а, самах а волуш), гал-гал а лелхаш, пандара т1ера теса т1е кхача схьавог1уш а. Т1аккха нанас, саца а вой, охьа лах а луш, мара вохкар, юха суо ненан белаш т1е корта товжош вижа г1ертар а. Эх1, Хьаби! Сан Хьаби, маца, мичахь, х1ун некъашца хьодур-кх со лаха цкъа: есаллин бухбацаре я стигалан 1аьршашка! Дала херрехь, декъалчаьрца хуьлда-кх вайн вовшийн гар: «Нана яла хьан, сан к1ант!» - аьлла, со хьаста хьо т1е а хьодуш… 1997-2002 шш.
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #36 | ||
| Цитата:
Цитата:
Dodam, гуш а хаза хета кху чохь
__________________ Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь, МостагIех цIанъелла хьо хьанна гур ю те? | |||
| | |
| | #37 |
|
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #38 |
| Бана Гайтукаева Ели-кх со нах кхардийна, Ели-кх со нах белийна... Нана, Нана, ахь мукъане а Ма дехьа хеттарш соьга. Г1елъелла со кху дуьненца къийса, Цундела еъна со Хьан букъ т1ехьа д1айижа... Д1айижаехьа со, аганан илли а олуш...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #39 |
| Рашидов Шаид Ас наной хестабо Ас наной хестабо дешнашца довха, Сийлаллин меттиг а царна д1ало... Молхане карийна сайчо вар а човха, Доккхачех дозалла сайн цуьнца го. 1аьржачу буьйсанна, сирлачу дийнахь, Серло, ирс, йовхо луш кхиийна цуо. Хир дара дуьне а цхьа башха тийна, Безамца цуо хьоьстуш ца хилча со. Зударий хестабо безаме, оьзда, Мехкарий - дикалла шайх йолушберш. Дуьнен чохь дахар а цаьрца ду доьзна, Латта а доьлхуш го уьш гича леш. Дерриге сан дахар ду цаьрца доьзна, Берриге безам, ирс цаьрца ду сан. Уьш ларбеш нагахь со къийсамехь воьжнехь, Эрна ца яьккхина дуьнен т1ехь хан...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #40 |
| Мацаев СаIид Тхан къена нана Къинтера Яккхалахь, Дуьне а Къинтера Дера ду Суна.
__________________ Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь, МостагIех цIанъелла хьо хьанна гур ю те? | |
| | |
| Опции темы | |
|
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| Мовлади Удугов | Ichgiri | Персоналии | 1285 | Сегодня 02:17 |
| 1илман Юсупов - стихаш | Amazonka2 | Проза/Поэзия | 2288 | Сегодня 00:21 |
| Аслан Масхадов | Magas | Персоналии | 388 | 05.10.2008 19:45 |
| Различные вопросы и ответы на них | antikufr | Архив | 1029 | 11.07.2008 15:40 |
| Чеченские сказки. | Tanais | Архив | 19 | 27.12.2007 22:32 |