Chechen Forum Selard  

Вернуться   Chechen Forum Selard > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Ответ
 
Опции темы
Старый 22.02.2008, 04:02   #41 (ссылка)
Корталин Хантоти

Чакхе:
<<Цул т1аьхьа, дуккха а шераш девлча, Бисанин к1анта, Бижис qлира Х1атига:

-Деллахь, Хантоти, хьо х1инца й=оккха а хиллера, хьо ц1ахь 1ийча а х1орш лара а бийр бара
дохнаца, хаза ц1а а яхна, хьайн могашалла а ларьеш, к1едачу охьа а юьжуш, мерза х1ума а
юуш яккха езара ахь хьайн хан, -аьлла.

-Деллахь, Бижи, ца лела хьуна со, - qлира Х1атис, - ас дечух х1орш хьалхабевр бара бохуш-м.
Х1етте а, вог1учу хьеша-дена а, лучу сискална а, вонна а, диканна а х1орш нахал г1ийла ма
хилхьара бохуш, д1аг1ерта-кх, -аьлла.

Ламчохь вог1у-воьду стаг наггахь бен ца кхочура, баттахь цхьаъ, я шиъ. Х1атин шо даьлча кхочу
волчу хьешана а кечам хуьлура бина. Х1атина дуьне хьийзаш дуйла а ца хаьара, хи дукхох дуйла а
ца хаьара лаьттал. Х1атина цк`а веана хьаша кхин вуха ца ван тарлойла хаьара. Х1ати цо д1ахьон
долчу дашах кхоьрура. Х1атина дика дош дезара шен к1ентех.Шена х1умма а дезаш а ца хилла хиллера
д1ахьаьжча цхьа масех метр к1айн кисий, боккха акха т1улггий бен.
Цуьнан бахам кхин хиллера, нехан дашца т1аьхьа буьсург. Нехан дош. Кхин х1умма а.>>

1988шо.
---------------------------------------------------------------------------------------------------------------------

Маржа я1! Ойла ечунна ма ойла ян дешнаш ду х1орш "масех метр кисий, боккха акха т1улггий бен"...
Ма дукха ду оцу х1уманан ойла ца ен адамаш.Ма доккха жам1 ду оцу дийцаран чакхенехь Мусас динарг. Х1ун ду лаьттахь адамах дуьсург? Цо шех лаьцна ала дитина дош. Х1ун ду цо д1ахьондерг? Дуьненан даьхнех х1умма а. Амма ша дина вондерг а диканиг а хьур ду цо д1а Дална хьалха охьадилла, шен мел хилла 1алашо а, шен мел хилла тоба а, ша мел йина 1амал а.
Маржа Хантотин оьзда г1иллакхаш, ма д1адовлуш лаьтта шу тахана! Ма мехала ца хета шу дукхачу нахана. Ма хийцадели кху дуьненчохь х1уманан мах хадор. Маьхза хилларг мехала хуьлуш, мехала долчуьн мах ца хеташ.
Дуьне, ма дика ду-кх хьан ЛАКХАРА КХЕЛАХО волуш.
Муса! Дала аьтто бойла хьан иштта дийцарш тхуна яздан.
__________________
Вместо одного придёт десять!
Enigma* вне форума   Ответить с цитированием
Старый 22.02.2008, 21:53   #42 (ссылка)
 
