Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 11.11.2007, 20:31   #1 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Муса Бексултанов..."Я хьан тухур буьйсанна хьан не1"

Юха а массаьрга салам-маршалла ду!
Нохчийн яздархошна юккъехь аса къаьсттина
лоручарех ву Бексултанов Муса...
Хаза дийца хаахьари шортта
дуьйцур дара ас цуьнан кхоллараллех)
Амма суна иза ца хаа)
Цундела х1ораммо а шаьш
хадор-кх аша мах...

P.S. Кху чохь да-м дара Мусайн дийцарш яздина,
амма уьш дерриш а оьрсийн матте гочдинарш ду...
Кху темехь нохчийн маттахь дерш бен хир дац,
Дала мукъ лахь!
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.11.2007, 20:34   #2 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Д1адолош аса сайна уггаре хазахетачарех
долу "Буо" ц1е йолу дийцар яздийр ду...
Яздийр ду бохург-м бакъ дац)
Иза кхечу адамо къахьийгина болх бу,
луларчу гуламера Палач (Юсуп) ц1е йолчу цхьана дикачу к1анта)
Цуьнан пурбанца аса шун кхеле а дуьллу-кх х1ара...
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.11.2007, 20:41   #3 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Буо
Мукъам а, дешнаш а сан ду, дийцар хьох а ду, сан Масар...

Анайист цIийеллера, старана урс хьаькхча санна.
Мох меллаша хьоькхура.
Мохо динан кхес хьейора.
Дин парггIат богIура тIулган готтачу новкъа.
- Хьенех, - вистхилира цхьаъ, шерачу метте нисделча, - кхуззахь жимма совца вай!
Аз генна дIадахара, дуьхьало ян хIума доцуш.
Хьалха воьдург вист а ца хилира.
Цуьнан цIийх хьаьгна, меца хьоьжу бIaьргаш цхьанаметта лацаделлера, бIaрзделча санна. Я царна хIумма а ца гора: некъ а, лаьмнаш а, дуьне а. Дерриг а ойлане дирзинера, цхьа гIийлачу ойлане.
Иза массарна вевзаш вара, я цхьанна а везаш а вацара. Цо даза цхьа а вуон хIума ца диснера (наха дийцарехь), шиъ доцург: зуда а ца хьийзийнера нехан, я маьрша стаг а ца вийнера цхьа а.
Важадерг дерриг а динера, шена цхьанна мегчахьана, кхин нехан ойла а ца еш, я вухахьажар а доцуш кхин.
Некъан гIаларт тIаьхь-тIаьхьа гатлора.
Некъ бодано хьулура, Iаьржачу асане берзош.
Дино сих-сиха ши лерг кхуссура хьалха, кхин чабол а ца лагIдеш.
Бере меттах а ца хьовра.
Бере Овтархан Юсуп вара, ша тIехь Iаш волу динний, кхелина дато шаьлтий, цIарах богу ши бIаьрг бен, кхин бахам а, хьал а я доьзал а боцу къу.
Иза нахе хаьттича дара.
Ткъа цунна шена-м ша эла хетара цкъацкъа, цкъацкъа дуьненан да а, шаьлтан тIе ка даххьал ницкъ мел бу дегIаца, даго цIий а мел хоьхку пхенашкахула дIа.
Иза кхунна хетара, ткъа нахана, нах... «Дош яц цхьа хIума а, цхьа х1ума а дош», - элира цо шега, гуттар а ойланашка ваьлча олуш ма хиллара.
Говро «хур-р» дира, лам хедачу дукъа тIе яьлча.
Мох шийло хьоькхура. Мохо тайп-тайпана хьожанаш кхоьхьура, цхьацца хиллачу некъийн дагалецамаш а хьебеш.
Ткъа некъаш шортта дара, идийна а, идонза а, тIе идон дезарш а.
Юха а кхайкхира тIехьара цхьаъ, вай мичахь совца аьлла.
Кхуо генна шедакхаж хьажийра лаха чу, хин гIовгIа хеззаче.
Вукхо даьхни схьачовхийра, шед тоьхна, герз кхоьссича санна, тата а оьккхуьйтуш.
«ХIунда оьшу сел гIовгIа», - халла меттахъхьайра кхетамехь, кхечу ойланашна юккъехула.
«Дош яц цхьа хIума а, цхьа хIума а дош», - ша-шах санна, кхолладелира юха а ойланаша къевлинчу коьртан туьтан чу.
Ойланаш гуттар а йора, набаро ца Iехийча. Наб а яра-кх ойла, гIенашца дуьхьал хIуьттуш, хийцалуш, кеглуш.
Каг-м дерриг а деллера, дуьненчу а валале я эзар, ши эзар шо хьалха, кхуьнан орамийн зIе тудаеллачу юьххьехь.
ХIаъ, хIетахь дуьйна я xIapa ван цхьа де дисча, пIераскан дийнахь, тIехь корта боцу кхуьнан ден, Овтархин дакъа, Йоккхачу Нохчийчуьра, говра тIе а диллина, ламанца ирах хьаладерзийча.
Докъах бIаьрг кхетча йоьжна Овтархин зуда, xIapa дуьненчу ваккха меттаеънера, шолгIачу Iуьйранна.
Бер доьлуш хааделлера, делхаран метта.
«Ца виса ду, - дагатеснера массарна а, - я зуламе хир нахана».
Иза а, важа а ца хилира, аьлча а...
XIapa ненахошца виснера (ши шо даьлча цара кхуьнан нана нуьцкъах маре дIа а елла), «меран бер санна, йиснарг бен ца южуш.
Кхуо дуьххьара, кхойтта шо кхочуш (ненавежарийн бераша бечу тIехбеттамех кхиа воьлча), шен ненадега хаьттинера, шен ден, Овтархин, корта мичахь бу аьлла.
Ненадас дIадийцинера.
Юха, ялхийтта шо кхочуш, кхин цкъа а хаьттинера кхуо: «Наха санна, даьхни а делла, шен ден докъа тIера муьжгаша хIума яккха дIабаьккхина корта схьа хIунда ца ийцира аш, ша даьхни духа ца дерзорна кхоьрура шу... йишин воI вацара ша кху цIийнан?» - аьлла.
XIapa юх-юха а оцу цхьана хаттарца Iитта воьлча, ненахоша кхунна хаийтинера, шаьш xIapa меллалц ловр ву.
«Хьан да-м лайнера ас, - аьллера кхуьнга ненадас, -хьера яхначуьра, улора нана дIа а йихкина, сан йоI а эцна дахна долу и къутIа, тIе ас мах а белла, муьжгашкара корта схьа ца эцча а! Хьайн ден корта а айхьа цIа ба, муьжгий а айхьа байа, хIинца шорта а бу хьуна, мохк дIа а лаьцна, дай а хилла Iаш!» - аьлла.
Кхуо тIаккха шен нана маре яхарх долу бакъдерг хаьттинера, цо, нанас, шена, нуьцкъах яхийтар чIагIдеш, дуй баар дIа а дийцина.
Цу хаттаро хIорш тIаьххьар а къастийра, ненахойн йишин воI хилар дIа а долуш юкъера.
Юха, лела-аш, xIapa кест-кеста хIуттуш волу цу юьртара Iежин йоI Зули, кхуьнан ненавешин кIанта-шичас шена йигнера, ирахь Iан кхайкхинчохь куьйгаш а тоьхна.
Нанас стаг а ваийтинера кхуьнга, шен цхьана дехарна дош лахьара ахь, аьлла.
ТIаккха кхуьнан мел диснарг а дIаделира цигахьара, ненан тIаьххьарчу дехарца.
«Сан дехарна дош дала вуй те кху дуьненчохь цхьа а стаг?» - хаьттира кхуо хIетахь шега, ненан юьхь еш ша дIахьажийначу стеган букъ геннахь къайлаболуш.
Кхунна воцуш санна хийтира и тайпа стаг я шена оьшур ву аьлла а ца хийтира кхин.
Цхьалхачу стагана хIун оьшу! Цуьнан шен сай, деггIий, гуттар а хьалхара дIауьду, вицвеллачохь хедар иолу цхьа некъан тачий бен!
Юха цуьнца цхьа ойла а, шена ма хетта ваха я ма хетта вала, докъана делха са идийна некъаш бен, тIаьхьа хIумма а ца дуьтуш шех!
Кхин дIаерш - дош йоцурш, цхьа хIума а - дош, кху чекх са дайначу, десачу дуьненахь...

