![]() |
| |||||||
| Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова. |
| | Опции темы |
| | #22 (ссылка) | |
| Цитата:
Ето один я, а в торой...... ну не дaлекий Человек ))))
__________________ Мел долу эxь-бexк а доьxкина Галстукаш коча а оьxкина Г1аддахна лелаш ду г1аларташ Cан къоман историн г1алаташ! | ||
| | |
| | #23 (ссылка) | |
| Цитата:
А вот с этого места подробнее, пожалуйста (если тебе не трудно)! А то я не совсем поняла)) ![]()
__________________ ".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с) | ||
| | |
| | #24 (ссылка) | |
| Цитата:
![]() Короткий, чёткий слог! Умеет изложить мысль! Присутствует фольклор, короче всё блестяще! ![]()
__________________ Вместо одного придёт десять! | ||
| | |
| | #29 (ссылка) |
| "Ловзарга кхайкхар" Х1ара дийцар доьшуш х1оразза а йоьлху-кх со.. дуьххьара доьшуш ма-елххара... Х1ан-х1а, кхин цкъа а цхьамма а эр ма дац иштта я кхин цхьа а иштта т1е а вог1ур вац, иштта эвхьаза, воьлуш, цхьа боккха кхаъ бохьуш санна шеца: «И ши б1аьрг хаза бу-кх хьан, йо1! Къилахь дуйла ца хаьа хьуна хазалла цхьаьнцца ца екъар?» - Уьш дукха бара, - элира ас, - х1инца берриш д1а а бахна. Маликий, Хьавай елаелира. Цаьршинна ца тайра иза. Тхо занятеш чекх а евлла, техникуман кертахь, Мадине хьоьжуш лаьттара. - Хьо ма яйнера... ц1е Б1аьргаш хила тара хьан! - т1етуьйхира оцу к1анта юха, ц1аро дерриг а дуьйцуш санна. Тхо кхоъ д1айолаелира, цуьнга кхин д1а а ца хьожуш. - Иштта д1а-м г1уриг хир ма яц хьо! - т1аьхьа кхайкхира иза геннара. Со юхахьаьжира. Иза цкъоцкъамаш ирах а довдийна, т1ехь ехха 1аьржа палаш а йолуш, вела а озавелла, лаьттара. Иза лекха вара дег1ана, духар а дара 1аьржа. Цуьнгахь иштта тан а товра. - Г1ур яц, - элира ас (суна тахана а ца хаьа, айса х1етахь иштта х1унда дира), - сан ц1е Луиза ю. - Ахь х1ун до-о! - Малика цецъелира, къаьрзина соьга схьа а хьаьжна. - Суна-м ца хаьа, - ас белшаш саттийра, цхьа бехкала йоьдуш санна. Со д1аяхара. Ас кхин ойла а ца йира х1етахь. Цхьа бен а доцуш хийтир-кх суна гар а, цагар а, йистхилар а - тахана ду, кхана дац, - х1ун бен ду, мухха а хилча а. - И 1овдал веъна кхана схьакхочур ма ву хьуна, хаьнт1е куьйгаш а х1иттийна, киснахь карамел а йохьуш... «Сан ц1е Луиза ю» тов. Вот ты ненормальная! - Маликас бат саттийра. - Бегаш бан ца мега, вай-й! - элира ас, дог а даьтт1а, - цхьа кхин х1ума дийцийша, - аьлла. Иза боккъалла а шолг1ачу дийнахь схьа а кхечира. Куьйгаш хаьнт1ехь-м дацара - киснахь дар-кх. Суна кхоалг1ачу г1ат т1ера, корах охьахьаьжча гира иза - со студенташна бухучет хьоьхуш яра. Горгали ма бийкки, цо цхьаьнгга а хаттале, сихха охьа буха елира со. Иза тохара санна велавелира, схьа дуьхьал а волалуш. Со юьйхира цхьана маь1аргонна. - Де дика дойла