Форум У Камина  

Вернуться   Форум У Камина > Наши Увлечения > Творчество и Искусство > Проза/Поэзия

Проза/Поэзия Искусство образного выражения мысли в слове; изображение жизни, создание художественных образов при помощи слова.

Закрытая тема
 
Опции темы
Старый 25.08.2007, 00:12   #1
Беркате к1удал..)
 
Аватар для Dodam
 
Регистрация: 30.11.2006
Адрес: Нохчийчоь, сирла Нохчийчоь...
Сообщений: 1,615
Репутация: 6
Dodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутаций
Хеда Батаева - "Некъ кхачабелча ас кхин некъ буьллар бу..."

Салам-маршалла ду юха а
нохчийн мотт а, исбаьхьа поэзи а
езаш болучаьрга массаьрга а!
Батаева Хеда суна юьйцу хезна
дикка хан ю, т1ом балале дуьйна.
Сан йиша вайн университетехь
доьшуш йолчу хенахь цуо
йийцина соьга иза дуьххьара...
Суна ца хаа хаза а, дика а дийца...
И пох1ма ца делла суна Дала...
Хедех лаьцна цуьнан байташ дуьйцур ду аьлла хета суна...
Шайна хуург аша а язъейша, дик дуй?
Ларамца Малика...
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума  
Старый 25.08.2007, 00:14   #2
Беркате к1удал..)
 
Аватар для Dodam
 
Регистрация: 30.11.2006
Адрес: Нохчийчоь, сирла Нохчийчоь...
Сообщений: 1,615
Репутация: 6
Dodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутаций
Нохчичоь

Хьо суна езнера, Нохчичоь,
Х1инца а еза,
Хьан чевнийн моьнаша
Б1аьрса д1ахудучу хенахь.
Хьо суна езнера, Нохчичоь,
Х1инца а еза,
Даима езна хьан
Ихначу б1ешерийн гене.

Тахана т1еман к1ур,
Де кхолош,1аьршашка 1аь1на,
Маьлхан нур чекхдала ца дуьтуш,
Кхолийна латта.
Сан кура Нохчичоь,
Хьан корта охьа ца таь1на,
Т1еман кхаж д1акхехьа
Хуьлуш ца хиллехь а атта.

1уьйренан - "Г1овтта х1ай!"
Суьйренан - "Уьстаг1ий дог1у!"
Дененан - "Бабин йо1",
Ненаден - Д1алакха йиш"-
Хьо яра, Нохчичоь,
И дерриг хьайна чудог1уш.
Хьо йиси т1улг хилла,
И дерриг - д1аихна хиш.

Хьо даим лаьттар ю, т1улг санна,
Белахь а г1ерташ
Хьан луьра мостаг1ий
1аьвдина хи даккха хьох.
Хьо даим ехар ю,
Къонахий мел бу хьан лаьттахь,
Хьо, Дела воцчунна,
Суждане ца ихна мохк.
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума  
Старый 25.08.2007, 02:23   #3
Беркате к1удал..)
 
Аватар для Dodam
 
Регистрация: 30.11.2006
Адрес: Нохчийчоь, сирла Нохчийчоь...
Сообщений: 1,615
Репутация: 6
Dodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутаций
Некъ кхачабелча,
Ас кхин некъ буьллaр бу,
Хьун кхачаелча,
Ас дитташ дуг1aр ду.
Аьнгалин бошхепахь
Ца баьлла бай буьйцуш,
Са кхачалучохь
Цхьа илли кхуллaр ду.

Ас сийна ойла
Мукъаме ерзор ю,
Ас можа гуьйре
Г1аш 1енош елхор ю.
Ас ц1еран меттана
Сайн б1аьргаш латийна
Сайна т1ебог1у
Некъ серлабоккхaр бу.

Сан б1аьргийн серло
Кхоьлина хеталахь,
Суна т1ебог1у
Некъ ахь ма биталахь.
Сан б1аьргийн серло
Буьйсано мийлина,
Г1елделла б1аьргаш
Б1аьрахиш къийлина...
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума  
Старый 25.08.2007, 04:05   #4
Участник
 
Регистрация: 05.02.2007
Сообщений: 45
Репутация: 0
Lamanho скоро станет знаменитым
Додам)) со дагавог1и хьун?))