_____________

Кхуо тIаккха кайиттира шех, цхьаннах а тохале. Кхунна ца хаьара, ша хьанна декха, я хIун декха, я стенна.
Кхунна цхьа а ца везара хIинца, ша цхьаъ бен.
Кхунна ша-шена вовзар хала хилира, ла ца даллал хала.
ТIаккха цIеххьана, тилавеллачунна каро некъан лар санна, кхунна дуьхьал хIоьттира цхьа сурт, жима бер долуш ша динарг, юха ша делла жоп, тIаккха шега аьлларг.
Кхуо ка лачкъабо ненавешин кIантаца. Ка лулахочун хуьлу. Цхьанххьа а лар ца карийча, лулахо кхочу кхаьрга. ДIакхойкху xIapa шиъ.
Лулахой, ненадай, гIовх букъ а тухий, IиндагIехь Iа, шийлачу тIулгаш тIехь. Дуккха а латтаво, вист ца хуьлуш, бен а доцчу къамелашца.
«Ка лачкъийна аш?» - хотту цIеххьана. БIаьргаш ларадо бIаьргашца.
Кху шимма дацаре до цхьабосса.
Шен ка иштта бара, дуьйцу лулахочо, йоца ши маIа а, мокха меран дукъ а долуш.
Коьман доцу сибат оьхьу, гучуваккха. Кхуо бIаьрнегIар ца туху.
ТIаккха лулахо меллаша вистхуьлу ненавешин кIанте: «Исуп, хьо ваха, хьенех, хьан ка ма ца лачкъийна ас алий, сох дуй баал тIаккха, айхьа сан ка ца лачкъийнехь», - олий.
Исупа дуй буу, велхаран къурдаш а деш.
Лулахо хеба, ГIелвелча санна.
Юха дIаваха тохало. ГIеххьа дIа гена ваьлча, корта схьа а берзош:
- Юсуп, ахь баал сох дуй, - бен а доцуш олу, биъча а, ца биъчаа.
Xlapa вист ца хуьлу.
- Дуй баий дала, ва бIиж! - ненадас Iaca ойу.
Кхуо дуй ца буу. Ненада тIехьоду. Кхуьнга дуй ца баало. Лулахо хьоьжу.
- Хьо ваха, Ита, лачкъийна ас хьан ка, - xIapa нийсса дIахьожу лулахочуьнга.
Лулахо схьавоьрзу, бос а хийцалуш. Ши бIаьрг боьлу, кхаъ хезча санна. Меллаша тIевогIу. Соцу уллохь.
- Сох дуй ца баабели-кх хьоьга, Юсуп... Со лери-кх ахь. Дала сий дойла хьан. Сан ерриг а керт яьхьна хила елар-кх ахь, сох дуй ца баъал со лоруш хиллачу... Дала хьанал бойла хьуна иза... Дала хьайх терра накъост тухийла хьох кху дуьнен чохь. Схьавоьл цкъа, мара кхетал суна, мара кхетал, хьайн Ита ваха, - мор а гIаттабой, соцу, вела а воьлуш.
Ненадас шен воIан кIантана Iaca туху, юьхь тIехула дIа, кхунна шабаршца къа а доьхуш.

_____________

XIapa хIинцца, иза дагадеъча, кхуьу шен хила безачу некъах. Некъ цу дуйна тIера дIа хила безаш хуьлу, хIетахь ца баабеллачу.
ТIаккха кхуо иза бола а бо.

_____________

Дийнахь хьуьнхахь левчкъаш, буса некъ беш, xIopш цхьана хийисте дIакхочу. ДогIа хуьлу тIедоьлхуш. Гуш хIумма а ца хуьлу.
«ТIай мукъадаккха деза хехочух, - хеза кхунна, - говр кхуззахь чукхоьссича, цхьа-ши чаккхарма охьагIур ю, хи а хадош. Цигахь берд хила беза, говр тIеяллал».
Кхунна xIapa Терк дуйла хаьа, хийла дас цкъа лоьмах хестош, юха нускалх хьоьстуш, иллешкахь делхийна долу букъ шера Терк.
Шен-шен говрах ца хIуьтту шаьш, олу шимма-кхаамма.
Вуьйш совцу, динан архаш а къуьйлуш.
XIapa ца кхета, говрах ца хIутту бохург хIун ду, я xIopш хIунда соьцу.

_____________

Дийнахь хьуьнхахь левчкъаш, буса некъ беш, xIopш цхьана хийисте дIакхочу. ДогIа хуьлу тIедоьлхуш. Гуш хIумма а ца хуьлу.
«ТIай мукъадаккха деза хехочух, - хеза кхунна, - говр кхуззахь чукхоьссича, цхьа-ши чаккхарма охьагIур ю, хи а хадош. Цигахь берд хила беза, говр тIеяллал».
Кхунна xIapa Терк дуйла хаьа, хийла дас цкъа лоьмах хестош, юха нускалх хьоьстуш, иллешкахь делхийна долу букъ шера Терк.
Шен-шен говрах ца хIуьтту шаьш, олу шимма-кхаамма.
Вуьйш совцу, динан архаш а къуьйлуш.
XIapa ца кхета, говрах ца хIутту бохург хIун ду, я xIopш хIунда соьцу.
- Со вала мегаш дуй цу чу? - хотту кхуо, геннара дIа вистхуьлий.
- Кхузахь хьой-сой дац, - олу тхьамдас, - массо а цхьаъ ву, xIopa а шен Iожаллин букъ тIе ког ловза араваьлла...
Кхуо говр чукхуссу, тхьамдин къамел хадале. Тата долу, «шхарт» деш. Говр цкъа къайлаоьккху. Лаккха корта къаьста, хи тIехула бахбина болу.
Кхунна хIумма а ца го. Кхунна ша бухбацарехь кхозу моьтту, меттахъхьайча чу a rIyp волуш. ДогIа доьлху. Говро «хур-р» до сих-сиха, хи дIасакхуьйсуш санна.
XIapa кхерало цкъа, вула а луш. Юха а малло. Кхунна шен дахар доца хета, хада озабелла пондаран мерз санна.
Мерз хадале, говр бердах тасало, шозза-кхузза тохалуш.
XIapa паналлехь хуьлу тIаккха, цхьа акхачу, дерриг а сецначу, дерриг а Iадийначу къорачу паналлехь.
Говрах худавелла, вортанан кхесарх дIаийна, тебна волу xIapa цIеххьана тохало, куьг кхоччехь аьлла, догу кор а гой.
Ша цунна тIетекхаш яьккхина хан азаллел яхло кхунна.
Кхуо гIум туху корах, мохо тоьхча санна. Кор денло меллаша.
«Герз кхосса йиш яц», - серлалелха къамелехь тхьамдас аьлла дешнаш.
ТIай йистерчу жимчу цIийнан дечган неI цIовзале хьалха аракхеттачу серлонна дуьхьал чукхоссало xIapa.
Ша хьанна туху кхетале, шозза шаьлта туху. ДаьIахк каглуш санна хета.
Б1аьргаш серлонах доьлча, цициг къаьста, дечган йоцачу паднара тIехь дIасакегийначу тIелхигашна юккъехь Iаш.
ТIаккха сихха чууьйзу са хеза шен когаш болччохь. Юха цIийх буьзна корта, генна делладелла хьаж а долуш.
Кхуо топ дIахьо, къуьда дIа а бойий.

_____________

ТIаьхьара Iуй бевдда кIелхьара а бовлуш, говрийн рема тIайл сехьаяьлча, тхьамдас xIapa хаставо, дика хелхадаьлла бер санна.
Кхунна дуьххьара иза ца дезало. Кхин цкъа а нисло xIapa цаьрца, цхьана кхечу метте.
Кхуьнан топ кхетта говррий, гIонжакъах бихкина маший тIaьхьадаьллачу орцанна кара а боьдуш - кхунна шен да дагавогIу, уьш караяхча, - шаьш йохьучу хIонцаца кIелхьарабовлу хIорш юха а.
XIapa кхин цкъа а хаста а вой, тхьамдас: «Кхунна нийсса дакъа дан догIий те хIинца а?» - тIехула-а хотту накъосташка.
ХIорш массо а кхойтта хуьлу.
«Даьхни бераша а лохку, - олу цхьамма, - некъ гайта стаг хилча».
Хаттар дов, хи чу кхоьссина гIамаран цинц санна.
XIapa шаьш дIасакъастале кхета тхьамдас аьллачух (цо иза муха аьлла), вукхо «деллачу» жоьпах а.
- Со-м шу цхьана хIуманна кечлуш ду-кх бохуш, гIepтa шуна уло, кху алашийн дуьхьа ца гIерта... Хьалха хиллачу реманах кхаьчна дакъа а, сайна цIе ца хуучу цхьана юьртан кочче а юьтуш, дIавахна со. ХIорш идош, юха кхарах дакъош деш лела вай а, я уьш а, вайн мохк дIалаьцнарш, вовшех кIезиг къаьсташ хета суна. Вай маццалц лела дохку, xIapa куталш деш! Цул а, кIолдан межарг бохкий бен, вайн кхин бакъо йоцуш хIоттийна йолу Соьлжа-гIaп яржае вай, хIуй-пака оьккхуьйтуш! -олу кхуо.
Тхьамдин бетан йистош жимма хьалаозало велааьшнехь, ши бIаьрг боьлуш санна хета, цхьа кхардаме боьлуш, я цавашаре, я цхьаъ-м хиъча санна шена.
- Дас ца Iамийна дин ког тасалуш хуьлу, олуш хезний хьуна, кIант! - олу цо кхуьнга. - ХIун тешнабехк бу ахь кхийдориг! Я хьо ван мила ву, тхан доьналла сиза тIе xIoттoн?
- Со хIокху курхаллех ца веша-кх! - олу кхуо, Iуттуш санна. - Суна мостагI веза, гуш волу мостагI... Юха иза вохийна ган а лаьа, мохо яржо Iуьйренан марха санна!
- Кху махкахь цхьа а вац, хьоьгара пурба а дехна, ваха веъна, - олу тхьамдас. - Цундела xIopa а ву мостагI: бежаIу а, инарла а.
- Суна инарла оьшу, - кхуссу кхуо. - БежаIуй лайш бу, корта хьаьшча шелло меженаш санна, дIабевр болуш!
- Хьан Дала аьтто бойла! - тхьамдин къамел хеда.
«Ахь эшоверг вац хьан мостагI, - ойла хуьлу кхуьнан цул тIаьхьа, - хьол тоьлларг ву, хьуна шеконаш кхуллуш верг хьайх».
Кхунна кара а во иштта цхьаъ, пайтонахь, улохь ха а долуш, садаIа араваьлла. Иза ша ца хуьлу, зударшца хуьлу, цхьа курчу зударшца, Iожаллех ца башшал курчу.
Кхара цIеххьана тIелетий, ка йохайо церан, веддарг а ца волуьйтуш. Веддачун говр йожайо, коьртах тухий.
Массара а куьйгаш ойу, зударий боцчара. Иза хала а хуьлу (зударийн куралла), къонахчунна ша къонах ца хеттал хала.
Пайтонахь сеттачу элан корта таьлсашка берзо гIеттина ира ойла зударийн куралло яржайо, дегIах мела хьацар тохуьйтуш.
Кхуо массо а боьрша стаг верзина воккху, чухула юху хечеш бен, тIехь хIума а ца юьтуш.
Уьш гIиллакхо ца йохуьйту, цкъа нохчо хилла дуьненчу ваьлча, лечу сохьтехь цхьа узар бан а бакъо ца лучу ГIиллакхо.
Герзаш а доху схьа, говраш а цхьаьна.
Юха уьш ша (боьрша нах хьалхий, зударий тIаьхьий), цхьа могIа беш, охьахьовсийча, кхунна элан корта дагахь боллу, цу зударшна велххал, Далла (гop-бертал а кхетта) хьаставаллал: «Тахана, цхьана дийнахь мукъа а гIиллакх а, оьздангалла а ца евзачу экханан мукъа верзавехьа со, хIай, АллахI цIе ерг!» - олуш.
XIapa масийттазза ойланех юкъахвоккху накъосташа, дIадахийта вай, уьш къайлабевлла, кхуза орца кхача мега бохуш, хьевеш.
XIapa хIинций-хIинций бохуш Iа, шеца къуьйсуш, тIаьхьа ваха хьалатохалуш, тIаккха охьалахлуш пайтонан Iapшa тIе.
Кхарна тоьпаш евлча хаьа, шаьш тIаьхьадиснийла.
ХIун ду кхетале Зубайр воь, «ахI» аьлла бинчу цхьана узарца.
«Iалашо ца лацало-кх, дерриг а хьийзаш», - бехказа волуш санна, багахула дуткъа цIийн тача а долалуш, дIакерча Шахьби.
ХIорш Iаржъелча (висна волу пхиъ) хьуьна юкъе бовлу, шайн ши дакъа а оьций.