хьан, Луиза... - Далла везийла. Хьажахь, к1ант... - Мухтаран к1ант Исраил, - элира цо. - Фамили - Хасаев... - Исраил, со... жима а яц... Суна... хьо-м цхьана г1уллакхна веъна хир кхуза, со... - Собар делахь, дукхаяхарг, хьо мила юй, мичара юй, хьаларий-охьарий дац хьуна... Дерриг а х1инца долалуш ду, таханлерчу дийнахь. Кхул хьалха х1умма а хилла а дац. Хьан берх1ийтта шо а ду, сан ткъе кхоъ, я ткъе ворх1, я хьуна хила луъург. - К1ант... - Ас сайн ц1е Исраил ю элира, Луиза, хьо йиц ца еллехь! - Исраил... - Суна хаза хета-кх хьо. Хьо соьца хила а еза! Со цуьнга д1ахьаьжира, иза сацо дагахь. - Д1аяла, «тпу-тпу», хьан ши б1аьрг-м боккъала а хаза хилла... - Исраил, хьо суна... мила ву хууш стаг а вац, я оьшуш а дац... - Хасаев Исраил Мухтарович, - цо дайн куьг тесира, - берх1ийтта шо кхаччалц Нохчийчохь Н-юьртахь кхиъна. Т1аккха эскарехь. Цул т1аьхьа, ткъа шо кхаьчча - Матушка Россия, а она большая. Ткъе ворх1 кхаьчча ц1а вирзина. Г1алахь волу цхьа шо а ду. Белхан меттиг - таксопарк. Машенан номер: 45-28 ЧИП. Хьо биъ бутт хьалха, автобус чохь хааелла, кора уллохь хиъна 1аш. Б1аьргаш дисира дагахь. Юха селхана, некъ а хадийна, хьой, кхин цхьаъий сехьа йолуш, шуьшиъ кхин сеттина а ца яьлла, сигнал тоьхча - хьо яра. Нах д1а а бигна, вухавирзира. Хаьттича, боккха ши б1аьрг болу йо1 массарна а евзаш хиллера. Ткъа х1инца со а д1авоьду. Кхана хила аьтто а бац. Лама, Дала мукъалахь, вай гуча а девр ду. Цул сов, хьо, забар а йоцуш, сан коча а еъна. Суна езачух тера ду-кх хьо, ца хилча, иштта дика х1унда ду, цхьа ч1ог1а парг1ат, цхьанхьа геннара новкъара могаш-маьрша ц1а кхаьчча санна... _________________ Иза иштта гучуоьккхура х1оразза а. Т1аккха къамел дой-дой, иштта сиха д1а а воьдура. Со цуьнга ма вола ала ца кхуьра. Цуьнан хабаро йицйора, х1инц-х1инцца боххушехь, ерриг ойла д1а а йоьдий. Иза гуттара а воьлура. Къамел деш а воьлура иза, геннара суна т1евог1уш а. Ладуг1учу хенахь а хуьлура иштта велавелла. Юха цо дуьйцурш а дара цхьа тамашийна х1умнаш, к1анта йо1е ца дуьйцурш, цхьа доьзалера, гергарчеран, тхойша даим цхьаьна хилча санна, со тоьшалла кхуьйлуш шеца. Со 1адда 1ара, ла а дуг1уш. Суна цуьнга ладег1а лаьара. Цуьнга хьежа лаьара суна. - Со д1авоьду, - олура т1аккха, - са-м гаттдийр дац ахь? - т1етухура забаре. Со цунах ца кхетара. Иза иштта хила йиш яцара. Суна цкъа ду моьттинера дахар иштта, схьа ма гарра. Суна кхин теша ца лаьара. Со ца тешча ца 1алора. Суна хала дара, дуьххьара санна..... _____________ - Ты что, так и будешь водить этого извозчика! Чем хуже Хьасан цул?! Я-то думала, хьо вкус а йолуш... - Маликас 1иттарш йолайора, Исраил гучу воллушехь. Юха и Хьасан боху шен шича кхийла елира иза. Ас ца оьшу элира, сан да волуш ву, соьца 1аш вацахь