![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #101 |
| Дахарехь декхар тIедужий, Хазалла халонех юхкий, Доьзалехь марзо а лоьхуш, Еха хьо, сийдолу Нана. Доьзалехь башхалла йоцуш, Жима, я воккха ца къестош, Массо а цхьаъ санна хьоьстуш, Нийсо ахь лелайо, Нана. Вас хилча, бIаьргех хи дуьйлуш, Хьаьстича, дог ловза дуьйлуш, Балано кийрахь дог къуьйлуш, Ма экам ю-кха хьо, Нана! Кхачанах кийра ца бузош, ГIелъелча, йижа йиш йоцуш, ГIар хезча, набарх а юьйлуш, Даггара ехаш ю, Нана. ДоIанца Деле тхо доьхуш, Меца дIадийшарна кхоьруш, Цамгаро лацарна кхоьруш, Ма декъаза ю-кха хьо, Нана. Нана, хьан сийлалла юьйцуш, Къуръан чохь аят ду дуьйцуш… Дуьненахь хаза лар юьтуш, Сибат хьан диц ца ло, Нана. Дахарехь декхар тIедужий, Хазалла, могшалла, юхкий, Доьзална паргIато лоьхуш, Еха хьо, сийдолу Нана. | |
| | |
| | #102 |
| Бехк ца биллар доьху, ц1е йоккхуш болчу нохчийн поэтийн байташ юккъе, х1ара сайн са б1арзделлачохь, ша-шех, партало мог1ашка йирзина, шийлоо ойланаш кху чу язъярна. Нене. Тахана хьо цхьана йисна. Йоккха керт вайн еса ю. Къинтера ялахьа ,нана, Хиларна со хьуна гена. Атта дац шен доьзал кхио. Т1еххала- доьзалан вон ган. Йисси хьо кант декъалхилла, Шоллаг1ниг т1епаза вайна. Вайн Деле собар а доьхуш, Вайнариг варе дог дохуш, Доьзалан доьзалех хьоьгуш, Генара ахь тхоь ладуьйг1у. Хьо йожахь, хьоь куьг хьан кховдор? Г1аьттича-хьан оьцур дог ? Вай мерза даьхначу х1усмехь Ахь цхьалхха боккху хьайн ког. Юха а г1енах гин суна Вай маьрша яьккхина хан. Б1аьстено башийна гина Хьан кийра г1орийна ша. Хала ду, тешахьа нана, Г1енах бен ца гуш хьо 1ан. Къинт1ера ялахьа суна, Т1екхачехь яцарна со. Сан дахар суьйренга керча. Ойланаш Веданах хьерча. Доьху ас Везачу Деле Дикано гулдар вайн кхерча. | |
| | |
| | #103 | |
| Цитата:
ву-вац а ца хууш Iаш. ХIара дешнаш яздина йолу хьо а церан могIарера хетало... Баркал хьуна!
__________________ Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь, МостагIех цIанъелла хьо хьанна гур ю те? | ||
| | |
| | #104 |
| „ВА, НАНА!" Дорцалахь дIасатехкаш, Бийца мотт боцуш, Торха тIехь кура наж БIе шарахь лаьттара. Цкъа шена тIе хаьрцаш Цхьа токхам байчахь, Цуьнан а: «Ва, нана!» — Аьлла мохь белира. М.Сулаев
__________________ Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь, МостагIех цIанъелла хьо хьанна гур ю те? | |
| | |
| | #105 |
| Апти Бисултанов Гой шуна, доттаг1ий, вайн наной къанлуш бу денна, Хебарша кхелинчу яьххьаш т1е къоьжалла оьгу. Х1ораннан вайн даг чу г1айг1ане сахьийзар деъна, Зама а сихъелла д1айоьду, некъ некъах тоьгуш.. Гой шуна, доттаг1ий, вай наной къонлуш бу денна, И нанойн дегнаш ду даккхийдеш кхуьучу к1ентех. Х1ораммо техкийна ага а ца хилла-кх эрна, Нахана дика дан к1ант хилча х1ора а ц1ен т1ехь.. Х1ора де - цхьа к1айн чо, х1ора де - цхьа хазахетар, Вайн нанойн баккхийбер кортош а кхелина къега. Гой шуна, доттаг1ий, наношна мел ч1ог1а оьшу Хилар шаьш баккхийбеш шайн к1ентийн дикане хьоьжуш...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #106 |