_____________

XIара хIетта кхета, цхьаццадолу хIумнаш хетта дезаш ца хиллийла шега а, нахе а, я тIерачу Деле а.
Кхуо кхин хетта а ца хоьтту. Я цхьа накъост а ца воь кхуьнан кхин. Кхуо Зубайр а, Шахьби а уьттазза воькху я бIозза. Кхуо цхьа а хIума ца лору шена сийлахь: къа а, мел а, хилларг а я хиндерг а. Кхуьнан xIopa а мостагI хуьлу хIинца, шен некъ мел хадийнарг я ларамза цхьана маьIаргонна цу некъа тIе нисвелларг а.
Кхуо, хьалха санна, цхьа а хIума а ца хьадо ша доккхучух. Дерриг а дуьту, я дIадоькъу ярташка, я дIалохку, хьанал а деш.
Нах къехка кхуьнан диканах, нах кхунах кхоьру; тIаьххьар а цабезам кхоллало, xIapa лелачу новкъа ца леллал боккха болу.
XIapa ца кхета...

_____________

Цкъа, цхьана буса, тIаьхьадаьллачу орцано доккха дакъа духа а дерзадой, цхьадерш (дIа а, схьа а кхийсинчу герзашна) циггахь Iахка а дуьсуш, цхьа масех долчу бежанан коьртаца нохчийн юьрта чубулу хIорш, сахуьллуш.
Кхунна цигахь кIело карайо, юьрто йина.
Шаьш тIехволуьйтур вац хьо, олу цара, дийна а волуш, шайна кIордийна хьо бахьнехь 1едалера бала лан.
Кхуо дехха дуьйцу.
Накъостий ца кхета.
Доккха сахуьлу.
Юьртан бажа, Iоьхуш, зударша чехош, маьI-маьIIера вовшахкхета эвлайистехь. ДIаоь кхеран дохнаца. Зударша къестадо, кхарна къа а доьхуш.
ХIорш тIаьххьар а юьрта чу буьгу, лаьцна го а болуш.
Юьртдена къуй шен кертахь хуьлийла лаьа, Iедал тIекхаччалц.
Юьртда воккхаве, Соьлжа-гIопан инарлас шайга юьхь йохуш делхийна, xIapa когаш хьалха дуьнен чу даьлла долу бIиж шен цIийнан йийсар хир долуш.
- Къу велахь а, хьаша ву-кх хьо тахана, - кхардаме олу юьртдас, говра тIера охьакхевдий, шен кертан зIара дIа а доьллуш, - чувалал хьалха... И ларам бер ас хьуна, аттах эса къастор бен, кхин гуьнахь доцчу «паччахьна»!
XIapa зIара юххе дIанисло.
ДIахьожу шен накъосташка.
Сацало цхьана маьIаргонна.
Юьртдас, говр тIе а гIортайой, шед туху кхуьнан коьртах: «Йовсар, вон йовсар!» - олуш, дуьххьалдIа цIархазамна.
Ша шолгIа шед ойуш кхета юьртда, Овтархан Юсуп мила хилла: иза кхунна тIехьахь хуьлу, кхуьнан говрахь, аьрру куьйга, зудчун санна, кхуьнан чож а Iуьйдуш, букъ тIе хIоттийначу герзаца.
Юьртдас шолгIа некъ къастабо шега кховдийначу шиннах: я вайша хьоьца цхьаьна лер, я шайн юьртан бажа хьалха баккха тхуна.
Юьртара цхьа жимха а воккхуьйту кхуо, шайна бажа лохкуш гIo дан, тIаьхьа орца даьлла гахь, юьртдена каш кечдан дезар а хоуьйтуш.
МаьркIажан бода булуш юьртара жимха вухаверзаво, xIopa бежанан коьртан цIарах юьрто пхиппа сом (цхьана аьттан мах) схьадаийтахь, даьхни а цIа доьрзур ду, юьртда ша бутт хьалха далийначу жимчу нускало а хьоьстур-кх тIаккха, олий.
Ахча схьа а эцна, даьхни духадерзийначу кхоалгIачу Iуьйранна, хи эца баьхкинчу зударшна, шайн юьртан йистехь долчу шовданан нойх дIайихкинчу пхорачу кхела тIехь караво юьртда (цхьаболчара и кхел цу бусса ехкина бохуш а дуьйцу), цIоганехьа схьаверзийна, нуьйра чохь чIагIвина а волуш, уьрсаца цIена яьшна мекхийн цхьа ах а йолуш.
"ТIедалийна хилла нускал (мекх даьшна а, кхела тIехь а карорна), ца дешаш а долий, цIа доьду юьртден цу сарахь.
(Кхел пхора хилар дара шега цаладелларг бохуш, дуьйцу бохура цу зудчо цул тIaьхьа а). Шен хIусаме кхачале, вадийна Соьлжа-гIoпa ваьхьна волу иза ша, кхоалгIачу дийнахь, Овтархан Юсупа ца йошуш, кхоийна хилла мекхийн важа ах а йоцуш, цIа кхачаво.
Юсупна ца хаьа иза дерриг а, я цо цуьнан ойла а ца йо.
Юха шега:
«Иштта хилла хиллера цу юьртдена», - цхьамма аьлча, кхуо иза шена дага ца догIуш санна, тесна дуьту. Кхуо лоручу мостагIех ца хуьлу и юьртда, иштта цхьа цIеххьана, когах Iотталучу кIохцалх терра, ларамза кхуьнан новкъахь нисвелларг хуьлу, нехан кертахь лета лулахочун пхьу санна.