а, - аьлла. - Ему только сорок семь, цуьнга муьлхха а йо1 йогг1ушехь, я ради тебя... - Вай, д1аяла, - элира ас, - оццул 1ийна волу иза, со а йигна, х1аллак муха во. Дезткъа шо кхаьчча, шен меха ерг карор яй цунна-м, - аьлла. - Ради Бога! - Мликас балда саттийра, т1аккха: «Мадика, пойдём», - сеттина араелира, суна х1уьттаре еш санна. Со суо йисира, корах ара а хьоьжуш. Гуьйре цхьа сирла, хаза яра, юха жимма г1айг1ане а. Г1айг1ане дара г1аш доцу генаш, макхъелла буц, дерриг х1ума цхьалхадалар. Юха иза дара сирла-хаза а, ерриг хьан ойла ц1анъеш. Со дуккха а 1ийра, кора хьалхахь охьа а хиъна, хьажар йилбазан кара а дахна, массо х1ума дагалоьцуш, ойланаша йиц а йина. Ас суо дагалоьцура жима бер долуш, доккха к1айн ши бантик а дихкина, к1айн пазаташ а йолуш, шолан кучахь, ц1ен сандалеш а къегош, дадас куьг а лаьцна, х1умнаш эца туькана юьгуш. Сайна эцна хилла жима тайниг, дог1а хьовзийча хахкало боккъалла йолу ц1ерпошт а. Юха дада д1авахара, кхин цкъа а цу х1усаме а ца вог1уш. Иза ишколе вог1ура цул т1аьхьа, со деша яхча - институте а. Суна массо х1ума латтадора цо, хьайн ненаца дика хилалахь а олура. Ша волчу а кхойкхура кест-кеста. Со цкъа а ца йоьдура. Со ненах ца яьхьара дада волчу хьошалг1а яха - цуьнан цигахь кхин зуда яра. Юха, цул т1аьхьа, дешна яьлча, со маре яхара. Ши бутт гергга хан а яьккхира, хиллачух кхета ца лууш. Суна дахарехь а, я къематахь а иштта хир ду ца моьттинера. Суна гина а я хезна а дацара иштта хуьлу бохуш. Сан ненан цхьа доттаг1 яра, базарахь мах лелош. Ерстина Камета олий йоккхура наха цуьнан ц1е. Цуьнан к1ант вара со яхнарг. Цуьнан цхьаъ бен воцу к1ант. Нанассий, цой дира иза. Нана йоьлхура, хьо цуьнга ца йодахь, ша лийр ю бохуш. Баттахь гергга и дехарш, пайхмарш, устазаш; белхарш, бекарш. Юха со оцу «нисвеллачу» майрачуьнца цхьана чохь, цхьана тхов к1елахь. Суна дуьххьара гира цхьа ойла а, де а, доьналла а - боьрша хилар бен, - цхьа а тайпа яхь а, я эхь а, я г1иллакх а доцу адам. «Мама-а, - мохь болура цуьнга 1уьйранна, - ванна йохйиний ахь? Ахь яа х1ун кечйина?» Т1аккха верззина ц1ена бохург санна, волалора чухула, шен нанна а, суна а гуш. «Маминиг, оцу зудчунна гергахь хаза ма дац, суна-м д1а мегар дара, жимма иза вайх д1айоллалц...» - шабарш дора нанас. «Х1ун боху ахьа-а!» - к1ентан цецвийлар. Со цхьамма аьлла х1умма а, дина хьехар а доцуш, кхийтира, стаг воцчу стаге яха маре ца йоьдуш, стаг волчуьнга яла яха мегар ду бохучух. - А ты уходишь, что ли, - элира цо соьга, шен оцу духарца кресло чохь, маникюр еш 1ачу. Со цхьацца кега-мерса х1ума пакет чу юьллуш йоллура, салпал-м ас ц1ахь йитнера. - Да. Ухожу, - элира ас, цо санна, цхьанаэшшара. - Хьо держать еш цхьа а вац... сан классни девочкаш яра, мамас хьо ца ялийнехь а. Между