Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 25.12.2007, 23:04   #11
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от НЕМЦОЙН ЙОI Посмотреть сообщение
Dodam, ахь кху форуме кхоьхьуш йолу серлоне мах бан а бац-кх.
Дела реза хуьйла хьуна!
Катарина, х1ара-м суна дага деана х1ума дац хьуна!)
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 25.12.2007, 23:06   #12
 
Аватар для Dodam
Хьусайн Сатуев

Ненан мукъамаш

Хан йоцуш набарха юьйлуш,
Со вакхо аганах таь1ча,
Мерза наб сан коьрте кхуьйлуш,
Ахь суна мукъамаш баьхна.

Д1атесна 1иллина ага,
Со когаваханчу хенахь,
Керлачу мукъамца, нана,
Ахь новкъа хьажийра гена.

Аьрхачу цу новкъахь тилла,
Г1елвелла, де эшна вужуш,
Со г1атто дарбане хилла,
Хьан эшарш екара суна.

Йог1ура т1емашка йовлий,
Йистйоцу дозанаш хедош.
Со воккхуш нийсачу новкъа,
Нана, хьан аз дара декаш.

Хьан сирла мукъамаш, иллеш,
Ц1е санна сан дагца кхерста,
Со церан ницкъаца лелла,
Даймехкан во1 хуьлуш веъна...
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 25.12.2007, 23:07   #13
 
Аватар для Dodam
Зеламха Яндарбиев

Дуьххьара когбаккха 1емаш,
Ца вожа г1о лоьхуш цуьнгахь, -
Малхе ахь кховдийна куьйгаш
Кхечира нене...

Дуьненан хазалла евзаш,
Къастадеш зезаг, яр, девзиг -
Зезаге кховдийна куьг а
Кхечира цуьнга...

Дай баьхна, вина юрт йитна,
Ирсана нигат а дина,
Б1аьргашца анайист лаьцна,
Хьо араваьлча;

Дуьххьара г1елвича некъо,
Даг чохь а иккхича шеко,
Лазамо дагах ов тоьхча,
Къилба а доьхча;

Дуьххьара харц хилча безам,
Доттаг1че кхуллуш цабезам,
1ожалле кховдийна куьг а
Кхечира цуьнга...
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 25.12.2007, 23:09   #14
 
Аватар для Dodam
Саидов С.-С.

Нана

Хьоьжу со къайллах нене,
1а иза урчакх а хьийзош.
Са дахна генарчу хене,
Лайначо дог-ойла зийзош.

Д1акхевдий ц1е тойо кхерчахь,
Билзиг-м уьйриге дог1у...
Сирла цу серлонал чуьрчу
Сан ненан юьхь-сибат догу.

Юххехь 1а к1ентан к1ант жима,
Шелделла куьг ц1аре оьхьуш.
Б1аьрг бузош 1ехош цушимма,
Со а 1а воккхавер лоь1уш...
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 25.12.2007, 23:10   #15
 
Аватар для Dodam
Ахматукаев Адам

Со нанас до1анна
айбинчу куьйгаш т1ехь кхиъна,
Къонахийн кхача ас
дуьххьара сайн деца биъна.
Аганан мукъамехь
сан ц1арах мел бина кхийлам
Со новкъа волучохь
саг1ина сол хьалха бийлла.

«Декъала некъаш ду -
ворх1е а дех дисна некъаш,
Осала некъаш ду -
ден весет дохийна некъаш» -
Иштта ду нанас со
дахарна денвина илли,
Иштта ду суна дас
весетна дитина илли.

Цу иллин мукъамо
сан даг т1ехь декъала мо бо,
Цу иллин мукъамехь
дахарца ас дина тоба.
Иза ша до1анна
айбинчу куьйгашка кхачахь,
Сан нанас хьанал бер
ас биъна къонахийн кхача...
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 25.12.2007, 23:11   #16
 
Аватар для Dodam
Ахматукаев Адам

Буьйса беттасих
Дагаюьйлучохь
Сайн сингаттамийн
Лазар дулу сох.