_____________

Оцу дерригенан а ойланаш йо кхуо хIинца, шен шовзткъе кхоалгIа шо доладеллачу гуьйренан хьалхарчу беттан ткъе ворхIалгIачу сарахь, старана урс хьаькхча санна, цIийеллачу анайисте а хьоьжуш.
Кхунна дерриг а кIордийна хуьлу: дика а, вуон а.
Оццул лехна, туьран диттан шакарца цистина Iожалла а ца карайо цхьанххьа а. Кхунна шен са совдолу кху сарахь дуьххьара, ворхI бIе сов даьхнийн корта (уьстагI а, бежана а, говр а) тIаьхьа а хIиттийна, дуьрста говран кхеса тIе охьа а хецна, цхьа гIийлачу ойлано хьаьшна, меллаша ламанан новкъа ша схьагIерташ.
Кхуо кест-кеста аьрру лерга уллохула охьадеъна, дакъалуш лацаделлачу цIийн тачанах куьг Iутту, цхьаъ-м дуьйцуш санна, балдаш а хьедеш.
Иза кхуо далочу даьхнийн ден бераллера яьлла а, ялаза а хила мегачу йоIа тоьхна гам бу, аьлча а цуьнан лар, хIинца (якъалуш лацаяларна) дагалецаме а йирзина, кхуо шеца схьакхоьхьуш йолу.
«Суна хьо вуьйцуш ма хезнера, Юсуп-къу бохуш. Суна хала ма хийтира, айса хьо лазийна...» - эр ду цо кхуьнга бIаьста, кхуо шен мажделлачу гIан басахь йолу дашо месаш шаръечу суьйранна, малхана цергаш а елош, сих-сиха детташ хиша тIадийна бIаьрнегIарш а долуш.
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.11.2007, 20:43   #4 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Чаккхе кхуззахь ю.....
http://www.teptar.com/2007/09/24/mus...tanov_buo.html
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.11.2007, 20:54   #5 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Чаккхе кхуззахь ю.....
http://www.teptar.com/2007/09/24/mus...tanov_buo.html
Чаккхе аьлча, дерриге дийцар ду кхузахь...
Аса копировать а йина д1аязйо чаккхе а...
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 11.11.2007, 20:55   #6 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
.....КIотарна оцу сохьта гуо лоцуш, Iуй дIа а бихкина, хIорш даьхни вовшех иэдан буьйлабелча, жимма лахуо лаьттачу цIийнан тхов тIера топ йолу, орца доьхуш санна.
Дохнаца цхьа-шиъ вуьтий, цIийнехьа гIурту хIорш.
Тоьпо улло ца вуьту, маьI-маьIIе етталуш. Кхунна иза да хилар хаьа тIаккха, иза атта соцур воцийла а, вен ца вийча я тоьхна тилкхaз ца ваьккхича ша.
XIара цо шайх цхьаъ верна кхерало.
Кхунна иза вен ца лаьа. Кхунна варжо лаьа иза, барзо даржо жа санна. Иза вуон вийцина кхунна, паччахьан хиллачу хьадалчех ву бохуш. Цундела белла боху цунна xIapa мохк а, дийнначу юьртан цана хилла меттиг.
Цундела веънера xIapa кхуза; дерриг а кIордийннашехь шена, дог ца доггIушехь, кхин а гIуллакхаш доллушехь хьалха дан дезаш, paгI тIекхачаре титтича, иза лаьтте верзарна а кхеравелла, цунна валале хаийта, кху дуьненчохь цхьа хIума а дуьсуш доцийла, цуьнгара жоп деха я хаттар дита тIаьхьа, жоп шеца дIа а даьхьна.
Тоьпаш дIасакхуьйсу ши сахьт гергга зама яьлча:
- Хьо вен нигат ца хиллера сан, даьхни дигий бен, ахь сел «хьанал» гулдина долу. Саца. Некъ ма хьовзабе сан. Хьан цIий ца оьшура суна, - олу кхуо, - тIeдола, жIаьла...
Вукхо дуьхьал гIуьраш бо, цкъа-шозза топ а кхуссуш.
ТIаккха хIокхара хьалхий-тIаьхьий тоьпаш туху, тIаьхь-тIаьхьа кхуссург хьалхачул улло а тухуш.
Ша тIехьа лечкъинчу тIулгах гуобаьккхина мерцхалгаш йийла йоьлча, цхьа бехха мохь болу вукхуьнга, ма ве ша олий.
Иза къовллуш дIа а вехкийтина, цуьнан чоь тIекIел кхоссийта охьаволу xIapa, Iедало цунна делла хиллачу совгIатех нахана «закат» даккха.
Чуьра цхьацца салпал аракхуьйсуш накъостий а болуш, экъа биллинчу уьйтIахь шен динахь xIapa Iаш - бIаьрго ма лоццу юцаелла лаьмнийн зIе а тергалъеш, сих-сиха Iуьйренан дацлучу IиндагIашка бIаьрг а кхерстош, - мичара, муха кхийти ца хууш, аьрру лерга уллорчу даьIахк тIе цхьа иро хIума кхета кхунна, са лоцуш санна.
«Вий-кх со», - моттаделла, шакарца шаьлта а оьккхуьйтуш схьавирзича, къаьрззина шега хьоьжуш лаьтта (бераллера яьлла а, ялаза а хила мегаш), цхьалхачу кучахь, Iуьргара баьккхина лаьхьа санна, юткъа, озабеллачу бустамехь йоI хаало шена хьалхахь.
XIapa вуху шен кхераваларх.
БIаьрса кхулу цхьана маьIаргонна.
БIаьрса лацало.
БIаьрсина патарех меттахъхьоь балдийн ойла къаьста, шен цIeран хьаьркаш вовшахтуьйсуш йолу.
Гам меллаша кхуьнан белаш тIе бужу, га хьакхалуш санна.
- ДIаяла хьалхара, чу гIo! - олу кхуо, ша цунна мила ву а дицлой.
ЙоI, чуьра са лачкъийна, ласто патар а доцуш дакъаделлачу синтаре йирзина лаьтта.
Кхунна цуьнан ехо хета юьхь го, дицделла бIаьргаш а, тIам баржийнначохь пха кхеттачу аьрзунах терра, кIайчу хьаьжа тIехула дIасакъаьхкаш Iаьржа лацаделла ши цкъоцкъам а.
- Йита баккхал, дIадоьрзу вай! - кхуо динна шед туху, дилха эккхийта санна. Кхин юха а ца хьожу, дикка гена ваьлча динан йоргIа жимма лагIъяр бен.
«XIapa хIун бозбуанчалла ду, - ойла йо кхуо новкъахь, - хIун некъан хьовзам я хIун шеконаш? Зударий хIун ю я уьш хIунда кхуллу Дала? Мича бахьнина я мича Iалашонна... Юха оццул гIo доцуш, хьеннан а долахь хила, хьалха тIе ка даьхьначун... ХIунда? Иштта ца хила йиш яц те, хIинца ма гарра цхьа кхечу aгIop ган, йовза, Iехавала... уьш я бIаьрг хьаста, я ойла йохъян, я садаIа, я тхьовса цаьрца... Цунна кхоьллина хила ма мега дуьххьара кхуллуш, тIаккха хийцаделла я хийцина... ХIунда, оццул еза лиэха, тIаккха бен а доцуш ян, цхьа буйннал хIума дуьненчу а яьккхина! Иза хIун ду те, сел маьттаза дуьне довзар? Зуда иштта хила ма езара, ша ма гарра, ойла йижо цуьнца, ойла хьерчо, ойланца юха ерриг а геннарчу мархийн кIайчу Iаьнарца...
XIapa дерриг а дан xIyн ду, хIунда девзаш ду, юхамаччахьара хIунда долу цул тIаьхьа!» - кхуо дай-й куьг Iутту дакъаделлачу цIийн тачанах, шен ойла цхьанхьа-м йохлуш санна а хеташ.

_____________

Хин йовхараш гIергIачу чIожа чохь совцу хIорш, садаIа. Даьхни шаьш латточохь охьалега, тархийн яххашца. Йоккха цIе латайо чхернаш юккъе хьала. Цхьамма уьстагI тилабо. Вукхо мукъа яьл-яьлла меже юьллу цIерга, Iеначу хьаналло цIе а даръеш. Къамел ца до я дича а ца хеза.
Куьг кхочче стигал ю, бIаьрг-бIаьрггел седарчий а мерцаш. Ламанаш, пенаш санна, Iаьржа ирах доьлху. Ламанаш лекха хета, шайга хьаьжча, дуьненчохь валар доцуш санна лекха.
Кхуо дехха ламаз до, цхьацца ойланаш коьрта чу а гIерташ, цу юккъехула шеконаш а, тIаккха уьш сецон гIертар а ламазан вицваларехь.
«Везахинволу Дела, - доьху кхуо доIа дерзош, - xIapa ерриш a Ieca ойланаш декъалъелахь Хьайна гергахь, цхьана хорша нисделахь xIapa! Куьзган чохь сибат санна, айса лелочух кхета, сайн некъан мах хадо цхьа бала я цхьа зер даккхалахъ суна дуьхьал, сан шеконаш йойуш, я кхин тIе а чIагIъеш».
«Хьо а ца кхетахь, хIун дер те ас, - ойла йо кхуо юха, -со хьанна хьалха xIyттyp тIаккха, xIapa ду-кх ас лелийнарг аьлла, сица цхьалха волуш, ойланца васталуш, мукъаволуш дагца!
Цкъа ган йиш йолуш хилла хила велара Хьо, цкъа хатта йиш йолуш юьхьадуьххьал дIа: «Со ван мила ву? Со Ахь хIун аьлла кхоьллинера? Ахь-х лур дарий нийса дерг жоп, Хьо-х хир вацарий Айхьа кхоьллинчу кху Хьайн лайх тера!»
Иза вехха Iуьллу йогучу цIарна уллохула хьала, гIов Iуьллучу нуьйра тIе корта а товжабой.
ЦIеран суйнаш лелха, «ткъарш-ткъирш» деш, гена доццуш гIepгIa хи, сих-сиха бодий, доццачу хьадарехь лей дIаболу цхьацца седа. Буьйса цIена хуьлу, Iаьнан садеIар санна цIена. Буьйса тешамца горгло кхунна гондIа, шен боданца ха а даржош дуьненчухула дIа.
Кхунна жима йоI дуьхьал хIутту гIенах, цуьнан латтар, гам, юха шен вохар а.
Чов кIамло лерга уллохь. Чов цхьа экама хета, цхьа тамашийна экама, пIелг хьакхабелча муо боцуш якъаяллал яйн.
«Суна кхин иштта хаа а ца хии-кх иза хIун ду, зуда стенна оьшу я цунах хIун до..,» - кхоллало кхуьнан ойланехь.
- Исраил! - кхойкху xIapa дикка хан яьлча, цхьа хIума дагаиккхича санна, тоха а луш.
- Хьо вистхилирий, хьенех? - Исраил цIе ерг тIелахло.
- Чухчахьера лахъялле дIагIолаш кхузара, - ша Iуьллучуьра хьала а хууш, олу кхуо. - Байн дакъа ворхI юьртахь декъалахь. Суна кхочург а цхьаццанхьа дIасакхосса...
- Хьан хIума наха дIа ца оьцу, Юсуп. Нах ца xIyттy хьан диканах, - бехказлонна хазадо Исраила.
- ХIумма а дац, цхьаъ дехьа, хIуъу дай а! - сихха вистхуьлу xIapa.
- Хьо весет деш-м вац кхин? - бегаш санна къададо вукхо.
- Вац! - xIapa ирахIутту, нуьйр схьа а оьцуш.