прочим, они меня всё равно ждут... - Конечно, - элира а, - извини, пожалуйста. Со дикка хьаьжира цуьнга, х1оттийтина, ехха. «Ва, велла вала-кх хьо, - хийтира суна т1аккха, - хьо ма вара мила ву хиъча, наха арара чу а, я чуьра ара а волуьйтур вацар-кх хьо!» - аьлла. Со д1аяхара. Кхо шо а делира цул т1аьхьа, пхи шо а. Нанас цхьацца пал кегийра, йоьлхуш, екаш, дакъазъяла г1ерта хьо, бохуш. Юха ас сайн кийрахь мел 1аь1нарг охьа1еттийча (цо а, кху наха а, кху дуьнено а сайна мел динарг, сайн хьаьшна, аьтта, сийсазбина кхоллам), соц-соцу-уш д1асецира, юкъ-кара дена лен а луьйш..... _________________ Кегий нах оьхура цигара а, кхузара а. Соьца дешна хилла к1ант а веара, со къайлах езна хилла волу. Цо бохура иштта. Иза эхь хеташ вара ч1ог1а, дукха сов т1ех эхь хеташ. Цхьа т1ехдаьхна г1иллакхаш а дара, д1аваха ваьлча, д1а а ца воьдуш, схьавеъча, вист а ца хуьлуш. Цхьаццаболчара накъостий кхуьйлура, захалонаш говза дийцийта. Накъостий шера хуьлура, цхьа дукха луьйш, дукха дуьйцуш, багадеънарг кегадеш: «Шуьца гергарло а дезаш, синкъерамна дош делча ахь, т1аьхьалонна ойла а йина, кхолламаш Цуьнгахь белахь а, рицкъа доло бахьна лаха...» Берриш а со евзарш бара, соьга бистхила ца баьхьнарш, ас динчу мареллах бакъо а хилла, майрабевлла. Суна х1ума а ца оьшура, дуьнен чуьра цхьа адам а. Со буса, нах бийшинчул т1аьхьа, бага г1айба а лоций, йоьлхура сайна хиллачунна. Суна кхета ца лаьара, сайна хилларг хилла хиларх. Суна хала дара иза бакъдан, иза ма дарра т1елаца. Цхьа шо а, ши шо а, пхи шо а делира д1а. Со мелла а меттаеънера, д1адаьлларг г1ан хилча санна, дагалацар а ца дезаш, гена кхуьйсуш, д1акъехкош, дог буйнахь 1уьйдуш сайн. Юха т1аккха иза - Исраил - цхьанхьара хьаьдда вог1уш санна, кхечу махкара, дуьнен т1ера я стиглара доьжна хаьштиг. «И ши б1аьрг хаза бу-кх хьан...» «Ц1е б1аьргаш хила тара хьан!» Кхин х1ума а хьашт дацара, иза иштта гучуваьлчхьана, цо хабар дийцичхьана: «Хьо тов суна», - баьхчхьана сайга. Цо дуьне хийцинера. Хаздинера дуьне. Дуьне цо дайдинера, пиллиг санна, дайн. «Дуьненан хазалла шина стеган вовшашна йолу марзо ю хьуна, - элира цо. - Суна дукха ма еза хьо», - аьлла. Суна дуьххьара хезира цо сайга: «Хьо еза», - олуш. Со ца кхийтира. Ца тийшира. Со йохийра оцу дешнаша. И дешнаш дукха сирла дара. Дукха къаьхьа, мерза. Дукха деза... _________________ Цхьана дийнахь, такси чохь нах а болуш, схьакхечира хьухьвоьлла. Машен летта а йитина, йиллинчохь не1 а юьсуш, къайлаиккхира техникум чу. Со сихха коридор чу елира, цунах б1аьрг ма кхийтти. Иза кхос-кхоссавелла, кхоалг1ачу г1ат т1е хьалавелира. - Д1ахьажахь! Д1ахьажахь д1ога ц1ийне... Гой хьуна х1инца? Д1огара ши кор, дехьа йисттера, шолг1а г1ат... гой... - Х1аъ... - элира ас. - Х1ун хилла, х1ун дина? - Ас