Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 26.12.2007, 20:17   #21
 
Аватар для Dodam
1илман Юсупов

Сан ненан меттара сатоссуш хьала а гIоттий,
Сан когех хьаьрча некъ - дийнахь сан бан безаш берг.
Ткъа, самаволлушехь, соьга цкъа хьал-де а хоттий,
Со кхарста кIамво цо, хуьлий сан боцуш ца терг…

Ткъа, буса, набаро хьаьстича сан зийза кIажош,
Мел чIогIа кIадбаларх, шен хеннахь ца буьжу дIа:
Боьдий, дIахотталой сан ненан нилхачу кIажарх,
Со ларвар доьхучу доIане ладоьгIуш Iа…
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 26.12.2007, 20:21   #22
 
Аватар для Illanch
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Ий, Илланча, марша вог1ийла хьо!!!
Ма хаза а хийти суна хьо кхуза веана!)
Додам, ахь йиллинчу х1окху сийлахьчу темехь дакъа ца лаьцча, суна сайн ник хьарам хир яра))) Дала хазахетар дойла хьуна. Дала т1аьхье беркате а йойла ахь кху форумехь бечу белхан. Нана бохург доккха х1ума ду кху дуьненчохь. Дала бахабойла вайна вайн наной!
__________________
Причина причин, в конце концов, в начале начал...
Illanch вне форума   Ответить с цитированием
Старый 26.12.2007, 20:30   #23
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от Illanch Посмотреть сообщение
Додам, ахь йиллинчу х1окху сийлахьчу темехь дакъа ца лаьцча, суна сайн ник хьарам хир яра))) Дала хазахетар дойла хьуна. Дала т1аьхье беркате а йойла ахь кху форумехь бечу белхан. Нана бохург доккха х1ума ду кху дуьненчохь. Дала бахабойла вайна вайн наной!
Амийн! Дала дукха бахабойла вайна Наной а, Дай а!
Дала могшалла а ма эшайойла царна
дуьнент1ехь йоккхучу ханна!
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 26.12.2007, 21:02   #24
 
Аватар для Dodam
Бана Гайтукаева

МАРЖА Я1!

Маржа я1, белар-кха вайн наной кхоьллина
Дуьненчохь даима баха,
Седарчий девр дар-кха, батто йиш хьовзийна,
Латтана, бохь буг1уш, хелха.
Дей, буьйсий, вовшашлахь кхин хийцамаш боцуш,
Лаьтта т1ехь хир дар-кха сирла,
Цхьаммо а дог лезна хиш ледор доцуш,
Сахьийзош къастаро хьомечу ненах, шийла...
Аьхкенца б1аьсте а, б1аьстенца гуьйре а,
Гуьйренан, 1аьн хийцам боцум,
Пет1амат хир дар-кха, ца къастош суьйре а,
Даггара вайна йиш лоькхуш.
Маржа я1, белхьара вайн наной кхоьллина
Дуьненчохь даима баха,
Дегнаш ца дагадеш къастаран халоно,
Дахарехь хир яр-кха б1аьсте.
Маржа я1, белар-кха вайн наной кхоьллина
Дахарехь даима баха!..
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 27.12.2007, 16:53   #25
 
Аватар для Scarface
Dodam, даггара Баркал ду хьуна! Иштта массо а вежаршнаъ, йижаршнаъ!
Айса олучу хенахь, цхьанне а хезар а дуй-те, аьлла дара хьуна Ненах лаьцна байташ ца карайо, аьлла долу дешнаш. Дала мукъалахь, сайн аьтто балахь кху чоь чохь дакъалаца хьожур ву со.
Массарнаъ Дела реза хуьлда!

Ехийла яхь йолу
КIант вина Нана!
Къонахий кхиийна
Вайнехан амал!