_____________

Сахуьлуш дIакхочу xIapa ша вохийначу йоьIан да вехаIчу шахьаре. Генна лакхахь соцу, юрт гуччехь, дин цхьана таь1начу агана чу бажа дIа а хоьцуш.
Малх чубуззалц йоI ехачу уьйтIахь юткъа турмал сецайо, шех хиллачух кхета гIерташ.
Кхунна йоI ялхазза я уьссазза, йицъелча санна, лацалуш го, некъе дIахьаьжжинчохь.
XIapa шеца хилларг, шеца цхьаьнца доцуш, кхин цхьана сица а хилла хиларх кхета тIаккха.
Юха, шийтталгIачу дийнахь, юьхь ламтIe нисъелча, чаккхе Iинчохь сеццал еха тIаьхьа йогIуш даьхнийн тIийриг а йолуш, йоьIан дена тIе нах бохуьйту кхуо, йоIах шен нускал дар доьхуш.
«Хьан ден цIенна, нускалан метта, тIехь корта боцчу хьан докъах совгIат дийр ду ша, муьжгаша хьуна Овтархех санна», - жоп доуьйту йоI йолчу дас.
Даьхни, юьрте сан-сан бохуш, цIераш еттийта а дуьтуш (кхуьнан лаам хуьлу иштта), беса цIа боьрзу бахнарш.
Юха шолгIа а, паччахьан туьканашкарчу дезчу дарех дуьзна берхIийтта говран торга маххьаш шен уьйтIа кхаьчча, изза жоп доуьйту йоьIан дас, цхьана а дашна гал ца волуш.
ТIаккха кхуо шен цIарна цIеяхна, вешин метта лерина болу динний, шен шаьлтий, бIаьрго йист цалаццал яьржина хилла гIамаран аренаш куьг кхочче латтийна йолу турмаллий йохьуьйту цунна «совгIатна», шен динца тIаьхьа вала шена, шен турмалца лар а ве ша, шен туьрца корта а баккха шен олий.
СовгIатна тIаьхьа догIу дешнаш шен лере кхаьчча, йоьIан да кхета, Овтархан Юсупан безамах, цабезамах санна, шен вала меттиг боций кху Нана-ДегIастанахь.
Цо «совгIат» духадерзадо, йоI тIаьхьа а хIоттош.

_____________

Овтархан Юсуп «тIап» олий вов, гIамарла боьжна хин тIадам санна, Масар цIе йолу маргIала йоI а оьций, ваьлла, воьлла меттиг а боцуш.
Кхунна тIаьхьа масийтта кхуьнан мостагI а вов, шай-шай xIapa вийна бохуш, Iедале харц кхаьънаш а кхоьхьий.
Иштта масийтта ваха а хуу.
Цхьанна а ца хаьа иза мичахь ву, мичахь сецна, я гучу маца вер ву а.
Цхьаболчара вийна бохуш хазадо шабаршца, гуш ала а ца хIуьттуш.
Вукхара Хонкара-махка ведда олий даржадо, цига дIабахначаьрца юха тIелата Iедална.
КхозлагIчара Маккахь хаавелла бохуш дуьйцу, шен къиношна гечдар доьхуш, доIанна куьг лаьцна лаьтташ.
Яхь йоцчарна вицвеллий, вукхарна вицвалазий, ялх шой ворхI бутт баьллачу, гIa дожа кечделлачу 1893 шеран гуьйренан сарахь, шен цIела керча саьрмик санна, анайист юткълуш цIийеллачу сохьтехь иккхинчу тоьпана дуьхьал Масаре баьллачу маьхьаро къастадо дерриг а - Овтархан Юсупах тIаьххьарчу шерех хилларг.
Юсуп Хонкара-махка вахна ца хуьлу я Маккахь доIа деш а.
Иза Нохчийчохь хуьлу (паччахьан эскаран гIoпa уллохь), аренца йолчу цхьана йоккхачу шахьаран хьуьнан йистаца чекхйолучу асанна тIе ирзу а доккхий, цу тIехь цIа а дой, цу чохь Iаш.
Цо йоккха (стеган деггIал) керт йина хуьлу шен бахамна гондIа, кхолха чкъор хьош: кIохцалеххий, гIуркхеххий, кхин цкъа а кIохцалеххий.
Ши чоь йолу цIа а хуьлу, xIopa а чоьнан дуьхь-дуьхьал дитина шишша кор а долуш: малхбалеххьий, малхбузеххьий.
Иза цкъа а ара ца волу цу кертара (гена дIасаваха), цу чохь Iа, дуьйш, хьокхуш, оруш.
Арахьара гIуллакхаш зудчо леладо: йисина кIа-хIума йохкар, туьха эцар, цхьацца керла хабарш кхехьар хIусаме.
XIopa сарахь, малх чубузуш, гуттар а са карзахдолу кхуьнан, шеца хIун хуьлу шена цхьанна бен а ца хууш.
Кхунна мархаш го, цIийеллачу чуокIелонашца орца тIехьара меллаша гучуюьйлуш, тIаккха аренца геннахь йовш, цхьана кхоьлинчу Iаржалле гуллой. Юха олхазарш а, наггахь тухучу тIомаца ламанца цIа доьрзуш, юкъ-юкъа «къаркъ-къиркъ» хазош, довш, кхулуш, Iаьржачу тIадамашка доьрзуш. ТIаккха мох я хIаваъ, тайп-тайпанчу хьожанца, патарийн шабаршца, юьрта тIехула ирхъоьхучу кIайн-сийначу каррашца.
Кхуьнан бIаьргаш горгло оцу хIоттамехь, корта меллаша ирхбоьду ламанийн баххьашка, са тIома дуьйлу, сино кхойкху цхьанхьа дIа, Iожаллин букъа тIe ког ловза, Iожаллина кхаж таса я Iожаллица къовса...
XIapa шен динна (кхуьй а бухка къовлуш) нуьйр а туьллий, урх йоцца, динан корта ирах озош, бIогIамах дIа а йоьхкий, меллаша чувоьду, цхьацца ког а боккхуш.
Масар гIантахь Iаш карайо, кора хьалхахь, бузучу малхана дуьхьал, кхуьнгахьа букъ а болуш. Иза цхьанаэшшара хьалагIотту дегIан дохалла, юха иштта охьа а хуу, кхин йист а ца хуьлуш.
XIapa а ца хуьлу вист.
Юха xIapa меллаша, цхьацца га достуш, пIелгашца цуьнан чIаба схьаяста волало, ша Iуьйранна (иштта, малхбалехьа долчу коре охьа а хаийна) Масарна йина йолу.
Кхуо чIаба ехха йосту, мукъа даьл-даьлла га пIелгаш юкъа а лоьцуш, дIа ца оьйтуш вовшашца, вовшех лардеш, чIаба ерриг а ястаяллалц.
ТIаккха Масаран голаш тIехула даржийна Iуьллучу йовлакхна тIера яккхий цергаш йолу ехк схьаоьцу.
Юха месаш шарйо иштта меллаша, лазорна кхоьруш санна, мажделлачу гIан басахь йолу, дашо хета месаш. Месаша цIераш етта, ехк хьокхуш чекх мосазза йолу. Месаш ахкарна тIаьхьа ийало.
Масара йовлакх туьллу, хьалхахь охьа а доьхкуш. ГIант иштта латта дуьту, Iуьйранна малхбалехьарчу кора дуьхьал xIoттo.
Дино берг етташ хеза, боцца, къорра терса а терсаш, буьйсанашкахь ша ма терссара.
Кхуо нуьйр дIайоккху цунна тIера, урх а малъеш.
Кхунна динан а сахьаьвзаш санна хета xIopa сарахь, шен санна. Цундела кхуо цунна нуьйр туьллу, урх йоцца дIа а йоьхкуш.
Кхуо ша Масаран месашца Iехаво.
Дин а Iехало шен къевлинчу бухкаршца.
Юха буьйса юлу, тийна, къора, дахарх юьззина. Кхунна девза цуьнан сема, патарх дегон, синпха беттабаллал ира хуьлу дахар. Кхуьнан са дIаоь цу буьйсанца, дIадоьду бода Iадийначу, къорачу Iаннашкахула, батто гIум къегочу аренашка кхерста, юха даккъашка дуьйлу, мохо шакарца лоькхучу ламанан даккъашца цкъа барзах yгIa, я лоьмах дардала, я къиза моха ян цхьанхьа, шена аттах хьаькхначе.
ТIаккха наб кхета (Iехаделла са меттадеъча), юха Iуьйранна самаволу, Масарна кхин цкъа а (хIоразза а тIаьххьарахиларна кхоьруш волу) гIоттучу малхаца чIаба ян.
Иштта дIауьду денош, беттанашка дуьйлуш, шерашка хийцалуш, гуьйренашца доьлхуш, юха а доьлуш бIаьстенашца.
Ялх шо дIадолу.
ВорхIалгIачу шеран гуьйре кхочу тIе, гуьйренан цхъа суьйре, наггахь дужучу мажделлачу патарца, хьалха санна, орца тIехьара цIийеллачу йистошца аренгахь шерша мархаш, гIийло тIам тухуш, ламанца гIepгIa олхазарш, шийло леста хIаваъ, цо кхоьхьу тайп-тайпана хьожанаш.
«Ванах, ирсе хирг хилла-кх со а, я ирсе ву те со?» - xIapa дуьххьара оцу сарахь шега йоьссинчу паргIатонна цецволу, шеконаш дIа а йовлий.
XIapa вицло динна нуьйр тилла, цуьнан урх йоцца дIаехка а.