эцна-кх вайшинна, ши чоь йолу квартира... - Исраил... - суна ца хаьара, х1ун ала деза, х1ун дан деза, цунна со мила ю, сан да, со марехь хилла хилар... - Исраил, соьца... суна ца деза иштта х1умнаш, хьан бегаш, со цкъа юьхь1аьржа... со марехь хилла цкъа, суна атта х1ума кхуллур ду, суна ловзарш... - Йо1! - цо юкъахъяьккхира со, цхьа ц1еххьана, сихха. - Массаьрца а - кхийтирий хьо! - массаьрца а хьайна луъург дийца, со воцчуьнца. Суна сайл веза хеташ стаг хьо бен ца кхетта. Хьо сайна иштта еза юьсийла а лаьа суна. Дерриг дахарехь хьо еза 1ама лаьа суна, цхьа дахар цхьа зуда еза тоьар доцийла хуъушехь. Хьо марехь ца хилла. Х1инца хир ю хьо марехь, вайша вовшахкхетча. Ерстина Камета а евза, хьан нана а, кхиберш а... Т1аьхьа дуьйцур вайшимма, вайша даха хиъчахьана... Арарчу машено ехха сигнал туьйхира. - Валлах1! - куьйгаш д1асакхуьйсуш, лами болчу д1ахьаьдира. - И машен а, и нах а биц ма беллера суна, Луиза! Со кхоъ даьлча - д1а ма г1олахь! - кхоъ даьлча... - цуьнан мачийн тата ламеш т1ехула охьадедира. Сигнал хезира юха а. Суо цхьа шелъелча санна хийтира суна, хорша хьаьдча санна. Суна и ц1а гира. Цо дийцина ши кор а. Сан б1аьргаш чу хиш х1иттинера. «Бакъдуй те? - детталора дог. - Бакъдуй те?» Суна хиира Исраил сайна везийла, и воцург ца оьшийла, цуьнца бен сайн ирс доцийла а...
__________________ ".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с) | |
| | |
| | #30 (ссылка) |
| - Боьрша стаг мостаг1 ма ву, хьалха дог1ург* (1ожалла) хьойла ша. Хьан дас а дуьйцура иштта, жоьжаг1атахь вагаро. Шайх тешнарг лойла церан. Дала х1аллакбахьара шаьш-м, Дала х1аллак! - чухьаьдира нана, ас сайна т1ехьийзаш цхьа дика к1ант ву аьлла, шега кхаъ баьккхича. Цуьнан берриг т1ом а, дов а, къадехар а дадица доьзна дара, цо ша йитар бахьна долуш. Цунна цхьа стаг а ца везара, цкъа а боьрша стаг. Жима а, воккха а - бен а вацара... _________________ «Хьо х1инца кхетар яц, Чак1орни, дикка йоккха хиллалц. Т1аккха хуур ду хьуна, дахар жимма девзича. Цхьа к1еззиг собар дехьа. Стагана доккха х1ума ца оьшу хьуна, ша оьшуш стаг вуйла хиъча. Иза ца хилча хала ду-кх. Моттарг1анаш ю-кх хала», - элира дадас, д1авахначул т1аьхьа дуьххьара ишколе веъча: «Ахь со х1унда кхоьссина?» - аьлла, со шена т1е а кхетта, елха йолаелча. _________________ Дада цхьана ехачу машен т1ехь вара болх беш. Иза яккхийчу г1аланашкахула лелара, к1ирнах а, шина к1ирнах а ц1а ца вог1уш. Сой, наний д1айоьдура нанин вежарий болчу. Уьш цуьнан виъ вара, вовшашна ул-уллохь 1аш. Церан йиша цхьаъ бен яцара - сан нана. Нана гуттар а цаьрца хуьлура, шен вежаршца, дада ван а воцуш санна. Тхойшиъ дада ц1ахь хилча а 1ара цигахь. Дадас, ша цхьанхьара ц1а кхаьчча, бер доуьйтура, нанига чуйола олий. Нанас дог1анаш