Аватар для Хантоти
Цитата:
Сообщение от Enigma* Посмотреть сообщение
Додам Хозяйка йолу х1усамаш сирла ца хила йиш яц, Хантоти
Дера ю-кх дукха сирла х1усаmма-м х1ара. Мусан дийцарш а ма ду хаза!
Йог1уш доьххьара сан х1усаме еънехь а, дукха дика а, сирла а х1усам х1ара юйла а хиъна хилла хьуна Хантоти. ))))
Энигма, серло а, бода а къасталуш ма яй со, Дала мукълахь!)
Ас шун тидам бо мелла а хан ю, хаза болх беш дохку шу кхучохь!
Дела реза хуьлда) Хантоти ц1е а йолуш кху чу а ца йог1уш муха 1ийр яра со? ))
__________________
"Цуьнан бахам кхин хиллера, нехан дашца т1аьхьа буьсург.
Нехан дош. Кхин х1умма а..." (с)
Хантоти вне форума   Ответить с цитированием
Старый 22.02.2008, 22:00   #43 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Хантоти!!!!! Ва, ма ч1ог1а хаза а хета суна и ц1е!!!
Иза Мусайн денани ц1е хиллий хаий хьуна?
Ткъа Хантоти де ц1е Кортал хилла!
Цунах ду иза дийцар, "Корталин Хантоти")
Мусас шен дененах яздина ду иза!)
__________________
".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 22.02.2008, 22:03   #44 (ссылка)
 
Аватар для Хантоти
Dodam, дeрa цa хaaр сунa-м из Мусaйн дeнaнa хиллий! Ас-м х1инццa и сaйн сурт хуьйцур ду!
__________________
"Цуьнан бахам кхин хиллера, нехан дашца т1аьхьа буьсург.
Нехан дош. Кхин х1умма а..." (с)
Хантоти вне форума   Ответить с цитированием
Старый 22.02.2008, 22:23   #45 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Хантоти, сo хьoьжуш ю хьунa хьaн кeрлaчу суьртe!
__________________
".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 22.02.2008, 22:30   #46 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Ииий, мa хaзa a ю и йoккхa стaг!!! Изa милa ю, вa Хaнтoти?)
__________________
".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 22.02.2008, 22:36   #47 (ссылка)
 
Аватар для Хантоти
Dodam, суна цуьнан ц1е-м ца хаа... Г1ойт1ар яхархо ю бах-кх иза, 120 шо сов хан а йолуш. Мел хаза а ю, юй, боккъала а?) Дала дукха яхайойла иза!
__________________
"Цуьнан бахам кхин хиллера, нехан дашца т1аьхьа буьсург.
Нехан дош. Кхин х1умма а..." (с)
Хантоти вне форума   Ответить с цитированием
Старый 22.02.2008, 22:39   #48 (ссылка)
 
Аватар для Хантоти
Со жимма кху чохь 1а йоллу, дийцарш а доьшуш. "Буо" т1ера д1айолалур ю со)
__________________
"Цуьнан бахам кхин хиллера, нехан дашца т1аьхьа буьсург.
Нехан дош. Кхин х1умма а..." (с)
Хантоти вне форума   Ответить с цитированием
Старый 22.02.2008, 22:43   #49 (ссылка)
 
Аватар для Dodam
Цитата:
Сообщение от Хантоти Посмотреть сообщение
Со жимма кху чохь 1а йоллу, дийцарш а доьшуш. "Буо" т1ера д1айолалур ю со)
Дика ду х1ета, сестрёнка, да 1е хьайна!)
Уверена, ты получишь истинное удовольствие от чтения)
Со кхин ца 1а кхузахь...
Марша 1айла..)
__________________
".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша,
хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с)
Dodam вне форума   Ответить с цитированием
Старый 23.02.2008, 19:05   #50 (ссылка)
 
Аватар для Хантоти
"...Массарна а еза Овтархан Юсупах йисна йолу зуда. Массара а къуьйсу. Массо а йига гIерта, бертахь я бертаза.
Iуспин Къаьхьира - наха когаш хьалха вина ву олучу - ядайо тIаьххьар а, бIаьста хьаьжкIашна хьалхара асар деш йоллучуьра.
Юха шолгIачу Iуьйранна цIа а ялайо, цунна ваша хила дуй а бууш.
Къаьхьир шен сте ян гIурту Масарх цу бусса.
Масара ша Юсупан а яцара сте, олу.