_____________

Iуьйранна дуьйна цхьа нах хуьлу (бIе гергга стаг) кхуьнан кертан лакхара йолу хьун хьокхуш.
Кхуо Масаре хьажа олу, цара лелориг хIун ду.
Уьш белхий хилла, олу хатта яхначу Масара, юьртана ирзу доккхуш я дохнана дежийлаш.
Цара дечигаш, доцца хеда а деш, шина доллалц лекха дIадутту, генна охьа а текхош, дехьа а, сехьа а.
«Ворданашна кечдеш ду», - ойла хуьлу кхуьнан.
«Дика ду-кх со кху юьртахь сецна хилла, - дагадогIу кхунна тIаккха, - оьрсийн эскаро туш тоьхначу уллохь. ЧIирхочо геннахь лоьху мостагI, уллохь хирг хилар тIе а ца дуьтуш».
Юха кхунна иштта дукха бугIанийн ворданаш го юьртехьа охьахьаьжча, цхьацца-шишша стаг а волуш цхьаьна, дечиг цIа дахьа хьалайогIуш.
Ворданаш дечигна уллохь совцуш, Масар дагайогIу кхунна, кора хьалхахь, шега хьоьжуш Iаш хир йолу.
XIapa оццу ойланца («Ирсе хирг хилла-кх со а, я ирсе ву те со?») сихо дIаволало цIийнехьа, Масаре цхьаъ-м ала я кхаъ баккха санна, са а къералуш.
Кхунна шен дин го, нийсса шега хьоьжуш лаьтта, ирдина ши лерг а долуш, хьаьжа юккъеххьий, мера тIеххьий кIайн ши сек а къаьсташ, лаьхьанан санна, буткъа-бекъачу коьртаца, таьIна-цIечу басахь, биа ког кIайн а болуш.
XIapa жимма сацало динна уллохь, иза шега дукха кIирбелла хьежарна, юха дIа а волалуш...
...Юха дIаволалуш, стигал тIекагьелча санна, гуобаьккхина, массо а меттахьара цхьабосса девллачу герзаша сацаво, хIуманнах а кхетале...
Герзаш шолгIа довлале динна тIехьоду...
ТIекхачале лоцу цхьана хIумно, вухаозош санна...
Кхин цкъа а, кхин цкъа а лоцу...
«Юсий-й-й!» - мохь хеза букътIехьашха. Маьхьаро дуьне оьккхуьйту, цхьа Iаьржа сиз хьош юккъехула дIа...
Iаьржа хуьлу дерриг а.
Шен куьйгаша цхьа месаш кегош санна хета кхунна, аьрру беснех шена барташ а дохуш.
Лерга уллохь дин терсича кхета, шен буйнахь кхес юйла.
Шина а буйнахь динан кхес а къевлина, динна тIекхетта лаьтта xIapa (кхунна ша нуьйрахь ву моьтту, мостагIашна тур детташ), нана-аьрзу санна, мор гIаттош чухьаьддачу Масара, схьа а верзош, мара къовлу, даьндаргех къайлавоккхуш.
Схьаверзийча, дуьхьал мархаш лецалучу бIаьрсица гуобаьккхина тIебевдда салтий къаьста, «Урр-ра-а-а» бохучу жоьжахатин маьхьарца дуьне а къардина...
«ХIунда... цара мохь хIунда...» - хуьлу кхетамехь.
Цул тIаьхьа юкъ-юкъа цхьа серлонаш гIуьтту, ламанаш лелхаш санна. ТIаккха - кегийра баьрзнаш. Юха суйнаш - догуш, кхийсалуш, довш.
«...Дош яц цхьа хIума а, цхьа хIума а дош...» - хьоду коьрте тIаьххьар а, дерриг дуьне цкъа серла а даьлла, юха Iоьттича санна, «тIох» аьлла, коьрта юккъехула чекхдаьллачу лалийначу дашах иккхина дIадахале.
ТIаккха ерриг а серло, бода хуьлуш, цхьана Iаьржачу тIадаме йоьрзий, чухьоду.
Iаьржа хуьлу дерриг а.
Iаьржа а, деса а.
Деса.

_____________


Масар.
Масар ца йоь салташа я набахти чу а ца юллу.
Масар шен ден цIа йоьду цу буса, кIезех яьлла нана-борз санна.
Дена ца евза шен йоI.
ЙоI хаза хуьлу, бIаьрго йоххол хаза.
Юха - йиц ца яллал ирча а.
Масара шен цIе яьккхича, дена хаьа иза шен йоI юйла, иза йисна бен ян йиш йоцийла а шен цIентIе.
Стундас бIаьсте йоллуш (лачкъа а йой) цIа йохьу Овтархан Юсупан дегIан даьIахкаш.
Юха нийсса шо даьлча - гIиллакхна лерина долу - Масар ехачу цIенна гуо туьйсу цIе йолчу а, цIе йоцчу а къуьша.
Массарна а еза Овтархан Юсупах йисна йолу зуда. Массара а къуьйсу. Массо а йига гIерта, бертахь я бертаза.
Iуспин Къаьхьира - наха когаш хьалха вина ву олучу - ядайо тIаьххьар а, бIаьста хьаьжкIашна хьалхара асар деш йоллучуьра.
Юха шолгIачу Iуьйранна цIа а ялайо, цунна ваша хила дуй а бууш.
Къаьхьир шен сте ян гIурту Масарх цу бусса.
Масара ша Юсупан а яцара сте, олу.
Къаьхьир ца кхета.
"ТIаккха Масара дуьйцу:
«Цкъа гурара яьллачу барзо нелана кхин кIелонаш ца йо хьуна, Масар. Иза херсешна теба. Цкъа речIано къийлинчу лечано а ца юьллу куьйранна моха, хьозанна бен.
Дуьненна кур бетташ, ламанан аьрзу санна, кху дийне кхаьчна долу вай, куралла ян лам боцчу аренан муьжгичо, дацой санна, човхийна, вайн хьацарна ял тухуш, охьаховшийна тахана. Вай леш ду хIинца, «со-ас» аьлла, бIаьштиг тIepa куй тIехьа татта бакъо йоцуш.
Шен лайна ши некъ буьту тоьллачо: гуттар а балхана саттийна буккъий, ша санна болу лай деборрий.
Ткъа лена тIаьххьара дуьсу «доьналла» - шех терра болу лай кхин дуьненчу ца бахар, шел тоьллачунна бацо.
Хьан сибатаххий, сайн доьналлеххий къахетта ялийнера ас хьо, Масар. ТIаккха вайшинна къа деца, хууш-гушшехь мостагIчунна букъ сетто лай дуьненчу а баьхна, дIадахча!
Цу тIaьххьарчу, мискачу «доьналлица» вала лаьара суна, Масар, иштта сайца хьо лойла а. Нагахь, реза яцахь, некъ маьрша а бу хьуна соьгахьара.
Цул сов, вай деба аьлла девлла а ма дацара кху дуьненчу, дуьххьара хьох Хьава а, сох Адам а хуьлуш, xIapa дуьне вайна девзича!
Суна бIаьрсица еза лаьара хьо, Масар, ойланца хьеста а хьоьстуш... Суна хьох сайн ХIайкал хуьлийла лаьара, айса цIенна Iалаш а дина, Далла дуьxьал хьон долу...»
- Со т1аккха реза хилира цуьнца, Къаьхьир. Со Юсупа тешийра. Суна хиира, цхьаволчу къонахчуьнга яха ца яхча а, яла яха мегар дуйла. Иза Юсуп вара, - Масар соцу.
Къаьхьир вист ца хуьлу. Къуьдано кIур бо готтачу оти чохь. ТIаккха Къаьхьир, Iийна-а, цхьа хан яьллачу хенахь вистхуьлу, Масарна бIаьра а ца хьажалуш:
- ХIета, даха хIун деш, мича собарца дехира шуьша, ва Масар? Бехк ма биллалахь, иштта юьхьза хаттарна!
- Юсупа Iуьйранна, малх схьакхеташ, кора дуьхьал а хаайой, чIаба йора суна, Къаьхьир. Юха сарахь, малх чубузуш, иштта дIа а йостура, - олу Масара.
«ЭхI», - долу Къаьхьиран кийрара, кхин дош а ца алалуш.
Юха дикка Iийча вистхуьлу, нийсса Масаран бIаьра а хьожий:
- Овтархан Юсупа шен сте ца йинчу хьох сте ян сан xIeттe а мах ца кхочу, Масар. Айхьа Юсупан дина сий Дала дойла хьан... Со ваша а леци-кх ахь таханчул тIаьхьа! -Iуспин Къаьхьира шен ден цIа дIакхетайо Масар цу Iуьйранна.
Кхузткъе кхойтта шарахь ша цхьаъ дуьненчохь ехаш, паччахьан Iедална ен дага ца деъна йолу Масар, ткъоалгIачу бIешеран шовзткъе доьалгIачу шарахь, Iаьнан тIаьххьарчу беттан ткъе кхоалгIачу Iуьйранна Советан Iедалан эпсаро йоь, букъа тIе Iоьттинчу цхьамзано Юсупан кошан борзах дIа а латош.
Масар коша тIера йолуш ца хуьлу цу Iуьйранна, Юсупе, Деле санна, кхойкхуш.
Иза бевддачу нaxa дIаюллу, аьлча а цуьнан даьIахкаш, халкъ цIера даьккхинчул тIаьхьа.
Масар дIайоьллинчу кхааннах волу цхьаъ - Ковнаркъа - 1989 шарахь тIаьххьара кхелхи, шу марша.
Цо шеца дIадехьи дерриг а.
Дерриг а дайн.
Я дерриг а чекхдели, туьйра хилла, я туьйране доьрзуш, я туьйра хилла даха.



© Муса Бексултанов, 1991 шо
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 24.11.2007, 19:38   #7 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Муса Бексултанов "ТОРГ1А"

Суна даима кечвелла,
к1ора санна 1аьржа ши мекх а, ц1ена яьшна маж а йолуш,
1аьржачу цкъоцкъамашна к1елара ц1ена сийна ши б1аьрг синкъераме белабелла дагавог1у иза.
Дагавог1у, сеттош шуьйра белшаш а йолуш,йоцца динан урх а лаьцна,
куро аркъал тесна корта цхьанаметта а латтош,
готта къаьстачу г1одаюкъца д1аса а техкаш,
шен Шанд олучу динахь тхайга вог1уш.
"Муртазан Торг1а санна куц долуш к1ант ца кхиънера вайн ламанца",-
олура иза хьахочара гуттар а.
- Нехан-м дашо раьг1наш хилахьара, Къахьир,
Хьенех къонах вара боху дош дуьсийла-кх кху дуьненчохь сох даха!-
элира цо тхан дега.
Со, пха санна озавелла, не1ара уллохь лаьттара,
царна оьшург т1ехьош.
- Нахах ларвала везара, Торг1а, массарах д1а а ца ветталуш...
Сов майралла дика яц,-элира тхан дас.
- Со харц ца лийна, Къахьир, цхьанна а стаге.
Майралла нийсонца карийна суна.
Стешхалла харцонца бен хила йиш яц,-
элира цо, соьга забаре б1аьрг а та1ош.
- Схьагайтал, борз, д1огара мерз-пондар, к1еззиг м1араш хьакха ас цу т1е,-
элира т1аккха, куьг генна схьа а кховдийна.
Ас дечиг-пондар д1абелира. Цкъа-шозза йовхарш а тоьхна,
меллаша п1елгаш хьаькхира цо пондар т1е:

Дай белла йиса хьо,
Соьлжера ва г1ала!
Хьо юьллуш-м дуьйцура,
Яхь йолчу к1енташна
Х1онцана юьллуш ю.
Хьо юьллуш хиллийца
Цу юьртан к1иллошна,
Яхь йолчу к1енташна
Балина ва аьлла.