дохьуьйтура д1а. Юха кхано - сарахь я буьйса яьлча, 1уьйранна - со т1аьхьа а тосий, делккъа хенахь гучуйолура нана. Дада рейсе вахна хуьлура я, вериг мазутах а вуьзна, машенан цхьаъ тоеш. Дадас, со ца кхетийта г1ерташ: «Цхьацца нехан юьхь ларъеш, нахе дош ца алийта бохуш, д1аг1ертара со», - кхин а, кхин а дуьйцура, наггахь оьрсийн дош а хазадора, соьгахьа схьа б1аьрг а бетташ. «Со шайт1а дац, я ахь мах луш лаьцна хехо а. Айхьа ларбе хьайн биъ пен», - нанас дуьхьал кхин дуьйцура. Тхойша цу буса я 1уьйранна (цу шина юкъахь кхин къамел ца хуьлуш), нанас керла коч т1е а юхий: «Юург пеша т1ехь лаьтта хьуна», - хезаш а, ца хезаш а, ши-кхо дош а кхуссий, юха а д1айоьдура цуьнан вежарий болчу. Нана цигахь хийцалора. Цуьнан болар а хуьлура кхин, цхьа дайн, цхьа нуьцкъала, бухахь нисъелла т1улг-х1ума, дама санна, хьаьшна д1айоккхуш, я х1ора а шен-шен меттаца лаьттаца д1анисбийр болуш. Иза цигахь да а, марда а, марнана а яра. Цунах массо а нус кхоьрура, цу кертахь мел болу бер а. И бераш-м сох а кхоьрура, юха церан наной а т1аьхьа. Царна хаьара, соьга х1ума аьлча, шайн г1уллакхаш вон хир дуй. Нанас, аьрра куьг харцахьа хаьнт1е а х1оттадой, аьтту куьйган хьажо п1елг а лестош, чехабора шен несарий. Вешин берашна-м иза сийна саьрмик бара. Уьш, лаьхьанна хьалха пхьид санна, меттах а ца хьалуш, багара дош а ца долуш, йистош а г1аьттий, дуьсура, шайн дейишех б1аьрг кхетча. Дейиша (сан нана), хецалой, шен вежарий болчу чу йоьдура. Уьш даима а цхьаьна 1ара, цхьана чохь, гул а лой. Цаьрца кхин нах а хуьлура, вежарийн доттаг1ий. Уьш буьйлура, т1араш а детташ, цхьацаннан ц1ераг а йохуш, шайн хилла мехкарий а буьйцуш. Нана цхьаннах а ца ешара, цара буьйцучу мехкарех. «Ма алахь, Хелисат, Роза вон яцара хьуна...» - олура цхьамма, нийсса ах т1аьхьа а дуьтуш. «Дела дуьхьа, ма хьехаелахь и модийн уьйриг! - нанас, корта д1а а берзош, куьг тосура. - Цунах б1аьрг кхетчий бен, суо зуда хиларх чам баьлла яц со». Нана даим кечъелла, керл-керлачу кучумашца дуьхьал лаьтта суна оцу шерашкахь, цхьанхьа ловзарга я х1инцца маре яха арайолуш санна. Цул т1аьхьа шераш а, беттанаш а ихира д1а. Дада д1авахара. Нанин вежарий къанбелира. Вежарийн доьзалш хьалакхиира. Несарий т1аккха наной бара, царна диц ца деллера марйишин «г1иллакхаш». Марйиша цхьана юкъана чукхийсаелира, девнаш а дохуш. Юха, цунах г1уллакх ца хилча, мотт-эладита кегийра. Эххар а ша йисира, массарна а к1орда а йина я, аьлча а цхьамма а тергал а ца еш. Бакъду, Дела виснера. Нанна х1етта вуйла хиънера-кх Дела, шен г1уллакхаш нисдайта. «Ас Деле хьалавели!» - олура цо, стигал п1елг а хьажабой. Моьттур дара, Дела стиглахь канцелярии а йиллина, цу чохь сан ненан девнаш толлуш 1аш ву, бакъ-харц къастош... _________________ Со барх1 класс