ХIокху дешнийн автор Сулаев Мохьмад ву, ткъа вайна массарнаъ Димаев Iелас иллийн мукъамехь олуш хезна ду.
Дала аьтто бойла массо а Вайнахана шайн Дай-Нанойн дог эца а, шайх йоьзна йолу церан ойланаш а, лаамаш а, сатийсар а кхочуш дан!
Scarface вне форума   Ответить с цитированием
Старый 03.01.2008, 08:23   #26
 
Аватар для Scarface
Хьуна моьтту хир ду, нана,
Хьо дIаяьлча, дуьне доьхна,
Хьох йисинчу уьйтIахь, кертахь
ДIатуьйш доцу догIа доьлху.

Моьтту хир ду, са ца хуьлу,
Малх дIабузий, са ца дов а,
Хьо тIехь йоцу цIе а, кхерч а
Пхьуьйра ханна кхин ца тов а.

ХIан-хIа, нана, хийцам боцуш,
Хьо дIаяларх-м, дуьне лаьтта.
Шен рагI еъча, Iа а дулу,
БIаьсте йолу хIокху лаьттахь.

Хийцам боцчу кху дуьненахь
Цхьаъ ду керла - цу хьан кIентан,
Нана йоцуш хила Iемаш,
Хала когаваха гIертар.

Л.Ш. Абдулаев (2000 шо)
Scarface вне форума   Ответить с цитированием
Старый 05.01.2008, 15:41   #27
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от Scarface Посмотреть сообщение
Ехийла яхь йолу
КIант вина Нана!
Къонахий кхиийна
Вайнехан амал!

ХIокху дешнийн автор Сулаев Мохьмад ву, ткъа вайна массарнаъ Димаев Iелас иллийн мукъамехь олуш хезна ду.
Дала аьтто бойла массо а Вайнахана шайн Дай-Нанойн дог эца а, шайх йоьзна йолу церан ойланаш а, лаамаш а, сатийсар а кхочуш дан!
Амийн! Дала дика доьзал эша ма бойла массо а дена а, нанна а!
Т1аккха махкахь а иман-беркат хир ду даиманна а!)
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 05.01.2008, 16:39   #28
 
Аватар для Arzo
Dodam бо ялла
__________________
Мел долу эxь-бexк а доьxкина
Галстукаш коча а оьxкина
Г1аддахна лелаш ду г1аларташ
Cан къоман историн г1алаташ!
Arzo вне форума   Ответить с цитированием
Старый 05.01.2008, 18:40   #29
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от ARZO Посмотреть сообщение
Dodam бо ялла
Лаьа хир дара хьуна, Аьрзу! )))
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 07.01.2008, 02:00   #30
 
Аватар для Dodam
Апти Бисултанов

Нана

Шарбан кошан барз ца ийши,
ларбан къора некъ ца ийши,
Нана, Нана, г1айг1анаша
хьан дог-ойла къиза 1ийши.

Малхал сирла, баттал къоьжа
Деле кхойкху екъа коьжалг -
Нана, Нана, д1асабаьржи
ахь сел хала кхаьбна доьзал.

Хьан саг1а сан хехо хили,
хьан до1а сан дарба хили,
Нана, Нана, кху дуьненахь
хьан сингаттам сох ца тили.

Гена валарх, герга варах,
хьан тхов к1елахь, эрна арахь,
Нана, Нана, хьан б1аьрхиша
со ларви-кха эрна варах,

некъаш иедеш, эрна леларх,
декхарш иедеш, эрна веларх -
Нана, Нана, нагахь нислахь,
сан валар ахь къобалделахь.

1уьйре йоло некъаш дац сан,
суьйре теян х1усам яц сан,
Нана, Нана, хьо къинт1ера
яллалц, вижа лахьта дац сан...
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
1илман Юсупов - стихаш Amazonka2 Проза/Поэзия 2288 Сегодня 00:21
Мовлади Удугов Ichgiri Персоналии 1282 02.12.2008 21:01
Аслан Масхадов Magas Персоналии 388 05.10.2008 19:45
Различные вопросы и ответы на них antikufr Архив 1029 11.07.2008 15:40
Чеченские сказки. Tanais Архив 19 27.12.2007 22:32



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.