***

Мотт сецна, мотт сецна гиначо 1адийна,
Дуьненчохь дешнаш дац сан дийцар токхдан,
Цхьа деккъа къурдаш бен, цхьа деккъа б1аьрхиш бен,
Цхьа даг чу 1аьвдина ца хьаькхна мохь бен.

Хилларг д1аяздийр ду куьзга т1ехь дог1ано,
Хилларг д1адалхор ду уг1арехь барзо,
Хилларг д1ахазор ду дезачу до1ано,
Хилларг д1агойтур ду д1о кошан барзо.

Доьналлин теш хилла, ламанаш лаьттар ду,
Ламазан теш хилла лаьттар ю къилбе.
Херцораш юккъера къар ца луш г1аьттинарг
Харц дуьне дуьтучохь декъала хир ву.

К1арлаг1аш хилла шайх йохийнчу х1усамех,
Х1ора т1улг йовссаршна къадоьхуш 1уьллу.
Ц1ен ц1ийла керчачу цу маьлхан бузаро
Тахане б1ешерийн тидаме юьллу.

Тхевнаш чуэгначохь туьнталгаш йисина,
Нохчийчохь кхерчан к1ур бовр боций гойтуш.
Б1аьрг боцчу корехь шен машош а тийсина,
Газгано оьхкина шатайпа бойнаш.

Доха ма дохалахь, кийрара дилхан дог,
Хьан дилха болатал ч1ог1а ма хилла.
Сийлахь ву кху денна шен б1аьрг мел билхинарг,
Сийлахь ву тахана собаре хилларг.

Доьналлин теш хилла, ламанаш лаьттар ду,
Ламазан теш хилла, лаьттар ю къилбе.
Херцораш юккъера къар ца луш г1аьттинарг
Харц дуьне дуьтучохь декъала хир ву.

1995

Батаева Хеда
Lamanho вне форума  
Старый 25.08.2007, 04:08   #5
Участник
 
Регистрация: 05.02.2007
Сообщений: 45
Репутация: 0
Lamanho скоро станет знаменитым
к1арлг1" х1у юм ца хаьтTан ас бакъдег аьлчa.
Lamanho вне форума  
Старый 25.08.2007, 13:07   #6
Беркате к1удал..)
 
Аватар для Dodam
 
Регистрация: 30.11.2006
Адрес: Нохчийчоь, сирла Нохчийчоь...
Сообщений: 1,615
Репутация: 6
Dodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутаций
Цитата:
Сообщение от Tutmakh Посмотреть сообщение
Додам)) со дагавог1и хьун?))
Тутмакх, дера вог1ий суна-м хьо дага!))
Хаза хийти ахьа Хеди байт язйина!
Кху темехь хьоьх сайна накъост хир вуй хаа суна)))
Маршалла луолахь
хьайн мамега!))
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума  
Старый 25.08.2007, 17:47   #7
******
 
Регистрация: 08.06.2007
Сообщений: 162
Репутация: 2
Enigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхоEnigma* прославленный гуламхо
Цитата:
Сообщение от Tutmakh Посмотреть сообщение
к1арлг1" х1у юм ца хаьтTан ас бакъдег аьлчa.


Тутмакх, "к1арлаг1а" х1ун ю схьадуьйцуш цхьа майданхо яр-кха
кхузахь "б1арлаг1а" ц1е йолуш)))
лахахь ас ялийна цуьнан пост)

Цитата:
Сообщение от B1arlag1a Посмотреть сообщение
Heda-dubais а ца луш, ас жоп делча магахь, жоп лур ду ас, Кахто.

Хьалхалерачу заманахь наха цхьанна не1алт кхайкхош к1арлаг1а юг1уш хилла. Масала, паччахьан 1едалехьа а бевлла, шен къомана а махкана а ямарта хиллачу нахана а юг1уш хилла иштта к1арлаг1а.
Ишттачу стагана не1алт а олуш х1ораммо а т1улг кхуссуш хилла к1арлаг1на. И к1арлаг1а хан-заманца йоккхахуьлуш хилла, т1улгех бина боккха гу хуьлуш хилла цунах. San haamash ishtta bu cunah.