яьккхича, сентябрь т1екхачале, ненанана йолчу яхнера, цунна жимма г1уллакхаш а дан, сада1а а. Со ц1а еъча, дада вацара. Иза тхоьцара д1авахнера. Я кхин цкъа а цу х1усаме а ца веара, со марера ц1а яллалц. «И йо1 дакъаза х1унда яьккхи ахь? Кхин х1ума ца хилча а, нана яц хьо цуьнан! Хьуо ц1ийндена х1ун зуда яра-м, ас дийца ца оьшуш, хьайна ма хаьарий хьуна... хьайн берана нана а ца хили-кх хьох, цунна а йи-кх ахь х1уьттаре...» «Х1а-а, лозий? Муха хета хьуна х1инца? Нехан а лозура хьуна... Бекхам доцуш х1ума дац хьуна! Дика хьаха ду Иза гуш волуш! Цунна массо а х1ума го. Б1аг1ар-ч1аг1ар мехкарий муха бира хьуна! Со ю кхузахь, - нанас шен некхан уьн т1е буй болийра. - Дела со гуш а ву!» _________________ «Иза суна моьттучул а генаяьлла хилла, Чак1орни», - элира дас соьга кхано, техникуме веъча. Суна дерриг а дагадог1ура. Цундела суна хала а дара, нанас дадина иштта къаьхьа къадехар, сийсазвар, наь1алташца, сардамашца ц1е яхар х1оразза. _________________ - Нана, - элира ас, - сан дена къа ма дехалаъь кхин цкъа а. Со цхьа а х1ума дицделла яц, цхьа а х1ума! Я х1инца жима а яц, со йоккха хилла. Дада цхьанна а х1уманна - хезий хьуна - цхьанна а х1уманна бехке вац хьуна хьалхахь. Хьо яра бехке, хьо ю. Уггар а хьалха... - Х1а-а, со ю бехке? Ю? Хьажахь! - нана, б1аьра а хьоьжуш, дехьа-сехьа а юьйлуш, охьа а те1аш, т1ейирзира суна. - Со бехке мел йоцу хьайн да хьакхийца воллийла хьан! И хьайн дика да веллачу кхочийла хьо юха а, со бехке ен елахь! «Сан да» тов. Хьан да вара? Хьан мичахь вара да? Со ю хьо юзо г1ерташ, юха г1ерташ, Маскохула, Ростохула, х1ара дуьне мел ду яьлла лелаш... Со, не1 т1е а тухуш, дехьа чу елира. Т1аккха дог1а а туьйхира д1а, иза т1аьхьа ца яийта. Г1овг1а ца хедара. Къадоьхура, т1аьхь-т1аьхьа марса а юьйлуш. Магнитофон латийра ас. «Спейс» яра, дешнаш доцу мукъамаш. Цхьа «тоф-тоф» бохуш, яйн къора вота йолу мукъам бара бекаш. Суна хазахетара иза. Цо ойланашца д1аюьгура цхьанхьа генна пана-махка, дуьненан йисте, Исраилца цхьаьна, цхьа стаг воцчу... _______________ - Хьо йина де маца ду? - хаьттира соьга Исраила. Ас д1аэлира. - Дейтталг1а ноябаррий? Ма дика ду иза д1адаьлла ца хилла... Мас де дисна... - иза п1елгашца лара х1оьттира. - Цхьа бутт, кхойтта дей, - элира ас. - Д1аяла, т1аккха-м со... г1ала йотта а кхуьур ву! Ас гойтур ду хьуна, - цо вела а къежна, б1аьрг та1ийра, цхьа боккха кхаъ, соьга а ца олуш, шен кийрахь сецош саннаэ - Ас стих еша хьуна, - элира т1аккха, сан ойланаш яржош я шега х1ума ца хаттийта. - Ешахь, - элира ас. Жимма ц1ийлуш, вела а велла: Кхин цкъа а хьоьжур вац Со б1аьсте яре, Хьоьжур ву кхачаре Хьо йина де. Зезагех кхолур ю Гарманан аре, Седарчех юьллур ю Хьан сирла ц1е... (Ахьмад Сулейманов) Иза схьахьаьжира. - Исраил! - суна