Къаьхьир ца кхета.
"ТIаккха Масара дуьйцу:
«Цкъа гурара яьллачу барзо нелана кхин кIелонаш ца йо хьуна, Масар. Иза херсешна теба. Цкъа речIано къийлинчу лечано а ца юьллу куьйранна моха, хьозанна бен.
Дуьненна кур бетташ, ламанан аьрзу санна, кху дийне кхаьчна долу вай, куралла ян лам боцчу аренан муьжгичо, дацой санна, човхийна, вайн хьацарна ял тухуш, охьаховшийна тахана. Вай леш ду хIинца, «со-ас» аьлла, бIаьштиг тIepa куй тIехьа татта бакъо йоцуш.
Шен лайна ши некъ буьту тоьллачо: гуттар а балхана саттийна буккъий, ша санна болу лай деборрий.
Ткъа лена тIаьххьара дуьсу «доьналла» - шех терра болу лай кхин дуьненчу ца бахар, шел тоьллачунна бацо.
Хьан сибатаххий, сайн доьналлеххий къахетта ялийнера ас хьо, Масар. ТIаккха вайшинна къа деца, хууш-гушшехь мостагIчунна букъ сетто лай дуьненчу а баьхна, дIадахча!
Цу тIaьххьарчу, мискачу «доьналлица» вала лаьара суна, Масар, иштта сайца хьо лойла а. Нагахь, реза яцахь, некъ маьрша а бу хьуна соьгахьара.
Цул сов, вай деба аьлла девлла а ма дацара кху дуьненчу, дуьххьара хьох Хьава а, сох Адам а хуьлуш, xIapa дуьне вайна девзича!
Суна бIаьрсица еза лаьара хьо, Масар, ойланца хьеста а хьоьстуш... Суна хьох сайн ХIайкал хуьлийла лаьара, айса цIенна Iалаш а дина, Далла дуьxьал хьон долу...»
- Со т1аккха реза хилира цуьнца, Къаьхьир. Со Юсупа тешийра. Суна хиира, цхьаволчу къонахчуьнга яха ца яхча а, яла яха мегар дуйла. Иза Юсуп вара, - Масар соцу.
Къаьхьир вист ца хуьлу. Къуьдано кIур бо готтачу оти чохь. ТIаккха Къаьхьир, Iийна-а, цхьа хан яьллачу хенахь вистхуьлу, Масарна бIаьра а ца хьажалуш:
- ХIета, даха хIун деш, мича собарца дехира шуьша, ва Масар? Бехк ма биллалахь, иштта юьхьза хаттарна!
- Юсупа Iуьйранна, малх схьакхеташ, кора дуьхьал а хаайой, чIаба йора суна, Къаьхьир. Юха сарахь, малх чубузуш, иштта дIа а йостура, - олу Масара.
«ЭхI», - долу Къаьхьиран кийрара, кхин дош а ца алалуш.
Юха дикка Iийча вистхуьлу, нийсса Масаран бIаьра а хьожий:
- Овтархан Юсупа шен сте ца йинчу хьох сте ян сан xIeттe а мах ца кхочу, Масар. Айхьа Юсупан дина сий Дала дойла хьан... Со ваша а леци-кх ахь таханчул тIаьхьа! -Iуспин Къаьхьира шен ден цIа дIакхетайо Масар цу Iуьйранна..."


Маржа я1, хьо зама... шу къонахийн амалш... шу оьзда йо1арий... Я Аллах1, собар лолахь тхуна кху харц дуьненах йоьхьк1айн чекдовлла!!!
__________________
"Цуьнан бахам кхин хиллера, нехан дашца т1аьхьа буьсург.
Нехан дош. Кхин х1умма а..." (с)
Хантоти вне форума   Ответить с цитированием
Ответ

Опции темы

Быстрый переход

Похожие темы
Тема Автор Раздел Ответов Последнее сообщение
1илман Юсупов - стихаш Amazonka2 Проза/Поэзия 2154 Сегодня 01:02
Муса Бексултанов - Не спасся… Albert Проза/Поэзия 7 06.09.2008 22:14



Селард - светило (все космические светящиеся объекты).
vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.


1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21 22 23 24 25 26 27 28 29 30 31 32 33 34 35 36 37 38 39 40 41 42 43 44 45 46 47 48 49 50 51 52 53 54 55 56 57 58 59 60