Цкъа мацца а вайн къомо и ламаст карладоккхург хиларх теша со.
__________________
Цхьаннан меттана итт вог1ур ву!
Enigma* вне форума  
Старый 25.08.2007, 22:08   #8
Беркате к1удал..)
 
Аватар для Dodam
 
Регистрация: 30.11.2006
Адрес: Нохчийчоь, сирла Нохчийчоь...
Сообщений: 1,615
Репутация: 6
Dodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутаций
Журнал "Орга", №1 2002 шо

СОНЕТ

Пелхьочун говзалло сиртан т1айх чекхвоккхур вац,
Баланан йозалло дикаллин кад харцор бац,
Хьан нанас йиначо г1о доцуш-м хьо вуьтур вац,
Ахь суна дехалахь сан данза мел дисна парзаш.

Къинхетам бехалахь суна ахь, ма лолахь виц,
Маьждиган майданахь къилбехьа ас г1улчаш йохуш,
Когаша мийлина некъаш т1ехь даьржина ирс
Ц1ийх 1енош, сиртан т1айн иралло когаш сан охур.

Хьуна гуш ма баре сан г1отту, чубузу малх,
Хьан коьртахь хьакхалуш биен г1атта, буза йиш йоцург.
Кхечара тосур бу «чекхъер ю - яц» боху пал,
Ахь до1а делахь: сан дика-вуо дара хьох дозуш.

Пелхьочун говзалло сиртан т1айх чекхвоккхур вац,
Баланан йозалло дикаллин кад харцор бац…
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума  
Старый 25.08.2007, 22:09   #9
Беркате к1удал..)
 
Аватар для Dodam
 
Регистрация: 30.11.2006
Адрес: Нохчийчоь, сирла Нохчийчоь...
Сообщений: 1,615
Репутация: 6
Dodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутацийDodam имеет репутацию за гранью всех репутаций
Журнал "Орга", №1 2002 шо

1аьршашкахь кхоьлина, син хьаса ца гучохь
Боху соь, малх ч1ог1а къегина, ала,
К1охцалгийн кондарша когаш ц1ийх бузучохь
Боху соь, зезагийн аре ю, ала.

Шаьш элий хетачу, тентакийн тобано
Суо тентак йоцийла хаийта боху,
Шайн эраш эмкалшна т1ехахка кхобучо
Суо эмкал йоцийла хаийта боху.

Ягаеш, йоттуш со дег1ах ц1е хьерчачохь
Б1аьстенан мела мох бу ала боху.
Безаберш, бевзашберш, нана-бер хердечохь
Бехкеверг лаьттахь вац, стиглахь ву, боху.

Лакхара оьг1азло юссийла ца лаахь,
Сан декхар ду боху тийна «къурд» алар.
Ткъа харцо гушшехь, вай биен доцуш 1адда 1ахь,
И йийраш вай а ду, ца боху Дала?
__________________
".. Г1енаш, сан эсала г1енаш, мичахь ду шу хаза т1емаш?
Йига со б1арлаг1ийн махка, сайн ирсан аганчохь тахка...." (с)
Dodam вне форума  
Старый 26.08.2007, 05:46   #10
Участник
 
Регистрация: 05.02.2007
Сообщений: 45
Репутация: 0
Lamanho скоро станет знаменитым
Цитата:
Сообщение от Dodam Посмотреть сообщение
Тутмакх, дера вог1ий суна-м хьо дага!))
Хаза хийти ахьа Хеди байт язйина!
Кху темехь хьоьх сайна накъост хир вуй хаа суна)))
Маршалла луолахь
хьайн мамега!))
Д1аделара ас Додам.))) Дела маршалла хуьлла хьунаа. )))
Lamanho вне форума  
Закрытая тема

Опции темы

Быстрый переход



vBulletin © Jelsoft Enterprises Ltd.