ч1ог1а хазахийтира и дешнаш, - иза хьан язйина, Исраил? - Суна х1ун хаьа! Селхана наха ийеш, ас а ийцир-кх цхьаъ. Цхьа «Некъаш» аьлла ц1е-м яра цуьнан, суьрта т1ехь хаза товш стаг а вара. Сийсара сахиллалц, квартира чохь обойш а летош, стих а 1амош, хьо дага а лоьцуш, - цо беро санна, хабарш дийцира суна цу дийнахь, сол хьалха, букъ а берзийна, т1ехьашха д1а а оьхуш, цхьанна а тхойша ца гуш санна, цхьа ч1ог1а воьлуш, воккхавеш: «Собардехьа, чу ма г1охьа, цкъа б1аьра хьажийтахь! Схьаерзахь кхин цкъа а, цкъа т1аьххьара...» - бохуш юх-юха а доьхуш...... «Цхьаъ ваха-м атта дара, цхьа ваха ду-кх уггар а хала», - элира цо д1авахале. Тхойша цул т1аьхьа шозза гира... _________________ Т1аьххьара суна дашо з1е еара цо. - Х1унда? - хаьттира ас. - Ца хаьа... сан яц хьо... хир ма ю хьо кестта сан. Юй т1аккха? «Ю» алахь... Со цунна б1аьра хьаьжира. Иза суна а. Тхойша дехха лаьттира иштта. - Суна х1ун лаьа хаьий хьуна, Луиза? Иштта цхьанхьа чохь, стоьлана дехьий-сехьий охьа а хиъна, б1арзваллалц хьан б1аьра хьежа лаьа-кх... - Кафедри чохь 1ийр ду-кх, - элира ас, бегаше. - Цу чохь нах ма бу, - иза юха а б1аьра хьаьжира. Юха дикка хьаьжначул т1аьхьа: - З1е д1ауллур юй ахь? - хаьттира цо. Со йист а ца хилира. - Ас эр ду хьоьга муьлхачу дийнахь! - б1аьрг та1ийра, вела а велла. «Х1ун де! Муьлха де! Маца?» - детталора сан некхехь. Со ерриг а лерса дара. Суна б1аьргашца ган лаьара цу дийнан цо ц1е йоккхуш. Сан собар метта буьххьехь тийсалора. Со кхоьрура, и де цкъа а ца кхачарна, суо йохарна, сихъяларна, сайн собар эккхарна цкъа, т1ех дуьйсина лоппаг санна. - Со оршот дийнахь нийсса кхоъ даьлча... Дика дуй? Иза велавелира, вериг а цхьа чуьра къегаш, чекх са гуш, цхьалхаваьлла... - Я еарин дийнахь, оршот де, тохара санна, т1орказ чу а лачкъийна, - кхоьссира ас, цунна 1уттуш, иза ца вог1уш висна оршот де дагалаца санна. - Вахь-хьахь-хьа! - иза велавелира, куьйгаш вовшах а тухуш, юх-юха а воьлуш, хиша б1аьргаш а къегош. - Дицлур долуш-м ца хилла хьо, барзал башха! Борз ю хьо? - Со-м яц борз... - Х1ета буьхьиг ю-кх хьо! - Буьхьиг а яц... - Мила ю те хьо, ян? Суна-м ца евза хьо... Хьайн ненавешин йоь1ан ц1е мукъна а хаий хьуна? - Хаьа. - Со д1аваха веза, Луиза. Гург бу вай! - Х1аъ. - «Гург бу» - алахь. - Гург бу. - Б1аьрнег1арш тохахь цкъа. Х1аъ. Иштта. Кхоъ даьлча? - Кхоъ даьлча. - 1одика йойла. - Марша г1ойла хьо.......
__________________ ".. хьо бара уггаре боккха сан тамаша, хьо яра уггаре йоккха сан къайле..." (с) | |
| | |
| Опции темы | |
|
| | ||||
| Тема | Автор | Раздел | Ответов | Последнее сообщение |
| 1илман Юсупов - стихаш | Amazonka2 | Проза/Поэзия | 2154 | Сегодня 01:02 |
| Муса Бексултанов - Не спасся… | Albert | Проза/Поэзия | 7 | 06.09.2008 22:14 |