Юха, тхан да вийча:
"Торг1а вала ца лахь, хьайн ден ч1ир лохур ю-кх ахь, борз!"-олура цо соьга.
Со кхиъна валале иза ша а вийра Соьлжа-г1алахь, тоьпаш а тоьхна.
Наха тайпа-тайпана дуьйцу цунах лаьцна.
Цхьаболчара иза сонта, цхьаннах а ца вешаш стаг вара, олий хьахаво.
Вукхара х1ун ю ца хууш, суй санна стаг вара, олий вуьйцу.
Хаза ю аьлла ядийнера олу цо 1успин Баччал а.
Торг1ина гина ца хилла Баччал цкъа бен -
ша ядочу буса ловзаргахь.
Йо1ана вуьйцуш хезна хилла Торг1а.
Баччала йиш локхуш хилла цунна:

Лиъча ган ца хилла,
Ц1е йолу кура к1ант!
Некъаца чурт доьг1ча,
Т1аьхьахьежа вехийла, - олуш.

Баччал ехачу юьртахь хиллера ловзар.
Торг1а а нисвелла хилла цу ловзарга.
Цхьа ханъяьллачу хенахь хабар деънера, ловзарна салташа гуо бина аьлла.
Торг1ина хиънера т1аккха шена мотт тоьхнийла.
Тхьамда 1ачу стоьла т1ехь йогуш хиллера мехкадаьттан аьнгалин лампа.
Т1аккха Торг1ас мохь тоьхна бохура:
"И лампа д1аяйа стаг вац те кху ловзаргахь!" - аьлла.
Цхьа а меттах ца ваьллера.
Шолг1а а кхайкхина бохура Торг1а.
Х1ета а ца г1еттина цхьа а. Т1аккха хьалаг1еттинчу Баччала - Торг1ига сакъоьруш йолчу, -
шен лаьхьанан санна долу дуткъа деза дег1 сеттош, кура т1е а яхна,
тхьамдина хьалха лаьтта аьнгалин лампа, аьтту куьйга генна ирах а ойуш,
лаьттах тоьхна, аьтта д1аяхийтинера.
Юха маьхьарий а, тоьпаш а, мехкарийн ц1ог1анаш а д1а а тийна, кхин лампа латийча,
я Торг1а а, я Баччал а ца карийнера. Баччал Торг1ас ядийнера цу буса.
Торг1ас ша ядийна хьош, Торг1ига кхайкхира ша бохуш, дуьйцу бохура Баччала,
ша хьош верг Торг1а вуйла а ца хууш.
Торг1а вийначул т1аьхьа, ткъе цхьайтталг1ачу дийнахь, мацалла елла Баччал, ялтех мотт ца тухуш.
Церан йо1, Залма, шовзткъе диъ шо кхаьчна яра лечу дийнахь.
Цо 1аьржа духар охьадиллалц бохуш, захало ца хьахош 1ийначарна
Залмин чухта марчонца хуьйцуш гира.
Торг1ин дин наггахь бажа кхуьйлура ас, иза х1ума йиъна а, садаь1на а валлалц.
Торг1а вистхуьлуш хезча, кхин бажа ца кхевдара дин -
гуттар а д1аийзалора, карара бала г1ерташ, дена т1ебаха.
Т1орг1ас берх1ийтта етт а белла эцнера иза, чергазошкара.
Иза туьппалг санна боца, дег1ана горга, сира дин бара,
куьг-куьггал таь1на хьоькхнаш а йолуш дег1а т1ехь.
Торг1ас цунах Шанд олура.
Цкъа, хьуьнарш зуьйш, дин хьовзабе элира Торг1ига.
Торг1ас дин хаза хьовзабора.
Ген-генара нах оьхура цуьнга дин хьовзабайта.
Цхьа г1еххьа шера меттиг яра. Дехьа йисттехь сиз дара хьаькхна.
Ма хахккало д1а а хаьхкина, цу сиза т1ехь сацон безара дин.
Оцу хьуьнар т1ехь тоьлларг къобалвора, бере а веш.
Торг1ас уггар т1аьхьа хаьхкира шен сира дин.
Хьалхара ши ког сиза т1е кхочуш, ц1еххьана, шен ницкъ мел бу
дуьрстанан шин га схьатуьйхира Торг1ас.
Ч1инч1ура хиъначу динан т1ехьарчу когийн бергаш сиза т1ехь севцира.
Кхуьа а бухка а хаьдда, охьашершира беречун нуьйр.
Торг1ас бен ца яьхьира цу дийнахь беречун ц1е.
«Варраш, ламанан варраш! Аш юьгуьйтур яцара соьга йо1, паччахьан эпсаре!» -
Аьллера пурстопа, юьртера нуьцкъала йо1 яккха веъначу.
Юьртана салташа гуо лаьцна хиллера.
Наха дехнера пурстопе, Сибрехара шийтта шо а даьккхина ц1а веъна волу
Малак талмаж а х1оттийна, шайца харцо ма йийцахьара аьлла.
Торг1ина гинера, ша вехачу юьртара йо1, салташа пхьаьрсаш а лаьцна,
текхош йохьуш, юьрте орца а дохуш, мохь а хьоькхуш.
Торг1ас нохчийн тапча йожийнера пурстопан некха т1е.
Велларг – вуьсуш, ваьлларг – волуш, т1ом чекхбаьлча,
ламаройн яртех кхин цхьаъ чим Хилла яьгнера.
Иза 1едалца дуьххьарлера дов дара Торг1ин.
Беречун ц1арна т1е обарг аьлла ц1е а кхийтира цуьнан т1аккха.....
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 24.11.2007, 19:40   #8 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
...Дена вина пхи ваша вара Торг1ин. Девешехьара шичой а бара шортта.
Торг1ин ненан Залиматан х1ара цхьаъ бен вацара.
1едало хьовзийра кхуьнан нах ч1ог1а, Торг1а схьава бохуш.
Етта а йиттира. Чу а боьхкира.
Шена еттачу хенахь т1ара тоха хьуьнар кхаьчна волу кхуьнан
вежарех цхьаъ,
Незар, Сибрех вахийтира.
Незар, исс шо даьлча ц1а а веъна, Торг1ех хилларг хиъча, шен вежарех а я дех а ца кхеташ,
юха д1авахара Сибрех, Нохчийчохь саца юьхь а ца хилла.
Незаран т1аьхье Красноярск бохучу г1алахь еха х1инца.
Шен х1усам йоцуш, ведда лелачу Торг1ига дас, Муртаза, хабар дахьийтинера,
ц1а ваг1ахьара хьо, хьоьца къамел дара шен аьлла.
Торг1а ц1а веънера. Нанас, Залимата, ша элира олура Торг1ига:
«Нана яла хьан, ма ч1ог1а вовшахбеттало-кх хьан вежарий, шичой тховса…
лоха къамелаш до-кх цара, къайла а буьйлуш.
Хьуна тешнабехк бан-м ца г1ерта те х1орш», - аьлла.
Торг1ас шен нана човхийнера, ша хьайн ден ц1а д1акхетор ю хьо олуш.
Дас а, вежарша а, шичоша а аьллера Торг1ига:
«Вай х1окху 1едало хьо бахьна долуш кхузахь даха ца дуьту…
Вай гуьржийн махка д1адаха деза. Вайн бахамаш наха т1аьхьа д1абохьур бу,
вай тховса сахилале новкъа довла деза… Цхьа к1еззиг сада1а хьайна, д1а а вижий», - аьлла.
Торг1а шен наний, Баччал, шен йо1 Залмий йолчу чохь д1авижнера.
Цу буса, шен чохь, юкъ а яьстинера Торг1ас.
Кхунна дикка наб кхетча, чулилхинчу дассий, вежарший,
шичошший т1ебеттабелла, лаца а лаьцна, вихкинера Торг1а.
Цу юьрта схьахьехна 1едал а хиллера Муртазг1еран,
Торг1а д1авала барт бина.
Белшашкара охьа вихкина волу Торг1а говра т1е хаон схьавалийча,
вежарех цхьамма луьйта лаьцна бохура.
«Ца оьшу, Дала воьзийла, хьенех», - аьлла,
кхоссавелла, говра т1е хиира бохура Торг1а.
Т1аккха, шен дега – Муртазе – вистхилира бохура Торг1а:
«Муртаз! Асхьабан некъий олуш, цхьа декъаза
ц1е яра вайн наха йоккхуш… И ц1е йожий-кх аш вайн…
Со-м, аш д1авелча а, ца велча а, х1умма а яцара», - аьлла.
Торг1ин аз хезча, Шанд терсира бохура шозза-кхузза.
Торг1ин б1аьргаш божал долчухьа д1ахьаьвсинера.
Юха велааьшна дира бохура Торг1ас:
«Маржа, Шанд я1! Маржа, Шанд я1», - олуш,
г1ийлла лаьтта охьа а хьаьжна.
Торг1а цу буса т1улгех йоьттина набахте йолчу
йоккхачу шахьаре охьавалийнера.
Т1аккха 1едало хабар дахьийтинера Соьлжа-г1аларчу хьаькимашка,
Торг1а охьавало г1о даийта шайна, некъаца йохкучу
яртаршкарчу нахах ца х1уьтту шаьш, аьлла.
Соьлжа-г1алара г1о ца кхочуш, ши буьйса а яьлла,
кхоалг1а буьйса т1екхаьчнера.
Цу буса Торг1ина ха деш Пхьара Хилла бохура.
Ханъяьллачу хенахь набахтин не1 а тоьхна:
«Деллахь, Пхьара, кхана охьавигча суна тоьпаш а тухур ма ю…
Сан ма ч1ог1а г1уллакх дар-кха тховса ц1ахь хила везаш…
Оцу хьайн говрана нуьйр тиллахь,
х1ара дог1анаш д1а а дахий…» - аьлла бохура Торг1ас.
«Ва Торг1а, ахь х1ун дуьйцу, со кхин инарлин когаметта а вац…
Лаьцна стаг хехочо д1ахоьцучу вахний хьо!» - аьллера цуьнга Пхьарас.
«Со сахилале вуха-м кхочур вара хьуна, Пхьара.
Сан дош галдаьлла олуш-м ца хезнара хьуна?» -
хаьттинера т1аккха Торг1ас.
«Хьо 1уьйранна кху чохь ца каравахь, суна, кху чуьра кхин ара ца воккхуш,
тоьпаш тухур юй хаьий хьуна??» - Пхьарас шега аьлча:
«Дош – дош доцчу стеган дуй – дуй а бац хьуна, Пхьара.
Ас дош дели-кх хьуна, сахилале кхузахь хила» - аьллера Торг1ас.
Пхьарас Торг1а д1авахийтинера.
«Ведча х1ун дара те… я ца водуш саца со, Торг1ех а тешна», -
бохуш, ша ойланаш еш 1аш, сахилале схьакхечира Торг1а, олура Пхьарас:
«Хьенех, дукха са-м ца гатдира ас хьан? Х1ара говр йовха ю
хьуна ч1ог1а, д1асаозаелахь х1ара», - аьлла.
Торг1а цу 1уьйранна охьавигна Соьлжа-г1ала.
Тоьпаш а тоьхна цунна шолг1ачу дийнахь.
Иза ц1а х1унда вахна ца хууш дисна цхьанна а.
Я иза хууш стаг х1инца а вац.
Иза Торг1ас д1адаьхьна шеца.
И дерриг а хиллачул т1аьхьа шо даьлча гира суна Торг1ин дин, Шанд.
Цхьанаметта ца соцуш, гаьллаш а 1уьйшуш, гуо туьйсура цо.
Цхьа везо, тоьллачу дег1ахь, ханъяьлла стаг 1ара цунна т1ехь,
сирчу мекхех наггахь куьг а 1уттуш.
Иза Торг1ин да, Муртаз, вара. Юьртда вина а бохура цунах 1едало.
Муртаз кхин цкъа а гира суна, шен доьзалца лахенга охьавоьдуш.
Муртаз, гуттар а бахам тобина, юьртан а, мехкан а да а хилла,
ша вехачу юьртахь ч1аг1велча, наха: я хьо, я тхо –
вайх цхьаъ бен 1ен йиш яц кху юьртахь, аьллера цуьнга.
Муртаз д1а ца вахнера.
Юха цхьана 1уьйранна самаваьллачу Муртазна
шайн юьртахь цхьа а къонах ца гира, зударий, бераш доцург.
Къонахий д1абахнера.
Т1аккха Муртаз кхечу юьрта йисттехь дакъа а лаьцна, ц1енош дан волавелира.
Цу юьртарчу наха а дехар дира Муртазе, шаьш хьо бахьна долуш
ярташ охьакхийсина а девр дацара,
х1ара меттигаш йитахьара ахь, аьлла.
Муртаз х1етта кхийтира,
лаьмнийн махкана ша хьарам вуйла,
маьршачу стеган ц1ий санна…
Муртаз лахенга охьавахара. Нахана ца хиира иза мичхьа сецна,
я ма дарра аьлча, нахана иза хаа а ца лиира...
1986шо
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 26.12.2007, 20:09   #9 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
"Х1ун ду-кх вайн цкъа дайнарг..."