Корехь 1уьйре ю,
1уьйре шийла ю,
Коьрта1уьйра сан
Ойла г1ийла ю.

Со ца кхийрина
1уьйре яций и-м,
Ас ца лийрина
Ойла яций и-м.

Дуьне духур ду
Бохург муха ду,
Аьлла, нене ас
Хаьттинера-кха.

Мерза г1енаш сан
Суна къахь ца дан,
Туьйра диллира
Цо сан г1евланга…

Жимчохь хаьттинарг
Карладаьккхича,
Нана делла жоп
Къехкош лелла со:

«Хьалхавала да
Воцуш, висча хьо,
Т1аьхьаелха со
Йоцуш, висча хьо,

1уьйре шеллур ю,
Ойла г1еллур ю,
Дуьне доьлхур ду,
Дуьне духур ду».

Нана йилхинарг
Герга кирчича,
Некъийн чилланах
Г1айг1а хьирчи сан.

Буьйса беттасих
Дагаюьйлучохь
Сайн сингаттамийн
Лазар дуьйли сох.

Х1инца корехь сан
1уьйре шийла ю,
Коьрта1уьйра сан
Ойла г1ийла ю…
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 26.12.2007, 19:02   #17
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Терза, марша йог1ийла хьо!)
Муха хета хьуна х1ара г1уллакх?)
Додам суна ч1ог1а мехяхь хета,кхучохь шей хан,наб,г1уллакх ца кхоош,хьара санна г1улакх дича.
vesy вне форума   Ответить с цитированием
Старый 26.12.2007, 20:12   #18
 
Аватар для Illanch
ИбрахIим Юсупов

Сайн нене

Хебарша юьхь-сибат оху хьан, нана,

Шераша месаш йо хьан тIеттIа сир.

Сиркхонийн халбата хьо хиъчахьана,

Хаьдда сан къоначу синтеман тхир.


Комаьрша догучу хьан дагна гонах

Дикалло яьккхина шен дашо тир.

Ас дагахь Iамийна хьан амат къона,

Къизачу хене и ца дайта шир.


Сан нана, мел жима яр-кха хьо хIетахь.

Ма сиха дIаели и мерза хан!

ХIинца-м хьо хеназа алсам Iа меттахь,

Хорам беш йогучу ойланна сан.


Халла бен ца йолу уча я ара,

Шеконца хьайн дегIе ладоьгIуш Iа.

Ас хIун дан дезар-те хьо яцахьара?

ХIун дийр ду-техьа ас хьо йодахь дIа?


Хьо лаза хьакхийча, ас бала лов-кха,

Гу санна, лахло-кха сан хьаштийн лам…

Хьоьл хьалха вер ву со тIаьххьарчу новкъа,

Хьоьл тIаьхьа дуьненах ца баккха чам.


Хоттане, 1981 шеран апрель

http://www.kavkazcenter.com/russ/con...05/53515.shtml
__________________
Причина причин, в конце концов, в начале начал...
Illanch вне форума   Ответить с цитированием
Старый 26.12.2007, 20:13   #19
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от vesy Посмотреть сообщение
Додам суна ч1ог1а мехяхь хета,кхучохь шей хан,наб,г1уллакх ца кхоош,хьара санна г1улакх дича.
Терза, сан мел ч1ог1а к1еззиг нислой кху чу яр((
Ткъа и наггахь нисделча кху инетах сайн
йолург яккха г1ерташ йоллу со)))
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 26.12.2007, 20:14   #20
 
Аватар для Dodam
Ий, Илланча, марша вог1ийла хьо!!!
Ма хаза а хийти суна хьо кхуза веана!)
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
Мовлади Удугов Ichgiri Персоналии 1285 Сегодня 02:17
1илман Юсупов - стихаш Amazonka2 Проза/Поэзия 2288 Сегодня 00:21
Аслан Масхадов Magas Персоналии 388 05.10.2008 19:45
Различные вопросы и ответы на них antikufr Архив 1029 11.07.2008 15:40
Чеченские сказки. Tanais Архив 19 27.12.2007 22:32



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.