| Рамзан Джамбулатов Ехийла нана.. Сан Нана, хьол хаза, хьол дезаСайн нанна Паладина Дуьненчохь х1умма а дуй? Хьан сий деш вала ву реза, Тешаеш, ца баарх дуй. Сан Нана, сан деган зезаг, Хьайн йовхо схьалуш хьо 1а. Хьоьца ду суна мел дезарг, Томе ю къамелан 1аь. Хьешашна чомехь пхьор х1иттош Хийла хьайн хьийзадо са, Ца лела цабезам г1иттош, Я хьайна ца лоьху са. Г1иллакхе, оьзда ю даим, Коьрта т1е йис йилларх к1айн. Ахь Деле мел даьхнарг дай и-м Цундела ю хьо юьхьк1айн. Шовданна к1ел лоьцуш канаш Дахаре безам ца бов, Ехийла хьо санна Нана 1алашъян марзонан б1ов. Сан Нана, хьол хаза, хьол деза Дуьненчохь х1умма а дуй? Хьан сий деш вала ву реза Тешаеш, ца баарх дуй...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #107 |
| са нана, хьоме са нана. мел чоьгjа оьшара сунна хьо, мел дукха дар са хьога дийца, ма лаьара дог дасто хоь. ахь суна бехк мабиллахь нана, со йоьлхуш яц хьуна, амма бjaргех уьх хиш сацо, бац кхи ницкьа са хьуна. хьанна моьттара нана, ши хьоме махках ваьл дахар хир ду, хьанна лаьара нана, ши юрт а кешнаш а дjaкхийса ахь сунна бехк мабиллахь нана, сан дахар ишт нис делла хьуна амма ас дош ло хьуна, нана, сай мохк а, сай нохчалла а диц ца данa | |
| | |
| | #108 |
| 1илман Юсупов Цхьалха суьйре, къена нана, боьлху б1аьргаш, кешнаш - Уьш ду нохчийн меттан уггар сингаттаме дешнаш. Маьрк1аженан бода бог1у, г1айг1а ялош уьйре - Хир ю цуьнах цхьанна дуьххьарлера цхьалха суьйре.. Иэсан м1аьргонашца юзуш шен до1ане кана, Хир ю шерийн г1уда токхуш хийла къена нана. Тийжамаша 1амийначу мотт-йозанан хьаьркаш Хета, дикка ойла йича, г1ийлла боьлху б1аьргаш.. Чартийн гоьмукъаш а карахь лаьтта юьртан кешнаш, Шайна бухахь кепатоьхна маьлхан латта хьешнарш. Кошан борзан букъ т1ехула б1аьрхиш оьхуш 1ана, ХIора сарахь кешнийн кертахь йоьлху къена нана...
__________________ ".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш? Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с) | |
| | |
| | #109 |
| САЙН НЕНЕ... Хебарша юьхь-сибат оху хьан, нана, Шераша месаш йо хьан тIеттIа сир. Сиркхонийн халбата хьо хиъчахьана, Хаьдда сан къоначу синтеман тхир. Комаьрша догучу хьан дагна гонах Дикалло яьккхина шен дашо тир. Ас дагахь Iамийна хьан амат къона, Къизачу хене и ца дайта шир. Сан нана, мел жима яр-кха хьо хIетахь. Ма сиха дIаели и мерза хан! ХIинца-м хьо хеназа алсам Iа меттахь, Хорам беш йогучу ойланна сан. Халла бен ца йолу уча я ара, Шеконца хьайн дегIе ладоьгIуш Iа. Ас хIун дан дезар-те хьо яцахьара? ХIун дийр ду-техьа ас хьо йодахь дIа? Хьо лаза хьакхийча, ас бала лов-кха, Гу санна, лахло-кха сан хьаштийн лам… Хьоьл хьалха вер ву со тIаьххьарчу новкъа, Хьоьл тIаьхьа дуьненах ца баккха чам... Хоттане, 1981 шеран апрель
__________________ Дакъаза ма яла, сан хьоме Нохчийчоь, МостагIех цIанъелла хьо хьанна гур ю те? | |
| | |
| Опции темы | |
|
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| Мовлади Удугов | Ichgiri | Персоналии | 1285 | Сегодня 02:17 |
| 1илман Юсупов - стихаш | Amazonka2 | Проза/Поэзия | 2288 | Сегодня 00:21 |
| Аслан Масхадов | Magas | Персоналии | 388 | 05.10.2008 19:45 |
| Различные вопросы и ответы на них | antikufr | Архив | 1029 | 11.07.2008 15:40 |
| Чеченские сказки. | Tanais | Архив | 19 | 27.12.2007 22:32 |