...Кхечу махкара - г1енакхоьлара - самаваларца хьан дайнарг:
хьуо ц1ера араваьккхича санна, хьо кхоьллинчу, винчу махкара,
гуттар а хьо хилла-хиллачу ван а вале, цкъа ваьхначу...
...буьйса зарзлуш, сахиларца, де г1аттале, дохк а таь1аш,
юха ц1еххьана, 1уьйрре оьккхуш, гуобаьккхина яьржа серло,
дуьххара де кхуллург санна, дуьненан хьалхара де...
...бода букълуш, суьйре таь1ча, де 1аржлуш, дуьне кхулуш,
д1ога цигахь, анайистехь, серлонан аса юткъаелча, -
кхузара цига к1елхьарадала, - эхартан ков санна хеташ,
мича орцанн г1отту-кх са, сино стенга сатосу-кх,
дуьненан йийсарера шен ц1а кхача садаьхьча санна,
мацах цкъа ц1ахь хиллачу, шен яйначу ялсамане...

Г1ан хадарца, самавалар, хьо ц1ера араваьккхича санна...
Буьйса зарзлуш, серло хьаьдча, дуьххьара де кхулуш санна...
Бода боларца, анайистехь дашо нур г1аьттича,
дуьненан йийсарера шен ц1а кхача са хьаьдча санна...

Х1ун ду-кх вайна цкъа дайнарг, дага ца далла дицделларг.
Ден иэсехь - Адамца а, Хьава вайн Нана а йолуш,
вай ц1а маца доьрзур-те, доьзал санна, цхьана тховк1ела,
дага ца далла дицделларг, ц1а кхачарца, дага а дог1уш?!
2007 шо, гуьйре
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 19.01.2008, 16:35   #10 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Дуй баъал бакъо хила...

Суна белла нах гина дукха, м1аьрго хьалха дийна хилла болу;
сауьйзаш т1аьххьара дахарх кайиттинарш а.
Со цара 1адийна, цец цкъа а ца ваьккхина:
иза соьца хиндерриг ду, зама х1оьттича, цхьана м1аьргона.
Цецвоккхуш 1адийнарш кхин адамаш хилла суна:
кху лаьттах, дуьненах, стигланах дуй бууш,
шайн «со-ас» ч1аг1дан г1ерташ, шайл а лакхара кхийдина нах.
Хьенан х1ун бакъо ю-кх - хоьтту ас сайга, 2007-чу шеран дог1а дог1учу
гуьйренан буса - шех биъна а дуй баа вахьа;
дуй баъал бакъо хила адамо х1ун кхоьллина-кх;
я чемхалг, чуьркан т1ам, цхьа бакъдолу бакъ цхьа дош а!
Х1умма а - кхета со т1аккха - стага кхоьллина х1умма а дац-кх,
к1ен буьртигна делла иэс санна (г1ад хоьцуш, канн кхио),
хьо денвинчу т1адамца азаллех делларг бен:
дег1ан кеп, кхетам а хьан, гар, хазар, къинхетам а.
Мила ву-кх т1аккха дуй буург, мича тоьшалца,
хьенан ц1арах, дуй баъал бакъо елла - чемхалгах биъна а -
дуьненчу ваьлларг а иштта!
Сонта стаг-м хир вац-х иза - хета суна цкъацкъа - я хьекъалх тилла-те,
ша дуьйцучух ца кхеттал, гушдолчунна б1арзвелла...
Сонта а хир я 1овдал, гушдолчунна къора а:
кхузахь и а, важа а дац - хан ю кхузахь коьртаерг, цхьаъ велла д1а а вахана,
т1аьхьавуьсучу хьуна гушйолу - хьайн хиларца т1аьхьавуьсу хьо,
хьайл т1аьхьа хьайн «со» ч1аг1дар, ленволчу хьуна
цигара хьуо дийна волуш санна ган лаар...
Я цхьа а - х1инца со а т1ехь, х1ара мог1анаш яздеш волу, -
Шекспирана т1ера схьа жимачу беран биста кхаччалц -
кара къолам а, кехат а эцна, цхьа васт дита г1ерта бер а т1ехь -
цхьа а ма вац цунний бен (цигара ша кхуза ган лууш) мог1а язбина,
дуй биъна а, шен «со-ас» диссийта г1ерташ, велча а ваха болчу лаамца...
«Со суо верг ву, со суо верг ву, - вала кхиале хьера а ваьлла,
лечу сохьтехь а кхетам а боцуш, са долуш волу Свифт,
«Гулливеран» автор, цу дешнашца велла боху, - со суо верг ву,
со суо верг ву», - карладохучу ч1аг1дарца.
Иштта кхетта хилла-те иза - воккхаве со цуьнан 1ожаллех, - ша мила ву
хаъал кхетта я ша цхьа а воций, ша верг бен кхин цхьа а:
дитт а, чемхалг а, хьайба а санна!
Боккъал, ма инзара хир дар-кх, дитто я чемхалго, хьайбано дуй бууш...
...хьенан х1ун бакъо ю-кх, шех биъна а дуй баа вахьа;
дуй баъал бакъо хила х1ун ду-кх цо кхоьллинарг а.....

2007 шо, гуьйре
__________________
"..хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле.. " (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы


Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
1илман Юсупов - стихаш Amazonka2 Проза/Поэзия 1390 Вчера 22:14
Муса Бексултанов - Не спасся… Albert Проза/Поэзия 6 11.04.2007 07:32



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.

1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 39 40 41 42 43 44 45 46 47 48 49 50 51 52 53 54 55 56 57 58 59 60 61 62 63 64 65 66